http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


ЗАБИЛА Печать Email

Макалов Шамсудди

Гелагаев Сайд-Мохьмад

 

Дакъалоцурш:

 

Лор, лор-йиша,

Забила (хенара йоккха стаг)

Психиатр (зуда хила а мега, стаг хила а мега).

(Лоьран кабинетан не1 йиллина, д1ах1утту хенаро зуда, не1саг1ел сехьа ког баккха ца х1уттуш).

Лор: (хьалаг1отту) Чуйола… охьахаал, больная.

Зуда: (хала, узарш деш, чуйог1у 1асана т1е а язлуш. Лор-йишас дуьхьала йоьдий, г1о до).

Охьаховша. Дала сий дойла… ох1, ах1… Х1ара букъ лозуш набаран суй ца бина-кх ас сийсара сахиллалц.

Лор: Фамили йийцал.

Зуда: Алиева (лор-йишас д1аязйо).

Лор: Ц1е?

Зуда: Забила.

Лор: Муха? Как забыла? Хьайн ц1е. Свое имя скажи.

Лор: (леррина зудчун б1аьрахьожу)

Ой! Совсем хьайн ц1е дага ца йог1у хьуна?

Зуда: Йог1у… Забила ма боху ас.

Лор: (цецйолу) Ой, Забила бохург х1ун ду? Меня другие больные ждут. Сан хан к1езиг ю.

Зуда: Забила ма боху ас. Масаза ала деза ас.

Лор: Вот бестолочь! (Лор-йишига д1ахьожу) Лергана онда хира ю хьуна х1ара. (Зудчун лере а таь1ий аз айдеш) зуда, хьайн ц1е юьйцур яри ахь?

Зуда: Со къора ма яц. Забила ма боху ас.

Лор: Телхинчу нехан больницехь 1иллиний хьо цкъа а?

Зуда: 1иллина… аьлча а, цигахь цкъа хилла-кх со, сайн вешин зудчун ден вешина т1аьхьа яхана. Ирча меттиг дера яра иза-м. Дала т1е ма доуьйтийла цига кхачар.

Лор: (ша шега). Странно.

Зуда: Х1ун боху ахь?

Лор: Как это так? Свое имя не помнить...

Зуда: Зуда, х1окху букъана цхьа молха а яздай, д1аяхийтахь со, сан хьуна дала ахча а дацара.

Лор: Бокъалла а хьерайаьлла-кха. Хьоьга ахча доьхуш мила ву? Со взяточница ю-м ца моьтту хьуна. Собардел, хьуна психиатаран консультации оьшу. (Лор-йишига д1а а хьожий) ялол, схьаялаел иза.

Зуда: (ша шега). Ванах, ма там бара кхара со хьераяьлла ю а аьлла, машен чу а кхоьссина, Борг1ане д1айига. Дала т1е ма доуьйтийла иза. Яда еза со кху чуьра (не1арехь д1айолало, лор и сацо т1аьхьайолу. Лор-йиша психиатр а чоьхьа долу).

Лор: Ма яхийтлаш, ма яхийтлаш (т1аккха зуда г1анта т1е охьа хуу).

Психиатр: (б1аьргех куьзгнаш духку) Лолита Вахаевна, х1ара юй хьан пациентка?

Лор: Ю. Она очень странная. Давай решим, что с ней делать.

Психиатр: (Лазархочун б1аьрхьалхахула куьг хьийзадо. Зудчо эххара цуьнан куьг 1асанца д1атотту шен б1аьрхьалхара. Т1аккха лазархочун лере а таь1ий шабарш до. Зудчо корта лестош хеттаршна жоп даларан сурт х1иттадо). Сина1аткъаман цамгар лелийна хилла кхуьнан ден вашас а.

Зуда: (елало). Тхан вешин зудчун ден ваша вара и.

Психиатр: Какая разница. Налицо ас шуьга йийцина ощутимый наследственный фактор, уръатталла шен ц1е дага а ца йог1у. Типичный Корсаковский синдром с конфабуляцией. Сина1аткъаман сиркхо ю.

Зуда: (аз айдо). Ч1у-у-ч1 ю. Шу совцо суна урх карор ю шуна.

Психиатр: При этом может проявляться агрессивность. Лолита Вахаевна, психотделени направлени язъел кхунна сихха.

Лор: А как без имени?

Зуда: Телхина ю алий суна-м ма язъе цхьа а направлени. Маккахь мел дешначу къор1анора югур яц со-м. Кхуза йог1учул тхайн юьртара лоьрана т1еяхнехь тоьллера суна. (Д1аяха тохало).

