http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Ненан дог Печать Email

Халидова Элина Соьлжа-Г1алахь йина. 2009-г1а шарахь чекхъяьккхина Нохчийн Пачхьалкхан Университет, филологин факультет. Нохчийн меттан Денна а, культурана а леринчу къовсамехь дакъа лоцуш а ю х1ора шарахь. Республикан телевиденехь «Къоналла», «Некъ» декъашкахь болх а бина. Карарчу хенахь «Соьлжа-Г1алах 1уьйре» хаамийн-самукъне программ д1акхоьхьу редакцин редактор ю Элина. Байташ язйо нохчийн а, оьрсийн а маттахь. Орсийн ц1е-яххана поэтийн говзарш нохчийн матта а йоху.

 

Ас баркалла олу хьуна, Нана,

Яккхарна ахь кху дуьнена со.

Кхиаярна эсал хьоьстуш, тамехь,

Оьцуш дог сан, лоцуш даим г1о.

 

Де мел дели, кхоьру со, хьох яьлла,

Йисарна суо яха лаьтта т1ехь.

Хьайн йо1ана хьо къинт1ера яьллахь,

Цунна к1езиг еза моьттинехь.

 

Дуьненахь хьо мел го сайна дийна,

Синтем болуш, ирсе еха со.

Дилхан даг чохь йовха ц1е латийнарг,

Дац х1умма а кхин хьан меха сан.

 

Х1ора буса, суо набарна юьжуш,

Х1ора дийнахь, г1оттуш суо хьала,

Деле йоьхуш сайна хьо со юьжу,

Деле йоьхуш г1отту со хьала.

 

Хастам бо, хьо йолуш, Везчу Далла

Эца дог сан доьхча хьаста со.

Кийра бохбан, нагахь санна шеллахь,

Елха, хораман шад баста а.

 

Бацахьара Наной цкъа а лиэш а,

Лахь а, лиэш елхьара Ненан йо1.

Лийра ярий, йоккха еш а со ма,

Лардеш бохамах сайн Ненан дог.

 

 

К1айн-1аьржа сурт

 

Буьйсано листина,

Хьан месаш ч1агарех кхозу,

Дистина ломан хих,

Мохехь уьш тулг1енех ловзу.

 

Юткъачу г1айг1анца,

Ойлано шен гура лаьцна.

Гуш ц1ена хьаж ду хьан,

К1ай-медан 1ежан бос иецна.

 

Ши цкъоцкъам, тай тоьхна,

Леррина нисдича санна,

Олхазарх т1ам тоьхна,

Ирх дахна сецна цхьана ханна.

Чохь даьгна маьлхан нур,

Кхоьруш хьо йисарна б1аьрзе,

Хьан б1аьрганег1ар ду

Бохамах лардеш хьан б1аьрса.

 

Сингаттам бицбойтуш

Йовхонца шаьш хьаьжначаьрга,

Дуьненан ирс гойтуш,

Ц1ена бу хьан сирла б1аьргаш.

 

Леррина, куц доккхуш,

Пхьераша нисбича санна,

Товш а бу, хаза бу

Хьан юьхь т1ехь ирбелла мара.

 

Беснеш ю йогуш хьан,

Юьзина халачу иэхьах,

Сихаллехь кхочушдан

Ца кхиънарг кхочушдар доьхуш.

 

Балдаш ду ц1азамах

Догуш хьан ц1елетта, довха.

Къаналло хьаязчу

Жималлех дуьзина ховха.

 

Чекх са гуш хетало

К1айн-сирла бос лиэпа цергаш.

Хьаьстина кхетамо,

Ирсана хьо елакъиэжаш.

 

Чот йоцуш 1аьржа ю,

Т1ееъна рог1ера буьйса.

Шен 1аьржа кортали

Цо хьуна хьалха а туьйсу!

 

Суьрта т1ехь г1елъелла,

Хета хьо г1о доьхуш санна,

Дош ала кечъелла,

Ойлаеш, тийна цхьана ханна.

 

Тарло хьо, бодано

Шен марахь 1аьвдина ен а.

Ахь, серло кховдийна,

Тарло хьоьх бода д1аиэн а.

 

К1айн-1аьржа – ши бос бу

Говзанчо шайх пайдаэцнарг.

Вуой, дикий – ши дош ду,

Дахаран маь1на чулаьцнарг.

 

Говза яц сурт дилла:

Делла дац и суна Дала.

Къинхетам сох бина,

Цо суна дош делла ала.

 

 

Безам бу со ирсах хьегош

 

Безам бу со ирсах хьегош,

Карзахдохуш кийрахь са.

