Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Эзаршлахь къастийра Печать Email

Кадырова Марина

 

Гуьйренан мох

 

Гуьйренан мохо г1а санна вехьи хьо-м,

Хьоь г1ийла сатуьйсуш, со г1ийла еха.

Хьоь кхайкха бакъо яц, кхайкха ца яьхьи со-м,

Хьо воцуш деъна де хетийца деха.

 

Эзаршлахь къастийра, ч1аг1о ас йира,

Хьох яла сайн дезахь дуьненах яла.

Ирсечу дахаран некъ хьоьца гира, –

Къаьхьа а, мерза а кад хьоьца мала.

 

Г1орийна, шелделла дог хьаста стаг воцуш,

Ма гена вели хьо, везнариг, гена.

Экаме безамна дан х1ума доцуш,

Ма ч1ог1а хьаьвзи хьо «шайт1ан мох» беъна.

 

Ткъа тахна-м башхо яц дуьне а доьхча,

Дуьненах самукъе хьоьций бен яц-кха.

Олуш ду толам хир – жимма са тоьхча,

Ткъа суна-м боьг1нариг эшам бен бац-кха.

 

Дахарехьсан некъан ца бевза хьовзам, –

Со стенга кхочур те хууш со яц-кха

Вай довза аьлла цкъа хиллийца йоза, –

Хьо воцуш деъна де дуьззина дац сан.

 

 

*   *   *

Ас хийла ларбина сахьтанан цхьамза,

Хийла дош хезна ду дог дохош сан.

Х1умма а дисний те кхин суна ганза,

Х1умма а дисний те ас дезаш лан.

 

Дахаро зевне а эшарш ца лекхна.

Хийла сан юьхь дуьхьал деттарах дарц,

Вайн Далла хастам бар декхар сайн хетта,

Цо хийла г1аттина, и дац сан харц

 

Малбале, малхбузе – хийцало зама,

Оьмарехь хин болу некъ хууш бац.

Хийцало адам а, хийцало амал,

Сан вонехь ца хилларг сан дикнехь вац.

 

 

*   *   *

Юьхь-сибат суна хьан дуьхьала деъча,

Сайн хилар диц а лой хан-зама сецна.

Суна ма диснарг ду - хиллар хьан генахь,

Ларъян сайн буьйсанаш ган лууш г1енах.

 

Г1илачу б1аьрхица седане хьоьжу,

Дуьненахь, эхартахь хьох тохар доьху.

Ткъа тахна-м х1ума дац цхьа г1айг1а йоцург,

Дуьненахь самукъе яц сан хьо воцург.

Сан коре деттало гуьйренан дог1а,

Даима кхайкхаза г1айг1а а йог1у.

Ма чолхе хьаьвзи хьо дахаран мог1а,

Х1ун ду те ца тайнарг, х1ун деъна новкъа.

 

Х1ун аьлла, х1ун даьлла дарви хьо ас,

Хьо велавалийта х1ун дер-те ас.

 

Безаман чIагIо

 

 

Сийна стигал теш х1оттийна,

Дерриг 1алам теш х1оттийна –

Сайн безамах ас хьоь  ч1аг1о йо.

 

Сан дог-ойла хьох д1аийна,

Сийна, сийна, сийна, сийна

Стигал теш ю. Даго воьху хьо.

 

Хьан къамело, хьан дикалло,

Сан безамо, сан жималло

Хьегаеш хьох ойла пана йо

 

Гергахь воцуш, ган йиш йоцуш

Г1ийла, г1ийла сан ойлано

1аьржа,  1аьржа  буса хьийза йо.

 

Хьоьга хоьжуш 1ийра ю ехха,

Вай безам бу дуьнена мехха, –

Маьлхан серло хицац дог1ано.

 

Сан мерзаниг вола, вола

Даккхийтахьа  вайшиъ дола

Мерза,  мерза,  мерза  безаме.

 

 

Сатийсар

 

Ахь сан 1уьйре хьайца йохйийр яцахь,

Соьга безам ц1арал бовха бацахь –

 

Ахь ма тийса сан некъана го,

Харц а тешам сан дагна ма ло.

 

Ахь сан суьйре хьайца хазйийра яцахь,

Соьга доху дог а догуш  дацахь –

 

1аьржа  б1аьргаш соь ма хьежаде,

Сан  сагаттар а 1еха ахь де.

