http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Сан махкал хьоме мохк хир буй?.. Печать Email

 

Хайдарова Хеда

 

 

Ненан безам...

 

Ненан безам лекха хуьлу,

Ненан дог ма ц1ена хуьлу,

Ненан куьйгаш довха хуьлу,

Ненан б1аьргаш сирла хуьлу.

 

Цо вай ага хийла тахки,

Ницкъ ца кхоош вай кхиади.

Хьоьга ларам хедар ма бац,

Дог хьо еза г1еллур ма дац.

 

Стиглахь лепа сирла седа, —

Ненан б1аьргех тера лепа.

Хийла безам гина вайна,

Ненан санна бац-кха иза.

 

 

Б1аьсте...

 

Сирла б1аьсте т1е ма кхечи,

Хийланнйи дог ловзадели.

Олхазарш а дека зевне,

Дитташ детин зазах кхелий.

 

1аьна зама чекх ма ели,

Доллу дуьне самадели.

Зезагаша аре хазйи,

Б1аьсте х1оран б1аьра хьаьжи.

 

 

Нийсархой

 

Жима йолуш сан а хилла,

Хьоме ишкол, йоккха класс.

Нийсархошца хилла ийна,

Церан марзо лехна ас.

 

Сагатдо ас, г1ийла ю со,

Д1асадевли, къаьсти вай.

Шун аматаш генахь ма го,

Ма д1аяха ирсе хан.

Наггахь цхьаннах олуш хезча

Хаза хабар, дика дош,

Йоккхаерехь дог сан лезна,

Яхна хан юха идош.

 

Дагалецам бисна суна,

Синтем хуьлуш г1енах гой.

Са-м сагатло, ишкол, хьуна,

Шуна сагатло, нийсархой.

 

 

Ненан хьехар…

 

Вай оьмар, хаалахь, йоца ю хьуна,

Ца хилча санна и кхачор ма ю.

Дахарна т1ехьакхиъна

цхьа а вац хьуна,

Цкъа мацца хьо цунах кхетар ма ю.

 

Дуьнено вай денна 1ехадо хьуна,

1ехалахь дуьнено бекхам а бо.

Кураллехь лечкъина эрчо ю хьуна,

Г1иллакхо вай дахар иманехь до.

 

Хьо кхиъна махкана

гена ма яьллахь,

Дец1ийнал деза

вай х1ума ма дац.

Хьан уьйраш хьо гаре

сатуьйсуш хьаьгнехь,

Хьол ирсе нийсаршлахь

хуьлийла дац.

 

 

Сан мохк...

 

Даймохк бу сан хьуна говза,

Иштта хаза ма бу и.

Амма дахар лаахь довза,

Б1аьргах дера ду шуна хи.

 

Оьздангалла, г1иллакх, ларам

Шегахь болуш беха и.

Барам боцу, харцо яхьаш

Хийла ц1ергахь баги и.

 

Маьрша дахар лан ца делла

Мостаг1 веъча 1анош ц1ий.

Хийла мохк цо багорх ц1ергахь

Нохчийчо шен ларди сий.

 

Дала бекхам бир бу цунна,

Иза иблисан г1оьнча вай.

Кхане цуннаъ йог1ур ма ю,

Таккха т1аьхьа хир ма дай.

 

 

* * *

Алийша, сан махкал хьоме

мохк хир буй? –

Хьол хьоме хир ма бац

кхин цхьа а мохк.

Дийциша, сан маттал мерза

мотт хир буй? –

Хьол мерза хир ма бац

кхин цхьа а мотт.

 

Малх санна къегина елало тахна

Сан хьоме нана – сан Нохчийчоь.

Яхалахь ирсе хьо тахна а, кхана –

Кийрара довха дог кхийдадо хьоь.

 

МОХК

 

Шийла хиш ду ломара доьлхуш,

Лекха лаьмнаш, аре хьоьстуш.

Нана-Даймохк бу сан бехаш,

Шеца к1орга ойла ехаш.

 

Хийла гина б1аьсте вайна,

Хийла мехкаш гина вайна,

Амма Нана-Даймохк санна

Мохк гина бац цкъа а цхьанна.

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.