http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Барз боцу кешнаш Печать Email

Алиев Г1апур

 

 

 

Еса г1ала

 

Цхьалха, еса, 1аьржа буьйса,

Г1алин деса урамаш.

Г1алин бошмаш евлла куьйса,

Хета, беш ю тийжам беш.

 

 

Йоьхна х1усмаш йохош ойла,

Кора-б1аьргаш къерзадеш,

Йовхо, серло, г1овг1а яйна,

Лаьтта соьга кадам беш.

 

Цигахь даьхна берийн совра,

Шайн бераллин г1овг1а еш.

Кхин ца дог1уш шайга ловзар,

Сагатдеш ду урамаш.

 

Чарташ доцуш байначара

Йитна шийла г1айг1анаш,

1адош зама – 1аьржа буьйса,

Д1алоьцуш ю майданаш.

 

Мацах кхузахь хьийзинчара

Битна сирла хьегамаш.

Биц а ца луш, бисинчарна

Хилла деган 1ийжамаш.

 

Г1алахоша тесна йитна,

Еса лаьтта пхьоьг1анаш.

Г1айг1а яхьаш 1аьржа буьйса

Йог1у, 1аржъеш ойланаш.

 

Соьлжа-г1ала. 24.10.1997 шо

 

 

Вир а ду 1оьхуш

 

Нохчийчоь, хьо еза бохуш,

Цхьа к1ентийн г1ера ю хьийзаш.

Миел яарх ца дузуш,

Хьан букъ т1ехь дежаш,

Д1о генахь вир а ду 1оьхуш.

 

Нохчийчоь, шеконо 1ехош,

Цхьа 1еса ойла ю тиэбаш –

Хьан дуьхьа шаьш лиэларх

Уьш буй-те тиэшаш?

Ткъа вир а, вир а ду дежаш.

 

Нохчийчоь, «хьан дуьхьа» даржаш,

К1унс отуш, вовшашца къуьйсуш,

Хьан дег1ах каетташ,

Хьан дакъош доькъуш,

К1ентий бу, вир санна, 1оьхуш.

 

Нохчийчоь, селхенан декхарш

Уьттаза сов юха доьхуш,

Хьан дуьхьа лелийнарш

Т1епаза дойуш,

Вир а ду вирана 1оьхуш.

 

Нохчийчоь, шеко ю г1ерг1аш,

Шеко ю шен маша бузуш.

Ойла ян ца вуьтуш,

Саца а ца туьгуш,

Гай яьтт1а вир а ду 1оьхуш.

 

Соьлжа-г1ала.   28.01.1998 шо

 

Ца лаьа

 

Ца лаьа, ма ч1ог1а ца лаьа,

Нохчийчоь, хьох ледар язда.

Хьох вала ма ч1ог1а ца лаьа,

Хьан к1ентийн г1алаташ арда.

 

Х1ун дар-техь, ши б1аьрг а хьаббина,

Заманаш лейина ваьхнехь,

Мел хилларг, долуш дерг дицдина,

Б1аьрзечу б1аьрзаллех хьежнехь?

 

Д1атесна и дешнаш кхалар,

Хедийна къарделла мерзаш.

Х1ун дар-техь сацийнехь пондар,

Кхин цкъа а ца деко иллеш?

 

Соьлжа-г1ала. 27.04.1998 шо

 

 

Ма бале яьлла хьо, къу-нехан зама

 

Тем байна, сан ойла, ма кегаелла хьо,

Ма кегаелла хьо, зама.

Дагахь а доццучо шовкъе вой г1аттаво,

Дагахь а доццучохь т1ебог1у бала.

Ма кегаелла хьо, со веха зама,

Ма бале яьлла хьо, къу-нехан зама.

 

Селхено мел хир ду баьхнарш а харц дина,

Ма 1ехаелла хьо, зама.

Сатуьйсуш мел хилларг дахкарлахь дитина,

Даймехкан сий лардеш айийна г1ама,

Къу-нехан герз хилла яьккхина ара.

Ма 1ехаели хьо, со веха зама.

