http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Вайн юкъараллех нохчийн мотт леларан латтам Печать Email

Хь.И. Юнусов, журналист,Къоначу корреспондентийн къоман ишколан директор

Дуьненчу кхуллушехь шенна мотт белла Дала хIора а къомана, цуьнан шатайпаналлин уггар коьрта билгало а йина. Вайна, нохчашна, нохчийн мотт белла. 

Вайн дайша дукха сатийсина кху дийне – шен ненан меттан сий дан, и Iалашбан, Iамо, кхион юьззина таронаш йолчу дийне. И гергадало гIерташ дукха наха къа а хьегна, вайна евзаш йолу дуьххьарлера нохчийн абат кхоьллинчу Досин Къедина тIера хIинцалерчу Iилманчашна, яздархошна, хьехархошна, меттан говзанчашна тIекхаччалц. Цу юкъа доккха дакъа диллина бу бакъболу къонахий Бадуев СаIид, Мамакаев Мохьмад, Сулейманов Ахьмад, Айдамиров Абузар, Арсанукаев Шайхи, дуккха а кхиберш нохчийн мотт кхиор шайн дахаран къилба дина баьхна.

Нохчийн къомана ямарт хиллачу цхьана кIеззигчу нахах беркат ца даьлла, даккхий вуонаш, баккхий иэшамаш лайна вайн халкъо дукха хан йоццуш дIадаханчу шерашкахь. Цу иэшамийн коьрта дакъа къоман синъоьздангаллина, синкхетамна ницкъ беш чекхдаьлла. ХIусамаш, бахамаш, ярташ, гIаланаш меттахIитто иштта хала а дац, иза вайна кху тIаьхьарчу шераша а гайти: Нохчийн Республикин куьйгалхо Кадыров Рамзан коьртехь а волуш, мохк меттахIотторан болам дIа а берзийна, кхидIа кхиоран новкъа девлла вай, дерриг халкъо дакъа а лоцуш. Уггар халаниг, чолхениг синъоьздангаллица, дог-ойланца цIиндалар, къоман Iадаташ, гIиллакхаш меттахIиттор ду. Цунах дика кхеташ, и некъ юьхьарлаьцна къахьоьгуш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Вайн хьалхарчу Президента, нохчийн къоман синкхетаман а, бусулба динан а мехаллаш дика евзаш хиллачу Кадыров Ахьмад-Хьаьжас даима а олуш дара: Iедалх кхоьруш дика хила гIертарх вай гена гIур дац, сица а, ойланца а цIандала гIерташ ца хилча. Керл-керлачу заманаша юкъадалийна дуккха а адаман сина зуламе, айпе хIумнаш ду вайн цхьаболчу наха шайна атталлина тIеэцна, синмарзонашна там беш лелош. Цу айпех къам хьалхадаккхаран некъаш билгал а дина, мехкан массо а тIегIанерчу куьйгалхоша, юкъараллин а, динан а, Iилманан а векалша шуьйра дакъа а лоцуш, и жоьпалле болх де-дийне дIахьош къахьоьгу вай тахана. ДуьххьалдIа нохчийн маттаца бозабелла, вайн юкъараллехь цо лелочу маьIне хьаьжна а бу цу белхан кхиам.

Вайн халкъа юкъахь массо заманахь а хилла меттан говзанчаш, мерзачу, оьздачу, маьIнечу дашца адамийн сине кхочуш, дикачу гIуллакхашкахь адамаш шайна тIаьхьахIитто ницкъ болуш. Иштта нах тахана а бу вайна юкъахь, церан говзаллех, ийманах вай пайдаэцчахьана. Къомана хала киртиг тIехIоьттича орцах бовлуш, дуьненан зерех чекхдала цунна некъ гойтуш къахьегна, къахьоьгу цара. Дала мукъалахь, Iедалан массо а тIегIанехь, юкъараллехь болу ницкъаш цхьаьна а тоьхна, сица цIанделла къам дIа а хIуттур ду. Шен мотт хууш воцург къоман бакъволу воI хила йиш яц. Ткъа жимчохь, дуьне довза долалучу муьрехь, беран хенахь ца Iамийнехь, меттан шоралла, кIоргалла, хазалла йовза йиш а яц. Цундела бер школе дахале хьалха доьзалехь, берийн бешахь ненан матте марзо кхолларца цхьаьна, юьхьанцарчу школехь йохучу хьалхарчу гIулчашца иэсехь чIагIбан беза и Iамо болу лаам. Ткъа вайн дешаран декъехь дIахIоьттинчу кепаца и марзо кхуллуш кIезиг хIума ду. Со кхеттал хилчахьана дуьйцуш хеза, юьхьанцарчу школехь хьехар нохчийн матте даккха деза, бохуш. Вайн дешаран декъан куьйгалхоша, Iилманчаша, меттан говзанчаша цхьацца гIулчаш яха а йолийнера, делахь а дийцаршна тIера билггалчу гIуллакхашка довла я барт а, я ницкъ а, я ерриг юкъараллин лаам а ца тоьира.

