http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


КЕХАТ Печать Email

Мадина Ясаева.

Литературный псевдоним Ma_Dino.

Родилась 05.03.1988г. в г. Грозный.

Выпускница финансово-экономического факультета РОСНОУ.

Первый заместитель главного редактора журнала «Нана».

Публиковалась в местной периодике, а также: в альманахе «Голос Кавказа», в журналах - «Российский Колокол», «Лира Кавказа», «Нана», «Вайнах».

Соавтор поэтических сборников: «Искры «Прометея», «Молодые писатели Кавказа» (М., 2009г.)

Участник IX форума молодых писателей России и стран СНГ, I форума молодых литераторов Кавказа.

Награждена Московской городской организацией СП России и Союзом переводчиков памятной медалью “А.П. Чехов” /2009г./.

Лауреат конкурса молодых чеченских прозаиков «Къоначийн аьзнаш» /«Голоса молодых»/ под эгидой СП ЧР /2010г./.

Член объединения молодых литераторов ЧР «Прометей».

Член Союза журналистов РФ.

 

 

«Делера маршалла хуьлда хьуна а, Малика!

Суна боккъалла хазахийтира хьоьгара кехат деъча.

Хаьа, шу гуттар генахь делахь а, вайн Даймехкан синан дозанал дехьа ца девлла, хьалхьа санна дог лозу, шайн Дегlастанна са а гатло.

Амма ахь вай дуьненан рицкъа ила-билла «дозанал дехьа» бен карон йиш яц бохург аьттехьа нийса дац.

Хlунда? – Хаьа, хета-кх: адамаш миччахьа, муьлхачу «дуьненан ялсамане» кхачарх а, церан синош, гlаргlулеш санна, гуттар а шайн Ненамахке гlерта, гуттар а деган мерзаш,  цунна сатуьйсуш, гlийла тийжа.

Да виса-кх, ницкъ белира и дуьненан мел долу жовх1арш, мел долу рицкъа, вайн даймахкахь хилийта. Вайн лаьттахула хьийза 1аьржа бала панамахкхула д1абахийта. Х1ора стаг шен даго ма-бохху ваха маьрша хилийта а…

Амма вайн карахь доцу х1уманаш ду-кх уьш. Вайн ницкъ ца кхочун…»

 

Ц1еххьана арахь ков доьллучу татано хадийра ойланийн тай…

Марха корехулла арахьаьжира, чувог1уш лулахо гина, сиха уче елира.

– Ваша! Х1ун боху цара? Исламна г1оли хир юй?

Воккха стаг г1ийла хьаьжира йоь1ан б1аьра:

– Х1ан-х1а, жиманиг… Ислам кхин ц1а вог1ур вац…

– Ма ала, Ваша! И-м толур ма вай…

Ц1еххьана кхетта, сецира йо1…

– Ваша…

– Ма елха, йо1… Кхин рицкъа ца хилла-кх цуьнан кху дуьненчохь…

 

Ислам цаьрца цхьана классехь доьшуш вара. Кхушара иттолг1ачу классе вала везаш…

Ши к1ира хьалха шен деца йол хьакха ваханчохь, мини т1ехь иккхинера и.

Кхеран юьртахь мел верг прокуратуре кхийлира – мичхьа лазийна и к1ант, муьлхачу «формированехь» и хилла, цуьнан накъостий схьабийца бохуш.

Салташна шаьш бехкен хилар дагахь а дацара. Цара аьттехьа т1е ца лоцура кхеран бехказлонаш.

– Оправдываешь мальца – значит, чуешь вину, папаша!.. – бохуш, т1ечехара церан эпсар к1ентан дена.

 

…Г1арг1улеш шеллуш йолчу стиглахула йоьду-уш, белхарца эххара анайистехь яйра.

 

Мархас кхин ца яздира Малике кехат.

Эцца долийнчохь диснера дуьххьарниг а.

Маликас кхин мосуьйттазза а даийтира кехаташ.

