http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Майра к1ант Ахьмаддий, бос хаза Азий Печать Email

Кадиева Мадина, 7 класс

 

 

Цхьана заманахь, маьрша беха нехан махка цхьа боккха бохам беъна. Мичхьара деъна хууш цхьа а воцуш, динна махкахь ког биллал меттиг тешаме йоцуш, цхьа ешап кхаьчна.

Ца дича ца долучу г1улкхана юьртах волург шен сих-дег1ах дог а дуьллий волуш хилла ц1ера ара, ша юха кхочур ву-вац ца хуу дела.

Берашна а ч1ог1а кхераме хилла хийисте лийча даха а, ловза кет1а довла а.

Нах ч1ог1а холча х1иттина цо.

Дукха к1ентий г1иртина цунах мохк кхелхьара баккха.

Амма цуьна ницкъ эшо ницкъ ца тоьаш, йишйухий к1елабуьсуш хилла.

Эххара, шен г1иллакх, майрал бахьанехь г1араваьлла цхьана наьрт-аьрстхо волчу дехаре бахана уьш. Т1ема г1уллакх дика девзаш а, цулла тур говза лелош а, сека-1ад нийса тухуш а цхьа а ца хилла.

– Хьо тхох г1оле верг а, тоьлларг а ма вара. Тхо хьуна дехаре даьхкнера-кх, г1о дахьара ахь, орцах валахьар хьо, дахахьара ахь тхо ешап балех, – аьлла.

Наха шега бохучуьнга ла а доьг1на наьрт-аьрстхочо дехарна жоп делла:

– Ас дош ло шуна, ас и ешап дуьйр ду я цо со вуьйр ву.

– Хьуо ца вала хьажахьара хьо. Хьо велча тхо ешап балех хьалха довлалур дацар-кх, – аьлла цара.

Ша ешап лаца новкъа валале, дуьненна а дала хьекъал хир долу цхьана воккхачу стагах дага вала вахара наьрт-аьрстхо. Воккхачу стага хьехар дина:

– И ешап баттахь кхаа дийнахь адми хьесапехь хуьлу, вукху деношкахь саьрмак я цхьа экха хуьлу. Ешапах адам хуьлу х1айт лар а йина, сина метта тоха еза ахь цунна. И дист хила кхиале корта а баьккхина лаьттах долла а деза. И дист хила кхиита мегар дац. Иза сардам болла кхиахь, цо боьллина сардам г1ура бу хьуна.

Наьрт-аьрстхо цунна баркалла а аьлла новкъавелира. Ешап лоьхуш, болуш бай а, дитта т1е даьлла г1а а, акхаройн лар а, хезаш олхазарийн эшар а йоцуш цхьана юькъа якъаелла хьун йолчу кхечира х1ара.

Елахь-яцахь х1ара хир ю-кх и ешап 1ен меттиг аьлла дагадеара цунна. Ешап ца хууш гучудалахь а аьлла, шен лачкъа меттиг а кечйина, иза лардан сецира наьрт-аьрстхо. Цхьана баттахь гергга 1ийра и ешап лардеш. Ц1аьххьана стиглахь бода а х1оьттина, ц1ера хаьштиг даьтташ, цхьа боккха саьрмак лаьтта боьссира. Ша болчохь кхо гуо а баьккхина адми хьесапе бирзира и. Эццигахь озийна сека-1ад а тоьхна ешпа дожа а дина, корта бакха т1ехьаьдиара наьрт-аьрстхо. Кхо тоьхначу пхан чевнах ешап далаз хиллера. Вог1уш наьрт-аьрстхо а гина, и корта баккха кхиале, шен т1аьххьара ницкъ т1е а белла, мохь тухуш сардам боьллира ешапа:

– Хьайн дуьнена валавеза доьзалхо маьлх-бетта серло кхетталц бен ма вехийла хьан, – аьлла.

