http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Ас цкъа а дуьллур дац хьох дог… Печать Email

Арсалиева Люба

 

… И цхьа тамашийна серло яра. Генахь, д1о генахь, анайист кхачалуччохь, б1аьргана халла хаалуш. Кху дуьненчохь ца хиллал, хаза бос бетталуш. Цунна бен гуш йоцу, исбахьа, цхьа шатайпа серло. Ванах, х1инццалц ярий-техьа и кху дуьненчохь? Хилла-м хир ю, амма цунна-м иза ца гина, я тидам ца бина-техьа? Ткъа х1инца? Х1инца ма ч1ог1а серлаюьйлу-кх и цунна, ма ч1ог1а 1ехайо-кх цо и, юх-юха а марсаюьйлуш. Сел генара, боккъал ю-яц ца хууш йолу, сел евзаш йоцу, туьйране серло ма герга хетта цунна.

 

Цуьнан йовхано ма мерза дагадо дог…. Ма хаза еа-кх и серло цуьнан дахаре. Ц1аьххьана, йог1у-ца йог1у ца хууш, цуьнан дуьненна къинт1ера яллал ц1ена дог а дузуш, дерриге и д1алоцуш… Цунна-м хаьара, мацца а, цкъа мацца а шена и гур юй… И хьийжира цуьнга, цо сатиссира…

Дийнахь а, буьйсанна а, г1енах а, самах а, шен дахаран цхьаллехь а, самалхадуьйлучу шовкъехь а, азаллера дуьйна схьа шен синхаамца боьзна хилла цуьнга хьежаран сатиссамца…

Эххар а цунна гира и. Дуьне хийцаделира, зама сецира. Цо дицдира мел хилла во. И ша а хийцаелира. Цуьнан дог кьинхетамах дуьзира, цуьнан са ц1анделира. Иза яха 1емира, дахар а дийзира. Маржа я1! Ма деса хиллера-кх хьо, цуьнан дуьне хьалха. Ткъа х1инца? Цуьнан дахарехь цхьа 1алашо яра, цунна Дуьненчохь яха доккха бахьана дара – хьежа цуьнга…

Догдиллар доцуш, сихачу боларца йоьду хан-зама ца лоруш, сел гена йолчу цу серлонна т1екхача…

Цкъа мукъа а… Цкъа мукъа а цу серлонан йийсаре яха, цуьнан мерзачу йовхонах д1аиэн, цкъа мукъа а цунна герга хила… Дагца, дег1аца, кхетамца… Амма… ма генахь лепара и…

........................

«Со везий хьуна?» – «Х1аъа». – «Муха веза хьуна?» – «Ч1ог1а, ч1ог1а…» – «Ткъа муха тешар вара-техьа со?» – «Х1ун де ас, хьо тешийта?» – «Кхин цкъа а веза алахьа…» – «И-м хала дацара. Хала ду-кх хьо веза. Де а, буьйса а ца къаьсташ, сан б1аьрса д1аэцначу безамна – хьуна сагатдан…» – «Сагатдой ахь?» – «До дера-кх, хьуна ца хаьа и?» – «Суна муха хуур ду, ахь схьаолуш ца хилча?» – «Х1инца хаьий хьуна?» «Хаьа. Сагатде ахь. Хьо дохко ер яц хьуна сагатдарна а, со везарна, шо далахь а, итт шо далахь а, б1е шо далахь а…» – «Ишта х1унда олу ахь? Со кхоьру…» – «Стенах?» «Кханенах, цаевзачу кханенах. Цо вайшиъ къасторна…» – «Х1ун дуьйцу ахь? Таханено а, кханено а вовшех доьзна долу вайн синош къастор дац. Мел къастахь а, цхьана хир ду вай… дагца, ойланца… Даим… Вай-м вовшийн деза кхоьллина дай. Теший хьо…?» – «Теша, теша…»

Цо сацам бира – новкъаяла… Д1аяха. Д1атаса шен дагна хьомсара мел дерг, кху лаьттаца йолу шен уьйраш а хедош, т1ома яла… Стигалан 1аьршаш цоьстуш. Юхахьажар доцуш. Дохкоялар доцуш. Юха ян некъ а ца буьтуш… И йоьдура шен дог, ойла, кхетам йийсаре бина серло йовза, цахааро карзахдоху шен дог тиэдан.