Шен дахар дуьйцуш, кхечу паччхьалкхехь шаьш д1анисдаларрий, лайнарш а, х1инца долчу хьолах лаьцна а. Цкъа хазахетарца, шай, шен жимахйолу йиший «Дисней-лэнде» яхар дийцира. «И 1аьмиркехь санна йоккха яцахь а, 1аламат хаза, башха, самукъне а ю. Тхойшиъ цигахь санна, цкъа а иштта кхераелла яцара – цхьацца тамашийна аттракционаш ю-кх цигахь… вагончик чохь бодане туннела чу воьдуш…»

 

Генара схьахезаш яккхийчу тоьпийн г1овг1анаш яра.

Котамаш тапъаьлла д1атийна 1ара шайн бун чохь. Кхо мел кхайкхарх а, ара ца йовлуш.

Оцу сих-сиха хезаш йолчу г1овг1ано церан кегийчу дегнашна кхерамаш туьйсура.

 

«Да виса-кх, хьо дахар… Ма къоршаме хилла-кх хьо… Ма гатди х1ара дуьне кху баланаша…» - ненан г1ийла аз хезира Мархина, котамаш юзийна, чуйог1уш.

 

Т1аьххьарчу шерашкахь ден а, ненан а къамелаш самукъне ца хуьлура – гуттар а сингаттаме. Т1ом д1абала герга бацара. Кхеран юьртахой жим-жима д1асабовлуш бара. Цхьаберш - россин г1аланашка, вуьш – цхьана хенахь оццул хазахетарца шаьш йитинчу Казахстане, мелла хьал дерш – гуттар а дозанал дехьа, Европе…

Амма биснарш сов бара.

Я таро ца хиллехь, я шайн синош дадийна х1окху цкъа мацца дуьненан ялсамани хиллехь а, х1инца жоьжаг1атах тарбелла болчу махкара д1адовла хьекъал ца кхаьчнехь а…

Ишттачарах кхеран доьзал а бара.

Дас ла ца дуг1ура шега кхеран нанас деш долчу къамеле. Ша т1улг санна ч1аг1деллера цуьнан дог. Хийла белхийра кхара цуьнга шай баланаш, шайн дагчу тийсина кхерамаш а, гатлуш долу са а… Амма дас ла ца дуг1ура.

– Хьенех, кхетахьа, и Даймохк бохург-м вайн мохк ма бай… Вайн дайша ц1ий, хьацарий 1енийна латта ма ду х1ара. ВАЙН мохк. Хьо миччахьа яхарх а – хьо хьаша ю. Кхузахь бен хир яц Да…

– Со-м яц кхузахь цхьа а да. Со йийсархо ю-кх! Оцу боьхачу х1уманийн лай ю-кх! Ма дийцахьа и беран туьйранаш, хьо-м хьайн дег1ан а вац да. Муьлхха салти а ву-кх вайн да, денда, паччахь а… Х1аъ! Д1адаккха киснара паспорт, вала и доцуш кех – хьожур-кх со, хьо х1ун «да» ву…

 

Нана йоьлхура, д1ехьачу йолий. Дада 1адда, тхьузвоьлча санна, ойлане воьрзий, 1ара.

 

1а деара – шелоно, лайно къагийна аре, керла сингаттамаш а бахьаш…

 

Да цомгуш хилира. Х1ун дара цунна бахьана?.. Ма дуккха дара и бахьанаш…

1аьне ца велира Дада.

Наггахь б1астенан олхазарийн аз дека доладелча, д1авелира иза…

 

Масех бутт баьлча нанас кечдира оьшу кехаташ – уьш кхечу махка д1акхелхаш бара…

Марха реза яра – кхузара миччахьа ша д1аяхийтичхьана…

 

Т1аьххьарчу дийнахь, х1орш новкъа боккхуш волу стаг  схьаван цхьа  ши-кхо сахьт дисинчу хенахь, кхо нене дехар дира, ша Ден коша т1ех1отта яхийта аьлла.

 

…Ден кошан барз х1инца а т1ехь буц ялаза бара…

1адда лаьтташ чурт дара, дохлуш долчу б1аьстенан х1авао хьоьстуш…

Генара б1аьстенан хьоза дара шен йиш лоькхуш…

 

– Марха, д1аг1ой вай?

Ненан озо хадийра кхуьнан ойланий тай…

 

– Мама, со ца йоьду хьуна цхьанхьа а. Къинт1ера ялалахь…

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.