http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Кондукторан яппарш Печать Email

Маьлха-Аьзни

 

 

Хьаладовлал, хьаладовлал, нанинаш, сихха базара д1айоьдуш ю автобус. Муьлхачу базара бохург х1ун ду? Стаг, сай-бодий къастале, дов ма даккхахьа, сан бехкенна ма ца хилла ерриге а Нохчийчоьнах базар, ткъа вай автобус «Беркат» олучу базара йоьдуш ю. Да дера иза-м доккха беркат.Беркат хилла, дог1анах вайна т1ебоьлху Делан къинхетам бу! Баба, схьало и ворх1 сом, мах боцуш ма яц х1ара автобус, со а ма ю бераш кхаба дезаш, уьш мацалла ца далийта, царна мижарг баккха араяьлла! Сом дацахь стенга яха ара яьлла хьо, г1аз г1аттале хьала а г1аьттина?! Ц1енош-м массеран дохийнера вайн, чам ца бойуш, и ворх1 сом схьалой ялахь.

Х1ей йоьдург, ахь х1ун до, ахча схьа ца луш, сту санна чуг1ерташ ма ю хьо? Хилча х1ун ду хьо инвалид, со т1е кхетта ха дойна-м яц хьо? Яц-дера со-м цхьа а мах боцуш д1авига декхарийлахь. Х1ун элира ахьа?.. Вуьт1ит1ай, пачхьалкх ца хилча пачхалкхан автобус мичхьа хир ю?! Оцу паччалкхо вайна т1е бомбанаш етташ мичхьа яра хьо??? Соьца-м правдазащитник хилла закон къуьссура ахьа!!! 1944шарахь нохчий ц1ера бохуш мичхьа яра хьо??? Хьо ишта дуьхьал яьллехь, цхьа керста кху махка ван ваьхьара ма вацара! Я-те! Дуби-эвлахь кхийра пхьег1аш ечу заводехь ас йина, сан долахь ю х1ара автобус! Хьох дага яла ца кхиира со…

Зуда, гуманитарни помощна суна елла, сан ю-кха х1ара автобус! Ма-доккха х1ума хийта хьуна х1ара цхьа т1елхиг сан дола яьлча. Неха-м шайн долахь автопаркаш ма ю,шайн ворх1е дайх йисчи санна дозалла деш лелош,адмо т1ера налог а ца йоккхуш…Соьга кхаьчнарг ма боккха бахам хийти хьуна! Ахьа ма къизий-готтий хьовзи со, хьайн бунчохь лаьцчи санна!?... Д1ахилал, д1ахилал, нанинаш, т1ехьа шортта меттиг ю, кхузахь хьалабовла лууш алсам нах бу. Деца, ахь х1ун до биелаш, шадмаш эцна? Х1ара-м адмаш д1асалело автобус яй, Нохь-пайхмара хихкина х1урдан кема даций. Ахь цхьана соне уьш д1ах1итторах тоьий, т1ера мах луш ца хилча? Цу соне,гарза санна долу ши туьман цхьа сом схьа а эцна , ас кхо стаг вуллур ма ву.

Стаг, ахь х1ун боху? Хьуна хьо ма воккха хьаькам хета, хингал санна, айхьа хьалха галстук оьллича. Дага вог1у суна-м хьо. Виц валлал, башха беса вац. Важа 1едал долуш полконик хорма йоьхна, базарара зударий чехош лелла, шар1о малар дохка ца магийна бохуш. Зударшна дохка ца магадора, хьуна мала магадора? Хьий, дела яла къаьркъа мел муьйлучех сийна ц1е, хи мел туху серлайолуш! Кху чуьра, х1ара сахь сецорг вог1у наггахь цунах чам боккхий.Берашна бепиган юьхк эца сом даккха меттиг ца карайо,ткъа шиша эца ахча карадо. Х1ай стаг, со-м яц хьоьга мохь хьоькхуш, х1унда дуьйцу ас меллаша!? Сайн а иштта, Дала делла боьрша аз долуш ю-кх со! Оццул хьо кхоьруш хилча, лела ца везара, дехкашна ун деъча олхазаршкахьа волуш, олхазаршна ун деъча дехкашкахьа волуш.

Баба, шиъ хууш ду хьуна и г1ант, хьо ма ч1ог1а яьржина охьахиъна, буса бина такхор санна. Т1оьрмиг кара лаца мегар ду хьуна.

Х1ун боху ахь? Йиша, йоьду, бани уллехула йоьду автобус, амма д1акхаьчча банехь хьуна хи хир ду ала-м ца хаьа суна. Шайна дага деънарг «ч1ич1» олий д1а ма хада йой кхара, ахча схьа ца делла олий! Вай-м хих,сиветах,газах ахча д1алур дара,оцу мехкадаьттанах дог1ург вайна схьа маца кхочур ду-те!? Массера юкъара долу дела ма аьллера цунах «мехкадаьтта»! Суна-м цхьа чами а доьг1на ца хилла иза… Да-нана кху махкара ма дара сан а… Дог1анца дилхина хьарий ч1иж ца кхечи суна-м! Мехкадаьттан т1адам х1унда буьйцура!?

