http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Дуьненах ойланаш Печать Email

Малакова Хеда

 

Малакова Хеда Дениевна йина 1991-чу шарахь Олхазар-к1отарахь. Дешна юьртарчу юккъерчу школехь, 2009-чу шарахь школа и чекх а яьккхина, оццу шарахь деша яхна Нохчийн пачхьалкхан университетан юридически факультете.2014-чу шарахь ц1ечу дипломца дешар чекх а доккхуш, караберзийна юристан болх.

Карарчу хенахь Нохчийн пачхьалкхан университетехь юрист болх беш ю.

Дуьххьарлера цуьнан говзарш зорбане евлла 2012-чу шарахь «Орга» журналехь.

Дукха ду дуьненан х1илланаш.

Цхьадерш ас хьекъалца эшийнарш

Дукха бу дахарехь баланаш

Хаттанза тхан х1усмехь лаьттинарш.

 

Дукха ю дуьненан харцонаш,

Бакъонна к1ело ян хевшинарш

Дукха бу дуьненчохь дийна берш

Ткъа дагца-м тоххарехь кхелхинарш.

 

Дукха ю дуьненан шалхонаш,

Адамийн матта т1ехь кирчинарш

Дукха ю дуьненан къайленаш

Со цкъа а шаьш йовза ца хьаьгнарш.

 

Дукха бу заманан хийцамаш,

Сан амал цкъа а ца хийцинарш

Дукха ду дахаран йозанаш

Х1инца а яздан ца кхиънарш.

 

Дукха ду дуьненахь адамаш,

Акхаройн сибташка дирзинарш

Дукха ду дуьненахь адамаш.

Эрна дог сан шайха лезнарш.

 

Дукха бу боьхкина сардамаш

Бехк боцчу доьзале боьссинарш

Дукха ду кхайкхийна не1алташ

Шайт1анна а кхайкхо цамагийнарш.

 

Дукха бу дуьненчохь доьзалаш

Бен доцуш ненан дог 1овжийнарш

Хийла да юьхь1аьржа х1иттийнарш

Лаамех Нохчалла доьхкинарш

 

Дукха бу дуьненахь бахамаш

Хьанал, я хьарам ца къестийнарш

Ахчанах Нана а йоьхкинарш

Моттарг1ан ламазаш дихкинарш

 

Дукха бу дуьненахь безамаш

Хийла к1ант езаре балхийнарш

Шайн дешнех со теша лиънаберш.

Тешийна, со лаьтта йожийнарш.

 

Дукха ю сан коьртехь ойланаш

Хийла сан готта са б1арздинарш

Дукха ю сан дагчохь г1айг1анаш

Ца кхоош сан б1аьрхиш кхачийнарш.

 

 

Къинхетаме дада

 

Мог1анаш ас яздо тахна хьуна.

Ду хьуна уьш даггара хьо лерина.

Хьол хьоме ма вац-кха цхьа а тхуна.

Хета малх а хьан дуьхьа ша къегина.

 

Оьздангалла хьоьца гуттар хилла.

Комаьршалла, и-м хьан ю-кха ц1ийца.

Къонаха-хьан коьрта амал хилла.

К1ордор дацар-кх

шерашкахь хьо вийца.

 

Лууш 1амо г1иллакхехь тхо даха.

Са кхоийна цкъа а хьо ца хилла.

Ницкъ мел кхоччу, ярах чолхе зама.

Г1ирти тхуна нийса некъ хьо билла.

 

Къинхетаме дог хьайн тхуна делла.

Хьо-м ца кхиъна хьайна ваха, дада.

Хьайн дикаллин йовхо а схьаелла.

Тхо бахьнехь ахь хийла лай-кха бала.

 

Хилахь, Дада, самукъне хьо тахна.

Яккхахь г1айг1а коьртера хьайн д1а.

Хьох масаллиц даха,

оха-м дуй бу биъна.

Хьан сий лардеш,

дошло хьуна, кхалха д1а.

 

 

Хьомсара нана

 

Юха а хьо гича гIайгIанийн кхерчахь,

Хорамо садукъдой ехха со Iа.

ХIун хир ду, нана,

хьан безамал мерза? –

Хьо йоцуш аьхка а хир дар-кха Iа.

 

Эсалчу бIаьргаш чохь

г1айг1а хьан яйча,

Тешалахь, лозуш, сан дог деттало.

Цхьа кIеззиг там хилла,

йоьлуш хьо яйча,

Сайл ирсе кхин адам ца хетало.

Даима тхан дуьхьа са дала кийча

Хуьлу хьо ца гайта хьайн берийн вуон.

Йоьжча а ницкъ боцуш

цамгарца къийса,

Ойланехь тхо хьоьстуш туьйсу ахь гуо.

 

Ларамза тхоьгара цхьа гIалат доьжча,

Тхо восах лардан хьо хьодура схьа.

ХIетте а, гуттар хьо хир йолуш санна,

Хьоьца Iен дицлой, тхо доьлхура дIа.

 

Ткъа тахна

къежъелла месаш хьан яйча,

Кхета со лан дезарх кхолламан вуо.

Делахь а кийча ю заманца къийса,

Кхин цкъа а марара ца хеца хьо.

 

Хилахьа, сан нана, цкъа мацах санна,

Елалой, екхалой даимна хьо.

Комаьрша хьан куьйгаш

сан юьхь тIе хьакхий,

Даггара къинтIера ялахьа хьо.

 

ЛадогIа аш соьга, нийсархой, тахна,

Гуттар а тидам беш ойла аш е.

Хьастийша вайн наной,

шайн маракъовлий,

ХIун хаьа,

хьостург дуй тIаьххьара де.

 

 

Яздархойх дош

 

Дахарехь д1аяздан мел тарлуш дерг

Яздархойн ц1арах го лелла.

Йоза ган б1аьргаш ду, хаза ши лерг.

Цара вайна схьакховдош аьлларг.

Мохк ларбеш къонахчо 1енийнчу ц1ийх

Толстойс а ондда дош аьлла.

Эхь, бехк а лардинчу адамийн сийх.

Лермонтов дийцина ваьлла.

 

Мел хала ду тахна яздархойн хьакъ.

Жоьпаллехь юьсуш ц1е яха.

Берд цоьстуш д1адоьду Терк а ду бакъ

Махкахь ша доккха ду бахахь.

Иштта ша йоккха ю яздархойн ц1е

Вайн Дала шайн пох1ма делла.

Уьш кхуьу,уьш беха, бала а ле.

Мохк дагчохь гайта ницкъ белла.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.