Ешапан балех девлийла хиъна, махка боккха кхаъ беънера. Наьрт-аьрстхочунна баркалла баьхна ца бовлура нах. Амма наьрт-аьрстхо ша-м ч1ог1а г1айг1ане вара. Ешап диний массарна хаьахь а, амма цхьанна а ца хаьара наьрт-аьрстхочун сардам боьллиний.

Д1аоьхура денош, дуьненчу елира наьрт-аьрстхочуьна йо1. Чиркхан серло бен ца гойтуш кхиайора дас, шен бос-хаза Аза. 1амадора г1иллакх-г1уллакх, дуьне 1алам муха ду дуьйцура. Дахарехь йо1ан мел оьшу дерг 1амадора. Делахь а, и дерригге дийцарехь, хьехарехь бен хууш дацара Азина. Ма ч1ог1а сатуьйсура цо маьлх-беттан серло ган а, нахана юкъа яла а, нийсархошца дагар дуьйцуш 1ен а.

Г1ийла 1ара и, маьлх-бетта серло чу кхетарх лардечу корехь х1уо луьйцуш, шен эшар а олуш. Цкъа а йо1 гина а йоцуш, цуьна хаза, исбаьхьа аз цкъа хезна кхетам д1абехьна, коре ладог1ог1а вог1ура цхьа жима стаг. Ахьмад яра к1ента ц1е. Шен йишйолчу аг1ор хоттуш хаа-хьажа велира иза, и йо1 мила ю, иза цкъа а чу-ара йолуш гуш а ма яц аьлла т1аьхьа кхиа. Эххара хиира цунна, йоь1ан дас ешап дер а, цо боьллина сардам хилар а. Шена бакъдерг хиъначул т1аьхьа, Ахьмада 1алашо лецира йо1 сардамах хьалха йоккху некъ лаха.

Дукха лилира Ахьмад Аза сардамах яккха х1ума хуу стаг лоьхуш. Хийла юьртах чекх велира, хийла нехан кет1а х1оьттира. Иштта х1ара лелаш цхьамми йийцина хиллера кхуьнга, жинашца тайна цхьа зуда. И йолчу вахара к1ант. Ца тайра цунна и зуда: чуччу хьуьйсуш б1аьргаш а, говр кхес санна месаш, хьала хьийзана лерга т1илдигаш а йолу иза ч1ог1а дегаза яра. Делахь а, дог эшна лелаш хилар хьалха а даьлла, Ахьмада ма-дарра дийцира цуьнга ша деъна г1уллакх.

Самукъдалар хааделира к1антана цу жирга зудчуьна юьхь т1ехь, х1ара шен къамел дина ваьлча. Йо1 1ен юрт схьа а йийцитина, кхин д1а дан дезарг ша дийр ду, сардаман ницкъ эша а бийр бу элира цо. И зуда дукха куьцаза хилар х1инца маь1не ца лоцуш, хаза кхаъ хилла ц1а вахара Ахьмад.

Дукха сиха кхечира и жирг зуда йо1 ехачу кет1а. Ков тоьхна йоь1а да ара а ваьккхина элира цо:

– Ша жинашца тайна ю. Цара кху кертахь шега дарба далур долу цомгуш йо1 ю боху. Хьо реза велахь, маьлх-бетта серлонах лачкъина кхиош йолу хьан йо1 то а йина, кхин д1а цуьна йисна хан, маьлх-бетта серло цунах хьоьгуш яккхийта говзалла ю шегахь.

Йо1 дуьнена яьлчахьана макхъелла хилла де юьхь, дегйовхон къамел а хезна, екхаелира. Хезначо 1ехийна, эцциехь кхуо а тергал ца дира зудчуьна дукха жирг хилар. Сихонца йигира цо хьаша шен йо1 йолчу.

