http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Весет ду сан… Печать Email

Сулейманов Ахьмад

 

Даймохк! Иза дешнийн гуламна юкъахь уггар деза а, сийлахь а дош ду, «Даймохк» аьлча Казахстанехь, Киргизехь бIаьргаш тIунлора. Мел гена белахь а, Даймохк вайн хилар бахьана долуш дисира къам хIаллак ца хуьлуш, хIу ца довш. Леш верг, вала вижинарг, ДАЙМОХК цхьамма хьахийча, хьалагIоттура: сан вала йиш-м яц, Даймохк а ца гуш, – олий. Мацалла кIелвисинарг а, гIоттий, волалора. Оцу дашо гIора а, ницкъ а лой, гIаттавора иза…

Лело, дIакхехьа еза а, хала а цIе ю иза. Атта дац и цIе ларъян. Москва-ГIалахь кегийчу къаьмнийн меттанаш школашкара дIадаха деза, уьш хьеха оьшуш дац, шен доьзалехь а, накъосташца а бийццал бен, кхин мах а, маьIна а доцуш ду кегийчу къаьмнийн меттанаш, аьлла биначу боккхачу гуламехь сан ала ницкъ кхечира, доьналла а тоьира: «Кхо хIума ду дуьненчохь даима а цхьаьна  хила дезаш, вовшех даьхча кхоьа леш: Даймохккий, ненан моттий, халккъий. Тхом-м – нохчий, гIалгIай – Казахстанехьчул чомехь даа, цигахьчул дезаниг, хазаниг тIедуха ца даьхкиний тхешан махка, цIа карахь-куьйгахь а, тIехь а доццушехь. Тхо цIа оьху, Даймохккий, ненан моттий, тхешан къаммий цхьаьний бен мегаш дацарна»…

Эзар жовхIарна юккъера цхьа жовхIар харжа а таро хуьлу. Эзар динна юккъера цхьа дин харжа а таро хуьлу. Ткъа Даймохк харжа а, хийца а тарой, аьттой хуьлуш бац. Иза хIора стеган а, къоман а цхьалхха цхьаъ бен хуьлуш бац. И цхьалхха цхьаъ бен боцу Даймохк йоIбIаьрг санна ларбан, Iалашбан беза, хIорамма шен са, хаарш, похIма, хьуьнар, доьналла, говзалла, кхоа а ца деш, дIадала деза.

Дуьнен чохь къонахий мел дукха белахь а, къам доцург къонах вац, шен бийца къонахий боцург – къам дац. Дуккха а адамех къам ца хуьлу. Адамех къам дан хьекъал а, кхетам а, оьздалла а, собар а долуш, дуьненан гIиллакхаш а, заманаш а евзаш, шениг санна, кхидолу къаьмнаш а дезаш, шен къоман къонахий санна, кхечу къаьмнех болу къонахий а лоруш – къонахий оьшу. И къонахий кхио, кхето, уьш деших дутту мухIарш санна ботта аьтто а, хьекъал а тоьийла хьуна, газета «Даймохк!»

…Нохчо НАНАС шен дуьххьара дуьнен чу ваьллачу кIантана ша йойтуш хилла зарговзе шаьлта. Шен кIант мара а вуллий, йоьдуш хилла иза зарговзан пхьалгIа. Цунна бIозза хьалха гинехь а, кIант дIагойтуш хилла: «ХIокху сан кIантана шаьлта е. Мах кхоор бац ас», – олий. Зарговзаца барт а бой, хан а юьллий, шаьлтанан эчиг кечдайта юха а йоьдий, левси кховсуш, зарговзан гIоьнца варзап тухуш, нуьйжа екош, гIо деш хилла нанас, шен кIантана варзапаш а, жIаьвнан а, шуьйжанан гIар-гIовгIа а хозуьйтуш, цунна гойтуш. ТIаьххьара кхин цкъа кхерчахь цIий а йойтий, шен аьрру агIорхьара накха гучу а боккхий, иза шен куьйга Iовдий шурин кIеж тухуш хилла цо цIийеллачу шаьлтанна тIе. Шура, йогий, кIур эккхаш хилла, тIаккха ша, шен аьтто куьйга схьа а оьций, шийлачу мохехь, шок йоьттуьйтуш ластайой, шелъеш, яхчош хилла. Шаьлтанан эчигана тIехь НЕНАН ШУРИН томмагIнаш дуьсуш хилла.