Дуьненахь Дала адам а, къаьмнаш а кхоьллина, царна вовшашца бийца шайн-шайна меттанаш делчахьана схьадеана бакъдерг цхьаъ ду: юьхьанца шен ненан маттахь дуьне довза дуьйладеллачу берийн иэсехь, дог-ойланехь, кхетамехь чIагIлуш, дерриге а дахарна дуьсуш дерг ду – ша муьлхачу къомах ву хаар, и цкъа а, муьлххачу хьелашка нисвелча а, диц ца дар; шен къомах дозалла дар, шен къомана цатам хинболчух ларвалар, шен къоман диканиг айбар; шен къоман гIиллакхаш, ламасташ, Iадаташ довзар, уьш лардеш шен дерриг дахарх чекхвалар; шен ненан маттахь дин довзар, и лелор, Дала гайтина дика а, вуон а къасто хаар.

Цхьаболчарна моьтту, юьхьанцарчу школехь нохчийн маттахь хьеха долийча, вайн бераш оьрсийн мотт а ца Iемаш дуьсур ду. И аьттехьа а бакъ доций а, шен ненан мотт хууш долчу берана кхидолу меттанаш Iамо вуно атта хуьлий а хоуьйту дерриге а дуьненахь бинчу талламаша. Ма-дарра аьлча, школе ма деъа цунна ца хуучу оьрсийн маттахь Iилма Iамо гIерташ, берашна беш берг боккха ницкъ бу. Делахь хIета и хьал хийца, нисдан некъ а ца битина вайна Росси пачхьалкхехь тIеэцна-чIагIйинчу, кегийчу къаьмнийн меттанаш Iаморна-кхиорна боккха иэшам беш йолчу дешаран стандарташа. Амма цхьабакъду: хIума дан гIертачо некъаш лоху, дан ца луучо бахьанаш лоху…

Оьрсийн маттаца цхьаьна, пачхьалкхан меттан даржехь бу тахана нохчийн мотт. Доккха маьIна ду цуьнан. Амма пачхьалкхан даржехь лелаш бу ала хала ду. Цхьаболчу куьйгалхоша тайп-тайпанчу цхьаьнакхетаршкахь, кхеташонашкахь оьрсийн маттаца цхьаьна иэбина барта бийцарх хуьлуш дац и тIегIа. Бакъду, дIаяханчу заманашца дуьстича-м, боккха кхиам иза а бу, амма цунах кхачам бина Iийча, мотт кхуьур бац. Цхьацца дакъошкахь гIуллакхаллин мотт бина дIахIотто беза нохчийн мотт. Цхьа а дуьхьалонаш яц тахана и дан, я леррина омранаш а ца оьшу. Цу балхана йоццачу хенахь говзанчаш кечбан таронаш а вайн дешаран декъехь карор ю. Зорбанехь а, Iилманан а, юкъараллин а, кхоллараллин а тептарш арахецарехь а кIезиг го нохчийн маттах пайдаэцар. Вайн бахархоша Iедалан цхьацца тIегIанашка яздеш долу кехаташ а, оьрсийн мотт ца хуучо а цхьаьна, цхьаццанга гIо дойтуш а, оьрсийн маттахь яздо, нохчийн маттахь муьлхха а гIуллакх дийца таро йоллушехь.

И дерриге а хьелаш тидаме а оьцуш, къоман мотт дахаран, юкъараллин, Iедалан, дешаран, производствон, йохка-иэцаран, кхин мел долчу а дакъошкахь леларан некъаш билгалдохуш, и Iаморан, кхиоран аьттонаш гойтуш, талхочарна хьакъдолу таIзар билгалдоккхуш кечдина закон тIеэцна вайн Парламенто бархI шо хьалха (25.04.2007ш.). Амма дIаяьллачу заманахь и закон кхочушдарехь вай дина хIумма а дац. Оьрсийн маттаца цхьаьна пачхьалкхан даржехь болчу нохчийн маттахь цхьана а Iедалан тIегIанехь лелош кехаташ цахилар-м дуьйцур а дацара, ур-атталла некъийн билгалонашкахь яртийн нохчийн цIераш язъян а карах ца долу вайн. ТIаьхьарчу шерашкахь, дукха дийцина, халла долийна пачхьалкхан органийн цIераш, оьрсийн маттаца цхьаьна, нохчийн маттахь язъяр. Амма цу аннаш тIехь а цхьамогIа гIалаташ нисло. Цу гIалатах хьалхадовларан Iалашонца, хаамийн гIирсашкахь нохчийн мотт нийса лелорна тIехь терго латтош йолчу комиссис республикин тIегIанехь мел йолчу пачхьалкхан органийн цIерш, оьрсийн маттера нохчийн матте а яьхна, Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу Талламан кхеташоно чIагI а йина, вайн газеташкахь масийттаза зорбане ехира, цаьрца цхьаьна Нохчийчохь йолчу яртийн, гIаланийн, кIотарийн нохчийн маттахь йолу цIерш а. Делахь а, аннаш тIера гIалаташ дIадевлла а ца хааделла вайна, некъийн билгалонашкахь нохчийн яртийн цIерш гучуевлла а ца гина.

