http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Дахаран т1аьххьара т1адам... Печать Email

Халикова Асет

 

* * *

Суна бен ца гуш дерг юьхьдуьхьал даьлча,

Д1алачкъа цунах кхин меттиг ца бисча,

Дахаран т1аьххьара т1адам д1а1аьнча,

Х1ай, дуьне, хьо сайха диснийла хуур ду-кх суна.

 

Юьхь т1ехул хин тача меллаша хьаьдча,

Д1аоьху лараш а сайна схьахезча,

Готтачу лахьти чохь суо самаяьлча,

Х1ай, дуьне, хьо бакъ ца хиллийла хуур ду-кх суна.

 

Цкъа дайна г1ан санна, хьо карладаьлча,

Къаьхьачу байттаман мохь кийрахь баьлча,

Сайха цхьаъ таръялар сайн бехк карийча,

Х1ай, дуьне, х1ай, маьлхан дуьне,

Хьо-м диса кхоьллиний хуур ду-кх суна.

 

 

Жимчу адамна лерина

 

Синтемах далар а х1ун ду ца хууш,

Мацделча дузар бен,

К1адделча дижар бен

Дахар ца девзаш,

Цхьа жима адам ду дуьнен чохь кхуьуш.

Малийкийн хьестарх а г1енах ша доьлуш,

Хьаьстича делар бен,

Човхийча делхар бен

Дуьне ца девзаш,

Цхьа ц1ена дог ду-кха сиха детталуш.

Цхьа беха некъ бохьуш кху лаьтта деъна,

Кохкурша къийлар бен,

Хьацарх самдийлар бен

Ирс, бала ца бевзаш,

Цхьа жима малик ду-кх адаме доьрзуш.

Х1ун хаьа х1ун гур д у дахарехь цунна,

Я цуьнан г1енаша цуьнга х1ун дуьйцу?

Массара лайнарг бен,

Массо а хьегнарг бен

Х1ун дара дахарехь цунна ган диснарг?

Ден, ненан къа токхуш дуьненчу даьлларг…

Ша т1аьхьадисна а,

Я хьалхадаьлла а,

Адамийн доьхьа цхьаъ д1адала дезарг.

Кха дагарх,

Ц1а дагарх

Са дагор доцуш,

Цхьа жима адам ду-кх,

Ирсо хьаьстиний бен,

Балано лазийний бен,

Дуьне шех диса йиш йоцуш…

 

 

Сонет

 

ЦIе а дIа йицлур ю, кхин цIераш евлча,

Хьан ирсе шерийн гIа маждала доьлча…

Жималла дIагIур ю, ела а къежна,

Хьан доггах веларехь шех хьагар дитна.

 

БIаьсте а йогIур ю, шен духар доьхна,

Кхечунна ирс хьоьрсуш, хьуна букъ тоьхна.

Хьан доьзал – баркалла долуш я доцуш,

ДIагIур бу, ирс лоьхуш, я хьан а боцуш.

 

Хьан шераш – гIаргIулеш, хьо цхьалха витна,

Лелар ду багийна сатийсам лоьхуш.

Кхолламо шен архаш хьоьгара дIаэцна,

Хьегор ву синтемах, декхарх ца вохуш…

 

Ткъа тешам – дахаро аьгна хьан тешам,

Бехар бу, хьан деган кхерчан цIе хилла…

Со йилхира

 

Со йилхира,

Дуьненах къаьстича бIаьсте.

Ирс лаьррарг – карийна гIан,

Вайн маьлхах гIайгIа ца къаьсташ,

Гуьйрено даржийча гIа.

ТIаккха ас лехира иза,

Къаьхьачу новкъа а яьлла.

Зама сайх леташшехь къиза,

Халонна къурд а ца аьлла.

 

Со йилхира,

Дуьнен чохь яьржича бIаьсте,

Эрна сайн даьгна дог гуш…

Дитта тIехь заза ма латийн,

ГIорийча ас дийна хIу…

 

Со дукха хьийжира цуьнга,

Сайн ягарх маьIна а лоьхуш.

Ца доьгIнарг – мел лехначунна,

Цхьалла ю-кх къаьхьа жоп доькъуш…

 

Со йилхира…

 

* * *

ЛадоьгIу Iаламан тийналлин озе,

Дахаран къайленаш юьйцучу хьозе.

