Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Къоман г1иллакх-оьздангалла нохчийн маттаца ю Печать Email

Арзуева Н.Х., нохчийн меттан, литературин хьехархо

Нохчийн мотт, ма дукха хан ю-кх хьо Кавказан лаьмнашкахь, цул арахьара а, дика-вуонехь а, хьайца хила ма безза лерам болуш, хьо хезаш яхнарг. Хьан г1оьнца, хьан аьхналлица кхолладелла-кх сан къоман оьзда г1иллакхаш, амалш, ламасташ. Хьан мукъаман г1оьнца къомо шен 1ер-дахар нийсонан, бакъонан низаме далош кхоьллина-кх 1адаташ а. Нохчийн мотт, хьан дешнашца кхиъначу кхетамца кхолладеллачу 1адатийн низамца карийна-кх, бевзина-кх сан къомана цхьана хенахь бусалба дине дерза къам декъалден беркате некъ а. Хийла къоме орца ахь аьлла-кх, мостаг1ера т1ебог1учу муьлххачу а кхерамна, самояр, кийча хила дезар хоуьйтуш. Хийла хьан къоман юккъехь дош дашера даьлла, вас хилла, хьаг1 тоьлча, хьан дешнийн ницкъ тоьъна-кх и хьаг1-дов эшош, гергарлонаш тийса, уьш ч1аг1дан. Ишттачу меттехь хьан сема хиларо кхоьллина эзар-эзар шерашкахь нохчийн къоман, майра доьналла долуш, яхь йолуш къонахий, хьекъале, лераме къаной, церан сий дан оьзда мехкарий а, наной а.

Нохчийн мотт, тхуна хаьа хуьна, нохчийн къам кхуллуш, аьлча а къоман синош кхуллуш, Дала хьо тхуна дина совг1ат дуй а. Цундела Далла хастам беш, цо дуьненчохь еза лаьрра йолчу ненан ц1арах хьан ц1е хуттуш, нана санна, къомо шен сина герга, баьрче хьо балош, аьлла-кх хьох цхьана заманчохь къоман дайша, тхьамданаша дуьххьара Ненан мотт. Шо шеро хуьйцуш, зама замано хуьйцуш, къомо йо1б1аьрг санна ларбеш, шен дахаран коьрта маь1на хьо дуй а хууш, т1аьхьарчу т1аьхьене хьо ларбар весеташ а деш, тахана тхан чкъуре кхаьчна-кх хьо, Ненан мотт. Ткъе ялх шо ду хьехархочун даржехь Джалкерчу №1 йолчу ишколехь ас болх бо. Нохчийн къоман оьздангаллин башхаллаш а евзира суна сайн ненера. Хьоьгу со, таханлерчу кегийрхойн йолчу маршонах (шайн къоман дерг довза), амма ца кхета царна бен цахетарх, цул совнаха церан дай-нанойх. Шайн берийн аьтто лоьхуш, уьш кийчча бу (дукхахберш) къаста махках, маттах, оьздангаллех. Аьттонна т1екхийдаш, т1аьхьалонна ойла ца йо цара: «Мила хир сан доьзалхочух? Мичахь хир ду церан кешнаш? Муьлхачу маттахь орца доьхур цара г1аддайча?» Я и де царна т1ех1уттур дац моьтту-те царна? Я х1инцалерчу дахаран хьелаша цуьнан ойла ян хан ца юьту-те царна?

Ткъа бакъйолчу халонех чекхбуьйлуш, ц1ий 1енош, шайн лаьтта т1ехь маьрша къахьега ца буьтуш баьхначу вайн дайша, дедайша муха лерина-те и мехаллаш? Дийнахь, цхьана пхеа минотехь мукъна а, ойлане валахьара х1ора а цу хьокъехь. Хож-Ахьмад Берсановн «Г1иллакхан хазна – ирсан некъаш» ц1е йолчу жайни т1ехь х1ара мог1анаш ду: «Стаг кхетор, кхиор шина декъехь ду. Хьалхьарчу декъехь дас-нанас доьзаллехь кхиаво иза. Шолг1ачу декъех стаг ша кхета веза. Стаг ша лаха беза шен вахаран некъ». И дешнаш т1едузуш ала лаьа: кхоалг1ачу декъех цу мехалчу г1уллакхех шатайпа меттиг д1алоцу нохчийн меттан хьехархоша. 1аламан исбаьхьаллех, адамийн башхаллех, дахаран маь1нах, дуьненан х1уманах болу кхетам ишколехь хьехархоша ло берашна. Цара алссам боккху дас, нанас шен кхерчахь Даймахке, нене, дайшка, вайнехан оьздангаллига кхоьллина безам. Ткъа и сийлахь болх кхочушбан хьехархочунна оьшу уггар хьалха: болх безар, берийн амалш йовзар, собар, ша оьзда хилар, шен хаар даима кхиор а. «Марша дог1ийла», – олий, т1еоьцу 1-чу сентябрехь дуьххьара ишколе даьхкина кегий бераш. Цу дийнахь дуьйна долало дешархойн дахар: дуьххьарлера хьехархо, урокаш, уьйр, юкъараллин т1едахкарш, кхиамаш, халахетарш, хазахетарш…

И тайп-тайпана амалш йолу бераш цхьаьна а тухий, цаьрца болх бан волало хьехархо. Цо 1амадо царна йоза яздан, хьесап дан, суьрташ дахка, эшарш лакха, доттаг1алла лело, воккханиг лара, жимчуьнца нийса хила, ден-ненан пусар дан, диканиг а, вониг а къасто, къинхетаме хила… Амма и бераш, цхьана чуьра схьадог1уш дац, цхьаъ дац церан да-нана, цхьаъ бац церан орам. Ткъа вайна ма-хаъара, ораме хьаьжжина хуьлу г1ад, бакъду малхе-м кхийда генаш, и болчу аг1ор хаза хуьлу г1аш а, стом а. Иштта, хьехархочун оьздангалла евзича, цунах масал эца г1ерта дешархой а, цундела доккха жоьпалла ду цунна т1ехь. И хуу хьехархо къахьоьгуш хуьлу, ткъа и шайна г1о деш хилар дицлой да-нана, шадерриг цунна т1е а дуьллий, парг1атдолу.

