http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Нана Печать Email

Дукузова Хадижат

 

Дукузова Хадижат 1997 шарахь Соьлжа-Г1алахь йина. 2014 шарахь 11 класс чекхъяьккхина. Шен 12 шо кхеччахьана дуьйна стихаш язъеш а ю.

Нана, сан хьоме нана!

Суна дуьне гайтинарг ю хьо.

Со кхиа, яха ахь 1амийна,

Ца йоха 1амийна со.

Со нийсачу новкъа ахь яьккхина,

Суна уллехь хилла ю хьо.

Цу новкъара гал со ца ялийта

Делера ахь дийхира г1о.

Х1инца и зама д1аяьлла,

Д1аяхна и хаза хан.

Хьомечу ненах со яьлла,

Моьттура ду иза г1ан.

Ткъа иза-м г1ан ца хилла,

Ца хиллера иза г1ан…

Ма ч1ог1а, ч1ог1а сатийси

Юхалиста и хаза хан.

Хилларг а ма даьлла хилла,

Дан х1умаъ ма даций вайн.

Ма дукха диснера сан хьоьга ала,

Нана, сан хьоме нана!

 

 

ХАН Д1АЙОЬДУ

 

Сан даго хьоьга сатуьйсуш,

Дуьненах ас гонаш туьйсу.

Сан даго хьан марзо лоьхуш,

Хьо гайтар ас Деле доьху.

Де доьдий, буьйса т1ейог1у ,

Ткъа суна наб а ца кхета.

Дог1а а шийла ма дог1у,

Х1ора а т1адам сан дагах кхета.

Г1ийла со ойлано ехьча,

Сан ойла хьуна т1е йоьрзу.

Кхетаме ладоьг1на собарехь сецча,

Хан суна ца лаьтта,

сан хан д1айоьду…

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.