http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Ма елхахьа, Нана Печать Email

Цуруев Шарип Мовладович

Нохчийн вайзаманан поэт, публицист, литературни критик, гочдархо Цуруев Шарип Мовладович вина 1963-чу шеран 20-чу  январехь (паспорт т1ехь 12 январехь), Гуьмсан районера Лаха Гезлой-эвлахь. 1980-чу шарахь чекхъяьккхина юьртара юккъера ишкол. 1981-83 шерашкахь г1уллакх дина эскарехь. 1988-чу чекхъяьккхина НГ1ПУ-н филологин факультет. Белхаш бина ишколехь, хьехархой институтехь, 1илманан институтехь, хьехархойн училищан директор, «Васт», «Даймохк» газетийн коьртачу редакторан даржехь а, ткъа иштта «Орга» журналехь а, НР-н хаамийн, зорбанан министерствехь а. Карарчу хенахь «Хьехархо» газетан коьрта редактор ву иза (цуьнца цхьаьна НР-н 1илманийн академин «Таллам» журналан жоьпаллин редактор а ву).

 

Россин яздархойн Союзан а, Россин журналистийн Союзан а декъашхо ву. Цуруев Шарип НР-н Парламентан председателан Советник ву юкъараллин буха т1ехь, 2008-чу шарахь НР-н Парламенто НР-н харжамийн комиссин декъашхо х1оттийна иза. Дуккха а ерригсоюзни, ерригроссин, республикийн 1илманийн а, кхоллараллин, юкъараллин-политически конференцешкахь, кхечу мероприятешкахь дакъалаьцна цо. Язъян волавелла 12-13 шо долуш, дуьххьара зорбане ваьлла 1977-чу шарахь, 14 шо долуш. Х1етахь дуьйна Ш.Цуруевн стихаш, статьяш, очеркаш, интервью зорбане йийлина республикан массо а бохург санна журналашкахь а, газеташкахь а. Цхьайолу произведенеш гочйина оьрсийн, балкхаройн, х1ирийн меттанашка. Кху шарахь г1умкийн маттахь араевр ю цуьнан цхьайолу стихаш. 1978-чу шарахь «Пхьармат» литературни цхьаьнакхетаралле д1аэцна, 1985-чу шарахь цуьнан староста хаьржина. Цуруев Шарип автор ву итт гергга коллективни гуларийн, 1992-чу шарахь «Йисалахь, Нохчийчоь», 2007-чу шарахь «Тешалахь, Даймохк» книжкаш арайийлина цуьнан. Кхушарахь арахеца кечйина ю Цуруев Шарипан произведенийн том. 30-гергга 1илманан, б1еннаш публицистикин статьяш, очеркаш, интервъюш. 1987-чу шарахь иза ерригсоюзни къоначу поэтийн фестивалехь Нохч-г1алг1айчоьнан векал хилла. 2009-чу Россин яздархойн съездан делегат хаьржина. 2003-чу шарахь «Единая Россия» партис кхайкхийначу республикан конкурсехь поэзин номинацехь 1-меттиг яьккхина Шарипа. 2005-чу шарахь «Вайнах» журналан совг1атан лауреат хилла иза.

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

*  *  *

Ма елхахьа, нана,

Ма тийжахьа, нана,

Къинош долчу к1ентан

Дог карзах ма даха.

И хьан б1аьрхиш дийлал

Меха вац со, нана,

И хьан б1аьрхиш мийлал,

Латта хьогах дац-кха.

 

Мацах жуьгтийн жайнахь

Вуьйцу бохург санна,

Эрна йорт йиттина,

Со ц1а веъна х1инца.

Букъ т1ехь дечиг даккхарх,

Х1ора дийнахь сарралц,

Вайн ц1ахь г1олий хилла,

Суна хиъна х1инца.

 

Кху вайн тишчу кертал,

Кху вайн жимчу ц1ийнал,

Кху дуьненчохь дехаш

Х1ума хила йиш яц.