 

Адмалла, адмалза вовшеха иэелла,

Ма иэрча яьлла хьо, зама.

Диканах вуо къасто башхаллаш д1аевлла,

Бакъоно харцонан тахкийна ага.

Ма иэрча яьлла хьо, со веха зама,

Ма бале яьлла хьо, къу-нехан зама.

 

Марзонаш къахьъелла, гергарнаш иэг1ийна,

Ма бале яьлла хьо, зама.

Нийсо а, харцо а цхьабосса тарйина,

Я к1айн ду, я 1аьржа – ца ваьхьаш ала,

Я оьзда, я осал ца къестош цара,

Ма бале яьлла хьо, къу-нехан зама.

 

Соьлжа-г1ала. 26.08.1998 шо

 

 

*  *  *

Д1о цхьаъ ву бакълуьйш,

Кхузахь кхин цхьаъ,

И ший а вовшашца вуьйлуш ву девне –

Бакъо ю бакъонца къуьйсуш,

Кечйина харцонна 1ойле.

 

Бакъо ю хадош

Бакъонан мах,

Шиннан а бакъоно кхиош ю харцо.

Шиммо а ямартло толош,

Баьккхина харцонна аьтто.

 

Д1о цхьаъ ву кечлуш,

Кхузахь кхин цхьаъ,

Шиннан а кечам бу г1аддойуш зевне.

Д1аьвше зирх дегнаш т1е туьйсуш,

Баланаш т1екхойкхуш кевне.

 

Д1о цхьаъ ву бакълуьйш,

Кхузахь кхин цхьаъ,

Шиммо а нохчашка кхийдош ю токхо.

Нохчийчоь балане йожош,

Не1 етташ лаьтташ ю къелле.

 

Соьлжа-г1ала. 03.11.1998 шо

 

 

Х1аллакьеш ю сан Шеме

 

Т1аьхь-т1аьхьенца бала базлуш,

Есса лаьтта Нохчийчоь.

Гуш дов хьедеш мостаг1 воцуш,

Сан къам лаьцна луралло.

 

Маьждигашкахь дин ду кхайкхош

Иман доцчу 1илманчо.

Къу ву къуьца девне вуьйлуш,

Бакъо къуьйсу харцоно.

 

Т1ом чекхбаьлча т1амо эшош,

Лаьтта миска Нохчийчоь.

Х1ораммо а пайда лоьхуш,

Беркъе йина сан Шеме.

 

Дехча кхача орца доцуш,

Йоьхна хьийза Нохчийчоь.

Йогуш лаьтта, ц1е-к1ур боцуш,

Нохчийчоьнан сийлалле.

 

Хьалха вала баьчча воцуш,

К1езий кхийда пхьу-дарже.

Хуьлуш долчух кхуьуш доцуш,

Нохчийн къам ду г1айг1ане.

 

Х1ораммо а шен мах хадош,

Байлахь йити кханене.

Моттарг1анийн кирхьа дожош,

Маша буьйзи к1езгалло.

 

Г1овг1а яьлла хастамаш беш,

1адош лаьтта Нохчийчоь.

Шений-шений д1асаийзош,

Х1аллак еш ю сан Шеме.

 

Осалалла дарже кхийдаш,

Сийсаз еш ю сийлалле.

Оьздангаллин некъаш хедош,

Х1аллакьеш ю Нохчийчоь.

 

Соьлжа-г1ала. 12.01.1999 шо

 

 

*  *  *

Тезетахь даьллаза лаьтташ ду кевнаш,

Д1ах1иттош лаьтташ ду барз боцу кешнаш.

Г1алийна гуо лаьцна – берзана эскарш,

Д1адевлла моьттинарш, дицделла хетарш.

 

Дахаран некъаш ду хеназа хиэдаш.

Г1азотан х1олламийн ярташ ю диэбаш.

Г1ала ю йохаеш, ягаеш, отуш,

Мохь бетташ кхайкхарах орца дац кхочуш.

 

Адам ду мацалло шен мара къуьйлуш,

Мацделла ж1аьлеш ду царна гуо туьйсуш.

