http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Сан Безам, ахь бехк ма билла... Печать Email

Арсалиева Люба

 

Со езнарш – сох кхаьрдаш го,

Сох тешнарш – т1ехбуьйлу суна,

Дог лозурш – цхьа к1еззиг гуо…

Хьуо бехке ца хета хьуна?

 

Сан дуьхьа ког боккхуш бай,

Лелар хьайн кхоади суна.

Хьан дуьхьа – безаман лай…

Иза а ца тоьи-кх хьуна.

 

Ахь лехнарг ду хьуна гург,

Со йожарх хьан дог ца лезна.

Ас дехнарг – б1арлаг1ан сурт,

Сан дагна и х1унда дезна?

 

Хьо воьлу – хьо ирсе ву,

Со йоьлу – ца тарлуш елха.

Сан б1аьрхиш – уьш соьца ду,

Ахь суна гулбина белхи.

 

Сан дег1ах чекхбуьйлу мох,

Цхьа шийла, цхьа шийла-шийла.

Сан деган к1оргера мохь,

Схьахеза цхьа г1ийла-г1ийла.

 

Хьан эшам – даккхийчехь дац,

Сан тешам – и эрна хилла.

Хьан бекхам – хьо соьца вац,

Сан безам, ахь бехк ма била.

Висахьа сан ойланехь

 

Висахьа сан ойланехь,

Волахьа цкъа мукъна г1енах.

Тохахьа меллаша не1,

Наб йохош хан йоцчу хенахь.

 

Генахьа ма сеца хьо,

Дийцахьа, хьо муха веха?

Сан дахар..?Д1аеха-кх со,

Ца яьхча йолий со, пекъар.

 

Хьо мелла г1айг1ане го,

Ахь стенна йо техьа ойла?

Сан ирсах ма хьега хьо,

Хьан ирсах со хьега йойла.

 

1индаг1ехь хьан 1индаг1 го,

Кхин суна х1ума-м ца дисна…

Ткъа корехь – хеназа ло,

Сайн цхьаллехь со цхьалха йисна.

 

Вист а ма ца хуьлу хьо,

Я х1умма дац соьга ала?

Ца лаахь, ца оьшу…Сох

Кхин хир бац хьан дагна бала.

 

Д1авоьдуш, ма къовлахь не1,

Дитахьа са хьайга тийса.

Висахьа сан ойланехь,

Сел ч1ог1а хьо оьшуш хилча.

 

Хьо муха хуьлу те, ирс?

 

Хьо муха хуьлу-те ирс,

Я мичхьа хьо лаха деза?

Стигланан гуш йоцу йист,

Ша зама санна, ю еха.

 

Бос муха хуьлу хьан ирс,

Къегаш я к1ора санна Iаьржа?

Ахь лоькху исбаьхьа йиш,

Мичхьаша и дIасаяьржа.

 

Хьо муха девзар ду ирс,

Хьо цкъа а гина а доцчохь?

Юй хьуна тIекхача йиш,

Я ду тIекхача йиш йоцчохь?

 

Хьо хьанна кхочу-те ирс,

Ирсе веш ахь мила хьосту?

Декъазниг декъала веш,

Лахара ахь лакха воккху.

 

Хьо хьаьнца тайна-те ирс?

Хьолада рицкъах ахь воккху.

Декъалниг декъаза веш,

Лакхара лаха а воккху.

Хьох теша мегий-те ирс,

Цкъа мацца хьо гур ду аьлла?

Я лаха беза-те ницкъ,

Хьо каро, тIома а яьлла?

 

Цхьаъ хила дезара дош

Цхьаъ хила дезара дош,

Оьшучохь баттара доккхуш.

Цхьаъ хила дезара дош,

МостагIийн пIендарх чекхдоккхуш.

 

Цхьаъ хила дезара дош,

Шен махках доггаха ала.

Цхьаъ хила дезара дош,

ДоттагIчун дIаайъа бала.

 

Цхьаъ хила дезара дош,

Езаре шен безам бийца.

Цхьаъ хила дезара дош,

Харцонехь шен бакъо къийса.

 

Цхьаъ хила дезара дош,

Цкъа аьлча, эрна ца хила.

Цхьаъ хуьлу къонахчун дош,

Ткъа кIиллойн – цхьа тептар хиллал.

