http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Тешаман тIемаш Печать Email

Петирова ПетIамат

 

* * *

Ахь тешаман тIемаш делла,

Ойла гIаттий сан.

Лаьа хьуна дог сайн делла,

ГIайгIа теян хьан.

 

Хьо ма лела безам лечкъош,

Дуьхьал ала схьа.

Со-м ца йоллу дера чехош,

Ойла херъян хьан.

 

Хьайн ойланехь го а тасий,

Кховда кханене.

Вола сарахь ган сатасий,

Кхайкха шовдане.

 

Хьоь сатуьйсуш Iер ца хьулдеш,

Херъеш куралла.

ХIуттур ю со кIудал буйнахь,

Денъеш къоналла.

 

 

* * *

Экама къоналла пхийттара йолуш,

Сан гIенаш хьистинарг хьан амат дац.

Нийсархойн мог1арехь со кура сетташ,

Ас къайлах лардинарш хьан некъаш дац...

 

Дагахь доцуш,

Лехна воцуш,

Ц1аьххьана, ц1аьххьана...

Дуьхьал кхетта,

Дагах кхетта,

1ехийна, 1ехийна...

 

Ца кхеташ я кхеташ хьан хьажар сацош,

Хьан бIаьрса дуьйлинарг сан сибат дац.

Дуьххьара кийра цIе латош, хьо чахчош,

Хьан синтем байинарг со янне яц...

 

Дагахь доцуш,

Лехна воцуш,

Ц1аьххьана, ц1аьххьана...

Дуьхьал кхетта,

Дагах кхетта,

1ехийна, 1ехийна...

 

Дахаро 1овжийча, эндаже човхош,

Со 1ехон кхажбаьлларг хилла-кха хьо...

Хьайн деган к1оргехь ахь кхаьбна сатийсам,

Кхочушбан ирс кхаьчнарг яц теша со?..

 

Дагахь доцуш,

Лехна воцуш,

Ц1аьххьана, ц1аьххьана...

Дуьхьал кхетта,

Дагах кхетта,

1ехийна, 1ехийна...

 

Гуьйре…

 

Сан лаьмнашка йоьлуш юссу гуьйре,

Качлуш ненан экамечу йоІал.

Хуьлу тайна хІора йогІу Іуьйре,

Деши лепош, къага гІерташ малхал.

 

Сан лаьмнашкахь йоьлхуш кІаргло гуьйре,

Къелиг юьйлуш, лешош мархийн бІаьрхиш.

Дерзо серсаш сахьийзадо, суьйре

Бехказъюьйлу тийна лоькхуш йиш.

 

Сан лаьмнашкахь хьийза дашо гуьйре,

Говза куьйгаш кхачош массо метте.

Эсехь дендеш сан бераллин туьйра,

Кху хазаллин йийсарехь со лаьтта…

 

ДоттагІ, хІара сайн лазамийн гуьйре,

Хьуна ло ас – ахь сан гІайгІа мийлла.

Дехар до хьоь вай лийрина уьйра,

Йиц ма елахь, мох а хьекхарх шийла…

 

 

* * *

Ахь хийла дог хьоьстуш эгийна и дешнаш,

Ас хийла хьан дуьхьа легийна и бІаьрхиш,

Вовшашна са догуш къедийна ойланаш,

Стом боцуш, доь доцуш паналлехь яй…

 

Самаха ца дицдан ас дагехь къийлина,

Набаро Іехийча гІенашка кхийлина,

Серлонехь, боданехь цхьабосса дийлина,

Хьан амат безаман херцаршлахь дай…

 

Тийначу озаца къайленаш йийцина,

БІарлагІех Іехалуш некъаш ца хийцина,

Хьан лорах хитталуш тачанаш дуьйцина,

Сан седа хьан иэсехь лар йоцуш бай…

 

Малхо шен зІаьнаршца йовхонна кхиийна,

Беттасин серлоно самонна къагийна,

Довхачу дегнаша марзонах Іабийна,

Экама и безам ца ларби вай…

 

* * *

Суьйренца г1елбелча доьзал,

Со йогIур цахиларх тешна,

Дог теший со хиларх декъал,

Сагатдеш ма лела, нана.

Сагатдеш ма лела, нана.

 

Бералла сан карлайохуш,

Схьа ца ян дIаяхнарг гена,

Тийналлехь сан цIе а йохуш,

Сагатдеш ма лела, нана.

Сагатдеш ма лела, нана.

 

Нийсархойх бIаьрг кхетча хийла,

Йижарий гулбелча цхьаьна,

Царалахь со лоьхуш гIийла,

Сагатдеш ма лела, нана.

