http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Сан турпал Нана Печать Email

Эдельбаева Зайнаби

 

*   *   *

Суьйренаш елаеш, 1уьйренаш елаеш,

Ма хаза хуьлура ахь дуьне деладеш.

1уьйренаш йоьлуш яц, суьйренаш йоьлуш яц,

Хьуна б1аьрг белхина дуьненна йоьлуш яц.

 

Берд боцу хи ма ду, малх боцу тхи ма ду,

Хьох яьлла хьан йиша га доцу сара бу.

Г1айг1ано йожайо, балано г1аттайо,

Хьох яьлчахьана со г1айг1ано хьийзайо.

 

Хьох ламан мох хилла, сох чуртан т1улг хилла,

Гатйелла анайист кешни керт ма хилла.

И сийна стигланаш кхоьлина ма гойла,

Дуьненахь да-нана доьлхуш ма гойла.

 

 

*   *   *

Ма х1умма а хууш ца хилла со,

Ца хилла сан дагна там.

Йоккха ен меттиг а ма к1езга хилла,

Ца кхиъна ненан марзо йовза.

 

Даима доьлхуш кийрара дилхан дог,

И доьлхуш цхьанна а гина дац.

Cо ган а, хьаста а юххехь нана йоцуш,

Хийла зама яьккхина.

 

Буса ечу набаро дег1е са да1ийтарх,

Дийнахь синтем ца хилла.

Тоам боцуш, мел дукха елхарх,

Г1ийла дуьне лелийна.

 

Дех-ненах яьлла жимчохь суна,

Хилла чов ерза ца туьгу.

Мацах со йиша-вешех йолуш,

Лазийна дог х1инца а лозу.

 

Ма ехьа ойла дукха ахь,

Дукха ечу ойлано тем бойу хьуна.

Ма делха дехьа хьайн б1аьргаш дукха,

Бала сов бера бу хьуна.

 

 

*   *   *

Хьо ирсе хуьлийла лаьара, нана,

Хьо декъал хуьлийла лаьара, нана.

Дуьненахь йоккху хан йоккхийла г1оза,

Даима тхан дуьхьа ехийла, нана.

 

Мел хала шераш д1адевли хьан, нана,

Мел ницкъ беш дег1ана лелла хьо, нана.

Декъала  хьо йойла кхоьллинчу Дала.

Тхо бахьанехь халонаш лайна ахь, нана,

 

Шелонах ца ларлуш хало ахь лайна,

Къахьегна дукха ахь, мацалла лайна.

Да воцуш дисарах хало ца гойтуш,

Тхо хене ахь даьхна, турпала нана.

 

Ма хилла цамгаро г1елйина нана,

Ма хилла лазаро хьийзош хьо нана.

Дакъаза яьлла хьо ма гойла тхуна,

Хьан дуьхьа х1ара дуьне лаьттийла, нана.

 

Хьан дуьхьа стигланаш сенлойла, нана,

Хьан дуьхьа дашо малх кхетийла, нана.

Буса кхета беттаса хьан дуьхьа къегийла,

Седарчий хьан дуьхьа лепийла, нана.

 

Хьан дуьхьа 1уьйренаш лаьттийла, нана,

Хьан дуьхьа суьйренаш лаьттийла, нана.

Лаьттийла х1ара дуьне хьан дуьхьа даима,

Тхан дуьхьа хьо тхуна ехийла, нана.

 

 

*   *   *

Буьйсана г1ан гина со сама елира,

Сайца чохь ю моьттуш ас хьо лехира.

Хьежарах, лехарах кара ца йира,

Дог доьлхуш юха со охьа хиира.

 

Маржа-я1, нана, хьо ма хьоме хилла,

Хьан марзо хьан безам ма ч1ог1а хилла.

Хьох яьлла дуьне ца оьшу суна,

Хьо цкъа а йицйялар доьг1на дац хилла.

 

Дагара яьлла хьо минот а яц суна,

Боккхучу когаца хьо дагахь ю суна.

Йолахьа г1енаха сих-сиха, нана,

Ма ч1ог1а оьшура, еза хьо суна.

 

Дахар а сайн толахь гур ма дац суна,

Бахам сайн гуллахь гур ма бац суна.