Ишколехь хьоху: «Хьо д1асавоьдуш, автобус чохь воккханиг нислахь, цунна меттиг лолахь, эхь ду хьуна и лаьтташ а волуш, хьо хиъна 1ийча». Ткъа нанас, шен доьзалхо кхоош, баьрчче воккхе охьахааво. Ша х1ун дича нийса хир ду ца хууш 1а доьзалхо: «Хьехархочо иштта ма бахара, ткъа нанас х1ара ма боху. Хьан аьлларг дича бакъхьа ду-те?» – бохуш, ойла йо цо. Жиманиг ойла еш хуьлу (цхьаверг), воккханиг лаьтташ хуьлу. Нана а парг1атйолу – цуьнан к1орни дика хьоьгуш ду. Ду, цу дийнахь, цу сохьтехь, ткъа зама а яц цхьана меттехь лаьтташ, и а ю шен болар эцна йоьдуш. Къаналлин раг1 схьакхочур ю къона хиллачуьнга, т1аккха кхо шен хенахь д1а ца кховдийнарг, кхунна схьакховдо а хир дац. Цунах шен доьзалхо кхето декхаре ду да-нана. Вайн халкъан барта кхоллараллехь а, исбаьхьаллин литературехь а дуккха а чулацаме произведенеш ю вайн дайн оьздангалла гойтуш, масал эца йиш йолуш. И произведенеш йийцаре еш, зеделла суна дешархошна хетарг. Царна моьтту и хиламаш а, г1уллакхаш а, г1иллакхаш а цхьана генарчу хенахь хилла. Оццул генара уьш хетаро гойту, церан доьзалехь уьш лелор, боху вай, дуьйцуш а ца хилар.

М. Сулаевн «Лаьмнаша а ца дицдо» романехь кхоьллина Товсолтин васт дийца даьккхича, дешархой цецбуьйлу цуьнан шен доьзалца йолчу юкъаметтигах: кхача Товсолтина шена х1оттабо; йо1е олуш дерг а, к1анте ала дезарг а шен х1усамнене олу цо, ша цаьрга д1а ца олуш, уьш ша хезехь боллушехь. Дешархойн бехк бац царна и тайпа юкъаметтиг тамашийна хетар, бехк ден-ненан бу, шайн дахар аттачу дерзорхьама, и г1иллакхаш д1ататтарна. Цуьнан т1аьхье хаалуш ю: ден-ненан лаамаш кхочуш ца бо доьзало. Дас шен доьзалхочунна дан х1ума дац, цо ас аьлларг дан-м ца до олуш меттигаш нисло таханлерчу дийнахь.

Масала: «Хьайн к1анте ишколе телефон ма кхехьийта ,дешарна хераваьлла иза, кхечарна новкъарло а йо цо», – аьлча: «Кху к1антий, цуьнан нанассий к1елвита-кх со, шайга аьлларг ца деш», – олуш а нисло. Шаид Рашидов «Ч1аг1о» стихотворенехь го вайна ден а, к1ентан а, ненан а вовшашца йолу юкъаметтиг. Шен к1ентан дахаран некъ сийлахьчу хорша берзо лааран 1алошанца, сецаво дас аравала сихлуш волу шен во1. Ткъа нана к1ентан холчах1оттар гушшехь цунах шен дог лоззушехь, ц1индас бохучунна т1етайна 1аш ю. Ишттачу произведенеша 1амадо муха хила беза бакъболу нохчийн доьзал.Цундела тахана вайна т1ехь долу угар коьрта декхар – оьздангалла кхиорна т1етовжийна болх эвсара баккхар ду.

«Некъ дика хуьлда шун!» – аьлла, ишколера кегийрхой арахоьцуш,1илманах долчу хааршца, дуьненах болчу кхетамца, гуттарлера накъост – оьздангалла, дикалла еза церан некъан таьлсаш чу. «Г1иллакх доцу стаг – т1ехь г1а доцу дитт», – аьлла, дешнаш ду А.-Хь. Кадыровн. Ч1ана ца довла хьовсий вай! Г1иллакх-оьздангаллин лакхенашка кхачарехь Дала аьтто бойла вайн! Ойланаш ян воьлча,карладолу ширачу заманхь дайша дийг1инчу чартийн суьрташ, церан г1айг1ане латтар.

Тахана вешан меттан доладан вайн лаам, хьуьнар ца хилахь, бехк баккхарал сов, ма лахара мах хадор бара цара вай лелочуьна а, меттан хьокъехь дечу къамелийн а. ХIара къамел дерзош, дало лаьа Мамакаев Мохьмада шен заманахь яздина долу хIара хьекъале дешнаш: «Шен ненан мотт халкъо, сий ойбуш, Iалашбахь, цу халкъан паргIато цхьаммо а хьошур яц». Деза хабарш, моттаргIанаш йитина, мотт дийначел а дийна латторна тIехьажийна пайдехь долу дIадолораш, гIуллакхаш дан хьажа веза вайх хIора а. Доллучул а дика хир ду хIораммо шена хетарг алар. Вовшех дагадовлуш хилча, цхьана беркатечу новкъа нислур ду вай Дала мукъалахь!

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.
Поддержка сайта