Сагатдеш ма лела, нана.

 

Ас лоруш витина везар,

Цкъа наггахь бIаьрга гахь хьайна,

Дитина мел долу дезарш,

Сагатдеш ма лела, нана.

Сагатдеш ма лела, нана.

 

Йиш-вешин дог Iийжар хаий,

Доьзалан ирс кхоларх кхетий,

Нийсаршна со эшар ларий,

Доггаха къинтIера ялий,

Собаре хилалахь, нана.

 

* * *

Ангалин хилла-кха сан ирсан ага,

Ткъа кохкарш кхолламан сов чорда хилла.

Аганан гIаж лаьцна куьг хилла шога,

Со цуьнан аьрхалло лазийна хийла.

 

Валти а кечдина, кIохцалгех дузуш,

Сан ирсан меттамотт аьхналлех хадош.

Елхаран къурдаша кийра а бузуш,

Цо хийла мохь аьлла дуьне а Iадош.

 

Ангали аталуш, даьржина Iана,

Кога а дахале, ирс акхадоккхуш.

Дезарна кхидIа а дахарна Iама,

И новкъа хIоьттина, гIийла гIулч йоккхуш.

 

Цахилларг я хилларг ойланехь луьттуш,

Сатийсам, байтамал вовшашца къуьйсуш,

Туьйране бIарлагIаш дуьхьала хIуьттуш,

Цо хийла некъ бина кийрахь кIеж туьйсуш.

 

Ангалин хиллехь а сан ирсан ага,

Кхолламан кохкарш а сов чорда хиллехь,

Сан ирсо безамца луьйцур ду дага,

Шен лерса хьистина аганан илли.

 

И илли дара со Iамийнарг ела,

И мукъам бара со Iамийнарг елха,

И дешнаш дара со, мел хиларх хала,

Сайн вонехь, диканехь ца йитнарг цхьалха.

 

 

* * *

Ас хьуна, ахь суна лерина иллеш,

Хьуна тІе, суна тІе вай дина некъаш,

Со лоьхуш, хьо воьхуш дІаихна денош,

Довр ду те, довр ду те, вайн туьйра хедаш?

 

Хьо хестош, со хестош кхоьллина иллеш,

Халонехь, аттонехь теллина некъаш,

Сахьийзаш, сагатдеш дахделла денош,

Довр ду те, довр ду те, вайн туьйра хедаш?

 

Безамца, лерамца яздина иллеш,

Генара, гергара идийна некъаш,

Хьегамца, хьежарца текхийна денош,

Довр ду те, довр ду те, вайн туьйра хедаш?

 

Дог далхош, бІаьрг белхош декийна иллеш,

Йочанехь, йокъаллехь дуьстина некъаш,

Хьан ойла, сан ойла хьистина денош,

Довр ду те, довр ду те, вайн туьйра хедаш?

 

Хьан дагехь, сан коьртехь гІайгІане иллеш,

Маьршачу ойлано гездина некъаш,

Лаамаш, лехамаш гІиттийна денош,

Довр ду те, довр ду те, вайн туьйра хедаш?

 

 

* * *

Даго хьоьху –

Къаьстар ду вай кеста.

Даго воьху –

Ойла хьоьца кхерста…

 

Денош уьду –

ХІинца го хьо гІенах.

ГІенаш туьду –

Кхаъ хаза ду самах…

 

Амма вац хьо –

Ца го хьежарх гонах.

ГІелъелла со –

Доьху ларъе вонах…

 

Хьоьжуш хьоьга –

Хийла иди денош.

Дуьйцуш соьга –

Йохкуш йоцу хенаш.

 

Некъах тилла –

Хьан лар лоьхуш лелла.

Эрна хилла –

Х1инца кхета йоьлла.

 

 

Даго воьху –

Ойла хьоьца кхерста.

Даго хьоьху –

Къаьстар ду вай кеста…

 

 

* * *

Хьан некъаш со йолчу ма кІезга леста,

Ца лоьху бахьанаш сан амат хьеста…

Я безам тоац те хьан?

Я лехам сов бу те сан?

 

Ас хийла хьан косташ хьегамца лардо,

Сатийсар гІайгІано Іийжамца къахьдо…

Я лехам сов бу те сан?

Я безам тоац те хьан?

 

Къастаран денош ахь атта ловш хета,

Синтемах хадош со шеконаш хьекъа…

Я безам тоац те хьан?

Я лехам сов бу те сан?