Ма елхахьа, нана,

Со ма ву хьан ц1иэрах,

Суна-м ла ца лой и,

Хьо гича б1аьрхишца.

 

Нана лоруш воцург

Дуьненчу ма вала,

Амма ваьллехь – вайла,

Некъ ца карош ц1ен т1е!

Ма елхахьа, нана,

Ма тийжахьа, нана,

Ахь дог карзахдоху

Къинош долчу к1ентан.

 

Нана

(Мукъам – Цураев 1аьрбин)

 

Д1а ма г1о,

Нана, доьху хьоьга аса,

д1а ма г1о…

Хьо ма сиха

Къежйо, тишйо дахаро.

Х1ора денна гена юьйлу,

Сан дог 1ийжош, нана, хьо.

Со х1ара дуьне оьшуш вац

Йоцуш хьо.

 

Нана, нана,

Кху дуьненахь

хьол а мерза х1ума дац,

Хьуна хьалха

Со сайн декхар текхна

цкъа а вер ма вац,

Нана, нана,

Доьху хоьга суна дукха яхалахь,

Вижа лахьта дац ма боху

хьо къинт1ера ца ялахь.

 

Г1елъелла.

Лела халла синош дохуш

тахна хьо,

Д1а ма ели

Жимчохьлера хаза хан.

Хьо къанлур яц моьттуш цкъа а

Со ма лелла дахарехь,

Ма г1охьа д1а,

Сох къаьстина, нана, хьо.

 

Хьох хервина, лела – с

о д1авигна къизчу замано

Нана, нана,

Гена махкахь

со ларво хьан безамо.

Хьоме нана,

Х1ун де аса

хьан дог хьаста,алахьа,

Вижа лахьта дац ма боху,

хьо къинтера ца ялахь.

 

Нохчийчоь ­

къонахийн латта

(илли)

 

КIиллоша йоьхки хьо шайнех,

ЦIубдарша муьйлу хьан цIий.

Хьо бехъярх иэхь доцчу лайша,

Нохчийчоь, довр дац хьан сий.

 

ШайтIанийн кхаж баьлла ханна,

Хьан стиглахь го марха-дохк.

Амма ду сирла, малх санна,

Хьан хиндерг,

сан нохчийн мохк…

 

Хьан кетIа боьссича бала,

Хьо йисча бохамийн арахь,

Букъ туьйхи– ка тоьхначара,

ЦIе туьйхи – ца езачара.

 

Хьан чевнаш дебачу дийнахь,

Хьан лазар чагIделча некхехь,

Нохчийчоь –

сан Даймохк сийлахь,

Со ву хьан кхолламан декъехь.

 

ЧIагIлуш хьан балин йозалла,

Цхьаъ ду-кха сан дагна томехь –

Хастам бо, хастам бо Далла,

Кхолларна со нохчийн къомах.

 

Лийр боцу хьох тешам латтош,

Цу Деле хьоьх доIа ду сан.

Нохчийчоь – къонахийн латта,

Эвлаяийн беркате хIусам.

2000 шо

 

Нохчийчоьнна

 

Даккхий хабарш дуьйцуш,

Еза ц1ераш йохуш,

Да1 т1е туьха туьйсуш,

Лазарш карладохуш,

 

Лууш я ца лууш,

Хууш я ца хууш,

И хьан б1аьрхиш лоьхуш,

Хьан ц1ий довха лоьхуш,

 

Ц1ий а, сий а духкий,

Нахала а буьйлуш,

Бицбеш моттий, мохккий,

Сица ц1армат буьйлуш,

 

Боьлхуш, ц1ог1а детташ,

Хьарам дууш, 1еттош,

Лелачаьрца хила,

Тиллачаьрца тила,

 

Цу азаллехь дуьйна

Йоза долуш вац со,

Ворх1е дайшкахь дуьйна

Пурба долуш вац со…

 

Амма хаац, айса

Х1ун де, мича вала?

