Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Йоккхачу Софин къайле Печать Email

Карлюкевич А.Н., «Седа» («Звязда») Зорбанан ц1ийнан директор-коьрта редактор, «Седа» («Звязда») газетан коьрта редактор

/Минск, Беларусь/

 

 

/Туьйра/

 

Балхо дикка г1елвинера Шабарш. Жимачунна ч1ог1а ца лаьара зингател т1аьхьависа.

Ткъа уьш-м хьаьвди-девдий лелаш, эццахь капитанна Вероника дага а еъна ойла хилира: «Цуьнга а зингатий т1аьхьа-м дитлур дацара!..» Уьш-м т1ах-аьлла а, каде а белхалой ма барий.

Амма Шабарша а цхьаъ ца деш 1аш вацара. Цо – йоккхачу Софин хьехарца – сеничуьра жима литт юккъера доций бецан хелигаш лехьош шен керлачу накъостана кхоьхьура. Цо цаьрца говза херонаш д1акъовлура. Гуш дара, туьйлигчохь дог1анах ч1огг1а кхоьрийла.

 

Шабарша туьйлиге кхаьчча сирла хиллехь а, амма сиха 1аржъелира. Мел б1аьрса ирдарх хин капитанна, х1умма а гар ца хуьлура.

«Хетарехь, дукха хан йоццуш, со хичуьра лаьтта ваьлла, ткъа кхузахь-м ша ма-ярра буьйса ма йоьлла», – дог доьхна ойла еара жимачуьнга.

Цунна ч1ог1а лаьара, туьйлигах б1аьрг тоха. Цхьа тамашийна къийлар(1) хетара х1ара тармар(2). Ломан луржах(3) хьийзара тачанаш. Цхьаццанхьаша туьйлиган к1оргене чуг1ойлаш яра яьхна. Цхьайолу чуг1ойлаш не1аршца къевлина а яра.

 

Кхин х1уманна а Шабарш тидам бан ца кхиира.

Бакъ доллуш, ша цхьаъ туьйлигчухула лела воьллехьра х1ара кхин юха а вог1ур вацара.

– Иштта боданехь 1ан дезар ду-те? – шена а ца хууш, хозуьйтуш шен ойланех дагавелира хин капитан.

– Хьоме хьа-ша-а! – ц1ийзачу озаца дуьхьал дистхилира зингат Софи. – Са-ма-гат-де, деригге ган а кхуьур ву. Хьо тергаме хилчахьана ас цхьадолу хьехар а дийра ду. К1ента бераний, хьуний пхьор далале хьалха а хила мега и…Шабарша лерса ирдина ладог1а кечвелира. Амма йоккхачо башха сихо ца йора. Хетарехь, боккъалла а х1ара санна долчу денна аьлла ларйина хир яра цо и къайле.

 

Х1ета жимачуьнга карзахалла а йоьссира: х1ун хаьа, йоккхачуьна ойла хийца а елла цо къайле ца йостийла? Цуьний, Вероникий-м яцара цхьа а къайле. Иштта д1а юкъ-кара йо1а х1ара леван-м тарлора. Гамонна я цхьа а бахьана доцуш. Жиманиг веха 1ара шен накъостана вас ца еш…

Амма кхузахь, туьйлигчохь, хуьлуш дерг книниг дара…

 

– Х1а-а-х1а, туьйлигехь даций и-м, – юха а ц1ийза доладелира йоккхачуьна аз, кхуьнан ойла ешча санна. – Хьо кхера ма лолахь, хьо-ме хьаша! Суна боккъалла а ойла еша хаьа. Сан хено г1о а до суна… дукха хилла сан дахарехь кхетарш… – Х1инца цуьнан къамел ц1ена хезара, аз а кхин ц1ийзаш дацара. – Ас хьоьга юха а боху хьуна… Цкъа а сих ма ло… Иза вайгара мел долучух а хьакхлуш ду. Г1алл наха(4) ма аллара: ворх1азза дуста – цкъа хададе.

Йоккхачу Софис доккха са даьккхира. Шабаршас боданехь тидам ца бира, цуьнан сакх яларх, цхьамми шега къайлах ладуг1ий те аьлла кхераелча санна.

 

– Тхан хьоме хьаша, ма шен хенахь ца кхакьчна хьо тхан туьйлиге, йоллу тхайн г1ала хьуна гайта аьтто бац тхан. Дукха шерашкахь оха йина г1ала ю х1ара. Йочанах тхо кху чохь левчкъина, акхараойх а, олхазарех а… Боллу сан гергарниш балхана т1ера хилар бахьана долуш – дуккха а дукха туьйлигехь 1аш берш. Шайн ницкъ ца кхоош дийнахь а, буса а къахьоьгу зингаташа. ...Г1елдалар доцуш лела, эрна олуш ма даций тхо балхат1ехь хаьштиг санна ду…

Доккха зингат д1атийра. Цул т1аьхьа шений, Шабаршиний бен ца хезаш тийна элира:

– Амма тхох цхьа чолхе анпал(5) 1отталахь я тхо т1аьхьа ца туьгу шардам(6) нислахь, тхуна орцана Буоза Г1амартиг(7) йог1у. Оха иза тхайн туьйлигчуьра лармехь доккха тускарчохь 1алаш йо. И Г1амартиг боккха тамашийна ницкъ болуш ма ю. Масала, вайх х1ора а генна гиезар (8) вахийталур ву цуьнга. Цуьнан ницкъах хайра эцале хьалха, ши биллам кхочуш бан беза.