Ва, остофируллах1! Кхин а ву инвалид? Шу ма ч1ог1а арадевлла тахана, маьхза цхьаъ йоькъуш санна. Суна х1ун бен ду ахь т1ом миччахьа бинехь а, Германехь, Афганехь, соьга х1ун кхаьчна цунах? Шу немцойх летташехь, кху махкахь мел верг ц1огана к1ел мийра а, тоьхна сийначу Сибреха хьажийна. Со-м яц хьоьга харц луьйш,.. хьан кет1а еъна меттара г1аттийна ас хьо??? Цхьа ког коша бахнехь,эхартан ойла ян еза,хаза хьайна т1ера саг1а даккха ахь, кхин цкъа ворх1 сом схьалой, бухахь карор ду хьуна.

Дела дуьхьа, воккха стаг, т1е йисте г1оьртинчу буг1ано санна, и б1аьргаш ма къерзабе соьга, хьоьга со кхерлур яцара. Иттеха шарахь вайна т1е герз детташ а ца кхераелла. Ой, со-м яц хьо валийта г1ерташ, цицигана ма1а яллалц а, хедарчу буц яллалц вехийла хьо… Ва, устаз, ас х1унда духку хьуна сардамаш, ахь схьадийцарехь, хьо ву-кх дуьне доладелчхьана т1ом беш, цкъа немцойх леташ, т1аккха японех леташ. Х1инца дуьненчуьра аьлла дош доццушехь сан коча веа хьо!..

Йоьду... Автобус базара йоьду. Д1ахилал, т1ехьа шортта меттигаш ю. Х1ун боху ахь, зуда? Хилча х1ун ду т1ехьа божарий? Т1ехила. Гирз даларна-м ца кхоьру хьо?.. Хьо дагайог1учохь бацар уьш-м, мацалла чуьйраш къекъаш лаьтташ болу. Автобусашт1ехь леларш бац и зударшна т1ебетталурш… Буьзина махьарш хьалаг1ерташ мерседесаш, джипаш, ланкраузераш хоьхкурш бу!..

Х1ун хилла хьан колготкашна? Хьуо иштта кура елахь такси лаций г1охьа хьо а. Мила ву хьан колготкех ка етташ?! Дера эт1ор яцар, со санна йовха гамаж юьйхина хьо араяьлехь-м. Х1ей, заббари, со х1унда ю эхь доцуш? Хьаьнга х1ун боху ас? Ахь айхьа зурмане яьхна-кх хьайн колготкаш. Хьох-м Орци Айза хили!!! Хьо стенна еза е, цирке дига кечдина маймал санна, т1е басар-пудар доьттина, лахарчу пиллигашт1е даккха и хьайн пурстоьпан аз…

Ю!!! Автобус базар йоьдуш ю!!! Минуткехула х1унда йоьду х1ара? Хьо дера ву шу т1е ваьллачуьра  Шуьйта г1о со баьхнарг! Хьан 1аьнзар копеках Итум-Кхаьлла хьалавига ас хьо?

Ма деза, деха, доккха хилла-кх и хьан ворх1 сом…

Ахь х1ун боху, баба? Хьо цхьаъ йиснера со д1анисъянза!!! Ма дика ду-кх хьан к1ант  хьаькам волуш... Хазахета, шу мукъане хьена юуш долуш… Со балхара д1айоккхучул, и вайн некъаш тодайта алахьа хьайн к1анте, сан компенсаци схьаялийта ала, иштта воккха хьаькам ша велахь.

Д1ахилал, д1ахилал, дукхадахарш... х1инцца д1адоьлху вай.

К1ант, и ахча схьалой валахь. Хилча х1ун ду хьо милицехь? Мила лаца воллуш ву хьо кху автобуст1ехь? Бенладенера 1усама кхут1ехь ву аьлла шийла кхаъ-м ца кхаьчна хьоьга??? Кху т1ехь мел верг ву-кх балха воьдуш. Аша-м тухий-1уттий йоккхура. Шуна д1адаллал ахча вовшахкхетча и чуьра воккхаха волу к1ант гайщик балха х1оттор волуш яра со. Цера бу дика болх: бероза г1аж ластийчхьана, кхин къа хьега ца дезаш ахча хуьлу! Д1ахилал, д1ахилал, дукхадахарш, х1инцца д1акхочур ду вай.

Цхьана эха сохьтехь мукъане вовшийн карахь-марахь 1е вай, вуьшта говраша санна, ц1ингаш беттар вай, шарахь цкъа дог1у марха лоцуш-достуш а цхьа барт хила ца туьгуш.

Шофер, мичахь ву хьо? ??

Д1аяхийта!!!

Ша тхов т1е ца хаавахь, кхин меттиг бац.

Цкъа-шозза ахь ор чу тоьхчахьана, д1анислур бара х1орш-м… Нохчий дахаро башха хьеста 1емина бац!

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.