Дуьненахь хьо йоцуш ирс хир дац, нана,

Ахь доллу дуьне а ма дуьзна суна.

 

Йицлац хьо, дагара ца йолу, нана,

Нана хьо йицъелла хан еъна яц суна.

Сингаттамо сан дог хьийзадо, нана,

Хьох яьлла дуьненах х1ун до ас, нана.

 

Хьо йоцуш 1ама сан ма йийзи, нана,

Ас собар вайн Деле ма доьху, нана.

Дуьне ма сирла ду – б1аргашчохь бода,

Дехнера со йити ма г1охьа нана.

 

Сан дег1а са ду хьо хьомсара нана,

Сан б1аьргийн нур ду хьо, хьомсара нана.

Кхоьллинчу вайн Деле ехнера сайна,

1ожалле ас йита баьхнера нана.

 

1ожалло сихъи хьо, ели со хьоьха,

Седарчий соь хьоьжуш сан къина доьлху.

Ма г1ийла кхийти малх дуьненна, нана,

Хьох ялар дазделла беттаса кхоьли.

 

Ма лойла да-нана йо1 цхьалха йуьтуш,

Ма лойла йиш-ваша йо1 елха йуьсуш.

Дуьне ма духийла безачех къаьсташ,

1аржа ма лойла малх къайла баьлла.

 

 

*   *   *

Нана хьо йоцуш хала ду суна,

Собар дан, сатоха ца хии суна.

Шийлачу суьйренца ели со хьоьха,

Къинт1ера ялар ас доьху хьоьга.

Нана хьо йоцуш хала ду яха

Хьо йоцуш лелар ю со г1ийла, нана

Хьох яьлла дуьнахь хала ду лела.

Нана хьо йоцуш дуьне ду деса.

 

Нана хьо йоцуш хала ду суна,

Хьо цкъа а йицлур яц суна.

Хьан кошт1е йог1ий со, нана,

Дагара дуьйцу ас, нана.

 

Нана хьо йоцуш хала ду суна,

Нана хьо йоцуш дуьне дац суна.

Хьо йоцуш лела со г1ийла,

Хьох яьлла йина чов синна хилла.

 

 

*   *   *

Ма ехьа ойла, хьомсара нана,

Доьху ас хьоьга г1айг1ане ма хила.

Бала ма бехьа кийрарчу дагна,

Со йоьлхуш г1ийла ма йита.

Хьайха хьегош елха ма елахь,

Хьайха яккхий дог делха ма делахь.

Доьху ас, со йина хьомсара нана,

Дуьненчохь со г1ийла елха ма елахь.

Хьо йоцу 1уьйре сан ма яц, нана

Хьо йоцу суьйре сан ма яц, нана

Дуьне а дац суна хьо йолуш санна

Даима б1аьрсина лаьтта хьо хьалха.

Ахь хьоьстуш даима со йора ловза,

Солла хьан х1умма а дацара хьоме.

Цкъа а хьо дагара ца йолу, нана,

Хьох яьлла г1айг1анехь ю хьуна, нана

 

 

*   *   *

Суьйрана хьо йолчохь чу гул а делла,

Самукъа доккхура вовшеха хьийзош.

Ткъа хьо ма хиллера, цамгаро хьийзош,

Дагара ца хаийта и хьулдан г1ерташ.

 

Собарехь ч1аг1ъелла, тхо доьлуш йоьлура.

Ша йисча  ахь дагна куьг хьоькхура.

Лийлира нана хьо, хьайгахь дерг хьулдина,

И дагахьбаллам тхуна ма бисна.

 

Хьан б1аьра хьежарах – кхоьлина ца гора,

Шеко ца юьтура – самукъне гора.

Ахь цкъа а хьайн бала балха ца бора,

Къинт1ера ялахьа нана хьо тхуна.

 

Маьрза хан хиллера хьоьцаний яьккхинарг,

Хьайн деган йовхонца сан дахар хьаьстинарг.

Вайн х1усам шелъелла ма хьалхе къаьсти сох,

Нана хьо йоцуш дуьне ма кхоьлина суна.

 

Ма гойла суьйренаш кхоьлина вайна,

Ма гойла 1уьйренаш бодане вайна,

Ма гойла кхоьлина х1ара маьлха дуьне,

Хеназа ненах девла де ма гойла вайна.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.