http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


ТЕРКАН КЪАЙЛЕ Печать Email

Джабиров   Ибрах1им

 

(поэма)

 

…Тоххура д1адаханчу денойн г1улкхаш,

Ширчу заманашкахь хилла бохург…

А.С. Пушкин. «Руслан и Людмила»

 

 

Тептарш а зарзделла, мокхуз а боьхна,

Долуш дерг хуург лийна цу хенахь харц,

Туьйранча а 1ожало набаре воьг1на,

Илланчас х1етте а дай бицбеш бац.

Торквато Тассо

 

Цхьаьна хенахь, дуккха а б1ешераш хьалха,

Буьрсачу ламанийн вайнехан махкахь,

Сий лардар ца хилла кхетадеш шалха,

Эхь дахьаш мел дерш а хиъна д1алахка.

 

Генарчу бераллехь хезнера суна,

Замане хьулдайта лийринчух дийцар,

Хенара къано шен хьесап деш цунна,

Ларлора хиллачух цхьа дош а хийцарх.

 

Дуьххьара цуьнгара хиира суна,

Ширачех Дадин-Юрт хиллий вайн махкахь,

Декъазчу кхолламо эшам бар цунна,

К1ур байна нах бисар овкъаршлахь 1ахка.

 

Юкъарчу г1аттаман г1азотехь белларш

Тахана ц1ерашца бийца чот яц,

Х1олламаш хирцина, чарташ зарзделла,

Баьрзнаш бен цу меттехь б1аьргашна гац.

 

Ойланехь г1ерта со сурт меттах1отто,

Цу дийнахь хиллачух сайн хьесап дан,

Дохк яьржа, салтий го мог1аршка х1иттош,

Т1ебог1уш бала бу, дац иза г1ан.

 

Дошлой бу ма хуьллу эвла чубулуш,

Яккхийчу тоьпаша егайо аре,

Го адам сихделла майданехь гуллуш,

Деттало б1о юккъехь байракхан дари.

 

Шакаршца тарраша накхош а доруш,

Ши аг1о яхара даръелла чучча,

Чуг1ерта баьхкинарш къинхетам боцуш,

Хьийзаш го инарла эскарна гуччехь.

 

Тур хьекхна куьйгаш а к1адалло эцча,

Мокхузан тоьпаш и ц1ийяла йоьлча,

Мохь белира гу т1ера г1ара-тата сецча:

- Ма х1итта сан хьоме юьртахой холча!

 

Д1ахьаьжчи гуш яра маликийн сибтехь,

К1айн духар дуьйхина исбаьхьа йо1,

Хазаллехь массарел къистинарг юьртахь,

Нур лепа Айбика деш яра до1а.

 

-Аса кхузза шун ницкъаш совбоху шуна,

Пондарца, вотанца.

Латалаш к1ентий!

Тахана оьшу шу мехкан маршонна,

Эхартехь шун хир ю сийлахьчийн меттиг!

 

Баржийра исбаьхьчу куьйгаша пондар,

Хазийра к1енташна вайн лаьмнийн аьзнаш,

Вотанца мукъамна луш кура болар,

Хелхарехь лепара Айбикин б1аьргаш.

 

Когаш т1ехь латталуш мел верг сецнера,

Ца волуш юхнехьа шен хаддалц хан,

Мостаг1ийн декъеша керташ юьзнера,

Чекхдала дуьйлира и ирча г1ан.

 

Х1ора ц1а а ц1ийца бен доккхийла йоцуш,

Хьийзара эскархой гаттделла дуьне,

Ца лиънарш баха цу мостаг1на боцуш,

Хевшира 1ожалца цхьаьна шуьне.

 

Т1аккха а ца дайра пондаран аьзнаш,

1охкура к1ентий шайн шийлачу дог1мех

Йоьттина шайн эвла йистера раьг1наш,

Йоьлхачу стигалан тезетан дог1нехь.

 

- Сихонца дайа цу пондаран аз,

Юха а и к1ентий 1овттале шолг1а,-

Омра дира цецваьллачу инарлас,-

-Лан амал дац кхин сан дагна и г1овг1а!

 

Турмалца кечйинчу эпсаран тоьпан,

Бирг1ано лехира б1аьвнаш т1ехь йо1,

Йоьза суй санна шен чехкаллехь лепаш,

Бахара исбаьхьчу некха т1е х1оъ.

 

- Я Аллах1! Я Аллах1! Хастам бу хьуна,

Доьхначу кху дийнахь со декъалъеш!

Доьналле 1ажал а ели-кха ахь суна,-

Элира т1аьххьара Айбикас леш.

 

Вотанца юххешхьа хьийзина Зазу,

Айбикин хьомениг, цул жимха йиша,

Хьийзара таръелла т1ам боцчу аьрзух,

Бохуш: «Х1ай стигланаш, орцах йовлийша!»