Д1авахча а – г1айг1а,

Висича а – бала.

1999-2000 шш.

 

*  *  *

ХIинца а шайн сено

Ца яйна зезагаш

Ма дукха хьулдина

Гуьйренан гIаша.

Мажделла эгна уьш,

Дисинарш иэганза

Кечделла шайл лахахь

Кхиънадерш хьаша.

 

Оьгу гIаш…хIун бехк бу

Мехаша дегочийн,

Кхолламан кхел хилла,

Шайн лаам боцчу?

Iожаллин шийла Iаь

Йоьссинарг дегIа чу

ПаргIат ву декхарех,

Жоьпаллехь воцуш.

 

Мажделла, кхиаза

Лешдолчу зезагийн

Къинна хIун мел хир бу,

Нийсонах Iебаш?

ХIара дуьне-авгол бу

Декхарийн, дезарийн,

Цхьа а тIе ца кхуьуш,

Цхьа а ца Iемаш.

 

ХIара дуьне – тептар ду,

Цхьаммо а дешанза,

Юкъ-кара бIаьрг кхетча,

Девзина моьттуш.

ХIара дуьне – хьесап ду,

Вайн Делан тешамца,

Имане вирзинчо

Эрна ца хоьттуш.

 

Хьенехан кхиамех,

Минехан иэшамех

Цецбуьйлу Iесаллин

Хьу йоьлларш кийра.

Ткъа дерриг хуьлуш ду

Шен цхьана эшарехь,

И довзар даимна

Ду вайна хийра.

 

Хетачу харцоно

Карзах а ца дохуш,

Вахар а ял йолуш

Хила тарло-кха.

Гуш долчу сакхташа

Кхардаме ца дохуш,

Вайн собар – хьекъалан

Бохь санна го-кха.

 

Цхьаъ бен дац леха хьакъ

ЦIенчу син паргIато,

Цхьаъ бен дац деха хьакъ

Цу Деле гечдар.

Можа гIаш тIеоьгуш,

Зезагийн патаро

Керлачу дахарна

Латта а кечдо.

 

*  *  *

Цхьа хан хилла-кх йогIуш,

ХIора йогIу Iуьйре,

ХIора йогIу суьйре

Цхьатера ца йогIуш.

 

Хийла хаттар хIутту,

Жоп а доцу хаттар –

Иштта хилла-кх гуттар,

Дуьне вайн мел лаьтта,

 

Хала хаттарш хIиттош,

Адамаша лоьхуш

Дуьне довзарх, дитарх

Кхетош долу жоьпаш.

 

Цхьанхьа тептар дешна,

Цхьамма дуьйцуш хезна,

Дац-кха хIора дешнаш

Говза вовшах тесна.

 

Аса дуьйцу айса

Хийла сица лайнарш,

Аса юьйцу сайга

Хеттарш дина гIайгIа.

 

МоттаргIанийн ловзар

Жималла а хилла,

Безам хилла – лоппарг,

Ирс а – лоппарг хилла.

 

Велха стенна оьшу?

Тийжа хIунда оьшу?

Бохаме ладоьгIуш,

Дуьне хIунда хьоьшу?

 

Лаам карзахбохуш,

ХIума хIунда лоьху?

ДоьгIнарг – ша тIедогIу,

Доцург – ша дIадоьду.

 

Хилла-кх цхьа хан йогIуш,

«Къинхетаме» зама,

Цхьаьнгге дог ца дохуш,

Вахавеш хьо Iама.

 

Цхьаьнгге са ца тийса,

Цхьаьннах хьегар доцуш,

Дуьне гонах хьийзаш,

Корта хьовзар доцуш.

 

Оцу хьоле вахчахь,

Схьагур хилла-кх, хьайл а

Лакхахь воций паччахь,

Лахахь воций лай а,

 

Лаьттахь цхьа а воций

Вехаш нехан метта, –

Цунах кхетта воцург

ХIумманах ца кхетта.

