http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Хьайн боцу мохк Печать Email

Жамалуллайл Макка Абдурахман

Cан ц1е Макка ю, 1абдурахьманан йо1. Со йина Г1ирг1азахь, 1948 шарахь май беттан 15 дийнахь, Джалалабад г1алахь. 1957 шарахь Нохчийчу ц1а даьхкича Йоккхачу Атаг1ара № 2 ишколе деша яхара. Ишкол чекхъяьккхинчул т1аьхьа тхан доьзал Соьлжа-Г1ала д1акхелхира. «Яран а, тегаран а» курсаш чекх а яьхна Мода Ц1ийнахь болх бира. Иштта кооперативный техникуме а деша яхара. Цул т1аьхьа ц1ера а яьлла, ши йо1 лелош яра. 1999 шарахь, т1ом бахьана долуш махках яла дийзира. Цу шарахь дуьйна шина йо1аций, беран берашций Голландехь 1аш ю.

Дуьххьарлера стих ткъа шо долуш язйина. Х1инца а дагахьбаллам д1абалаза бу, х1етахь шена т1ехь  стихаш язйина хилла тетрадь сайга ца лардаларна. Таханлеранаш сайн Даймахке сагатдалар гайта г1ерташ язйина ю.

Г1алахь сан х1усам яц. Т1амо дохийна со 1ийна ц1а лаьттанчохь керла г1ишлош йина. Цундела, мел лаахь, деригге д1а а тесна Даймахке ц1а йог1ийла дац.

Хийрачу махкахь дог ду сан доьлхуш.

 

Ца безаш кхечи хьо хьайн боцу махка,

Г1ийла хан йоккху ас сайн боцчу махкахь.

Доьлхачу дагца со охьахиъна,

Сайн дагахь деригге яздийр ду аьлла.

 

Стигал ю бодане денна а йоьлхуш,

Дашо малх ца кхета наггахь а бен.

Баьццара куза тесча санна,

И хаза аренаш ца хета суна,

Сайн махкахь санна.

 

Ма дуург дуьне дац, шен боцчу махкахь,

Бес-бесара къаьмнашна юккъехь,

Хьо акха стаг хета, хьуьнан юккъехь санна.

Буьйцуш а ца хеза, хьайн ненан хаза мотт,

Дуьне хаза ца хета, шен боцчу махкахь.

 

Ваха меттиг ма яц шен махкахь санна,

Самукъа ца долу шен махкахь санна,

Т1едухург хаза дац шен махкахь санна,

Кхача мерза ца хуьлу шен махкахь санна.

 

Балано, г1айг1ано бузийна корта,

Балано, г1айг1ано чахчийна кийрара дог.

Деган пхенаш дукъаделла, д1алела де доцуш,

Боьлхачу б1аьргаша б1аьрса д1аэцна,

Лела де доцуш со метта оьгу.

 

Ас Деле ма доьху къинхетам бехьа,

Ерзаехьа со сайн махка олий,

Хилийтахь сан коша барз

Яьхначу махкахь.

 

Сан нана Даймохк –

Ма чог1а беза хьо,

Дай баьхна латта –

Ма чог1а деза хьо.

Дуьненахь х1ума дац

Хьол чог1а деза а, мерза а.

Баш лекха лаьмнаш

Ма хаза ду шу,

Шал шийла шовданаш

Ма мерза ду-кха шу,

Сан баьццара хьаннаш

Ма хаза техка шу.

 

Сан махкал хаза

Х1ун хир ду дуьненахь,

Сан махкахь санна

Хаза г1иллакхаш, 1адаташ

Цхьанхьа а хир дац,

Сан хьоме, беза Даймохк.

 

 

БЕН БОЦУ ХЬОЗА

 

Бен боцу хьоза хилла лела со

Сайн махкахь,

Ког билла латта доцуш

Лела со сайн махкахь.

 

Цкъа а сайн махкахь ца яьхча санна,

Д1адели сан деригге.

