http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Собар Печать Email

Арсалиева Любина

 

Латтанах тера хила веза сан мурид: шена х1ума ца доьхуш, нахана шегара пайда луш.

Устаз

 

1ай дара х1ара, 1аьнан чаккхе яра-кх. Х1инц-х1инца б1аьсте йолу бохуш, адамийн дегнаш сатиссамах дуьзна дара, амма саццаза т1еоьхучу дог1анаша оцу сатиссаман т1емаш хедийнера, б1аьстенах догдуьллучу хьола т1е ваьккхинера. Сахиллалц дог1а ихна, х1инца стигал екхна елахь а, цхьанхьара, 1аьршашкара т1едотта кечделла дог1а долуш санна хеталора.

 

Урамехула араваьлла, боккхачу новкъахула схьавог1уш вара 1усман. Саццаза д1асаоьхуш машенаш яра. Некъан йистошкахула, хи доцчу ког а буьллуш, вог1уш вара иза. Коьртахь пес яра, т1едуьйхина муридийн духар дара цуьнан. Цкъа, дуьххьара хьаьжча, цхьа беса хеталора цуьнан куц, хат1 а, амма цуьнан сирлачу нуьрах йогучу юьхь т1е хьаьжча, цул ц1ена, цул исбаьхьа х1ума ца хеталора.

Ша шен 1индаг1ах эхь хеташ санна, оццул оьзда ког боккхура цо. 1усманан ткъе исс шо бен дацара, делахь а, къона ву аьлла ца 1аш,  юьрто лоруш а, сий деш а стаг вара иза. Шайн юьртарчу муридийн тобанехь кхиъна ву ала мегар долуш, ша кхеттал хилчахьана, цаьрца хуьлура иза. Юьртахь мел долу тезет д1акхехьа дезара муридийн. Селхана кхеран туркхо барма тобар т1едиллинера 1усманна, куьйга х1уъ болх бан карахдолуш стаг и хиларна. Хьалха д1адаханчу тезетахь кагбеллачух тера дара иза. Шена цу т1еоьшург ян базара воьдуш вара иза, масане хуьлу уьш: хьостамаш,… Шен г1айг1а даго маракъевлича санна, ойлане вахана вог1учу цунна, чехка хаьхкина йог1учу машенан г1овг1а хезна, 1адийна вухахьаьжира иза. Ч1огг1а яьккхина музик йолуш,  цхьа башха машен яра иза - модин т1аьххьара кхиам. Вуха а вирзина, шен дагахь «Лаилах1а иллаллах1» зуькар олуш, машен чохь верг шена вевзий-те бохуш, цуьнга хьоьжура 1усман. Ткъа машен чохь верг куро стаг волчух тера дара. Ч1ениг т1ехь маж ю аьлла, охьахецна кхо-биъ чо, лергах йоьллина ч1уг йолуш, и цхьа «хьаьвзина» духар а дуьйхина… Мохца къовсавелча санна, чехка вог1учу кхуьнан некъан йистошкахула байн ког буьллуш вог1учу 1усманах б1аьрг кхийтира. Т1аккха, шайт1ано дагатеснехь а, я шен сихаллехь хьекъал д1адаьллехь а, 1усманна улле кхоччушехь, машен т1ехьовзийна, ерриге ц1уа цунна т1етухуш, ша диначух г1адъоьхуш, патарма санна машен хаьхкина, т1ехъиккхира иза. «Лаилах1а иллаллах1» шен багахь сецош, оьг1азло къуьйлуш, латта висира 1усман. Юха а вирзина ц1а вахара иза, ша оцу стагана цхьаъ аларна кхоьруш, шен дог сеца а деш. Дукха хан ялале, т1ера духар а хийцина, маьждиге вухавеара 1усман. Делкъ-ламазан хан хилале, барма табира цо. Цул т1аьхьа вехха 1ийра иза, тахана хиллачун ойланаш еш. Делахь а, ша бехке лерира цо, ша новкъара д1аваьллехь х1умма а хир дацара аьлла.

Маьнгех букъ г1ортийна, вог1авелла 1ачу 1усманан ц1а чохь тийналла йохош, цхьамма не1 туьйхира. Араваьлча, зератера шен накъост гира кхунна. Иза юьртахь тезет даьлла, цхьанхьа ши машен вовшахкхетта, шопар оцу м1аьргонехь д1аваьлла аьлла, хаам бахьаш веанера. Цо схьавийцарехь, кхеран юьртарчу Мохьданг1еран к1ант вара иза, амма 1усманна и ца вевзара, и к1ант цхьанхьара ц1а веана ши-кхо к1ира бен доцу дела. Туркхо дакъа лийчо 1усмане схьавола боху аьлла, шен хабар 1усманах д1а а тоьхна, сиха д1авахара иза.

Сихонца ламаз эцна, шена т1е ц1ена духар дуьйхина, пес, суьлхьанаш кара а эцна, тезета охьаволавелира 1усман. Тезета д1акхаьчча, гергарчаьрга а, веллачун верасашка а кадам бина, велларг волчу чувахара 1усман. Т1етесна к1айн шаршу а йолуш, ц1енкъа юккъехь 1уьллура дакъа. Уллерачаьрга хи а, т1е мел оьшург схьа а ехна, веллачунна т1ех1оьттина, до1а дира цо, Деле цунна гечдар доьхуш. Цунна т1етесна х1ума д1аяьккхича, кхин а ч1ог1а 1адийра 1усман. Тахана 1уьйрана, кхунна т1е хатташ а  тоьхна, кураллица т1ехваьлларг вара иза. Охьа а хиъна, вехха вилхира 1усман, массарна а хезаш: «Я Аллах1 Дела, гечдехьа кхунна! Я Аллах1 Дела, гечдехьа тхуна! Ма беза бу-кха хьан къинхетам…. Цхьанна а ца хаьа-кх шена х1ун т1екхочур ду. Гечдехьа, гечдехьа…».

Юха а-ах1и-ах1и… дукха 1ийра иза иштта. Вехха вилхира, къинойх ц1анлуш долу са санна, б1аьрхиш а 1енош.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.