Ткъа нах цецбуьйлура. Уьш цунна гонаха хьийзира. И сацо г1ертара. «Ва, мичахь ю ахь юьйцу серло? Иштта серло хила а ма ца хуьлу Дуьненчохь… Хьо д1ахьоьжучохь тхуна ма ца го и. Еккъа цхьа марха, мокха басахь, кхин башхалла йоцуш ю-кх цигахь… Хьо 1ехаелла, я б1арзъелла… Юхаерза…» – олура.

«Х1ан-х1а, со яц б1аьрзе, шу ду. Хьовсийша, ца го шуна и исбахьа серло. Ма хаза лепа и. Сан дахар серладоху цо…», – юха ца йолура. И кхочур ю цунна т1е. Цо ч1аг1о йина. Юха ца яла. Дерриг Дуьнене лалур йоцу хало лахь а, юхаян шена некъ буьсур бацахь а, кхана ша дохкоер елахь а… Цо хастам бора Далла и серло шена гарна. И яра цуьнан цхьабосса долчу дахарехь йолу дегайовхо. Цуьнца доьзна дара дерриг а… Кхин некъ бацара цуьнан. Я цо леха а ца лоьхура кхин. Беккъа цу серлонна т1ебоьду некъ бен… Цунна лаьара мохь тоха.

Серлоно дузийначу деган мохь… Схьакхайкха цуьнга… Яха цуьнца… Сатиссамо г1елдина дог 1абош, цу серлонца яга… Цуьнан дуьхьа. Эзар оьмарал а яхлун йолчу, и ган йиш йолчу еккъа цхьа исбаьхьчу м1аьргонна дуьхьа…

Маржа-я1! Ма докха х1ума ца оьшура-кх цунна ша ирсе хета…

................................

«Хьо мичахь ву? Хезаш а ма вац хьо?..» – «Со ц1а вахана. Ц1ахь ву со». – «Кхин х1ума долуш-м ца вахана хьо?» – «Х1ума хир долуш ду». – «Х1ун ду и?» – «Со зуда ялош ву… кхана 1ийча…» – «…Ву? И муха ткъа..?» – «Хьо кхечуьнга йодуш хилча, ас яло а ца мега кхин?» – «Х1унда боху ахь ишта? Хьуна ма хаьа ас кхечунна хан муха йиллина… Со дохкоялар хьуна гуш ма дара… Ахь цхьа дош аьллехьара… Ма дукха дийцира ас хьоьга, хьо кхеттал. Хьуна-м сох къаста бахьана оьшуш хилла. Хьо-м кийчча 1аш хилла…» – «Х1ан-х1а, иштта дац и. Суна хьо езара… Хинца а еза…» – «… Х1ун дийр ду? ...Со йиц елахь…» – «Хан-х1а, вай вовшийн дицдан йиш ма яц. Хьуна-м со вицвала а мега, хьо цхьана дикане кхаьчча…» – «И хир дац… Кху дуьненчохь со мел ю, хьан ирсан 1индаг1ехь хилча а, суо ирсе хеташ ехар ю. Ткъа хьо? Хьо суна гина, бералла санна ц1ена, цкъа а диц ца луш, амма цкъа а диэкхалун доцу хаза г1ан ду. Цуьнан дуьхьа хир ду-кх х1инцачул т1аьхьа сан дахар…» – «Ма ца моьттура суна вай ишта…» – «Х1ун дийр ду?.. Ирс долуш хилалахь хьо мукъа а…» – «Хир ву-те со?» – «Ткъа хьо…?» – «Со…? Хьо ирсе хилар – и ду-кх сан ирс… Теший хьо?» – «Теша, х1инца теша…»

.................................

Эххар а и т1екхечира цунна. Хийлаза шеконо дог морцуш, кхоьруш, делахь а и бита, юхаерза ницкъ ца кхочуш, бира цо и некъ. Наггахь цо хоьттура ша-шега: «Хьо-хьуо теший цунах?» Хьанна хаьара…

Бакъду, цунна-м лаьара теша. Ма ч1ог1а г1елдинера цо шен са а, дег1 а цунна т1екхача г1ерташ, ма дукха х1ума дитинера цо и бахьанехь.

Ткъа нийса хир ма дацара и ца хилча. И ца хила йиш яцара. Цуьнан даго т1е ца дуьтура и хирг цахилар.