Йист йоцу г1айг1а ю б1аьргашчохь сецна,

Балано 1аьвшина дегнаш ду хебна.

 

Ягийна, йохийна г1ала ю 1аьржа,

Х1оранне дахаран узуш ду терза.

Тахне ю селхенах ца къаьсташ – терра.

Сецначу заманна адамаш г1ерг1а.

 

Гечдина хьаналдар хьарама некъаш,

Къарбарна хьан ц1арах биина дуйнаш,

Хьо хьоьшуш, хьан букът1ехь леларна атта,

Къинт1ера далалахь, х1ай 1аьржа латта.

 

Барз боцуш нисделахь, тхо лахь, тхан лахьта,

Ж1аьлешна каетта ца дуьтуш 1ахка.

Гуш доцчу бахьанна иккхина, даьтт1а,

Хьайн кийра иэцалахь, х1ай 1аьржа латта.

 

Соьлжа-г1ала. 07.01.2000 шо

 

 

Сан Нохчийчоь ловзо яьккхи

 

Хила йиш хилларш ма ца хили,

Хир ду моьттинарш моьттуш диси,

Зезаг дийначохь баь1аш девли,

Сан Нохчийчоь ловзо яьккхи.

 

Цхьанна меттана цхьайтта вели,

Берзан дарж къуьйсуш к1езий г1евтти,

Х1ораммо ша шех баьчча кхайкхий,

Сан Нохчийчоь ловзо яьккхи.

 

Бода къарбина са ца хили,

Къилба дицдина гонна хьийзи,

Юкъ къийсинчун йист ца кхечи,

Сан Нохчийчоь ловзо яьккхи.

 

Сийлахь мел хеттарг осал дели,

Осал мел хетта некъаш даьсти,

Дуьне мел ду д1а сан къам даржий,

Сан Нохчийчоь ловзо яьккхи.

 

Хьекъал оьшучохь 1овдал туьйли,

Хила йиш йоцчух хилларг хийци,

Дийца луъчунна хабарш девли,

Сан Нохчийчоь ловзо яьккхи.

 

Соьлжа-г1ала. 05.07.2001 шо

 

 

Сонет № 15

 

Дов доцчохь майралло кхехкаво х1ора,

Сонталла хьийза сакхйаьлла.

Боцучу кхерамна лестаеш г1ама,

«Къонахий» хьийза т1ах-аьлла.

 

Аз айдеш кхайкхина деза дош хеда,

Герзо шен мохь бетташ хезча.

Майралло кхехкийна «къонахий» хиеба,

Дов дахьаш майраниг веъча.

 

Доккхачу дагах цхьа ц1инц1алг а хилла,

Дов доцчу г1ерта и, – диехьа.

Дерриге чекхдаьлча, юха а курра

Хир ву и массарел хьалха.

 

Стешхалле йоьссинчу майралло бала

Балабо бакъболу къонахий кхала.

 

Соьлжа-г1ала. 16.12.1999 шо

 

 

Сонет № 17

 

Ц1е ц1ийлахь ц1еяхна т1ом бу еш г1овг1а

Дерриге сецна шен хоршехь.

Хилларг а, хиндерг а дац, сецна г1айг1а,

Лазийнчу дахаран баьрчехь.

 

Виелар а, велхар а дац хезаш х1инца,

Тийна ду 1адийна дегнаш.

Бие хилларг бие а дац. Т1еоьзна кирхьа,

Лаам бу ша шена тийжаш.

 

Тахне яц кханенах жоп дала кийча.

Цхьа а вац цхьанге ладуг1уш.

Г1овг1а ю! Г1овг1а ю! Г1овг1анах ийна,

Т1ом бу шен ц1ие духар духуш.

 

Сонталло сан махкахь ага тахкийча,

Къизалла йоьссина и лийчо ц1ийца.

 

Соьлжа-г1ала. 20.12.1999 шо

 

 

Сонет № 33

 

Яккхий ю аренаш кхечеран мехка,

Даккхий ду кхечеран лаьмнаш.