 

Синан бIаьрхиш

 

ДогIанах безам бу тера.

ДогIанах тера ду илли.

Белхорах, ца хуьлу эрна.

Мел лекхарх, ца хета хийра.

 

ДогIанца ас буьйцу безам,

ДогIанца декадо илли.

Хьо кхета мега-кх, сан везар,

Мел чIогIа хьо оьшуш хилла.

 

Ткъа синан бIаьрхиш ду Iенаш

Къайлаха, сан къинна санна…

ДогIанах уьш делха Iема,

Са Iабош, ца кхоьруш гарна.

Сан дагна хазделла гIалат

Ас хьуна дIалур ду ахь суна делларг…

Со-м йоьду гена дIа, гена.

Хьох яларх дахарехь лелар яц елла,

Сан лазам дIаийна пхенех.

 

Ас дагехь латтор яц хьох лаьцна ойла –

Йоьхна и, яьржина, яйна.

Луур дац дахарехь кхин вовшийн гойла.

Хьох къастар – сан дагна тайна.

 

Делахь а гIайгIанах дуьзначу бIаьргаша

ХIоранехь хьан амат лоьху.

Са дайча, са хилча, са малха даьлча,

Цкъа мукъна хьо гаре хьоьжу.

 

Хьан амат – сан дагна хазделла гIалат,

Диси-те и соьца даха?

Хаьрцина хьан дешнийн бух боцу гIала, –

Ткъа кхидIа со муха яха?

 

 

Ас ечу гIайгIанан…

 

Ас ечу гIайгIанан

Цкъа кIеззиг дакъа

Хьоьга дIакхачийта,

Хьан сих и хьарчош.

Со кхоьру даларна

И са хьан акха.

Хьан бIаьрхиш кхачорна,

Сан дог шайх кхардош.

 

 

Дахаран совгIат

 

Хьо вовзар – хир ю-кх и дахаран къайле,

Хьан цIарца ас туьду сайн сема гIенаш.

Са цхьалха кхерстачу сайн деган гIайрехь,

Карадо со йолчу ахь дина некъаш.

 

Хьо гар а – дуьненна къинтIера яллал,

Хьегначу сан синна сов хазахетар.

Со ца гуш, ца хууш суна тIехваларх,

ТIаккха а цул доккха сайн ирс ца хеттал.

 

Хьо везар – и хилла-кх сан ирсан къайле,

Дахаран совгIат ду хьан велакъежар.

Ткъа суна дисна дерг безаман гIайрехь –

Хьежар ду, цкъа маццаъ хьо варе хьежар.

 

1уьйкъе, сан веза хьаша

 

1уьйкъе, йола тховса хьо сан шуьне,

Баьрче ялий, соьца марха лаца.

1аддадита набарх доьлла дуьне…

Дукха ду сан хьоьга дийца, ала.

 

Уггар тоьлларг лур бу хьуна кхача,

Хьан г1евланга буьллур назбар-г1айба.

1уьйкъе, уггаре а ас лору сан хьаша,

1уьйре хиллалц юьйцур хьоь сайн г1айг1а.

 

Цхьана дийр ду тховса суннат-ламаз,

Деле доьхуш: «Тхан къиношна гечде!»

Вайна йиснарг к1еззиг ю хан-зама,

Ткъа кханено, хаац, х1ун ду кечдеш.

 

Т1аьххьара д1абовш бу стиглахь седа…

Хьан кхин 1ойла хир дац соьца, 1уьйкъе!

Ча Такхийна Тача г1ийла сега,

Сема б1аьргаш боьллуш йог1у 1уьйре.

 

Ас хьо тховса, 1уьйкъе, новкъа йоккху,

Ала диснарш доллушехь а дукха.

Ас къовлаза йитна не1 а йостуш,

Кхана х1оккху хенахь йоьллахь юха.

Димаев Iумарна

 

Гуьйренан мукъамаш кхоьхьуш,

Б1ешаро хьан леци раг1.

Тахна а Нохчийчохь лоькхуш,

Эшарш ю, елхинарш ахь.

 

Елхинарш хьайн мехка къина,

Екийнарш, ца кхоош дог.

Г1иттадеш г1елдина синош,

Байбина баланийн мохь.

 

Заманан некъаш дарх дукха,

Х1уьттур ду вайн лаьмнаш теш,

Ду Димин 1умаран илли,

Х1инца а шен хелхар деш.