Оццу хенахь вай лакхахь далийна республикин закон долуш ду, и цхьамма дIадаьккхина а дац, болх бан дезаш а ду, цо бохург вай кхочушдичахьана. Цу законах къилба а дина, нохчийн мотт Iамор, бийцар, баржор, кхиор юьхьарлаьцна вай дIадолхахь, нохчийн къам, къам а хилла, шена Дала елла башхаллаш а йолуш, даха дуьсур ду. Вай тахана цуьнан гIайгIа ца бахь, цхьа зама йогIур ю кхин а цхьа мотт дуьненчуьра дIаболуш, ткъа цуьнца цхьаьна – нохчийн къам а. И хууш, цунах кхеташ ца хилахь, вайн кхане яц. Вуно мехала ю, масала, цу законан 7-гIа статья: «Кхетош-кхиоран а, дешаран а мотт харжа йолу бакъо». Республикера муьлххачу а вахархочун таро хила еза юкъарадешаран Iилма шен берана ненан маттахь хьехийта, боху цо. Делахь а, билгалдоккху законо, дешаран системехь йолчу таронийн гурашкахь хила деза иза. Юй ткъа вайн республикера дешаран системехь и таронаш? Юха а ма чIагIдо законо: шен ненан маттахь деша йолу бакъо кхочушхилийтарна оьшу цу декхарна хьакъйолу дешаран учрежденеш, классаш, группаш кхоллар а, царна болх бан таронаш хилийтар а.

Юха а хаттар кхоллало: юй ткъа вайн республикехь, оьрсийн мотт боцчу, кхечу маттахь кхетош-кхиор а, дешар а долуш дешаран учреждени, я класс а, я атталла цхьа группа а? Ян а яц, дешаран декъехь болчу гIуллакххоша дийцарехь, хила йиш а яц цкъа тахана хIоьттинчу хьолехь!

Россин берриг а махкахь бакъонехь йолчу дешаран федеральни стандарташа ца магадо дешар, масала, нохчийн берашна нохчийн маттахь дIахIотто. Ткъа оццу Россин махкахь, Нохчийн Республикин йоллу бакъонаш а йолуш, иза санна субъект йолчу ГIезалойн Республикехь хIунда ю, юьхьанцара школа хилла а ца Iаш, цхьайолу юкъарадешаран школаш а гIезалойн маттахь хилийта бакъо, оццу стандартийн гураш чохь а йолуш?.. Я Якутехь, я Мордвахь, я Коми Республикехь... Я вай массарал а хьекъал долуш хилар ду-те иза?..

Делахь хIета вайн меттанех долчу законера 7-гIа статья дIаяккха еза-кх, и бакъо ю бохуш, вай Iехош йолу. Я, лакхахь цIераш яьхначу республикаша санна, некъаш лаха деза и дахаре ерзо, нагахь и дан лууш вай делахь. Бакъду, лаа а лаьий-те вайна и дан олий, шеконаш-м кхоллало. Олуш ма ду: хIума дан луучо некъ лоху, ца луучо бахьана лоху...

Муьлхха а закон кехат тIехь дуьсур ду, нагахь и кхочушдарна бухе диллина ахча дацахь. Меттанех долчу вайн законехь цунах лаьцна аьлла ду 5-чу статья тIехь: меттанаш Iалашдаран, Iаморан, кхиоран хьокъехь йолу Iалашонан программаш кхочушъярна оьшу харжаш Нохчийн Республикин бюджетехь билгалйо.

«Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долу НР-н Закон тIеэцначу 2007-чу шарахь НР-н Iилманийн академехь, автор филологин Iилманийн доктор, профессор А. Халидов а волуш, кечйира нохчийн мотт кхиорна леринчу 10 шеран программин проект. Iедалан цхьацца тIегIанашкахь дIаса а кхийсина, «йицйира» иза.

