http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Заманан болар Печать Email

Дадашев Райком

 

 

 

*  *  *

Хаац, наггахь холчух1уттий,

Ирсах волий, лела со.

Дийнахь-бусий к1адлой, х1уттий,

Ессаллехь са кхерстало.

 

Хетало, со т1омаваьлла,

Стиглахь лела, гуонаш деш.

Ирсе бераш, ловзадевлла,

Гича парг1ат долу дог.

 

Амма т1еман къизчу к1уьро

К1ант вайинчу ненан мохь

Лере кхаьчча, ведвой кхиэло,

Б1агор хьийзаш, 1ийжа дог.

 

Дахар чолхе, йовзац къайле,

Мел кегорах ойланаш.

Муха кхаьчна сел къизалле

Нанас кхаьбна адамаш?

 

 

*  *  *

Юха а сахуьлуш, садаьржаш лаьтта,

Седарчий д1адовш ду вовшашца къуьйсуш.

Д1о стигал малх балехь ц1ийлур ю кестта.

Кхин цхьаъ а, сагатлуш, д1аяха буьйса.

 

Д1аяха кхин цкъа а юха цаерза,

Сан даг т1ехь 1ийжачех буьтуш цхьа мо.

Акхачу лаамийн т1есерсош дерза, –

Дахаран цхьа аг1о д1ахарций цо.

 

Д1ахаьрци цхьа аг1о, ца хоьттуш соьга.

Д1ахеди дахарах кхин а цхьа буьйса.

Кхийти со: хих терра йоьдуш ю зама,

Йоьду и лаамза – ларавац къийса.

 

Юха а сахуьлуш, садаьржаш лаьтта,

Седарчий д1адовш ду, вовшашца къуьйсуш.

Д1о стигал малх балехь ц1ийлур ю кестта...

Кхин цхьаъ а сагатлуш д1аяха буьйса.

 

*  *  *

Буо бер санна хьоьжу, безам, хьо,

Корах ара туьйсуш г1ийла са.

Ма хьийзахьа, бохуш, суна гуо...

Со-м г1елвелли, туьйсуш Цуьнга Са.

 

*  *  *

Ахь хоьтту ирс дуй-те кхойкхург,

Паналлехь са акха дохург.

Хьох даьлча да амал доцу,

1ийжа дог ас техкош хьоьсту.

 

*  *  *

Хьо йог1у Дуьненал хазьелла,

Жил-1алам цецдохуш болар деш.

Со ву, хьан 1индаг1ах тарвелла

Хьаг1-б1аьргах, вонах хьо 1алашъеш.

 

*  *  *

Хета, хьо йевзина эхартан бешахь,

Азаллехь вайн синош кхуллучу дийнахь.

Х1етахь ас Вайн Деле до1анца дехна

Хилийтар сан кхоллам хьан ц1арца боьзна.

 

*  *  *

Духур ду дуьне а,

сан некъан чаккхе а яц, гарехь, кхин оццул генахь.

Ойла а хьийзар ю,

дахаран тептар а керчор ду, г1алаташ лоьхуш.

Лаамо хьийзор ву сих-сиха вохуш сайн иэсах.

Дахарехь карор ду г1алаташ моьттинчул алсам.

 

Хаалахь, хьо цхьалха йоций

 

Цкъа мацца а бала базбелла,

г1о эшна б1арзъелла хьовзахь,

Стигланийн 1аьршашка юьйлуш,

синлаам лечкъо хьан дезахь...

Ойланийн буьрса дарц даьлла,

х1ара дуьне гатделла хетахь,

Аьрхачу лаамийн урх хаьдда хьийзахь,

Хаалахь, хьо цхьалха йоций.

 

Буьйсанаш б1ешарал яхъелла,

седарчех ловза хьан дезнехь,

Дуьненах, безамах хьоьгуш,

лаамийн йийсарехь 1ийнехь,

Хьайн иэсах шек йуьйлуш,

стигланаш ахь теш лаьцнехь,

Синкхетам, г1елбелла, бацаре кхаьчнехь,

Хаалахь, хьо цхьалха йоций.

 

Дог-ойла, хьан дерриг дахар

безамо йийсаре лаьцнехь,

Хезаш дег1 доццучу юьйлуш,

ц1е йохуш, хьо кхойкхуш леллехь,

1ер-яхар дошал дазделла,

ницкъ эшна чаккхенах хьегнехь,

Хьо хьайца къийсина, б1арзьелла йожнехь,

Хаалахь, хьо цхьалха йоций.

 

*  *  *

Хьан г1ийла хьежаро д1авуьгу паналле еса,

Дицдойту дерриг а акхачу лаамийн варшахь.

Сан даг т1ехь моьнаш деш, безамо воху со 1еса,

Амма со Адам ду, йиш йоцуш воха сайн некъах.

*  *  *

Кхин ас хьо хьийзор яц,

Ойланийн, лаамийн бух боцу туьйранаш дуьйцуш.

Дешнашца ницкъ бийр бац,

Хиндолчух, хиндоцчух б1арлаг1аш х1иттош.

Ца ваьлла д1аг1ур ву,

Ас вайна туьйранехь йоттинчу г1ала.