 

 

* * *

Дахарехь ца карош синтем,

Ирсо а ца лоруш цкъа шен,

Кхолламо чехийна,

Хийлазза Іехийна,

Хьан некъаш деги,

Хьан дахар хеди…

 

ПетІамат, ПетІамат,

Хьан сирла и амат

Седанах сега,

Сан бІаьрхиш эга,

Сан бІаьрхиш эга…

 

Ца лууш дог дилла малхах,

Ца туьгуш хьан тешам кхалха,

Хьо ирсе кхийдира,

Ахь гІайгІа хуьйдира,

Баланаш литти,

Йоьжча а гІитти…

 

ПетІамат, ПетІамат,

Хьан сирла и амат

Седанах сега,

Сан бІаьрхиш оьгу,

Сан бІаьрхиш оьгу…

 

 

* * *

БІаьстенца зезагаш гІовттуш

Кхолур ю аре,

Со цаьрга маршалла хоттуш

Ма хьежа яре…

 

Зезагаш техкар ду тийна,

Сан еларх тера.

Стигал а хир ю сов сийна,

Некъаш а шера…

 

Амма сан елар д1адайна,

Ахь кхолий иза.

Со йиси цхьалха, г1аддайна,

Къаьхки сох ирс а.

 

БІаьстенан тидамаш бохуш

Леларх хьо веха,

Ца хезча ас хьайн ц1е йохуш

Лур вуй те 1еха?

 

БІаьстенца зезагаш гІовттуш,

Кхолур ю аре.

Со цаьрга маршалла хоттуш,

Ма хьежа яре.

 

 

* * *

Хьегаме ойланаш херцош,

Туьйране б1арлаг1аш яржош,

Ваха хьо хийра а хилла,

Гуш ду ахь лелийна х1илла.

 

Ас хьоьгахь лехнера тешам,

Моьттура шеллур бац безам.

Ваха хьо ца еш кхин тергал,

Со тесна гуш йоцчу ц1ерга.

 

Везначу суна беш лазам,

Бича ахь сох волуш къастам,

Хир вуй те хьо ирсан зовкхехь,

Со йогуш къастаран шовкъехь?

 

Х1ун де ас, х1ун де ас, везнарг,

Диц ца ло хьан тайна амат?

Дахарехь хьоьца ирс дезна,

Ели те со оццул г1алат?

 

* * *

Со эшнарг,

сох тешнарг,

со сайха тешийнарг,

Хьан маьлхан

йовхонехь ас

т1емаш даржийна шуьйра…

 

Ас лехнарг,

сан лезнарг,

сан некъан накъост,

Хьан маьлхан

серлонехь ас дуьйци

дог 1ехон туьйра…

 

Со езнарг,

сох хьеггарг,

со йоккхайийнарг,

Хьайн б1аьргийн

хьажарца ахь

къахкий сан ойла г1ийла…

 

Сан безам,

сан дахар,

сан воцуш йиш йоцург,

Хьан б1аьргийн

мукъамехь ц1индели

цхьалха са хийла…

 

 

* * *

Цхьацца г1улч, шишша г1улч херлуш вай вовшех,

Шелонан хьу кхийти довхачу дегнех.

Мел-меллаш кхачалуш вовшийн бен хастам,

Тийжамца лекъаш ду безаман хьоста.

 

Цкъа мацах даккхийдеш вовшашка кхийдина,

Дегнаш а къарлуш ду, вай къастар хьоьхуш.

Вовшашна т1екхача доцчохь а лехьийна

Бахьанаш гатделла бехказло лоьхуш.

 

Х1ун дийр ду, ца лаьтта-кх даима б1аьсте,

Масане безнарш а вовшаха къаьсти.

Ца лаьа я ела, я елха хьуна,

Шен зама кхачийнчу безаман къина.

 

Цатемел алсама суна терг лехначу,

Хьоьца сан дов а дац, пхьа бац сан хьох.

Доллучу дуьненал хьо дукха везначу

Сох баккха ахь а ма лехалахь бехк…

 

* * *

Зама а хетийца меллаша йоьдуш,

ДоттагIа, хIоьттича вай къаьста хан.

Со лаьтта тап-аьлла хьан лорах хьоьжуш,

Диц ца дан схьалуьйцуш и амат хьан.

 

Дахлур ду денош а, миноташ, сахьташ,

ДоттагIа, хьо ца гуш токху дерш цхьаллехь.

Лерина ца хьаьжча, синтеме хеташ,

Къурдашца лан деза цахилар уллехь.

 

ЗIе тоха, ца тоха ойла а керчаш,

Дог хьаош йистхила бахьанаш лоьху.

Кхаъ бохьуш яздина кехат а лардеш,

Лелар ю тийналлехь синош а дохуш.