ДIадаханчу 2014-чу шарахь, Нохчийн Республикин куьйгалхо волчохь нохчийн мотт кхиорна гIо дан лерина Экспертни кхеташо а кхоьллича, хIинца-м кхунах цхьаъ хила ма-доллу аьлла, кхаъ хилла, юха а оццу Iилманийн академехь, автор физикин-математикин Iилманийн кандидат С. Умархаджиев а волуш, кхоьллира Нохчийн Республикехь меттанаш кхиоран итт шарна леринчу пачхьалкхан программин проект. И кхоллар къобал а дира, тIеэцна, и болх бан йолаялийта езаш хилар чIагI а дира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Амма 2013-чу шарахь дуьйна Россин Федерацехь долчу законашца хIора а министерствон шен декъехь цхьаъ бен пачхьалкхан программа хила бакъо цахиларца доьзна, цу программин проектах Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан министерствон пачхьалкхан программи юкъахь подпрограмма йира. Иштта, цу проекта юкъахь нохчийн маттана леринчу доккхачу декъах цхьа кIеззиг кескаш бен ца йисина ...пхеа шарна лерина. Иза а боккха кхиам хетачу хьолехь ду вай тахана.

Доккха маьIна ду тахана хаамийн гIирсаша бечу белхан. Телевидени, радио, Интернет-агенствош, газеташ, журналаш нохчийн меттан терго еш, шайн ницкъ ма-кхоччу и кхиорна, цуьнан сий дарна юкъа шайн дакъа дуьллуш къахьоьгуш ду. Делахь а кхачаме, дийнан лехамашна дуьззина жоп луш ца хета и болх. Уггар хьалха тидам тIебохуьйтуш ду телевизор чохь вайна хезаш болу нохчийн мотт оьрсийчунца дукха иэбелла хилар. Массо а хьожу телевизоре, дукхахдолу хIума цу чухула девза, го вайна. Цунах масал оьцу, и синкхетамо ша-шаха тIеоьцу, хIора дийнахь хьуна хезаш-гуш хилча-м муххале а. Цундела доккхачу маьIне ду ма-хуьллу сиха телерадиохула буьйцу нохчийн мотт цIанбар а, къамел дечара нийса, шера, тийса а ца луш, гIуллакх долчохь а, доцчохь а «кег а ца беш», бийцар а. Кхеташ ду и цхьана дийнан болх цахилар, цунна говзанчаш иэшар а, амма вайн ницкъ а, таро а ма ю и дан, лаам хилчахьана.

ШолгIа шо ду министран Жамалдаев Шаидан дIадолорца Нохчийн Республикин къаьмнийн юкъаметтигийн, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь цу гIуллакхана лерина комисси вовшахтоьхна а, и кхиаме болх беш йолу а – хаамийн гIирсашкахь нохчийн мотт нийса лелорна тIехь терго латтош йолу комисси, шен коьртехь «Даймохк» газетан коьртачу редакторан заместитель Дадаев Сайдхьасан а волуш. Цу комиссин заседанешкахь йиллина йицаре йо вайн хаамийн гIирсашкахь нохчийн мотт бийцарехь, язбарехь нислуш йолу галморзахаллаш. Уьш нисъярехь дан дезарш билгал а дохуш, республикин телерадиокомпанешкахь, газеташкахь, журналашкахь нохчийн мотт литературни гурашкахь хилийтарна тIехь терго латто билгалбинчу белхалошца дийцаре а деш, дан дезарг царна тIе а дуьллуш, болх беш ю и комисси. Билггала хийцамаш хила бола а белла цу балхахь, кхидIа дан дезарш дукха а ду. Лакхахь билгал ма-даккхара, Iедалан органийн, яртийн нохчийн маттахь йолчу цIерийн тептарш кхоьллина ца Iаш, беттанийн нохчийн маттахь йолу цIерш лохуш-толлуш болх а бина, цу буха тIехь вайн яздархойн Союзо календарь ара а хецна, шеран шийтта беттан нохчийн цIераш тIехь а йолуш.

Нохчийн меттан дезде цхьана 25-чу апрелехь хилла Iа ца деза. Шарахь цкъа билгалдоккху деккъа дезде а дина, йисинчу хенахь маттаца йолу юкъаметтиг хIинццалц санна дIакхехьахь, кхано юха вовшахкхетча а таханлерра къамел хилла чекхдер ду гIуллакх. Цундела вайн Iалашо хила еза: нохчийн мотт кхиорехь, Iаморехь, дахарехь шуьйра баржорехь дийнна шарахь бинчу белхан жамIаш даран де хила деза хIокху даздарех. ТIаккха боккъал а дезде хир ду нохчийн меттан, оьмарера оьмаре кховдош, тIебузуш, кIаргбеш, мел чолхе зераш тIехIиттарх иэша ца оьшуьйтуш, вайн дайша таханлерчу вайга схьакховдийначу нохчийн меттан дезде.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.