 

Кховдабехьа соьга безам мерза,

Хьан дикалла, везнарг, озац терзо.

 

Хьайн  марзонах 1абаехьа со,

Сан ойланехь ваха висна хьо.

 

Хоьца яхар суна доьг1на дацахь,

Сан дат1ера бала бай байбеш вацахь –

 

Суна-м эшац маьлхан дуьне хьо,

Ас хьо кхечу йо1ан хьанал во.

 

Гурахь, б1аьста  мохо хьостуш, чехош –

Вог1у, кхочу бохуш дог сайн 1ехош –

 

Хьо гаре сатуьйсуш еха со,

Сан йозалла евзаш вуй-те хьо.

 

Со-м хьан шовда – хьан хьогалла яйа,

Со-м хьан кийра 1абон кхача бай.

 

Хьо-м сан дахар, хьо-м сан жима везар,

Хьо-м сан хаза, 1уьйре, суьйре яй.

 

 

*   *   *

Мел лаарх хьо вицван ницкъ боцуш еха,

Сох ваьлла хьан лелар дазделла еха.

Х1унда ахь къастийна йовхонах хьай со,

Вайн йоза цхьаъ хилар сатуьйсуш еха.

 

Дахарехь х1ун нислур хаа йиш яц сан,

Амма хьо вицвина минот а яц сан.

Суьйрено даима г1айг1а ма яхьа,

Хьоь болчу безамна дан х1ума дац сан.

 

Хьо цигахь, со кхузахь ма нийсо яц-кха,

Хьо генахь хиларна детта са дац-кха.

Сан ц1е цо йоккхий те, дага а йог1ий,

Хьуна сагатдар бен кхин г1айг1а яц-кха.

 

Со санна кхин накъост хир вуй те хьуна,

Сан санна дог лазар ма лойла хьуна.

 

 

Зезаг

 

Хаза де ду тахна деънарг,

Хьомениг, хьо со ган веъна,

Ровзан карахь хаза ловзадеш.

 

Хьан къамело мерза хьоьсту,

Дари санна дог сан цоьсту –

Куьйган п1елгаш го хьан дегадеш

Беснеш а сан ц1арах йогу,

Лаьтта хьоьжу б1аьргаш догу –

Нанна гарна кхоьруш лаьтта со.

 

Маца хир те и хаза де,

Тоттуш хьуна т1аьхьа ков т1е –

Ц1а валлалца г1ийла юьтуш со.

 

Вовшах къаста безам боцуш,

Чу ца яхча йиш сайн йоцуш –

Хьан къамело хийла сецайо.

 

И ду суна мазал мерза,

Ца юьту цо ц1ехьа ерза –

Ткъа хьеелча нанас дов ма до.

 

Беснеш а сан ц1арах йогу,

Лаьтта хьоьжу б1аьргаш догу –

Нанна гарна кхоьруш лаьтта со.

 

Маца хир те и хаза де,

Тоттуш хьуна т1аьхьа ков т1е –

Ц1а валлалца г1ийла юьтуш со.

 

 

*   *   *

Хаьржинчу некъана ирс дуй-те хьакъ,

Даго а хьоьхуриг дуй теша бакъ.

Хаттарш ма дукхха ду цара бо  ницкъ

Мичхьа ду ца хаьа цхьаьнна шен рицкъ.

 

 

*   *   *

Ма ч1ог1а хьаьрчина дог-ойла хьох,

Вуй хьо те дуьненахь кхета верг сох.

 

 

*   *   *

Безаман ч1аг1о

Сийна стигал теш х1оттийна,

Дерриг 1алам теш х1оттийна –

Сайн безамах ас хьоь ч1аг1о йо.

 

Сан дог-ойла хьох д1аийна,

Сийна, сийна, сийна, сийна

Стигал теш ю. Даго воьху хьо.

 

Хьан къамело, хьан дикалло,

Сан безамо, сан жималло

Хьегаеш хьох ойла пана йо.

 

Гергахь воцуш, ган йиш йоцуш

Г1ийла, г1ийла сан ойлано

1аьржа, 1аьржа буса хьийза йо.

 

Хьоьга хьоьжуш 1ийна ехха,

Вайн безам – дуьнена мехха, –

Маьлхан серло хийцац дог1ано.

 

Сан хьомениг вола, вола

Даккхийтахьа вайшиъ дола

Мерза, мерза, мерза безаме.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.
Поддержка сайта