http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Зуда дуьненан исторехь Печать Email

 

 

Кхечу динехь мухха а делахь, бусалба динехь (исламехь) зудчо лакхара меттиг дΙалоцу доьзалехь а, юкъараллехь а. Дукхах болчу нахана ца хета а тарло иза, амма бусалба зударех лаьцна дийцале жимма исторехь экскурси йийр ю вай.

Зуда ширачу заманахь

«ХΙумма а дац зудчул зуламе», – аьлла шира Грецин г1арваьллачу поэто. Цу шина-кхаа дашца кхета мегар ду, муха хилла зудчуьнца болу ларам ширачу заманахь. Цу хенахь зуда лай санна хилла цΙийндена хΙусамехь, цуьнга ца хоттуш а, хоттуш цхьанге а, цхьа а хΙума ала йиш ца хилла цуьнан. Боьршачу стага шена хьалхара зуда, ша санна адам ца лорура. Шена хьалха ялхо санна хуьлуьйтура, ша санна адам хила ца магош. Ширачу заманахь Грецехь хазчу зудчух масийтта бежана дала дезаш хилла. Йо1 хазахетар, цуьнга безам бахар иза доккха эхь лоруш хилла церан. Шен зуда йохка а, иза ен а бакъо хилла боьршачу стеган. Индехь, цΙийнда кхелхича зуда дийна йоллушехь цуьнца цхьаьна ягош хилла. И къиза ламаст, Индин цхьайолу меттигашкахь хΙинца а лелаш ду боху. Ткъа эскимосийн даьржина хилла зудабер дан ма диннехьа дер, цуьнан бахьана зудабераш совдовлар, дукха хилар лоруш хилла цара. Ширачу Китайхь, зуда ялийча кхаа дийнахь шайга вон деъча санна дΙахьош хилла. Шен хΙусамдена цхьа хΙума хатта, я ала йоьдучу хенахь Ιуьйранна, боргΙал кхойкхучу хенахь хьалагΙаьттина, кечъелла, ша цуьнга дечу къамелехь гΙалат ца долуьйтуш, хаза къамел дан дезаш хилла, иза паччахь волуш санна.

Ассирехь зудчо хΙусамчуьра цхьа хΙума араяьккхича, иза къу лоруш хилла, тΙаккха хΙусамдас лергаш дохуш хилла зудчуьнна. Йисина йолу зуда шен хΙусамден доьзаллийн лаамехь хила езаш, ткъа церан гергарчу стаге яха езаш а хилла. Ιаьрбойн бусалба дин (Ислам) дале хьалха сих-сиха дуьненчу даьлла зудабер дийна доллушехьа лаьттах дуллуш  хилла. Ткъа жуьгтийн Муса (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вале хьалха муьлххачу а ден шен йоΙ йохка бакъо хилла. Иштта дукха а масалш ду, амма дийцинарг тоьар ду кхета, муха ларам хилла боьршачу стеган зудчуьнца ширачу заманахь.

 

Зуда иудин динехь

Иудин динехь цхьа а стаг хьоьгур воцуш меттиг дΙалоцуш ю зуда. Талмудица (жуьгатийн динан юридически кодекс) резахилча цΙийндас шен зуда юьйш хилла, нагахь санна цо хΙусамчохь пхьегΙа кагйинехь, я цунна шен  хΙусамненал  хаза зуда карийнехь, цо ша арахь мелла а ца товш хΙума юуш гайтинехь, амма зудчунна шен лаамехь дΙаяха йиш ца хилла. Иудин динехь зудчо доьзалехь а, юкъараллехь а аьлларг дан дезаш хилла. Цхьа а бакъо юй техьа зударийн аьлча санна хилла, шаршу тΙетесна ца хилча, ара яла мегаш ца хилла, суьдехь теш хΙотта мегаш а ца хилла. Талмудица резахилча зуда шен хΙусамдена аьлларг деш йолу лай ю. ХΙора а шайн динах тешаш волчу жуьгтис Далла хастам бо, ша зуда ца кхолларна, ткъа зудчо, Деле доьхучу хенахь хастам бо, боьршачу стеган аьлларг дан ша зуда кхоьллина.