Хан – мIаьрго ю – кху дуьнен чохь сецнарг,

МIаьрго ю, абадел шуьйра тIам хецнарг.

 

Гуьйренан гIа санна, вайн денош оьгу,

Ца ваьлла вехарг хьоь мел гIийла хьоьжу.

Тхох дисарх, буо доцу тхан миска дахар,

Хьуна а ма дара тхан синойн декхар.

 

Сайн дахар го суна, чIурамах догу,

Тем боцу бIешераш сан даг тIе оьгу.

И гар соь лан ца ло, амма бац иэшам.

Ас дагца ларбина диканах тешам!

 

 

ГIайгIане илли

 

ДогIано олу шен гIайгIане илли,

Дуьненна къарлучу дегнашна тIера…

Коша тIехь барз санна, цхьалха а Iуьллий,

Бераллин аз кхочу суна тхайн цIера.

 

БIаьргашна хазадерг долучохь хаза,

Дагна ца бевзачохь я цхьа а лазам,

ДогIано олуш ма хиллера илли,

Сан ненан кортали шен коьрта туьллий.

 

ДогIанан хIора а тIадамна тIера

Ловш ю ас аз доцу, дог доцу гIайгIа…

ХIай, догIа! Цхьанхьара ду вайша цIера,

Цхьаъ ю вай ловш йолу дуьненан гIайгIа.

 

Лаьтта тIе мел Iена догIанан илли,

Кхачор яц дуьнено шен меца гIайгIа.

ГIайгIане гIайгIа шен охIла а хилла,

Хийланиг къаьстар ву дуьненахь вайха…

 

 

Заманийн лараш

 

Сан бераллин бIаьргашца хьоьжу соь

тхан цIенойн бIаьргаш…

Сан безаман бIаьргашца хьоьжу соь

тхан юьртан хийисташ.

Марзонийн йовхонца тIейогIу сан махкахь бIаьсте.

Къонахийн бIаьргашца хьоьжу соь

Даймехкан бIаьргаш…

Ткъа лаьмнаш а, къаной а суна цхьаъ хета –

ДIа мел дахначун тешаш санна,

ДIа мел даьллачун чарташ санна,

Уьш лаьтта, хебаршка ихначу юьхь тIе

Заманийн лараш а йийшийна.

БIешерийн тIаьххьара денош санна,

Уьш дIатIехьийсича, хилларш а тхьуьйсур долуш.

Уьш хIолламаш ю заманашна йоьгIна –

Шайн ирсана, шайн дакъазаллина…

Дуьнен чохь а, эхартахь а теш хила безаш,

Уьш – къоьжа къаной – заманийн хIайкалш ду,

Со санна берш са сема, са дийна латтош.

Сан дендайн бIаьргашца уьш соьга хьуьйсу…

 

 

Абадехь дайна ирсан цинцаш

 

Са лаьтта сан цигахь,

Сайн марзо геналло лачкъийча санна.

Дуьхьалх1уьтту наггахь,

Б1ешерийн кхера иэсана хьалхара д1а а хуьлий.

 

И латта а, и мохк а хьанбелла

Сан дендайн хьацарх, ц1ийх, дог1мех…

Уьш цигахь 1ахка бисина,

Чим хилла б1ешераш санна,

Дуьненна т1ехула махо д1асадаржийна

Х1ун буьртигаш санна…

Сан дендай, сан ворх1е а дай.

Маржа! Маржа!..

Кхул т1аьхьа-м дуьне, т1ара сана, хьовзийна,

Генна паналле д1акхоьссича а – х1ун башха дара,

Даймахках даьхна, дахаро къардиначу синошна?..

Ирсан т1адаман цхьа чам лоьхуш,

Дуьненан ерриге къизалла а лайна,

Кхин пусар а доцуш, буй а ца хууш

Д1абайна седа санна, гуттаренна д1адайна дахар,

Къоман масийтта чкъор…

Тахана сайна т1ера а, дуьненна шайх саг1а деш,

Д1абайча санна хета суна уьш.