 

1аьрчашкахь шен з1аьнарш яржош,

Б1ешарахь цкъа кхетта малх,

Хьан ц1е тхайн дегнаш чохь латтош,

Тхан кхерчахь йовр яц и д1а.

 

Хьан пондар байлахь ца биси,

Дуьненчохь цахиларх хьо.

Дехар ду 1умаран илли,

Декийнарг, ца кхоош дог!

 

ГIийла дехар

 

Сийсара тийналла хийтира тахначул аьхна,

Селхана хеттачо тахана аьрха са къуьйлу.

Буьйсано доладеш, дIо стиглахь седарчий-даьхни

Дежаш го хIаваэхь, беттасин цIеналла муьйлуш.

 

Сийсаралерачу тамашех кхин цец ца юьйлу,

Хьежам а артбелла, цадевзарг, цагинарг леха.

Ткъа цIенчу ойлано, кхийдадеш шен ховха куьйгаш,

Шех кхетар доцучу дуьнене до гIийла дехар.

 

Цо шена-м ца доьху ирсаца дуьйцина денош,

И кхоьрург дуьненахь (хир буй-те цул къаьхьа эшам),

Тахана адамо ша санна адам шех тешош,

Кхана цо хьашарна шега схьакховдийна тешам.

 

Даймохк

 

Хилларг я цахилларг бертаза-бертахь,

ДоьгIнарг я цадоьгIнарг – паналлехь сецна,

Даймохк, хьох хьирчинчу баланийн верта,

Къонахчо санна, ас белша тIе тесна.

Цуьнца ас болар до, соьцуш, ца соьцуш,

Хьан чевнаш ца хьеша, Iинах чекхъюьйлу.

Даймохк, хьан сирлачу кханенах тешаш,

Хьан лазам сайн деган кIоргенехь къуьйлу.

 

Бехк болу, боцу а хьан къинойн даьIнаш,

Лар йоцуш байинчу кхолламийн тептар,

Даймохк, ма язъелла хир ю-кх хьан яьIна,

Делахь а хьоьгахь ду сийлахьа гечдар.

 

Хьох Iемаш, хьан лорах йогIу со тахна,

Сайн иэсехь дитина хIоъ-молхийн лелхар.

Даймохк, сан иллино, хьох гIад а дахна,

БIешерийн херцаршлахь до шовкъе хелхар.

 

ДоьгIнарг, цадоьгIнарг а, хилларг, цахилларг

Замано деринчу хьан сих чекхдийли.

Даймохк, хьан мостагIчун ца тоьи хIилла,

Къардан хьан гIора ца кхачийна илли.

Багийта сан ирсан суй

 

Гой хьуна сан ирсе б1аьргаш,

Ма г1ерта уьш кхуола хьо.

Ма лела безамах кхаьрдаш,

Цо бекхам мел ч1ог1а бо.

 

Ма г1ерта шелъян сан б1аьсте,

Багийта сан ирсан суй.

Вай вовшех къаьстар дац бохуш,

Ахь суна ма баа дуй.

 

Цкъа безам 1ехинчу стагна

Шозлаг1а не1 йоьллур яц.

Цкъа тешам байначу дагна

Ахь дуьйцург бакъ хетар дац.

Бацалахь бIаьрхиш

 

Бацалахь б1аьрхиш

Буьйсано 1енийна,

Къайлаха, ша йисча,

Шен б1аьргаш делхина.

Ткъа хазчу 1уьйранна,

Кхетча малх къеггина,

Сатоссуш г1аьттина,

Хьаьжча хьо леррина,

Бацала эгнарш,

Моттало ду уьш

Адамийн б1аьрхиш.

 

Бацалахь б1аьрхиш –

1аламан жовх1арш,

Дег1ана шийла,

Ткъа дагна довха.

Буьйсанан къайленан

Лаахь чам бовза,

Схьаэций, малахьа

И сирла шовда.

Буьйсанан б1аьрхийн

Къаьхьа бу 1овжам,

Боца бу кхоллам.

 

Бацалахь б1аьрхиш –

1аламан жовх1арш…

 

Сан гIенаш

 

Сан г1енаш – тешаман т1емаш,

Д1ахеца сан аьрха ойла.

Хин доцчух дог дилла 1емаш,

Шу суна юха ма гойла.