 

Зуда керста динехь

Керста динехь зуда бехке хеташ хилла Адама къа хьарчорна, цундела езаш а, я лоруш а ца хилла зуда. Дукхачу юкъарчу бΙешерийн гΙазакхийн молланаша олуш хилла: «Зуда боьхачу хΙуманел кхераме ю». юккъерчу бΙешерашкахь гΙазакхийн молланаш а, мозгΙарой а (монахаш) зударийн ΙиндагΙех а ларлуш Хилла, шайх къа хьарчарна кхоьруш. Дукхачу хенахь дуьйна цхьа хала хаттарна жоп ца карош хилла керста дин Ιамочарна – шена чохь са долуш юй техьа зуда?» Юкъерчу ворхΙалгΙачу бΙешерашкахь Маконскин церквин цхьанакхетарехь, кхидолчу хаттаршца цхьаьна, лоьхуш дара цуьнан жоьпаш. Цигахь хиллачу ах юьхьсило тΙе а ца дитина зудчунна са ду аьлла, амма цхьа кхаж совбаларо, зуда лахаро лоруш елахь а, цунна цхьа са тайпа хΙума ду аьлла сацийна. Керста динан юккъерчу  бΙешерашкахь зуда гΙам ду олуш а хилла, шаьш шекболчу зударшна тухуш а, бакъдериг дуьцуьйтуш хилла. Амма цхьаболчу зударшна гΙам ду алар бахьана, иза хаза хилар лоруш хилла цара.

 

Зуда бусалба динехь

Бусалба динехь боьрша стаг, зуда а цхьа бакъонаш йолуш ву АллахΙана хьалха. Бакъду бусалба зудчунна ца мега пачхьалкхан куьйгалхо хΙотта, амма иза цуьнан ларамна а, я бакъонашна юккъе догΙуш дац. Зудчуьна йиш ю деша, политикан юккъехь дакъалаца. Зудчуьна болх беш, шена ахча даккха йиш ю,   (шен динан тΙех а ца юьйлуш). Ингалсехь ткъаессалгΙачу бΙешерашка кхаччалца зудчунна рицкъанах шен луъург деш хилла цΙийндас. Нагахь санна боьрша стаг шен хΙусамненаца вон велахь, я цуьнца лелош жимма а харцо елахь, оцу зудчун бакъо ю цунах  дΙакъаста. Уьш къаьстинчул тΙаьхьа  хΙусамдас шен доьзална яа-мала латто еза, ткъа бераша хьажарна зудчунна ахча а дала деза. йиъ зуда яло магийна бусалба дино, амма цаьрца цхьатерра хила деза; юучуьнца, духарца, ларамца а. Исламо ца магадо зуда яло, нагахь санна иза кхаба таро яцахь. Россехь 1861 шо кхаччалц гΙоьпан зудабераш нуьцкъала маре луш хилла, ткъа цаьрца цхьа а ларам ца хилла. Болх бан йиш йолуш ю бусалба зуда, амма иза цунна тΙедожийна дац, хΙунда аьлча, доьзал кхабар хΙусамден декхар ду. Уггар хаза хΙун ду аьлча, чохь кхача кечбар а, бедар йиттар а,  шен лаамехь хила деза зудчуьна, нуьцкъала иза цуьнга дайтар нийса ца лору. (Цунна реза бу дукха бусалба Ιилманчаш). Кху массо хΙуманна ойла йича кхета Исламо  зудчуьна бакъонаш ларйойла, амма уьш хаа еза. Ша бусалба волу стаг зудчуьнца вон хила ца веза. Амма цуьнца вон волчу стага шена дагадаийта деза Мохьмад пайхамаран дешнаш (Делера салам-маршалла хуьлда цунна): «Оьздачу стага зуда лорур ю, амма цуьнан сийдайъа гΙерташверг – осала стаг ву!»

 

Тайп-тайпанчу хьостанех пайда а оьцуш,

зорбане кечйинарг – Сагаева Залина.


 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.