– Х1ара цамгар тамашийна а, ч1ог1а а ю. Йо1 тоелла яллалц тхойшинца кхин адам юххехь хила мегар дац. Дарба лелош хилча суна цхьа а новкъа г1ерта мегар дац, – бохуш хьаьвзира и зуда. Нарт резахилира. Цо бох-бохург а дина, и шиъ шаьшшиъ а йитна ара велира иза. Амма дукха хан ялале, мел къахко г1ертарх г1уллакх ца хуьлуш, шеконо хьовзо ваьккхира х1ара. Ц1аьххана вагийча санна, цхьана деглацамо хьечу ов тоьхна, йо1 ехачу оти чу иккхира наьрт-аьрстхо. Чоь еса яра. Йо1 я дарбанча чохь яцара. Наьрт-аьрстхочуьна дог лазаделира. Мичара ели а, мила ю а ца хууш кет1а х1оьттинчу зудчух, цуьна хат1 шена гушшехь, сел чухьаьдда тешна хиларо, шен бехк хеташ йишйоьхнера цуьна.

Кхин дан х1ума а ца хилла, юха а хьехар эшна Воккха стаг волчу вахара йоь1ан да.

Дуьнена а, эхарта а хьал девзаш 1елам стаг вара иза.

К1езга нах бара и вевзаш, мил-милла а цо т1е а ца оьцура.

– Сан йо1 яйна. Мацах ешапан ка елира, дуьнена ялаза йолчу цунна сардам болла. Маьлх-бетта серлонах ларъеш кхиош яра шен иза. Ша сардам ницкъ эшор бу аьлла кет1а еанчу цхьана зудчух тешна ледарло яьлла шегара. Цо лачкъийначух тера ду иза. Шена хьан хьехар оьшура, цо и х1унда дина а хаьа лаьара шена, – элира Наьрт-эрстхочо. – Муха яра и зуда? – хаттира 1еламчас.

– Чуччу хьуьйсуш б1аьргаш а, говр кхес санна месаш а, хьала хьийзана лерга т1илдигаш а йолуш ч1ог1а дегаза яр-кх, – д1адийцира цуьна хат1.

Воккхачу стага элира:

– Ахь дийначу ешапи са х1инца а ша дожиначу меттехь ду. Ткъа шуьга еъна зуда цуьна йиша ю хьуна. Цунна оьшург хьан йо1 ю. И лоьхуш дукха лаьлла иза. Цуьна дег1а кхолла г1ерта и цуьна са. Аьзни ен а йина, ахь дийна ешап денда дагахь ю иза. Айхьа ешап д1адоьлланчу меттехь ларъян еза ахь и.

Воккха стаг волчуьра ара ваьлла наьрт-аьрстхо ч1ог1а г1айг1ане вара: къуоналла д1аяьллера, шен г1орах б1о-къежна-а вара. Х1етте а, сихонца новкъа вала кечвелира. Къайлаха, ма-дарра сурт девзана хилла Ахьмад, наьрт-аьрстхо гена валале т1аьхьа кхиъна элира:

– Со г1ур ву, хьо ваха ца оьшу.

Ахьмад а вара Аза ярах шен бехк хеташ юьхь-1аржа.

Кхо ма дийцинера йоь1ан ков-керт цу вочу зудчунна. Цундела шен декхар хетара кхунна йо1 к1елхьара яккха езар. Цо и яккха а яьккхира.

Йо1 ялош йог1учу йилбаз-зудчул хьалххе д1акхаьчнера Ахьмад, ешап лаьттах доьллинчу метте.

Б1аьргаш бихкина Аза ялош йог1учу зудчух б1аьрг ма кхитти, ойла ца еш, чухьаьдда син-метта тоьхна йожира ешапи йиша Ахьмада.

Йо1 кхуза ялаян сардамах хьалхаяьккхина хиллера цо. Цундела маьлх-беттан серлонах ца къаьхкаш, мелхо а цунах зовкх оьцуш ц1а кхечира Аза.

Цул т1аьхьа, дукха хан ялале, Ахьмади кертахь ловзар а хилира. Хаза, ирсе и шиъ даха а хиира.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.