Есаллехь божийна хин чами санна,

Абадехь д1адайна ирсах хьегна цинцаш –

адамаш – сан дедай…

Январь, 2010

 

Дахаран цхьамза

/Поэма/

 

1

 

Ца соцуш, беттало хIораннан дахаран цхьамза,

Мичахь и соцур бу хууш дац адамех цхьанна.

Мел чIогIа ницкъ хиларх, цхьаммуо а сацор бац иза,

Иштта ду-кх дахаро вайга схьакховдийна низам.

 

ДIо лаьтта ножан дитт хетало гIайгIанах дуьзна,

Сан санна, цуьнан а жималлин малх а дIабуьзна.

Дистхила йиш яц и – иштта ду-кх дахаран гIиллакх,

Вайх хIораъ гуттар а гурашкахь цуьнан ма хилла...

 

Малхбалехь малх бузар

цкъа маццаъ хирг хиларх тешна,

Хийла стаг дIавахна, доггах и хиларе хьежна...

Малхбузехь малх кхеташ гIенах цкъа сайна схьагина

Сан дегIан хIора цуьрг йилхира адамийн къина...

 

Хьо, жима ву аьлла, цхьаннел а тIаьхьа ца вуьтуш,

Я, воккха ву аьлла, цхьаннел а хьалха ца воккхуш,

Iожалло къастийнарг дахаро къарвина вуьтуш,

Дуьне ду-кх шен цхьа го юх-юха карла ша бохуш.

 

Азаллехь дуьйна схьа сан деган охIла а хилла,

Дайшкара кхаьчна соь кху махках йолу сан гIайгIа...

Нохчийчоь, хьо езна ца хиллехь суна сайн сил а,

Ахь суна хьарам де хьайн махкахь маьрша ког биллар.

 

2

 

Нохчийчу мел догIу декъала, декъаза некъаш,

Орамаш тасале кхелхинчун кошан барз санна,

Къух даьлла дисича, хьаша-да воцуш уьш декъа,

Хаддаза деган неI еттара илланчо. Амма...

 

Хьешана ков деллахь – дакъаза яларна кхоьруш,

Сан нанас боьллина хилла гIуй баста, соь бохуш,

Къаръяла ца туьгуш, йилбазо хьесталуш бахарх,

Ас хIетахь, бераллехь, долийна хилла сайн дахар.

 

Мецачу Iожалло дайшна тIе шийла мотт хьаькхна,

Кхолламаш – къайленаш йогучу шен бага кхоьхьуш,

“Ткъарш” аьлла дог эккхаш хиллехь а,

шийла мохь хьаькхна,

Сан узар бераллехь дисна ду, Деле а доьхуш.

 

Шен нана шен йоций хиъна верг санна, со йоьхна

Хьежна кху Даймахке, цунна чохь цхьа беркат лоьхуш.

Когаш кIел хаалуш дахаро шен зIийдиг хоьцуш,

Лаьттина, хеталуш чуртана метта со йоьгIна.

 

3

 

Лаьтта тIе куьг дуьллий, ладоьгIу ас цуьнга хийла.

Мичахь ю-техьа и гIаланаш – вайл хьалха хилларш?

БIаьргаш чохь дегадеш эзарнаш – эзарнаш хаттарш,

Жоп дала да воцуш, гора а яхна со лаьтта...

Яхь ца луш, гIазотехь эгначу сан ворхIе дайша

Лайначун теш хIуттий, Iаламо доладо дийцар.

И дийцар хададой, харцдо и дуьненан лайша,

Амма дIадайалац яздинарг хьаналчу цIийца...

 

“Бистхила йишйоцуш, со-м кхузахь атта ца лаьтта, –

Уггар а лекха лам бистхуьлу, делхадеш тIулгаш, –

Шовданаш – бIаьрхиш сан –

ницкъ бац уьш кхин кийрахь хьулдан,

Кхолламан хьукманца теш хила, со кхузахь лаьтта.

 

Кху махкахь мел Iенна цIий лаьтто худаза сийса,

Кхузахь мел эгначех хьоьгура дIавигнарг йийсар.

Дуьненна тIехула айбина гIазотан байракх,

Наноша хийлаза кхиийра кIант барзал майра”.

 

Кхин дIа а дуьйцу цо, жил-Iалам ойлане доккхий,

Кхин дIа а дуьйцу цо, ладоьгIург йохье а воккхий.

