http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


ЦХЬА ДЕ ДОГ1УР ДУ... Печать Email


Ареалиева Люба

 

 

 

Цхьа де дог1ур ду, цхьа де хир ду-кх и...

Маьлхан сирла б1аьрг лаьтта кхетале,

Карзахбуьйлучу хьайн синкхетамехь

Ахьа лоьхур ю геннахь йисна и.

 

 

Цхьа де дог1ур ду, цхьа де хир ду-кх и...

Дуьне 1абийна, малх чубузучохь,

Дохковаларо дог хьан дузучохь,

Хьуна оыпур ю уллохь йоцу и.

 

Цхьа де дог1ур ду, цхьа де хир ду-кх и...

Айхьа диначу кхаьхьчу г1алатан

Дагах хьаьрчича шийла г1аларташ,

Ахьа кхойкхур ю цкъа хьайх тешна и.

 

Цхьа де дог1ур ду, цхьа де хир ду-кх и...

Сино б 1 арзвина, яларх хийла хан,

Дуьхьалтесча цкъа мацах хаьдда г1ан,

Ахь сатосур ду юха rape и.

 

Цхьа де дог1ур ду, цхьа де хир ду-кх и...

Дезарш дицдина, хьайн сатийсамехь

Хьаьгна безаман хила йийсарехь,

Хьуна езар ю цкъа хьо везна и.

 

Цхьа де дог1ур ду, ма де хир ду-кх и...

Дагахьбалламо не1арш йилллича,

Кхин гур йоцучух дог ахь дилича,

Т1аккха кхетар ву, и хьайн ирс хиллий.

 

 

ДАЙМОХК

Хилларг я цахилларг бертаза-бертахь...

Доьг1нарг я цадоьг1нарг - паналлехь сецна.

Даймохк, хьох хьирчинчу баланийн верта,

Къонахчо санна, ас белшаш т1е тесна.

 

Цуьнца ас болар до, соыгуш, ца соьцуш,

Хьан чевнаш ца хьеша, 1инах чекхъюьйлуш.

Даймохк, хьан сирлачу кханенах тешаш,

Хьан лазам сайн деган к1оргенехь къуьйлуш.

 

Бехк болу, боцу а хьан къинойн даь1наш,

Лар йоцуш байинчу кхолламийн тептар...

Даймохк, ма язъелла хир ю-кх хьан яь1на,

Дел ахь а хьоьгахь ду сийлахьа гечдар.

 

Хьох 1емаш, хьан лорах йог1у со тахна,

Сайн иэсехь дитина х1оъ-молхийн лелхар.

Даймохк, сан иллино, хьох г1ад а дахна,

Б1ешерийн херцаршлахь до шовкъе хелхар.

 

Доьг1нарг, цадоьг1нарг а, хилларг, цахилларг

Замано деринчу хьан сих чекхдийли.

Даймохк, хьан мостаг1чун ца тоьи х1илла

Къардан хьан rlopa ца кхачийна илли.

 

 

 

АХЬ БЕЛЛА ДАГАЛЕЦАМ

 

Аса-м къобал дийр дац хьо сайн даг чохь кхалхар.

Ахь саг1ийна белла хьайха дагалецам.

Дахарал а сиха, юьйлуш кхо г1улч хьалха,

Иоьду йоьлуш-йоьлхуш, хьан совг1ат схьаэца.

 

Дегайовхо - хьуна (цунах сан х1ун дайна),

Эзар оьмарехь а хьан кхерчах ц1е латтол.

Ткъа ас бита мегий дагалецам сайна,

Кху вайн маьлхан лаьттахь т1аьххьара де кхаччалц.

 

Хилча х1ун ду къаьхьа, хеташ хилча мерза

Х1оранна а шен-шен кху дуьненчохь вахар.

Ас сайн дагалецам кераюккъе берзош,

Ахьа къобалделахь со хьайн даг чохь яхар.

 

САЙН ЛЕХАМИЙН СИНКХЕТАМЕХЬ...

 

Сайн лехамийн синкхетамехь хьан 1индаг1 гина,

Хьан къайленийн цу г1айрене сайн доцчу къина

Ас бина некъ ца бели чекх, и баха 1инах.

 

Сан б1аьрсина т1ехьаьрсинчу хьан маьлхан дерзо,

Сан лаамийн цхьа хаамаш схьакхийдош мерза,

Ца йитира, ца тигира со юхаерза...

 

Цул т1аьхьа кхин пул къаьхьа кхин ца еа гуьйре,

Ас дийцина, ахь дицдина вайшиннан туьйра,

Ца лоьхуш ирс, д1адоьду и, шен когаш 1уьйра.