Цундела тешамах дуьзина дара цуьнан дог. Цундела боккхура цо ца кхоьрруш ког цу чолхечу новкъахь. Цундела тешара и цунах. Маржа-я1, ма ч1ог1а бара цу тешаман ницкъ! Цо ойура цуьнан дог халачу хенахь, цо г1о дора цунна юха ца яла. Цо шен маьршачу т1емашца, лаьттах ког а ца кхоьтуьйтуш, ялийра и цу исбаьхьчу серлонна т1е.

Иза т1ейолаелира цунна. Ши б1аьрг къевлина, б1аьрхиш, хазахетаран б1аьрхиш а сецош (иза кхоьрура серло човхо). Шен са маьрша, са ц1ена долу экаме дог а диллина. Цо х1инца дуьйцур ду цуьнга шена дагахь мел дерг, шен ала мел лиъна дерг.

Цо д1акховдийра куьйгаш серлонна т1е. Цуьнан йовхоне сатиссина куьйгаш. Амма...? Дерриг дег1 г1орош, цунах хьаьчира шело, инзаре шело.

Цо схьабиллира б1аьргаш. Цуьнан дог сецира цхьана ханна. Цуьнан боьлхучу б1аьргашна хьалхахула а йолий, д1о кхечу ломан бохь къайла а боккхуш, парг1ат д1аюьжу марха. Мокха бос болу марха. Цуьнга наха ма-йиццара а йолуш. Серло, цуьнан исбаьхьа серло хилла меттиг а бацара.

Цуьнан кийрара мохь белира. Йиш йоьхна, Дуьне 1аддол инзаре мохь. Цо юха а д1акъевлира б1аьргаш. Ца теша, ца ган, бакъ ца хилийта. Амма и бакъ дара. Къаьхьа, къинхетаме доцу бакъ.

Иза йоьлхура. Шийлачу, дуьрачу б1аьхишца. Цо х1инца ца сецадора уьш. Иза йоьлхура. Шена таръеллачу серлонна, шен байначу тешамна, ша цу серлонна дуьхьа мел дитиначунна… Иза юхахьаьжира. Цунна некъ бацара юхаерза. Лаьтта т1е боьду некъ…И йисира ша, цхьалха. Шен доьхначу дагца, шен яьржинчу ойланашца. Накъост а воцуш, къинхетам бан, догъэца стаг а воцуш… Деккъа аьхкенан шийла дог1а доьлхура цуьнан къина, ца соцуш… Ткъа марха? И юха а д1ахьаьжира цуьнан аг1орхьа. Сатуьйсуш… Амма и сов парг1ат 1уьллура шен керлачу меттехь… Ткъа цунна х1ун бен дара и? Иза-м еккъа марха ярий, дог доцуш, къинхетам боцуш, Ур-атталла чохь са а доцуш…

Делахь а… цо гечдира цунна. Ма къинхетаме дара-кх цуьнан дог. Цо гечдира. И к1интера елира цунна. Кхин х1умма а дацахь а, ша кху Дуьненчохь оццул лехначу серлонах и таръяларна, цунна т1екхача г1ерташ шен хиллачу хазачу сатийсамашна, дуьненчохь цкъа и шена гиний хаара, ша ирсе ярна…

И дара х1инца цунна дисина дерг…

Цу серлонах бисина мерза-къаьхьа Дагалецам. Цо ницкъ лур бу цунна кхид1а а яха. Цо лачкъор бу и Дагалецам шен деган к1оргачу к1оргенехь. И ехар ю цуьнца. Иза цуьнан Дагалецам бу. Ткъа цуьнгара и д1абаккха ницкъ хир бац цхьаннан а…

..........................................

«…Со виц-м ца велла хьуна?» «Хьуна хаьа и хир доций». «Хьанна хаьа…» «Муха веха хьо?» «Д1а веха-кх… иштта… Хьо ган лаьара-кх суна…» «Гур ду вай мацца а, цкъа мацца а гина». «Ахь сатесний со ган? Ас цкъа а дуьллур дац хьох дог…, цкъа мукъа а хьо юха гаре…» «Хьуна со боккъал а даггара везний хиънехьара…» «Х1ун бен ду и… х1инца?»

..........................................

Цунна кест-кеста го и серло г1енаха. Цуьнан во а, дика а, цуьнан дахаран хийцамаш а г1енаша схьадахьа цунна. Иза йоьлу цаьрца, йоьлху цаьрца… Цо Деле доьху и г1енаш… Амма г1ан чекхдолу. Ткъа самаяьлча? Кхин дахар, кхин Дуьне, кхин г1айг1а… Цунна ца оьшу г1айг1а…

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.