Безам бу сан ирсан седа,

Жималлера туьйра сан.

 

Ловзайохуш эрха ойла,

Йоьхуш шена т1аьхьа д1а.

Хууш аса сагатдойла,

Кхойкхуш шийла маьхьарца.

 

Дуьхьал туьйсуш дийнахь, буса,

Мазал мерза, дарбане,

Дагехь бехаш безам бу сан,

Бохуш, сох ша хер ма бие.

 

Дийцарх хьайга, хьо ца теша,

Кхета а ца туьгу сох.

Хьайца гергарло мел оьшу -

Хьо воцчохь ца мегий со.

 

Волахьа, дог оьцуш, хьаста,

Везашъерг хьо мерза сил.

Кхачор ю жималлин б1аьсте,

Со йицйина, харжахь кхин!

 

 

Дахаран къайленаш

 

Суна-м маь1на дайча санна хета,

Айса лелочунах байча чам:

Долчух, хиллачух сайн болу кхетам

Хийцабелча, хилац дагна там.

Т1аккха муха яха-те со лаьттахь,

Ирсан х1ун бу ца хууш а мах:

Самалха ца долуш, синан готтехь,

Ян а йолуш, йоцуш санна ах.

Дош, цкъа багара хьан даьллехь, лору

Даьлча санна лаамера сина,

Дохк а санна, даьржи вуонах дог1у,

Я дин санна, доьдуш к1орга 1инах.

Дош хьан аьллачул а г1оли лору,

Аланза нагахь хьан диснехь иза.

Могуш йолуш санна, юьзна г1орах,

Воьлхуш санна хьан мел верг хьан къина.

Со-м суо ерг ю, хан-зама д1аяларх…

Хьо а ца го суна-м хийцавелла…

Иштта кхоьллина ду-кх дуьне вайна

Везчу Дала, даха шайна аьлла.

Цхьаммо юсту хьан майралла барзах,

Вукхуо олу: «Ду хьо ц1оькъалом!».

Дашо гуьйре яйчи йоьлхуш дерзах,

Шен маь1на до ирчу хьекъало:

Диса долу-кх маьлхан дуьне олий,

Мел хьестарх а, хилац-кх синна г1оли.

Со дийцинарг дийцина а яьлла,

Лийр а ма яц, нагахь соьга хеттахь.

Иза-м шена дика хуур Далла,

Мел хан йисна суна яккха лаьттахь.

Дахар хета сина мазал мерза,

Деган чевнаш, 1ийжаш, лазарх денна.

Уьшша-м тарло мацца а цкъа ерза,

Дуьне, хьо сел ч1ог1а деза стенна...

 

 

Жималла

 

Ирс дохьуш дог1у дийнах хьаьгна,

Б1аьрг тоьхча стигла – сийна, сийна.

Куралло буохь боьг1у дагехь аьрха,

Жималло йовхо ло сан ц1ийна.

 

Сан дахар тардеш хазчу г1енах,

Ламанах шовданаш ду 1енаш.

Сан коьртехь ойла йохуш т1ема,

Мохь бетташ ю соь сийна гене.

 

Тахана суна яха лаьа,

Х1ан-х1а, ца лаьа суна яла.

Со йоккхае суо хиларх дийна.

Со, лахь а, лийр ю кхечу дийнахь.

 

Хьарг1а санна 1аьржа, 1аьржа,

Буьйса йог1у даржош т1емаш.

Дахар – мерза, ас и хоржу,

Илли – хаза, ерзош чевнаш.

 

Тахана суна яха лаьа,

Х1ан-х1а, ца лаьа суна яла.

Со йоккхае суо хиларх дийна,

Со, лахь а, лийр ю кхечу дийнахь.

 

Ирсе хир бу безам

 

Кхин язйийр яц ас сингаттаме байташ,

Кхин дохур дац ас г1айг1ане иллеш.

Мел олу дош хир ду самукъа г1аттош,

Хастор ду дуьненахь мел дерг а сийлахь.

 

Йог1уш ерг къона а, хаза а б1аьсте,

Денлуш ду 1алам, г1оттуш бацалахь зезаг.

Хазалца хьоьстуш сан сирла б1аьрса,

Сан сица, дагца а ма веха хьоме везар.

 

Х1ай, сан хьомениг, хьо со йолчу вола,

Хьан амате, сибте к1ордош ма яц хьежа.

Хьо гуш мел ву, дог ма ду сан къона,

Дог къона мел ду, ирсе хир бу безам.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.