 

Ахь хьастаза, сох къастаза цхьа дагалецам,

Со б1арзйина, хьо марзвина, цо д1ацахоыгу,

Цхьа къежачу шен хьежарца сан даг т1ехь соыгуш.

 

Сан тешамца хьайн эшамаш ахь атта лайра,

Со йицйина ахь дийцинарг кхечунна тайра...

Сан лехамийн синкхетамехь хьан 1индаг1 дайра.

 

 

ХЬО ВОПУ ДАРВИНА ...

Со йолу юха а ахь суна бихкинчу новкъа,

Дегбаам, деглазам битина хиллачийн т1аьхьа.

Сан болар г1ийла ду сихачу дахаран шовкъехь,

Хьан деган 1ома чу 1енаш ду сан б1аьрхиш къаьхьа.

 

Хьо вог1у ларвина, б1ешершца юьстина зама,

Ас юха ца йоьху, чекхъели и м1аьрго хилла.

Тхьа хьуна атта ду сох долчу г1алатах 1ама.

Хьо цкъа а лелар вац

хьайн ирсан некъа т1ехь тилла.

 

Суна кхин бен а дац...

Йог1ур  яц кхул шийла суьйре

Хьан маьлхан йовхонах 1аба ца кхиъначу синна.

Сох дата ва йуьйлуш, йоьлхур ю и дашо гуьйре,

Сан б1аьрхийн лазамех десачу хьан коре хиъна.

 

 

САН ДАГНА ХАЗДЕЛЛА ПАЛАТ

Ас хьуна д1алур ду ахь суна делларг...

Со-м йоьду гена д1а, гена.

Хьох яларх дахарехь лелар яц елла,

Сан лазам д1аийна пхенах.

 

Ас дагчохь латтор яц хьох лацна ойла –

Иоьхна и, яьржина, яйна...

Луур дац дахарехь кхин вовший гойла.

Хьох къастар - сан дагна тайна.

 

Делахь а г1айг1анах дуьзначу б1аьргаша

Х1оранца хьан амат лоьху.

Са дайча, са хилча, са малха даьлча,

Цкъа мукъна хьо rape хьоьжу.

 

Хьан амат - сан дагна хазделла г1алат,

Диси те и соьца даха?

Хаьрцина хьан дешнийн бухбоцу г1ала...

Ткъа кхид1а со муха яха?

 

ПИЙЛА ДЕХАР

Сийсара тийналла хийтира тахначул аьхна,

Селхана хеттачо тахана аьрха са къуьйлу.

Буьйсано доладеш, д1о стиглахь седарчий-даьхни.

Дежаш го х1аваэхь, беттасин ц1еналла муьйлуш.

 

Сийсаралерачу тамашехь кхин цец ца юьйлу,

Хьежам а артбелла цадевзарг, цагинарг леха.

Ткъа ц1енчу ойлано,

кхийдадеш шен ховха куьйгаш,

Шех кхетар доцучу дуьнене до г1ийла дехар.

 

Цо шена-м ца доьху ирсаца дуьйцина денош,

И кхоьрург дуьненчохь

(хир буй те пул къаьхьа эшам).

Тахана адамо ша санна адам шех тешош,

Кхана цо хьашарна шега схьакховдийна тешам.

 

Т1АЬХЬА ДУ...

Ахь суна ца дити дог а хьайх дилла,

Шек ю со, и цкъа а сан хиллий теша?

Б1аьрзениг а 1емачохь шена некъ билла,

Х1унда ца 1емира со хьох ца теша.

 

Гуьйренан т1аьххьарчу хелхарехь хьийзош,

Дашо г1аш оыучохь сан кераюккъе,

Хьуна ца гира-кха сан б1аьрхийн 1ийжам,

Хьан шело т1есерсаш сенъелчу юхь т1ехь.

 

Хала а, атта а лайна дерг лайна,

Юха а, т1аккха а со сайх цецъйуьйлу,

Дерриг а даьллехь а даьгна, д1адайна,

Х1унда хьан ц1арца сан дог самадуьйлу?

 

Т1аьхьа ду... карор дац безамна орца,

Хьан бенцахетаран г1айри т1ехь сецарх,

Ас некъ бо, чекхъйуьйлуш къастаран дорцах,

Т1аьххьара синтем бу хьо дагалецар...

 

САН ДОГ ЦА ДУЬЙХИ

Сан даг чу бижна маьрк1ажан бода,

Доьлхучу сан сих д1аийна.

Хьан маьлхан з1аьнаршкахь декна сан хьоза

Есачу бешахь д1атийна.

 

Ас хьайна йиллича сайн деган не1арш,

Ахь йилли сан даг чу чилла...

Я хилла техьа хьо сан деган не1алт,

Шийлачу 1аьнан дарц хилла.

 

Хьуна къа ца хетарх, сан дог ца дуьйхи –

Хилла-кх и болатал ч1ог1а...