 

Дуьне карадарах

Дуьсург хIун ду, къай бен?

Делла дела Дала

Дахар даим къайле

 

Дуьне дуьсур хилла-кх,

Йиса тIаьхье йоцуш,

Цуьнан пусар хилла-кх,

Чуьркан тIомал доцуш

 

Дитахь, ас хIун дуьту?

Дисахь, сох хIун дуьсу? –

Сох ца кхетта дуьне,

Со ца кхетта дуьне!!!

2002-2009 шш.

*  *  *

Ма хила веза-кх,

Ма ваха веза-кх

ХIара дуьне дIора,

Дош а ца лоруш.

 

ЦIанвала веза-кх

ЦIинвала веза-кх,

Сингаттам, ловзар

Цхьатерра ловзош.

 

Дуьненна вийла

Веза-кха хийра –

КIеззиг мел дезнарг

КIеззиг ма лезна.

 

ХIун бен ду, вахарх

БIешарахь, шарахь,

Хьо йийсар хилча

Iожаллин карахь?

 

ХIун бен ду хилча

Хаза я ирча…–

И баI, и зезаг

Цкъа дала деза-кх.

 

Кхиамийн бохь а,

Иэшамийн мохь а –

Дерриг ду гIенаш,

Юьсун ерш – ченаш.

 

Ша эла хеттарг

Ваьхна наб кхетта.

И-м вер ву сама,

Топ кхетча санна.

 

Ваха ца веза-кх,

Воьлхуш я воьлуш,

Зиэнаш я зиэраш

ТIех чот а лоьруш.

 

Эшац т1ех лера

Темаш, цатемаш,

Эшац т1ех леха

Тайп-тайпа чемаш.

 

Ловзарехь дуург,

Лазаро вуург –

НIаьнешна кхача

Бисина кхача.

 

Дуьрста шайн йоцу

Ойланаш челакх

Ма къаръян еза-кх..

Дерриге – ченаш…

Са деза-кх даим

КIелхьара даха.

Кхин мел дерг – ченаш,

 

Юьсун ерш – ченаш…

2009 шо.

 

*  *  *

Мох сецча, мох бац и,

Сецна мох – белла мох,

Цундела уьду и,

Цундела цІийза мохь

Гуттар а идарехь,

Оьмаран йохаллехь.

 

Ткъа суна-м моьттура,

Ткъа аса-м бохура,

Мехаш ду массарел

Дуьненахь маьршанаш,

Йиш йолуш дІаида,

Аренца даьржина.

 

Уьш-м уьдуш хиллера,

БІарзделла, кхетамза,

Уьш-м уьдуш хиллера,

Са идош декъаза.

 

Дош дуй-ткъа дезарийн

Йийсарехь дахар а?

Дош дуй-ткъа дахаран

Лай хилла вахар а?

 

Дуьненан дезарша

Маршонах ва даьхна,

Вай кІентий ма деца

Галдевлла некъаца.

 

Вай дайша къийсина,

Яккханза йисина

Вай маца йоккхур-те

ГІизлара и гІала?

 

Г1али чохь ю бохур-кх

ВорхІ вешин и йиша,

Яьккхинчун ю бохур-кх

ВорхІ вешин и йиша.

I994 шо.

 

*  *  *

Ма мотта, эрна ду,

Хьуо Іеха ма ве –

Мел лаарх, ма-дарра

Дийцалац даге.

 

Хьох, дагна ма-луъу,

Кхетар вац цхьа а.

Кхечунах кхета ницкъ

Кхочур бац хьан а.

 

Элпаш а карор дац

Ойла дІаязлуш,

Ткъа даг чохь хир ду хьан

Эзарнаш аьзнаш.

 

Уьш кІеззиг мукъна а

Хезча я дешча,

Ма къен пал хир бар-кх ахь

Лехьийна дешнаш.