 

Сан г1енаш – йилбазан г1емаш,

Сан дагна гонаха хьерчаш,

Ас дицдан лерина денош,

Юха а сан коьртехь керчош.

 

Сан г1енаш – безаман генаш,

Чилланехь к1айн заза доккхуш,

Г1орийнчу сан даг т1е 1енаш,

Юха а со т1ема йоккху.

 

Сан г1енаш – лазаман энаш,

Сох 1аббал, къинхетам боцу.

Ийзадеш сан деган пхенаш,

Юха а со балане лоцу.

 

Сан г1енаш – тешаман т1емаш,

Со къарло, яц шуна дуьхьал.

Хьо вицван самаха 1ема,

Ткъа воьху г1енаха юха.

 

Цхьа де догIур ду…

 

Цхьа де дог1ур ду, цхьа де хир ду-кх и…

Маьлхан сирла б1аьрг лаьтта кхетале,

Карзахбуьйлучу хьайн синкхетамехь

Ахьа лоьхур ю геннахь йисна и.

 

Цхьа де дог1ур ду, цхьа де хир ду-кх и…

Дуьне 1абийна, малх чубузучохь,

Дохковаларо дог хьайн дузучохь,

Хьуна оьшур ю уллохь йоцу и.

 

Цхьа де дог1ур ду, цхьа де хир ду-кх и…

Айхьа диначу кхаьхьчу г1алатан

Дагах хьаьрчича шийла г1аларташ,

Ахьа кхойкхур ю цкъа хьайх тешна и.

 

Цхъа де дог1ур ду, цхьа де хир ду-кх и…

Сино б1арзвина, яларх хийла хан,

Дуьхьалтесча цкъа маццах хаьдда г1ан,

Ахь сатосур ду юха гаре и.

Цхьа де дог1ур ду, цхьа де хир ду-кх и…

Дезарш дицдина, хьайн сатийсамехь

Хьаьгна безаман хила йийсарехь,

Хьуна езар ю цкъа хьо везна и.

 

Цхьа де дог1ур ду, ма де хир ду-кх и…

Дагахьбалламо не1арш йилллича,

Кхин гур йоцучух дог ахь диллича,

Т1аккха кхетар ву, и хьайн ирс хиллий.

 

Тешам гIел ца ло

 

Со тахна а йисна суо,

Де чекхдели тийна-тийна.

Деле юхаъ воьхуш хьо,

Варе хьо ладоьг1уш 1ийна.

 

Амма шийла-шийла мох

Юха а сан коре хьийза.

Оццул ларвеш хилчу хьох

Юха а дог дилла дийзи.

 

Чиркхан серло сегаш ю,

Сан г1айг1анца ловза йуьйлуш.

Тешам даг чохь богуш бу,

Хьан аматех серла буьйлуш.

 

Вайшиъ къастар дицдой ас,

Сайн сатийсам марса боху.

Геналлера кхочу аз,

Суна хьо кхин гур вац бохуш.

 

Амма тешам г1ел ца ло,

Цхьаъ ю и сан дагна г1оле.

Даьллехь а массийта шо,

Юх-юха а хьоьжу коре.

 

Теша со хьо кхочур ву,

Серлонца сан дахар къагош.

Ирсе зама йог1ур ю,

Безамца вайн дегнаш дагош.

Висна хьо сан дагна геннахь

 

Цхьана эшшарехь хийла некъаш деш,

Суна эшнера даим уллохь хьо.

Сихчу дахаран г1ийла тидам беш,

Цхьаллин къаьхьаллех т1аьхьа кхийти со.

Б1аьсте ц1аьххьана суна шелъели,

Хьо сайн ирс хиларх цкъа со тешначохь,

Хьо сан дахарна сихха т1ехвели,

Суна безам хьан доггах эшначохь.

Висна – хьо сан дагна геннахь,

Кхин сатийсар доцуш,

Юха ван некъ боцуш,

Висна – дуьхьалтийса г1енах.

Дисна – вайша вовшийн геннахь,

Дуьненчахь мел деха,

Даим вовший леха,

Висна – дуьхьалтийса г1енах.

 

Ахьа дийцарехь х1инца нислур дац,

Цкъа вай лехнадерг хазчу ойланехь.

Суна хеттачо цкъа а жоп лур дац,

Къорра йоьлхучу деган тийналлехь.