Сатоха хьожур ву,

Хьистинчу дагна сайн базлахь а бала.

 

*  *  *

Хийла ас буьйсанаш ларйина,

Декъазчу декъаца сайн цхьалла 1уьйшуш.

Суо сайца хийла ас къийсина,

Акхачу лаамийн буьрса дарц эшош.

Дуьненахь йоккху хан

Лиънера хьан дуьхьа, хьан ц1арца яккха,

Дахарехь бисна бал

Доггаха хьо язъеш, хьо лоруш баккха.

 

*  *  *

Сайн сих ас йоккхур ю болатал ч1ог1а и ч1аг1о,

Сайн дахар дустур ду б1ешерийн къонахийн ц1арца,

Вониг а, диканиг а  дуьллур ду къонахийн кхиэле.

Я Аллах1, г1о дехьа цу дийне юьхьк1ай д1акхача.

 

М.Ю. Лермонтов

«И скучно, и грустно»

 

Сахьийза, сагатло, доггаха куьг кховдо стаг вац,

Ойланийн йочана язъелча дагна.

Лаамаш! Даима сатийсарх кхин хила ял яц.

Шераш-м д1аоьху, уггаре хьегна.

 

Уьйр-безам…ткъа хьаьнца? Эшац и к1еззигчу ханна,

Гуттара безамо хьистинарг хир вац.

Дагчу хьайн б1аьрг тоьхча, хиллачийн лар-тача яйна,

Къона дог левзинчохь йисина хьу яц.

 

Ткъа акха лаамаш? Мацца цкъа и сиркхо церан

Йовр ма ю, кхетамо метта а валош.

Дахар-м, маржа-я1, бакъдерг вай аьлча ма-дарра,

Хилла цхьа даьсса г1ан, забарна оьхьуш.

 

Анна Ахматова

(1995 -2000 шераш дагалоьцуш)

 

Х1ан-х1а, со яцара хийрачу махкахь,

Хийрачу т1емаша ца йира лар а.

Мискачу халкъаца яра со х1етахь,

Сайн къомо хьоьшучохь декъаза дакъа.

 

*  *  *

Кхийтира, дахар сайн т1ехтиллий,

хилла шех беккъа цхьа лазам,

Къоналла д1аяллий, г1ан санна,

Буьсуш шех беккъа цхьа 1ийжам.

Къаналла т1екхаьччий, ойла а

Юткъйина, эхарта лесташ…

Маржа-я1, дог ду-кха,

Ца къарлуш, къоналле кхийдаш.

 

*  *  *

Дерриг а д1адели,

Сатоссуш д1адоьду, мерза г1ан санна.

Ойланаш язьели,

Даккъашца т1ете1а дохк-морха санна.

Ткъес хила, чекхдевли

Вайн некъаш – хьан елхар, хьан коча елар.

Сан дахар къахьдели,

Шех дуьсуш деккъа цхьа чаккхенах хьегар.

 

*  *  *

Безамо стаг акхавоккху,

Ирсе вой 1аршашка воху,

Наггахь верг стогаллех вуху,

Ткъа важа-м сийлалле кхочу.

 

*  *  *

Дахаран некъаш ас литтанза дитна дац,

Ойланехь хиндерг а талланза 1ийна вац,

Накъосте г1о доьхуш, со меттахь керчаш вац,

Сайн ницкъ а кхоийна, дан дезарг дуьтуш дац.

 

Лиънера массо а шайн ирсо хьоьстийла,

Накъостийн г1о эшча, со волчу бог1ийла.

Лиьнера, вайн къоман сий лардеш лаьтта т1ехь,

Чекхвала, сайн нигат кхочуш деш дахарехь.

 

*  *  *

Со вели суьйранца гу т1ера наж болчу,

Б1аьрг бетта безамца... бераллин мур болчу,

1алам ду б1аьстенца самдала г1еттина,

Дитташ а баьццара бос эца лестина.

 

Дицдина дерриг а, берах а тарвелла,

Массарна гечдинчу 1аламах цецваьлла,

Лаьтта со – Даймахко шен хазна йиллина,

Лаьтта т1ехь иштаниг цахилар гайтина.

 

*  *  *

Со варе хьежалахь, 1уьйренца малх кхеташ,

И даккъех чулесташ, нежнашка ялалахь.

Буьйсанна нах тийна, тийналле юрт яхча,

Наб юхататтий, ахь соьга ладог1алахь.

 

Хьежалахь со варе буьйсанан зовкхехь,

Хьежалахь со варе безаман шовкъехь.

Кхочур ву, тешалахь, т1аккха со хьо йолчу…

Ойлано хоьстур ю г1енах хьо ма-луъу.

 

*  *  *

Со-м кхета, азаллехь яздина доцург,

Мел суна лаарх а хуьлийла доцург,

Сахьийзарх, сатийсарх, хила йиш йоций,

Сан дахар хьан ц1арц1а яздина доций.

Делахь а, хьан амат – сан г1енийн суьйре,

Ас дагчохь лелийна ойланийн гуьйре,

Хьан елар, хьан елхар, хьан амал аьрха

Со мел ву соьца ду дуьненахь маьлхан.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.