http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Б1арлаг1а Печать Email

Халикова Асет

 

Аьхка дара х1ара. Дийнахь сарралц, дуьне кхорзуш санна, тов лаьттинера. Х1инца мелла а х1аваъ хьаьънера, 1аламо сарралц чуийзина тов аьхналле ерзийнера, сапарг1ат даьллера. Балхара а яьлла, г1али юккъехула схьайог1уш яра со. Т1ехдуьйлуш дуккха а адамаш гора. Амма уьш массо а цхьа нехан хетара суна - сайн махкахь со йоллушехь, сайна хийра хетара уьш. Х1ун хаьа, со хилла хила а мегара царна хийра хилларг…Наггахь, стигала б1аьргаш а хьажош, г1айг1ано даг т1ехь т1емаш а даржош, г1ийла йог1ура со. Цкъацкъа ойлане йолура: «Ванах, маца чекхдер ду техьа х1ара лазамийн хелхарш? Цхьа хьакъдерг-м хила деза хьуна кху лаьттахь, х1окху нахана а, суна а…Ас кху лаьттахь эрна мел баьккхина ког, сан сино мичахь боккху техьа? Синан аз халла къаьста суна, амма ца къаьста цо х1ун боху-м. Цуьнан мотт ца хаьа суна, суна ца хиъча, цхьа Аллах1 Дела воцург и хаа стагга а вац?»

 

Юха, лаьтте хьоьжу со, маржа я1 хьо бохуш. Тахана цуьнан букъ т1ехь хьийзачу нахана-м ца хаьа, кхана шен кийра виллича, оцу лаьтто шех х1ун до а-м. Дуьненчу а ваьлла, юха и дуьтуш д1аваха-м ца веана хьуна цхьа а кху лаьтта. Цхьа хьакъдерг-м ду хьуна  кху маьршачу стигалний лаьттаний юккъехь…Оцу ойланаша сахьовзийнера сан. Эрна хийтира дуьненчохь яхар. Айса ца деш дитина диканаш юха дан йиш хилча! Эх1, маржа, маржа… Эрна хийтира дерриге Дуьне. Амма ца хийтира Дала кхоьллина Дуьне-м адамаша, аса а цхьаьна, Дала кхоьллинчу Дуьненахь кхоьллина дозанаш, харцонаш, шеконаш - уьш дерриге а шена чулоцу адамийн Дуьненчуьра дуьнено - харц дуьнено…

Базар юкъе кхечира со. Дехьара а, сехьара а лоькху эшарш, д1ах1иттийна телевизорш, кассеташ, кху дуьнент1ехь мел ерг а… Лерса дат1ош санна, цхьа ч1ог1а музик хезара, юха, цхьа ши-кхо г1улч дехьаяьлча, керланиг а. Иштта йог1учу суна дагаеара, сайга нанас ц1а йог1уш я аьлла к1ади. Т1аккха к1адеш юхкучу базаран  мог1рехула д1айолаелира со. Жимма генаяьлча, сан са тедеш, лерса хьоьстуш, г1айг1а яшош, синхьааме эшар хезира. Ладег1а яьлча кхийтира - назма яра иза. Сан са ц1индеш санна, там хилла цуьнга ладег1а елира со. Юха и кассеташ юхкуш волчу, музик лоькхуьйтучу к1антах б1аьрг кхийтира сан. Б1аьрг кхийтира, кхин т1ера ца баккхал ч1ог1а… Массо а санна вацара иза. Иза ша-тайпа вара, цхьаннах тера а воцуш. Муридийн хорма а юьйхина, цунна т1ехула еха оба а юьйхина, коьрта пес тиллина вара иза. Цхьа ц1ена бос бара цуьнан. Ма тамашийна х1ума ду х1ара: х1окху йоккхачу г1алахь, хийрачу адамашлахь, сайн сина гергара адам карор. Я и иштта хийтира-те суна? Иза ша цхьаъ вара, цхьаъ, кху доккхачу Дуьненчохь. Цуьнан шен Дуьне дара, х1ара Дуьне доьхча а, духур доцу маьрша Дуьне. Дуьне шайн белшаш т1ехь латтош, амма цунах бозуш а боцуш хуьлу цхьаболу нах. Цу к1анте а хьоьжуш, ехха лаьттира со, наггахь б1аьргех хин т1адамаш а дуьйлуш. Суна дезаделира оцу к1ентан Дуьне, цуьнан Дуьненчохь яха лиира суна даим а. Сайн аз, деган мохь къуьйлура ас дагчохь, ара ца болуьйтуш. Т1е а яхна, оцу к1анте, со хьайн Дуьненна  чуйигахьа, хьайн Дуьненчохь яхийтахьа со ала лаьара суна дерригенал ч1ог1а. Амма сан йиш яцара цуьнга и ала, со йолчийн сий дойур дара ас, и а аьлла. Нехан к1ант вара иза, суна нехан…

Цу стиглахь бутт санна, сан дог лецира оцу к1анта. Дукха лаьттира со, цуьнга а хьоьжуш. Амма, т1ехбуьйлучу наха д1асатуьттуш, д1аяха дийзира сан цигара. Цу к1антана гена мел ели, дог юхаийзадора сан, юхаян лаьара. Айса цунна гена йолуш мел йоккху г1улч, сайн ирсан г1айренна, синлехамна кхолламан х1ордкемано со гена йоккхуш санна хеталуш, д1аяхара со. Назманан аз, г1еллуш, д1адайра сан лерера. Юха а ца хьожуш д1аихира со, генна д1а… Со ехачу Дуьненчу, и к1ант воцчу гена, цуьнан Дуьненна гена. Амма цул т1аьхьа сан сица яха цхьа ойла йисира: оцу к1ентан санна, сайн а Дуьне кхолла лаар. Х1ара маьлхан Дуьне сайга хийца ца лахь а, сайн Дуьне хийца сан таро хилар.

Цул т1аьхьа дукха ихира со оцу базаран хоршехула д1аса, амма и к1ант а, цуьнан г1айре а ца карийра суна кхин. Хила а ца хилча санна, б1арлаг1ех д1авайра иза йоккхачу г1алахь.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.