http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Дебалахь, нохчийн къам... Печать Email

Азман Джабраилова

 

Джабраилова Азман Магомедовна йина 1952-чу шарахь ВКО Усть-Каменогорски областехь. 1957 шарахь цигара Йоккхачу Атаг1а ц1а вирзира цуьнан да Мохьмад шен доьзалца. Школехь доьшучу хенахь дуьйна байташ язйеш, ненан мотт безаш а ю Азман. (1957-чу шарахь «Ленинан некъ» /х1инца «Даймохк»/ ц1е йолчу газетан редакце балха х1утту цуьнан да Мохьмад. 25 шарахь собкорран болх бина цо цигахь, СССР-н журналистийн союзан декъашхо а волуш. Цо шен берашна 1амийра ненан мотт бийца а, беза а. Азманина а марзбира цуо нохчийн мотт.)

1969 шарахь Азманас чекхйоккху Йоккхачу Атаг1ара юккъера №1 йолу школа. 1975шарахь чекхйоккху НПУ.

26 шарахь школашкахь болх бина Азманас, иштта лакхарчу образованехь а.

 

 

АХЬМАД-ХЬАЬЖА

 

Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лерина

/Дала г1азот къобал дойла цуьнан/

 

Харцоно шуьйра г1улч Нохчийчохь туьйсуш,

Мостаг1чо кхоамза къоман сий хьоьшуш,

Да воцчу байх тера къам б1аьрза хьийзаш,

До1анехь наноша боьхура доьзалш.

 

Къомана хьакъ волу сийлаллин къонах,

Кхолламо кхиавац б1е шарахь цхьаъ бен.

Ишттачех ша хилла г1аьттира Ахьмад-Хьаьжа,

Юкъ йоьхкуш нийсонна г1атта.

 

Багийна, чахчийна беринчу махкахь

Саьлнашкахь 1охкура г1аланаш, ярташ.

Юха уьш тойина д1ах1иттор кхайкхош,

Даьржина, доьхна къам ц1а дерза кхойкхуш.

 

Бохаман эрчалло шагдина дегнаш

Тийшира, къобал беш къонахчун кхайкхам.

Ткъа х1инца-м нохчийн къам и воцуш деха,

Цуьнан некъ д1акхоьхьу турпалчу к1анта.

 

Ша хила хьакъ верг бен турпалхо хир вац,

Шен къомо къобал вахь хуьлуш ву баьчча.

Олуш ду: «Къонах ву дуьненан мехха», –

Ишттаниг адамийн иэсехь ву вехар!

 

ХАСТАМ БЕШ ХИЛА ВАЙ

 

Адамаш, са хаддалц хастам беш хила вай

Х1ора а машаре дог1учу денна.

Даггара вовшашка маршалла хатта вай,

Уьйра а, барт, ийман д1агойтуш Далла!

 

Вайн къомах хьирчинчу баланех, т1амех

Халкъана пайдане жам1 иэсехь кхаба.

Хаддаза дог кхийдош 1илманийн к1орге

Хааршка, зерашка шуьйра г1улч яккха!

 

Дебалахь, нохчийн къам, хаддаза дебалахь,

Доьдоьйла аьлла хьо кхоьллина хир дац-кха.

Дешарна, йозанна хьо герга хилалахь,

1илманийн некъа т1е кхуьу чкъор даккха.

 

Лаьмнаш шу эзарнаш шерашкахь латталаш,

Нийсонна г1иттинарш эгна шун сий деш.

Шовданаш, вайн Далла хастам беш декалаш,

Декъазчу лаьттана хи хьанал делаш!

 

 

ДАХА ВАЙ

 

Кхолламо кховдадац цхьатерра денош,

Х1оранна д1акхочу яздина хьал.

Массо ца велаво дахаро 1ехош,

Адамо ша гулйо Делера ял.

 

Зама вай бехке йо "сиха ю" бохуш,

Цхьаццаверг реза вац дахарна шен.

Дала схьаелла хан эрна ца йойъуш,

Г1орта вай ийманехь бан цуьнан хам.

 

Дуьне вайх дуьсур ду кхечарах санна,

Эхартахь каронъерг 1амалаш ю.