 

И – хІунда? И – стенна? –

Оьшуш дац хетта,

Шиъ вовшех, ма-луъу,

Цкъа а ца кхетта.

 

Вовшашна довзанза,

Доьрзу вай лахьте.

ХІетте вай ойланийн

Дай хета ваьшна.

I992 шо.

 

Не забывай…

 

В. и П.

 

Не забывай меня, не забывай,

Пусть наше счастье

было и недолгим…

Со мной прощаясь,

ты за все прощай –

Нас, видно, это время

сбило с толку.

 

Когда в хаос повергли

милый край

И всех подряд – и стар, и млад –

«мочили»...

Не забывай, прошу, не забывай,

Все, что с тобой мы

вместе пережили.

 

Не забывай прошу, не забывай

И глупый смех больных,

и трупы, слезы…

И наш любимый город –

грязный Грозный,

И в том аду

наш «полугрешный» рай.

 

Как мы любили!

В жизни так нельзя…

Но тем отвергли мы вокруг

всю дурость.

Я свято верю, было все не зря,

Но не желаю,

чтоб оно вернулось.

 

Нет повторенья

истинной любви!

Но не должна

пропасть она безвестно.

В твоей душе –

в таком укромном месте –

Ты, если можешь,

память сохрани.

 

Не забывай меня, не забывай!

Зачем мне это нужно –

я не знаю,

Как будто смысл

всей жизни я теряю:

Кричу вослед:

«Прошу, не забывай…»

 

 

*  *  *

Переплелось, перемешалось...

Любовь, и ненависть,

и жалость…

Злодейства властное обличье

От бандитизма чем отлично?

 

Беспомощны, увы! – искусства,

Мораль и мудрость, –

как ни грустно,

Когда уж внесена оплата

За пляску смерти и разврата.

 

И все ж должны мы, без оглядки

На эти странные «порядки»,

Не соглашаться, не мириться,

Пока сердца способны биться.

 

Речь не о долге гражданина,

Не об ответственности сына.

О том… рожденный человеком –

Не должен гнуться перед веком!

 

Смысл пребывания на свете

Не могут изменить ракеты…

Причастны

к тайнам слов немного

Мы – слуги Совести и Бога.

И в трудный час,

как добрый вестник,

Пусть людям служит

наша песня!

 

 

*  *  *

То был невинный огонек,

Горевший ярко, не по силам.

Подул всего лишь ветерок,

И огонек тот погасил он.

Лишь тень осталась от огня,

И только лишь зола осталась.

… Печально смотришь на меня

Как будто я – твоя усталость.

 

Всех радостей твоих и бед

Как будто я – первопричина,

Как будто я держу ответ,

За то,

что был рожден мужчиной.

 

Я не начало, не конец,

И я не содержанье счастья,

Лишь варианта образец –

В твоей судьбе мое участье.

 

Порыв любви боготворю,

Но знаю: он не больше мига.

И каждый раз благодарю

За то, что не прошел он мимо.

 

Вся прелесть жизни – огоньки

Любви, надежды,

дружбы, счастья.

Когда от них мы далеки,

Бессмысленно за ними гнаться…

 

Печально смотришь на меня –

И видишь искреннюю жалость.

Лишь тень осталась от огня,

И только лишь зола осталась.

 

 

*  *  *

Вначале мы были в печали –

В печали великой, как мир.

И, веруя в разум, кричали,

Теперь мы не верим – молчим.

 

Боятся, печалятся, верят,

Покуда надежда живет.

А то, что мы люди – не звери –

Зверье никогда не поймет.

 

Нам люди не стали врагами,

Но падших не сможем спасти.

Лишь вера –

Всевышний над нами,

Он светоч в тернистом пути.

 

Теперь мы другие – прозрели,

Мы молча дойдем до конца,

Сильней во Всевышнего веря,

Согласны с решеньем Творца.

 

Отвергли сомненья,

как глупость,

И в вере тверды, как гранит.

И неба синеющий купол

Пока лишь над нами молчит.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.