 

Зама а хетийца меллаша йоьдуш,

Дахделла денош а, миноташ, сахьташ.

ЗIе тоха, ца тоха ойла а керчаш,

Со лела тийналлехь синош а дохуш.

 

* * *

Ойланах дог дагадуьйлу,

Хьан лелар шеконе кхуьйлу.

Ойла хьоь чIир хьееш гIуьтту,

ТIаккха дог хьан верас хIуьтту.

 

Хьан шело ца тайна ойла,

Ца лууш ю хьо кхин гойла.

Ткъа даго хьан бехкаш дайдо,

КIеззиг а хьан гIиллакх айдо.

 

Куралла пе бетташ лела,

Эхь хетац тIаьхьашха вела.

Ойлано хьоьху хьох къастар,

Безамца бина шад бастар.

 

Ткъа дог сан, и сан миска дог,

Кхехкаш ду, етташ шен ног.

Цо хьоьгахь йовхо ма лоьху,

Сан ойла бакъ ца яр доьху.

 

Хьох къастар герга ца дуьту,

Хьо бакъвеш хьан амал луьтту.

И даим хьан агIор соьцу,

Ойла а шен накъост лоьцу…

 

* * *

Хаьа сайх дашо малх хилалур боций,

ХІара дуьне серлонца къагалур доций.

Делахь а буьйсанан тийначу хьаьттахь,

Бакъо ло хьайн седа хила сох лаьттахь.

 

 

* * *

Со йоцург седа бац алий,

Кхин марзо ца оьшу алий,

Кхечуьнгахь ойла яц алий,

Леехьа, леехьа со.

 

Сан денош хьох марша довллалц,

Буьйсанаш синтеме ерззалц,

Сан гІенаш хьох паргІат довллалц,

Херъехьа, херъехьа со.

 

Догу дог чим хилла даллалц,

Хьаьгна са безамах Іаббалц,

Хьо воцуш яха со Іаммалц,

Леехьа, леехьа со.

 

 

* * *

Юха а со хьуна йоьлу,

Хьан б1аьргех хьажар а идош.

Юха а со хьуна йоьлу,

Хьан хьажарх б1аьрхиш а лечкъош.

 

Юха а со хьуна йоьлу,

Лазарна кийра а богуш.

Юха а со хьуна йоьлу,

Хилла ирс карла а дохуш.

 

Юха а со хьуна йоьлу,

Йоьлхуш ган ца луу дела.

Юха а со хьуна йоьлу,

Ахь соьгахь и лоьху дела.

 

* * *

Хьо – малх бу мархашлахь хьаьжна,

Со – зезаг, догІано хьаьшна;

Комаьрша ахь йовхо елла,

Дахаре кховда ницкъ белла.

 

Хьо – догІа аьхкенан чиллахь,

Со – маргІал, йокъанехь тилла;

Комаьрша ахь хих Іабийна,

Халонца къийса Іамийна.

 

Хьо – седа генарчу стиглахь,

Со – адам хьеречу лаьттахь;

Комаьрша ахь серло хьоьрсуш,

Тедина, эсала хьоьстуш.

 

Хьо – тешам дахаран арахь,

Со – лазам кхолламан анахь;

Комаьрша ахь безам хьехна,

Азаллехь дуьйна хьо лехна.

 

* * *

Хьан лаам бовзаза,

Хьоь ойла кхабарна,

Хила ца тарлучохь

Йовхо ас лехарна -

Бехк боккхур буй теша

Безамо шен къина?

 

Самаха, гIенаха

Хьан амат техкорна,

Тийса са доццушехь

Даго хьо вехарна –

Бехк боккхур буй теша

Безамо шен къина?

 

Хьан некъаш тергалдеш,

Хьан лорах леларна,

Нийсаршахь ца вайча

Кхоьлина хиларна -

Бехк боккхур буй техьа

Безамо шен къина?

 

Шовданехь суьйренаш

Хьан дуьхьа ларъярна,

ХIора а маьлха де

Хьан цIарах долорна -

Бехк боккхур буй техьа

Безамо шен къина?

 

Шен хIора мIаьргонан

ТIалам ас цабарна,

Жоп доцчу безамна

Ас бIаьрхиш Iенорна –

Бехк боккхур буй техьа

Безамо шен къина?

 

 

* * *

Хьоьга дош алаза,

безамах дийцаза,

Де даха са хьийзаш,

дезарша сихйина.

Кост кхача хьелахь а

шеко ма хилийта,

Сагатдеш ма лела

вицвина алий.

Кийра ца тарлучу

безамо хьоьстуш,

Со лелий хаалахь

хьо гаре хьоьгуш.

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.