Къизачу дахаро беш гина нийсонна бекхам,

ЧIара а буьсура Iадийна, дицделла нека.

 

Маьршачу стигла тIехь мел кхозу и сирла седа,

ХIоранна шен хетта – ткъа уьш ду массарна лепаш.

Аганахь дуьйна схьа кечдина дов шега хьедарх,

Къонахчо, ца вухуш, дина ду цу девнан хьесап.

 

Зуькаран чIагарехь воьдучун хьалха я тIаьхьа

ДIа хьакха ца велла чекхваьлларг нийса чекхваьлла.

Иштта хьо дахарехь, нахаца тарвелла, вахахь

Бохуш, вай кхиийна мас тIаьхье яьлла?!!”

 

Ткъа цуьнан дийцарехь заманаш хуьлура ийна,

Амма уьш, лам санна, хуьлура садолуш, дийна...

 

4

 

ХIоразза керланиш паччахьаш дарже а богIий,

ХIоранна лекх-лекха хIолламаш, харц сий деш, югIий,

Дакъазаваьлла верг хуьлура

писанийн туркх хилла хьийзаш,

Декъалахилла верг – зуькарийн чIагарехь хьийзаш.

 

Дуьненна тIебижна заманийн харцонан Iеха,

Амма и хилла бац сан халкъан иэсал а беха.

Бакъдерг схьадуьйцуш ду Нохчийчохь хIора гIа-патар,

Со делла ялале, жоьпех а дузу сан хаттар.

 

ТулгIенаш айайой, хиш керчош, дистхуьлу шовда:

“Хьан дедайн цIий дуьлуш, къийсамехь со хийла Iийна”.

ТIулгаш а теш хIуьтту, хIинцулц шаьш Iийнехь а тийна.

Седарчий лепара гIазотехь беллачийн сийна...

 

Иэс дагош, латийна Хьайбахахь адамех цIе а,

Орамех хадийна, дIадигна нохчийн къам цIера...

Делах а волура хилларг цу харцонна къера,

Ийман ца тоьънарг а волура цу уьнах хьера.

 

5

 

“Цкъа соь а дийцийта! – дистхуьлу къора аз соьга, –

Ас а дIадуьйцур ду къизачу бакъдолчух хьоьга.

Гой хьуна, сийна Терк гIайгIане, карзаха догIуш?

Цуьнца ду шен гIуда – дуьненца нисдала догIуш”.

 

Хийлаза тIеман чов йилина шен тулгIеш ловзош,

БIешерийн теш хилла, харцдина бакъдерг а дохьуш,

Дади-юрт ягийча, мехкан сий ца гайта ловзош,

Мехкарий кхелхира кхузахь, шайн гIазот а доккхуш.

 

Къийлина шегахь и Даймахках хьирчина бала,

Терко а эцна ю дуьнен чохь карзаха амал.

«Дади-юрт», «Хьайбаха» – цу озо кхин цIераш йоху,

Сийдолчу мехкаршца сан дог а йохье цо доху...

 

6

 

Заманаш хьехаеш, бIешераш сама а довлий,

Керлачу гIайгIано цхьалха дог мара а къовлий.

Ас а дIадалхадо Iаьткъинарг жимачу кийрахь,

Хилла ца хиларна и зама сайн синна хийра.

 

ТкъолгIачу бIешеран чаккхенан юьхь схьа а йостий,

Лазамийн хIайкал, сайн даг тIера даьккхина, достий,

Дуьйцу ас, Даймехкан дог саццал, къизалла хьаьъна,

Нохчийчоь цестарах, хIинца а ца дирзи даьIнаш.

 

Замано кхолийра, Даймохк, хьан син цIена Iадат.

Ваша вуьйш даьккхинарг хуьлура тIаккха вайн гIазот.

Харцоно къардина, сама а ца долуш, хийла

Вайн къомо текхира дуьнен чохь баланаш шийла.

 

7

 

Чухьаьжча тIулгаш а дагардал, сил цIена Орга!

Хьан иэсан лараш ю йистйоцуш, бухбоцуш кIорга...

Хьан хи тIехь цу Мохьмад-шайха цкъа дина цхьа ламаз

Тоьар ду, къам хилла кху махкахь вай даха Iама.