Амма ас х1инца сайн дагна туьйхи

Ахь соьга кховдийна дог 1а.

 

ВАЙШИММО ЦА ЛАРДИ ИPC

Дог1ано яйира тир

Вайшиммо тегна,

Масане дегнаш ду хир

Безамах хьегна.

 

Буьйсана тийналла яц

Вайн девнна бехке.

Цуьнга а хотталур дац

Дерриг шен метте.

 

Седарчех базбелла тхов

Стигланна лепа.

Ахь цуьнга ма хьеде дов...

И-м хьох ца кхета.

 

Вайшиммо ца ларди ирс

Дуьнена меха.

Ткъа х1инца ца оыну кхин

Бахьанаш леха.

 

Со хьох а, хьо сох а цкъа,

Кхета а мега...

Ткъа дерриг дицдина 1ан

Ницкъ кхачац деган.

 

АС БЕЗАМ  Д1АХОЬЦУ

 

Де лха а, дека а дац... ду ьне ме л ду

Ас безам д1ахоыгу... кхерста ма тов хьо...

Тешам а хиллийца мацца а г1еллуш,

Сан хьоьца хир дац кхин я тар, я дов а.

 

Ма кхера, ас духьалдохур дац хьуна,

Хьан некъ ца хилийта сайн деса ведарш...

Х1инцачул т1аьхьа х1ун бен дара суна,

Хьан 1индаг1 сан некъийн лораха легарх.

 

Ас сий деш, айъинчу хьан воззалора

Ас ният до хьуна, до1ийца ч1аг1деш,

Сан безам х1уттур бац кхин хьуна гора,

Х1инццалца хиллехь а и дош ас къардеш.

 

Дицделахь сан б1аьргаш, цкъа хьайга хьежна,

Дуьненахь, хьо бен, кхин х1ума дац моьттуш.

Сан г1айг1а хьанал еш, цкъа маццах хьегна,

Хьо парг1ат вуыу ас, хьал-де ца хоьттуш.

 

Хьан безам - тишбелла сан к1архаш санна,

Цкъа маццах хиллехь а когашна аьхна,

Саг 1а деш ас хьуна яйинчу ханна,

Багийна, тхайн ц1ийнан т1ехьа а баьхьна.

Амма ва... хьох яха йисина ойла,

Ца х1уттуш соьга кхин х1умма а деха,

Дагна бен ца хазош: «Хьо маьрша г1ойла!»,

Т1ехоьрсуш деман цинц, ас йоккху кеха.

 

«ЛАЙН ЧИМАШ - БЕЗАМАН ШОВДА»

Ас некъаш дахарехь дина,

Хьан лар кху дуьненчохь лоьхуш.

Хьо суна-м гена ца хилла,

Сан даго хьо герга воьхуш.

 

Со-м х1инца хьан б1аьра хьоьжу,

Б1аьргаш чохь хьан къайле йоыну.

Ас Деле къурдашца доьху,

Со хьуна хилийта оынуш.

 

Лайн чимаш беснеш т1е лиэга,

Ткъа вайна и бен ца хиэта.

1алам ду вайшиннах хьоыуш,

Вайн дегнех ирсан ц1е лиэта.

 

Ахь соьга дагара хоьтту,

Лайн чимаш куьйгашца луьйцуш.

Сайл ирсе стаг а вац моьттуш,

Ас хьоьга дагара дуьйцу.

 

Ткъа ойла паналлехь кхерста,

Ша г1ерташ хьан дагчу кховда.

Лайн чимаш беснеш т1ехь деша,

Шайх хуьлуш безаман шовда.

 

Ас некъахь хийла а лайна,

Эххар хьан лар евзи суна.

Ас хГинццалц ирс дехна сайна,

Ткъа х1инца ирс доьху хьуна.

 

ИРСАН ДАКЪА ЛОЬХУШ

Хьо-м ца хилла сан ирс къаго г1ерташ,

Сайн т1емаш ас стиглахь даржади.

Хьох ма яра ойла даим хьерчаш...

Ахь сан дахар х1унда 1аржади?

 

Ламанал а лекха хилла безам,

Х1инца кераюккъе а тарло.

Ас ца къуьйсу, хили хьо сан эшам,

Теша х1инца - дог1у аьхка ло.

 

Кхета х1инца, безам хилла г1аларт,

Сан б1аьргашна цкъа хьох тарделла.

Ткъа хьуна ца кхечи цуьнан бала...

Хьуна-м дуьне гуттар хазделла.

 

Амма вуониг хьуна ас ца доьху,

Хьан ц1е даим даг чохь латтор ю.

Б1ьрхиш хьулдеш, ирсан дакъа лоьхуш,

Декъал хилла яха хьожур ю.

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.