Ойла ейша, Нохчий! Муха хила веза шен ненан шурица яхчийна шаьлта карахь йолу кIант?! Муха хила еза шен кIант иштта Даймехкан дуьхьа ваха а, вала а кечвеш хилла НАНА? Сий дейша вайн Ненан! Иза ю-кх Нохчийн халкъан зIенан чIуг ца ходуьйтуш латтош ерг!

Даймахкана хьалха гора лаьттина со дуккхазза! Сайн нанна хьалха гуора лаьттина со дуккхазза. Эхь а ца хеташ! Цо сайна пурбаделча бен гена новкъа а ца ваьлла, дан дагалаьцна доккха гIуллакх дола а ца дина… Даймохк дагабеача вилхина со, эхь а ца хеташ! Даймахках къастийча вилхина со къайллах, эхь а ца хеташ! Даймахка со вуха цIа кхаьчча, вилхина со, эхь а ца хеташ! Амма ца вилхина мацвелча а, гIелвелча а, мел йоккха харцо сайна тIетаIийча а, мел боккха сайна эшам хилча а, зен хилча а.

Даймохк! Галъяьлларг меттаялош, йоьжнарг гIаттош, оьзданиг кхин а оьздаллехь лакхайоккхуш, комаьрша хилалахь вайнехан ЙоIаца!

МостагIчун уггар вон амал шел эшначу халкъан Зуда, ЙоI, Нана талхо гIортар ду хьуна. Зударий телхинчул тIаьхьа халкъ шен ерриге а чIагIонах хеда, херца, кегдала долало хьуна! Ларъелахь, Iалашъелахь вайнехан ЙОI, ЗУДА, НАНА! Уьш ца талхахь, уьш ца харцахь, вайнехан къам дуьне мел лаьтта телхар дац хьуна, хаьрцар дац хьуна, лийр дац хьуна!

ВоI боху дош вайнехан ширачу меттанашкахь ВОХЬ бохучу дашах схьадаьлла ду хьуна. Воьхьаш верг!  Майраниг! КIант! Къонах! Иза ву шен ден а, ненан а, йишин а гIарол хилла латта декхар дерг! Иза ву Мехкан, Даймехкан, вайнехан Кхерчан гIарол хилла латта декхар дерг. Кхетавелахь ВОI. Воьжнарг – гIаттавелахь, галваьлларг – нисвелахь, телхинарг – товелахь, тхан газета «Даймохк!»

 

…Дешал хIар сан Iийжам-иллий!

БIаьрхин хьаьркех доьттина.

Уьш ду сан бIаьрхин – цIийх хилла,

Лата, къовса гIевттина…

Дайх бисна кхерч бохбан гIерташ,

Сан дог дилхи бIаьрхин – цIийх…

Куьйгаш доххал хьисти терхаш

Сайн хьацарций, бIаьрхиций!

 

Даймохк! Эзарнаш вайн дайх бисина кхерчаш бу хьуна дIабайна лаьтташ! БIеннаш ярташ ю хьуна ломахь елла а, яйна а Iохкуш! ХьакхлагIаш а хилла! Шелбелла лаьтта вайн дайх бисина кхерчаш хьалалато гIорталахь! Уьш хьалалатош къахьегалахь, хьайн дог бIаьрхин цIийх делххалц! Вайнехан елла а, яйина а Iохку ярташ денъян гIорталахь «хьайн хьацарций, бIаьрхиций!» Уьш бIеннаш ю хьуна, хьакхлагIаш а хилла Iохкуш!

Даймохк! ЙоIбIаьрг санна, ларбелахь вайн ненан мотт. Деша дезачохь  «Бисмилла» вайн ненан маттахь, хьо Дуьнен чохь мел деха, лечу сохьтехь «ясин» а нохчийн маттахь деша Iамавелахь массо а! Амма:

 

ЦIийца цхьаьний бIаьрхиш ийна,

Весет ду сан, кхана лахь:

ЦIий хуьйдинчу вайн Даймахкахь

ЦIий ма Iанадайталахь!

 

Декъала хуьлда хьо, Даймохк!

Декъала хуьлда хьо, тхан Даймохк!

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.