 

Хино ца карчийра ламазна цо тесна цIока,

ДоIанца йийхира ДегIаста цо, вахна гора.

Эвлаяийн беркато мохк цIинбар цу Шаройн ломахь –

Карор ду и тайпа дийцарш а иэсехь вайн къоман.

 

8

 

Теш хилла лаьтта со, еллалуш бIешеран къайле,

И йовза гIерта со, бIешарца иза дIаяле…

Лазамаш зингатех хаддаза лаьтто чууьйзу,

Бакъдерг ас заманех, дахарах сайн куьйга луьйсу…

 

Ламанийн хьехнашкахь Iихкина историн хьаьркаш,

Беза тIулг дIахуьлий, хьех чуьра схьа арайовлу.

Дажал а гуттар а лаьттинарг, сан къомах кхаьрдаш,

Стиглано шед тухий, цу лаьтто шен кийра къовлу…

 

Баланехь лаьттинарш, букъ нисбой, ладегIа хIуьтту,

Къийсамехь эгийнарш бIаьрлагIех бIаьрдуьхьал хIуьтту.

Харцонах – харцдерг а, нийсо а хуьлура нийса,

Цхьанна ца дуьсура цхьанцце а хIумма а къийса.

 

Кху махкахь мел долу беркат схьа гуча а долий,

Уггар а лекхачу лома тIе сихонца йолий,

Лаьтта со, хазалло дог а сан, бIаьрг а къарбина,

Цунах ца ялийта, доIанна куьйгаш айдина…

 

ДоIа

 

Сан Даймохк – дезачу, цIеначу беркатан латта!

Делан дош лардина, бусалба дог долу латта!

Эвлаяийн, устазийн цIеналло хаздина латта,

Са цIена, сурт хаза, хIинцачух хьо тхуна латта!

 

Хьол деза, хьол цIена хIума ца хетачу синна,

Декъазчу, ирсечу, цхьалхачу тхан синойн къина,

ГIазотехь эгначу хьан кIентийн синошна тIера

Дуьнен чохь ма хила хьо цкъа а харцонна къера!..

 

ДIадахнарг, долушдерг, хиндерг а цхьаьна гулдина,

Тешнабехк, ямартло дIайоккхуш, хьан дог цIандина,

Нохчийчоь, декъаза хьайн доьзалш бе хьайна муьтIахь!

Хьо яц и, хиллаерг даима цу Далла муьтIахь?!

 

ХIай Дела, оьгIазло дIаяккхий, тхо самадаха!

Ницкъ лохьа, хьекъал ло, собар ло даха…

Мухха а тIеярах дуьненна и хьаша – зама,

Ийман ло, оха Хьо резавеш, даха тхо Iама.

 

ХIай Веза, хIай Лекха, хIай Сийлахь АллахI-Дела!

Дерриге хIуманан да волу, сийдолу эла!

Декъалде Ахь тхуна делла тхан Даймехкан латта.

 

Даймехкан беркат,

Сийна стигал санна, лекха дехьа,

Iаршан лакхе санна, деза дехьа,

ГIа-буц санна, шорта дебадехьа,

Iаьржа латта санна, кIорга дехьа,

Сийна хIорд санна, шор а дехьа,

Зам-заман хи санна, цIена дехьа,

Ялсаманин стом санна, мерза дехьа,

Хьайн возаллора, хьайн сийлаллора!

Дехар – лайн гIиллакх ду-кха, далар – элан…

Ас хьайга кховдийна куьг деса ма дерзадехьа!

Iаьржа мохк кIайн бехьа!

Готта маршо шоръехьа!

Доьлху дегнаш диэладехьа!

Сан Нохчийчоь декъалъехьа!

 

Дерзор

 

БIаьрхино дегийна, латта а схьа самадолу…

Нохчийчохь машаро, тIам тоьхна, шен илли олу…

Стигла а екхна ю, латта а бIаьстено хьийна,

Со а юй хаало хIинца а садолуш дийна…

 

Ас, илли санна, хьо, Даймохк, сан дахаро цIинбеш,

Харцо а егийна, сайн корта лаккха ас айбеш,

Илланчин деза дукъ хаалой белшаш тIехь сайна,

Ас лаьтта ког буьллу, хIуманах ца кхоьруш, майрра…

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.