Сайн махке сатаса меттиг

Ца йити суна.

 

Ма ца моьттура суна сайн махкахь

Дог доьлхуш иштта хан йог1ур ю.

Ас сатийсина сайн даймохк

Ма чаьмза баьккхи хьо.

 

Сатийсина латта 1аьржачул

1аьржа хили хьо.

Екхна сийна стигал

Бодане хийти хьо.

 

Схьакхета дашо малх

Цакхеташ санна хийти хьо.

Суна дезаш хилла къам,

Г1иллакхах доьхна ги суна.

 

Безарш, гергара хилларш

Бала боцуш ги суна.

Кирара бала балхо меттаг йоцуш,

Йиси со сайн махкахь.

 

Бене сатийса меттиг ца ги

Суна сайн махкахь.

Айса сатийсинчунна т1екхача,

Меттиг яц аьлла,

Дог диллитина

Соьга сайн махкахь.

 

Я Аллах1 Дела хьан диканах

Дог ца дуьллу ас.

Хьан къинхетам шорта болу Дела.

Хьо Воцчуьнга бен Дела,

Цхьаьнга са ца туьйсу ас.

Деригге Хьан карахь ду,

Сан веза, дика, къинхетаме Дела.

 

 

САН ХЬОМЕ НАНА

 

Х1ара хаза сийна стигал

Хьан дуьхьа кхоьллина нана,

Хьара 1аьржа латта нана

Хьан дуьхьа лаьтта.

Мел еъна хаза зама,

Хьан дуьха еъна нана.

 

Нана боху  дош,

Ма деза хилла.

Нана йолуш яьккхина хан,

Ма мерза, ма хаза хилла.

 

Нанас ша олуш дерг,

Ма даггар олура.

Нанас бина кхача,

Ма мерза хуьлура.

Нана санна диканиг

Ма хир яц дуьненахь,

Ненаца яьккхина хан,

Ма юха йог1ур яц.

 

Ма хаза хан хиллера

Хьоьца яьккхинарг.

Х1ара дуьне хаздинарг,

Нана хьо хилла.

Марзо а латтийнарг,

Нана хьо хилла.

Дуьнена чам бовзийтинарг,

Нана хьо хилла.

 

Делах кхоьруш хьо чог1а яра,

Динца лерам хьан чог1а бара,

Нана хьо г1иллакхе массаьрца яра.

 

Хьайн дег1ана там ахь ца лохура,

Хьайн доьзална х1ума ца хилийта,

Хьо яла а кийча яра.

Т1аьхьашха хьайна ала

Диканиг дити ахь

Сан хьоме, са еза нана.

 

Марша я хьо олий,

Хьо дуьхьала йолура.

Х1ун там бийра бу ца хууш,

Хьо доггах хьаьвзара.

 

Хьайн хазчу маттаца

Доьхна дог дерзадора,

Аллах1 Дала 1алош йойла,

Хьо декъал хуьйлийла олура.

 

И хан ма юха йог1ур яц,

Со йина нана.

 

Хаза ду ненан дог,

Довха ду ненан дог,

Мерза ду ненан дог,

Дика ду ненан дог.

 

Х1ара дуьне бодане

Дити ахь тхуна.

Марша 1ойла шу аьлла,

Хьо гуттаренна

Къайла ма ели,

Тхо хьайна т1аьхьа делхош.

 

Хаза 1уьйре тхуна

Ма йог1ур яц нана,

Хаза суьйре тхуна

Ма йог1ур яц нана.

 

Ахь х1оттош хилла шун

Ма гур дац тхуна.

 

Я Аллах1 Дела

Ахь собаре делахь тхо,

Кху дош доцчу дуьненахь.

Эхартахь цхьана хилийталахь

Хьомечу ненаца.

 

Хьо йоцучарна,

Дала иманца собар лойла.

Хьо йолчарна,

Дала дукха яха йойла.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.