 

Шабарша леррана ладуг1уш вара, цуьнан къамел ца хадош. Шена эццахь хатта луъушшехь, цу жимчу г1амартиго и муха дийра дара?

Ткъа йоккхачунна юха а жимачуьна ойла хезара.

– Хаалаахь, деригге вайн лаамех доьзна ду… Уьш мел геналле кхочу, вайн ойланехь, дегйовхонехь и гена гиезар  муха хуьлу… Царна тача дилла Г1амартиг ю вайна г1о дийриг. Буьйсанна стигала т1ай а дера тиллур ду цуьнга. Ч1огг1а лаа ма лиъаний… Кхин ши биллам бу кхочуш бан безаш. Уггаре хьалха зиент(9) яла еза…

– И х1ун зиент ю? – са ца тохаделира капитане.

Иза иштта а са к1амделла 1аш вара йоккхачуьнга ала, иза – воккха гиезар дезачарех хилар.

Хьоме Болчанкех кхетар а д1ататта кийча ву, керла мехкаш гур дацар те аьлла сатесна…

 

Шабаршас тидам ца бира, йоккхачу Софин юха а елакъажарх.

Цунна а лаьара сихха жима-гиезанчие цхьа ладаме хаам бан. Х1унда аьлча, б1аьрса дайна дукха хан елахь а, цунна сица, дагца, кхетамца гора, жимачун т1ера уьду з1ораш(10).

Кхузткъе вуьрх1итта ц1ойн(11) х1инцале гинча санна, б1аьргашчохь седарчий ловзуш санна…

 

– Хьо, хьоме хьаша, сиха ма ло. Шен рог1ехь д1аг1ойла деригге. Ткъа билламаш ас хьуна х1ицца бовзуьйтур бу… Дуьххьарлераниг ахь айхьа хьайнна кхочуш дан деза. Ойла е, хьуна мичхьа я х1унда ваха лаьа. Сахаре я Сахалине, йовхо я щело 1аткъа… Ган мила лаьа, х1ун олхазарш я экхий? Муьлха хи т1ехь ваха лаьа? И къастам хьан коьртехь кхиана баьллехь, – хаалахь, цхьа т1едиллар айхьа кхочуш динийла. Ткъа шоллаг1ниг-м – дукха атта ду. Г1амартиг ма гиннехь, цуьнан зиент яла еза. Ткъа иза кхоъ х1етал-метал ду… муьлхарш ду – и суна, новкъа хетахь а, ца хаьа. Цунах лаьцна цо ша эра ду…

 

Шабарш ч1ог1а д1атийнера.

Хьалха цунна мадд(12) ваха лаьара, Вероникас маддарех(13) лаьцна дуьйцуш, цхьана махкахь деригге ган йишйолчу, Китай а лаьара: дайра(14) а, г1ум-ара а, лома а кхача, 1оокъахь(15) а лийча.

Кхин а Шабаршан, 1ийра(16) к1оргера х1олламаш йолчу, Х1индехь хила.

Дика хира дара кхин болу битамаш хьегча а. Масала, т1аплома вала я 1андара(17) кхоссавала…

 

Ткъа х1инца, массанхьа а цкъа д1акхача аьтто баьлча, жимачуьна синтем байра, ойлане велира. И мичхьа ваха харжам барх доьзна а хилла ца 1ара. Иза иштта гена гезарна кийча вуй те бохучух хьакхалуш дара.

«Х1ан-х1а, хадам бан беза… Мичхьа ю и Г1амартиг?! Ас цуьнга Каракуме кхачаве аьлла доьхур ду… Цигахь г1ум-аре а ю, хин карсуол а ду, хорбазаш а, мерза пастанаш а… Кхин руманаш(18) а, кемсаш а!.. Ткъа коьртаниг – сирла а, малх кхетта а… Болчанкуо-м собар дийра дара…»

 

– Х1ета иза дика хир ду, ахь хьайн 1алашо хаьржана хилар, – элира йоккхачу Софис, ша юха а Шабарши ойла ма йишши. – Делахь а кхин анпал ю-кх… Оха Г1амартиг лаьтта бухахь, чолхе ковзах(19) чекх ваьлчий бен т1екхача йишйоцуш, лачкъийна ю… Хьен-хьеннаъ ницкъ кхочур бац.

– Ткъа хьажа а мегар дац? – хадам боллуш хаьттира Шабарша.

 

 

1 – Къийлар (замок). 2 – Тармар (сооружение). 3 – Луржах (серпантин). 4 – Г1алл наха (мудрые люди). 5 – Анпал (проблема). 6 – Шардам (задача). 7 – Буоза Г1амартиг (Волшебная Песчинка). 8 – Гена гиезар (путешествие). 9 – Зиент (экзамен). 10 – З1ораш (лучи). 11 – Ц1ойн (огни). 12 – Мадд (космос). 13 – Маддарех (о космонавтах). 14 – Дайра (степь). 15 – 1оокъахь (океан). 16 – 1ийра (древний). 17 – 1андара (водопад). 18 – Руманаш (гранат). 19 – Ковзах (лабиринт).

/Гочйинарг – Кадиев Руслан/

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.