Лор: Ма яхийталаш (лор-йишассий, психиатрой юха охьахаайо).

Лор-йиша: (кхетаме йог1у). Ва зуда, паспорт дуй хьоьгахь?

Зуда: (паспорт куча киснара схьа а оьцуш). Соьгахь х1унда дац паспорт? Со цыганка ю-м ца моьтту хьуна?

Лор: Со хьажийтал. Я должна ее имя записать (паспорт т1е хьожу) Алиева Забила Саидовна… (бийлало). Ой! Забила ю хьан ц1е?

Зуда: Ас уьттаза-м элира хьоьга. Хьо кхето-м, яла санна, хала хилла. (Чохьберш бийлало). Х1инца алал хьераваьлла мила ву вайх (кхаьрда), хьа-хьа-хье, х1о-х1о-х1о.

Лор-йиша: И х1у ц1е ю, Забила?

Зуда: Ц1енна нохчийн ц1е ю-кх. Хьан ц1е х1ун ю?

Лор-йиша: Анжела ю-кх.

Зуда: Анж1аьла… хьена ж1аьло мила кхаьлина? Хьав-хьав-г1ал-г1ал… Хьо хилла-кх и энийн ун даржош ерг, анж1аьла а хилла. (Лоьран т1е а йоьрзий, цул т1аьхьа лоьре хаттар до). Хьан ц1е х1ун ю?

Лор: Лолита Вахаевна.

Зуда: Муха, муха? Кхин цкъа а алал.

Лор: Лолита Вахаевна.

Зуда: Хьан ден ц1е Ваха ю, дукхавехийла и. Хьох х1ун хир ю а хууш тиллина хилла цо хьуна и ц1е, ялийта аьлла.

Лор: (оьг1аз а йоьдий хьала кхоссало, цунна т1ехьада дагахь, амма стоьлана сехьаялале букъ т1е ан а х1уттий, гора южу). Вай, сан букъ… а-а-а-ох1-ох1… (лор-йишас пхьарс лоций шен г1ант т1е охьахаайо).

Зуда: (Д1аяха хьала г1отту, стол т1ера шен паспорт схьа оьцу. Букъ т1ехь ан а ца хаалой, хазахетарца кхиссало. Лоьрана т1е а йоьдий, хьастало). Хьо-м дика лор хилла. Ма ялийта, ма ялийта! Яхийта, яхийта. Х1а, х1ара 1аса ас хьуна ло. Х1инца и сун а ца оьшу. Ткъа хьо оьшучу хьал т1е яьлла. (Лоьро, катоьхна 1аса схьа а оьций, зудчунна т1аьхьа кхуссу. Зуда 1аса т1е ца кхетийта юьстаг1 эккха. Т1аккха, 1аса схьа а оьций, г1ийлачу мукъамехь йиш а лоькхуш, не1рехьа д1а йоьду). Дуьне духур ду аьлча, суна ма моьттура стигланаш лелхар ю, латтанаш догур ду. Дуьне дохар хиллера ненан мотт бицбина, нохчийн ц1ерш йицийна т1аьхьенаш ва кхиар.

Лор: Ва Дела-а-а, ах1-ох1, ма холчу хоттий со оцу йоккхачу стага.и х1ун дара-а-а.

Психиатр: Сан ойла-м ч1ога карчий оцу йоккхачу стага… Вайн мотт кегаре баьлла, шалхбаьлла. Берашна кхечу къаьмнийн ц1ерш тоьхку. Сан йоь1ан ц1е Карина ю. Ишколера ц1аеъча, ша бераша хьийза йо олу цо: «Карина, ва Карина, хьо мичахь карийна? Кхеллий, т1ехь карийна, я нехашлахь карийна?» – бохуш. Ас и ц1е хуьйцур ю. Дуккха а хаза ц1ерш хилла нохчийн: Эсила, Себила, Забила, Забу, Хазуо, Зазуо, иштта д1а кхин а. Аша а ойла елаш цу т1ехь. Суна х1инца психиатр хилла а ца 1аш, психолог хила а дагадеъна, цхьаболу нах сайга мелла а кхеталойла хьажа, оцу йоккхачу стага со ма-кхеттор. Х1инца шун 1одика йойла.

 

Лор: Кхити тхо, аьлча а, хьалха оцу йоккхачу стага, шолха ахьа а кхетий-кх. Дела реза хуьлда, марша г1ойла.

 

К и р х ь а .

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.