http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Сан бIаьргийн серло Печать Email

Хамидова Малика

Дуьнена догIу вай

Дуьнена догIу вай, хан йолуш елла,

Лийр доцуш санна вай 1ехалой деха.

Cирла ду, хаза ду деза и вайна,

Х1оранна ма лаьа ирс долуш ваха.

Дуьненахь йоккху хан яц еха шуна,

Диначу вонна вай девра ву дохко.

Эхартахь дикий бен карош дац хьуна.

Дахий вай дикий бен кхин лар а йоцуш.

Дахий вай даима ларамбеш вовшийн,

Г1иллаккхий, собаррий амал а йина.

Безачара, бевзачара оьзда стаг олуш –

И ю-кха билгалло хьо нохчи хилар.

Ларамбеш, хьасене вовшашца мерза,

Дахий вай вайн Дала еллачу хенахь.

Дуьненахь юьту ерг г1иллакхан лар ю,

Дуьненахь юьсу ерг вай юьту ц1е ю.

Гуьренга лести сан дахар

Малх хьулбелла, кхоьли стигал,

Сих-сиха хьоькху арахь мох.

Олхазарийн жут йоьду къилбе,

Гуьйре еъна даржош дохк.

1аьржа марха санна базлой

Шерийн мохьуо дог хьаьшна.

Хаьа суна, яц и къайле,

Хьен ца луш т1екхочур 1а.

Нана

Со йинчу юьрта со йог1у сатосий,

Сайн Нана яьхначу хьомсарчу керта.

Хаьа суна гур йоций, дуьненахь йоций.

Х1етте а йог1у со хьан йовхо езна.

Ойланехь г1аттадо, Нана, хьан васт ас,

Хьо юххехь 1аш санна къамеле йолу.

Хьан суьрте хьоьжу со, йоху хьо карла,

Цкъа мацах чов хилла дог х1инцаъ лозу.

Аьрхалла сан тееш, цкъа а ца човхош,

Лам санна даима собаре хилла.

Дов метта хьехам беш, иманехь нисйеш,

Маьрша деш некъаш сан, Нана, ахь кхии.

Сан коьрте хийшина цамогаш хилча,

Хийла наб йоцуш буьйса ахь яйи.

Хьайна къен, ткъа суна хьал долуш хилла,

Ас муха дицдийр ду йист йоцу хьан дика

Хиллачу халонна къинт1ера яла.

Ехийла йолчарна сийлахьа Нана

Хьо йоцуш д1айолу дуьненан серло,

Хьо йоцуш д1айолу дуьненан марзо,

Хьо йоцуш д1айолу дагт1ера токхо.

Сан Даймохк, Нохчийчоь

1уьйренан х1о санна Нохчийчоь ховха ю,

Х1уьрлаь1а йо1 санна исбаьхьа, хаза ю.

Сан Даймохк, Нохчийчоь, сан деган йовхо хьо,

Хьоьций бен сайн дахар ца гина, ца го.

Сан Даймохк, Нохчийчоь, сан б1аьргийн серло хьо,

Сан Даймохк, Нохчийчоь, сан деган марзо хьо.

Хьоь болчу безамо дахарехь ницкъ ло,

Хьоьций бен сайн дахар ца гина, ца го.

Хьан стигал кхола еш ма йог1ийла марха,

Беркате дог1анна ша йог1уш яцахь.

Вайн Делан диканаш дебийла Нохчийчохь,

Хьоьций бен сайн дахар ца гина, ца го.

Декъалйе даима тахана, кхана,

Ехийла иманехь, ларйойла Дала.

Ирс долуш вехийла хьан кхаьрчахь массо,

Хьоьций бен сайн дахар ца гина, ца го.

Бераллехь дуьна хьо суна марзйийна

Сил дукха хьо езаш, лара а 1амийна.

Де-ненан санна хьан гуттара хама бо,

Хьоьций бен сайн дахар ца гина, ца го.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.