http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Ахьмад-Хьаьжа дагалоцуш Печать Email

Кадиев Руслан

 

Доца хуьлуш хилла кху дуьненахь къонахчуьна дахар. Шен халкъан кхане ирсе хилийтархьама дахар дIало цо. Иза вайца вацара аьлла ца Iаш, вай дагалуьйцу цо дина гIуллакх а, цо дийцинарг а.

Халкъ халчу киртигах чекхдолуш, дуккха а вежарий бакъ-дуьнена ма бирзина вайн. Вайна т1ом ма гина, цуьнан къизалла а лайна. Шаьш лелош дерг бен цIена дин дац бохуш, иблисан лаам кхочуш бан гIерта цхьа нах а ма бевзара. Цу наха, ц1енчу бусалба динна тIехьа а лечкъаш, вайн халкъ тIеман цIерга а ма кхоьссира.

Иштта, уггаре хала, кхераме заманахь вайн халкъан юкъара гучувелира бакъ волу къонах, Кадыров Ахьмад-Хьаьжа. Аллах1ан гуш ду-кх, хIора стеган дог, цуьнан нийят. Ният ц1ена делахь, дерриг хууш волчу Аллах1а аьтто а бо. Нохчийн халкъ къинхетам ца бевза, къизачу т1амах хьалхадаккха Ахьмад-Хьаьжин нийят ц1ена хилла дела, Дала цунна гIо а дира (Дала г1азот къобал дойла цуьна).

Ахьмад-Хьаьжа (Дала гечдойла цунна) халкъана орцах велира. Цу новкъавала сацам бича, цуьнан уггаре а чоьхьарчу наха, бийцаре бинера цо бина сацам. И некъ вуно хала, чолхе, кхерамах буьззина хиларх лаьцна дийцаре дира. МостагIчо хаддаза кIело йийр ю, тешнабехк бийр бу, ямартло, питана лелор ду бохуш.

Юьхьанца кIезиг бара, герз кара а эцна, иза ларван кийча хилларш. КIезиг бара интеллигенцин векалш – поэташ, профессорш, яздархой. Нах кхеташ бацара цунах. ХIетте а, цуьнан нийят а, ойла а цIена хилар бахьана долуш Веза-Сийлахьчо цуннан гIодира, цо долийначу массо а хIуманна тIехь. Ахьмад-Хьажа диканна, бакъонна тIекхийдаш вара. Цкъа а ца дуьйцура бакъдерг бен, иза цхьанна товш дацара аьлла ца 1аш. И бахьана долуш халкъ цунна тIедирзира. Цуьна 1алашо ц1ена хиларх шаьш кхетча, цунна дика накъостий а хуьлура. Цунна дуьхьала хилларш къера хуьлура, шаьш галдевлла хиларх кхетча.

Шен сийлахь, деза декхар кхочуш дина цо, Делан пурбанца.

Дика к1ант – ден накъост олуш ду вайнаха. Ахьмад-Хьаьжас дика кIант кхиийна, ша арабаьккхина некъ дIакхехьа, ша даглаьцнарг чекхдаккха хьуьнар а, доьналла а долуш волу. Тахана дерриге а дуьне цецдаьлла Нохчийчохь хуьлучу хийцамех. Iилманчаша чIагIдора, Нохчийчоь меттахIотто мел лаххара а 50 шо дезар ду бохуш. Амма Ахьмад-Хьаьжин кIанта, Рамзана, масех шарахь, б1аьста денло зезаг санна, хазйина дIахIотти Нохчийчоь. И берриг а АллахIан къинхетам бу, ден нийят цIена хилла хиларна тоьшалла а ду.

Дала бусалба дин новкъа д1адаха, Ахьмад-Хьаьжас яьккхина маршо ларъян, хьекъал, иман, синкхетам а лойла вайна!

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.