Цигарчу адамийн ирсан яй кхехка,

Шуьрех ду дуьззина 1аьмнаш.

 

Мехкарий цигахь бу массарел хаза,

Массарел хаза ю ярташ.

Ворх1 ломал дехьарчу дехьенал дехьа,

Лекха ю массарел б1аьвнаш.

 

Яц цигахь къаналла, массо ву къона,

1ожалла яц цигахь царна.

Вовшашка хьошалг1а эхар ду т1ома,

Дахар ду ирсе ца лалла.

 

Нохчийчоь, цу хазчу дахарал деза,

Хьан эвла йистехь сайн каш хилар хиета.

 

Соьлжа-г1ала. 20.05.2000 шо

 

 

Сонет № 35

 

Гома а, ч1ома а чам бина чаьмза,

Чам боццург ву хьалха ваьлла.

Хьалхенан да воцург кхиссалуш хьалха,

Т1аьхье ю кхетамах яьлла.

 

Ша хила хьакъ воцчу нисвелла ко1а,

Бала беш шех маса хьийза.

Кханено нисъяле тахненах буожа

Миел вакхарх ца вузуш ц1ийза.

 

Лулахойн тезетахь х1оттийна ловзар,

Цхьаъ воллу пал туьйсуш хьарам.

Лачкъийнчу баккхалах х1оттийна базар,

Хийламмо гулбина бахам.

 

Хьо хилар, ца хилар бие-башха доцуш,

Нохчийчоь, хийла ву хьан латта хьоьшуш.

 

Соьлжа-г1ала. 20.05.2000 шо

 

 

Сонет № 37

 

Жоп доцуш дуьсур-техь мацхенан хеттарш?

Миел еха хир-техь хьо, къу-берзан хан?

Г1елвелла, г1елвелла, к1ордийна 1иттарш,

К1ордийна заманах 1ехавала.

 

К1ордийна замано сайн д1аса хьийзор,

Сайн меха воцучух масала дан.

Къарбелла пондаран цхардоьлла ц1ийзар

К1ордийна, са мере кхачийна сан.

 

Сан пондар къарбелла, сан зама санна.

Сан зама д1аяхна, ластийна т1ам.

И юха йог1ур ю со воцуш. Хьанна?

Сан некъ бу г1омалха дахана г1ам?

 

Нохчийчоь, хьо йоцург дерриге дита

Реза ву, ахь витахь хьайн г1енаш тида.

 

Соьлжа-г1ала. 21.05.2000 шо

 

Сонет № 38

 

1ажм1ажб1о бог1ур бу бохуш,

Дийцинарш со хезна ву.

Малхбалехь малх хир бу бузуш,

К1ур боцуш ц1е йогур ю.

 

Лакхенаш лахене юьйлуш,

Ж1алеша борз хьийзор ю.

Сихалло собарца къуйсуш,

Хезна ву, са кхачор ду.

 

Аренаш хир ю вайн лаьмнех,

Аренах лаьмнаш хир ду.

Ламанан шовданаш юхнехь

Уьдур ду,  – со хезна ву.

 

Ца хезна Нохчийчоь юхкуш

Бакъволу нохчи хир бохуш.

 

21.5.2000 шо

 

 

Сонет № 98

 

Чал дера къизалло буьрса герз детта,

Де-буьйса г1ирдоьлла вовшех ийна.

Дахарах ка етташ, 1ожалла кхиерста,

Баланан г1евлингахь синтем бижна.

 

Кхайкхаза веанчух х1усумда хилла,

Тхан х1усмаш лаьттинчохь оьрнаш девлла.

Докъаза байначийн доьзалаш тийжа,

Жоп доцуш мел дина до1а дисна.

 

Сийсаз еш жималла, къаналла чехош,

Осала мел хеттарг махка деъна.

Боцучу бехкана жоьпалле ийзош,

Хийла к1ант мостаг1чо х1аллак вина.

 

Ладог1ал! Х1ун ю и хезаш ерг лелхаш? –

Дуьне а 1адийна лелхарш ду дегнаш.

 

Соьлжа-г1ала. 22.12.2000 шо

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.