Дахарехь х1умма а хуьлуш дац атта.

Хастам бар Далла вайн декхар ду.

 

Боларехь хийцамаш, хиламаш дебош

Зама д1а уьдуш ю уьш доцуш бен,

Даха вай вовшашка хьаг1, мекхо йоцуш,

Нохчаллийн, доьналлийн ца йойъуш ц1е.

 

 

САН ИРСАН Ч1ЕГ1АРДИГ

 

Сайн синан раг1у к1ел

Гулйина ойланийн оьла,

Юх-юха уьш т1ек1ал

Кегаеш йоккху ас зама.

 

Къиссало ойланаш,

Бакъ-харцо дукхазза луьсту.

Дагна цкъа эшам беш

Чахчадо, юха и хьосту.

 

Сан синан ч1ег1ардиг

Ма гена даьлла хьо хилла,

Хьо маца кхочур-те,

Йохъян сан шелйелла б1аьсте.

 

Ахь маца хазор те,

Сатедеш б1аьстенан эшар,

Сацадеш м1аьргонна

Сан синна 1аьткъина ч1е1ар.

 

 

СО-М ЦА ЙОЬЛХУ

 

Со-м ца йоьлху сайн жималле кхойкхуш,

Шерийн лорах г1ийла хьоьжур яц.

Ца лелла со, ца доьг1на ирс лоьхуш,

Кхул т1аьхьа а цуьнга кхойкхур яц.

 

Сайн кхолламо кховдийнарг т1еоьцу,

Къера хилла цуьнан кхиелана.

Юьхь1аьржонах ларйар Деле доьху,

Хастам беш суо нохчи хиларна.

 

 

*   *   *

Биллийтахь, Нана, корта хьайн кара...

Къовлийтахь, Нана, хьуо доггаха мара.

Биллийтахь соьга корта хьайн кара.

Хьажт1е куьг хьокхуш, бераллехь санна,

Хьайн хаза туьйра дийцахьа, Нана.

 

Суна ахь схьаделла дахаран 1илма,

Оьздаллех, г1иллакхех кхетам а белла.

Дуненах ца кхера со ахьа 1амий,

Кхерч ларар, сий лардар хийла ахь кхийли.

 

Замано месаш т1е дато йисс йилли,

Ца кхоош юьхь-сибат хебаршца кхели.

Со йоккха мел хили, жималлех хьо йолу,

Хьо къежлуш, хьо къанлуш соьга ца лало

 

Доьзале ша тайпа безам бу Ненан, –

Дуй техьа дуненахь и оза терза.

Кхолламо сох а йи доьзалан Нана,

Ницкъ кхочур буй-те сан, хила хьох тера?!

 

Къовлийтахь, Нана, хьуо доггаха мара,

Биллийтахь, Нана, корта хьайн кара.

Баккхийтахь ховхачу куьйгашна барт,

Хьан дог ца дохадан ду сан нигат.

 

 

АЬХКЕНАН  СУЬЙРЕ

 

Генарчу тийналлехь седарчий ловзу,

Леррина шен ма1аш къагош бу бутт.

Набарна дитташлахь тевжи те хьоза, –

Т1екхечи 1аламан х1айбате мур.

 

Яржаеш шен хьожа сагал-буц техка,

Хазадеш шен "вакъ-вакъ" пхьид ека 1омахь.

Боьрара т1уьначу ж1олмашна юккъехь

Чилларчи лаг1йина эшар, 1а тийна.

 

Тховса сан Даймахка йоьссина суьйре,

Хьол хаза кхин х1ума дуй техьа гур.

Иллешца синк1орге дижина туьйра,

Исбаьхьчу 1аламан х1айбате мур.

 

 

ПОЭЗИ – САН ДЕГАН ХЬОСТА…

 

Поэзи – сан деган хьоста,

Тем боцчу ойланийн зовкх.

Цо меттан куц говза досту,

Ца 1ебаш аьхналлийн шовкъ.

 

Наб йойъуш язбелча мог1а –

Хьаьгначу дагна до дарба.

Дагчуьра сан байтийн бешо

Доккхийла цхьа маьрша заза.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.