Амма безамах хьоьгуш лелла ирс,

Вайшиъ маццах цкъа вовшех къаьстинчохь,

Сирла аматах тар а делла, и

Даха дисна вайн доьхна дегнаш чохь.

 

Сан деган хIоттамо дийцарехь…

 

Сан деган х1оттамо дийцарехь,

Со юьсу шелонан йийсарехь.

Схьагарехь йочанаш яхлур ю,

Дахаран мехаш а къахьлур ду.

 

Хеназа х1уттур ю чилла а,

Мега а хьалххе йис йилла а.

Мархаша малх а ма лачкъор бу,

Йовхо а сан ц1ийнах къехкар ю.

 

Сан деган х1оттамо дийцарехь,

Кестталг1а хир бац кхин хийцамаш.

Цхьабосса денош а текхар ду,

Шелонехь сан г1айг1а хьекъар ю.

 

Я стиглахь, я лаьттахь йоцучохь,

Сан де а буьйсано лоцучохь,

Дуоллинчохь сан илли дуьсур ду,

1ай-б1аьстей къаьстачохь юьсур ю.

 

Сан деган х1оттамо дийцарехь,

Толам хир бац сан цу къийсамехь.

Хьуна и, хетарехь, товр а ду,

Мухха а, ас а и ловр ма ду.

 

Ткъа нагахь и х1оттам нис ца лахь,

Сан даго хьехнадерг харц хилахь,

Хьо суна хьалхачул оьшур ву,

Со хьоьха юха а тешар ю.

 

 

Хьо ирсе хир велахь…

 

Хьан сингаттам базбан лаьа суна,

Со иешаро кхоьллина и белахь.

Хьан лазам сов баккха лаьа суна,

Хьан лазаман дарба соьгахь делахь.

 

Хьан туьйранаш хедо лаьа суна,

Церан чаккхе соьца йоьрзуш елахь.

Хьан суьйренаш яхъян лаьа суна,

1уьйренашца хьо соь кхойкхур велахь.

Хьо синтемах ваккха лаьа суна,

Ахь хьайн синтем соьца лохур белахь.

Хьан къайленаш йийца лаьа суна,

Соьга къайлах хьо сатуьйсуш велахь.

 

Хьо маршонах хьего лаьа суна,

Сан йийсарехь хьуна маьрша делахь.

Хьан собар а кхачо лаьа суна,

Соьга хьоьжуш, хьо саготта велахь.

 

Доллу ирс хьан лачкъо лаьа суна,

Нагахь соьца хьо ирсе хир велахь.

 

 

Сан ойла тийналлехь тийна

 

Сан ойла тийналлехь тийна,

Сан хьежам – дуьне ца довззал.

И стигал сел маьрша, сийна,

Ма говза кхоьллина, говза.

 

Сан 1ийжам – ца тарлуш кийра, –

Х1ай дуьне, ахь ков д1аделла!

Цкъа хьуна со хетча хийра,

Д1айоьду, и лан ца делла.

 

 

Ца оьшуш хиллера…

 

Хьоьга бен ас ялха ца йина ойла,

Тахана и хьуна йоьлху.

Ца дуьтуш суна хьо т1аьххьара гойла,

Малхбузе хьан некъаш доьлху.

 

Сатийсам бара-кха билхинарг т1аьхьа,

Д1аяйна хьан лараш лоьхуш.

Ткъа дагна девзира цхьа бакъдерг къаьхьа,

Кхолламе хьо юха воьхуш.

 

Ца оьшуш хиллера делхадан дог,

Хьуна дог ца деллачунна.

Сатийсам сайн ц1ехьа ас берзабо,

Къинтера боккхуш и хьуна.

 

Сан б1аьргийн хьежарехь

хьан малх д1абайна,

Цо йовхо кхин лур яц суна.

Ас ловр дац моьттинарг со ели лайна,

И цкъа а хуур дац хьуна.

 

Хьан малх д1абузучохь сан седа кхетта,

Кхийдаеш дахарна серло.

Цкъа бакъдерг девзича ца оьшу хетта,

Ас тахна хьо дагна херво.

 

Ца оьшуш хиллера д1аделла дог,

Хьан дагах ца кхетачунна.

Хьан лорах кхин цкъа а ца ловза ког,

Т1аьххьара сан дош ду хьуна.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.