 

Дирзира дог1а а б1аьрхиш чекхдевлча,

Батто б1аьрг туьйхира цу юьртан ирзух,

Мерцина дилха дог узаршка даьлчи,

Шаьлтанца каш даккха х1оьттира Зазу.

 

Са тоссуш Айбика лийча а йина,

Кисанца и кечъян таро ца хилла,

Г1абалех, гуьльмаьндех марчо а дина,

Юьйлира шен йиша лахьтийчу йилла.

 

Дерриг а дан дезарг дина а яьлла,

Борза т1ехь доьшуш дерг кхочуш а дина,

Яхара и миска кех ара а яьлла,

Ладог1а, висний-те цхьа а дийна.

 

Буьйсанна юьрта чохь 1ен а ца ваьхьна,

Цу Теркан тог1енехь четар а тоьхна,

Сецнера инарла чура са а даьхьна,

Б1аьргашна гинчунах цецваьлла, воьхна.

 

Дег1а к1ел верта а, г1овлане нуьйр а,

Йиллина,

тевжина 1ара и тийна,

Куьйгара ца хоьцуш болатан тур,

Байинчу юьртахойн ч1ир 1елатийнарг.

 

- Мел доккха ор даьлла халкъашна юкъе,

Иттаннаш шерашкахь кхехкаш бу т1ом,

Зовкх хьоьгуш баьхна мохк бу х1инца къен,

Т1амо а луш ца го толаман стом…

 

И тайпа ойла еш 1ашшехь иннарла,

Кхунна т1е веара хьадалча-эпсар,

Низамца мо догг1у рапорт а делла,

Иннарле кховдийра пакетан таьптар.

 

Пакет а яьстина дийшира йоза,

Г1алг1азкхийн тхьамдано шен хаам бора,

Т1елатар ша нисдарх толамца, говза,

Юьрт д1ашаръярх а ца х1оттарна гора.

 

Кхин д1а цо дийцира, бисинчех дийна,

Царах ша 20 йо1-стаг схьакъастаяр,

Коьртачу шахьаршка бига магийна,

Доьхуш уьш д1абига пурба далар.

 

Оьг1азе г1аьттира буьрса иннарла,

- Шун т1ом а боийла  акха ж1аьлеша!

Б1оно цхьаъ хьашарехь дац х1умма а керла.

Кхунах вайн сий хиларх со к1еззиг теша.

 

Мехкаршца эвхьаза довларх ларлолаш,

Шу дохко девра ду, уьш осал бац.

Нохчийн йо1 лоьмал а майра ю шуна,

Шен дег1ах п1елгаш цо 1уьттуйтур дац!

 

Д1а-м вай уьш буьгур бу, делахь а кхана,

1уьранна сатоссуш со хьожур ву,

Ткъа цигахь, варилаш, т1екхаччалц цу ханна,

Ларлолаш, ларлолаш.!.Хьо кхеташ вуй?

 

Сай, бодий къаьстачу тийналлин юьххьехь,

Ламанан букъа т1ехьа малх меттах  хьовш,

Инарлин четарна иттех ше юххехь,

Хезара мехкарий гайта балош.

 

Дашо варкъ даьккхинчу духарца лепаш,

Баьккхира инарлас арахьа ког,

Цхьаъ вукхул исбаьхьачу яххьашца къегаш,

Лаьттара мехкарий.

Цецдаьлла дог

Кийрара схьаэккхал тоха  а делла,

Ц1е летта догура хуьлуш шех чим.

Кхетамах вохарна кхера а велла,

Юханехьа велира и малвелла жимма..

 

Лаьттара ткъа йо1 уьш, г1арг1улеш санна,

Яххьаш т1ехь догу нур малхал а лепаш,

К1ажарша нуй хьоькхуш 1аьржачу лаьтта,

Б1аьргаша жовх1арийн з1аьнарш а етташ.

 

Лайн басехь г1абалеш дешийца кечъйина,

Гуьлмаьндин т1ам сецош бос к1айчу лаго,

Ойланехь шайн дегнаш ч1аг1алле кхачийна,

Кечдира мехкарша къовсамехь даго.

 

Мот сецна висинчу иннарлас куьйгаца,

Б1аьц йира: «Д1абига Терка т1е,»-аьлла.

Бигира мехкарий эпсарийн г1аролца,

Кхочушдеш эскарийн тхьамдано аьлларг.

 

Хьалхахьа йог1ура яхь йолу Зазу,

И ша схьакхеттера кху йийсархойх,

Шен аз а лахдина мехкаршна хеззарг,

Дагаяла х1оьттира шен нийсаройх.

 

- Хаалаш, мехкарий, х1ун кхоллам кечбеш,

Дуьгуш ду тахана вай Терка т1е,

Мостаг1ийн ойла ю, вайн эхьаш кегдеш,

Нисъян шайн элашна х1оранна а сте…

 

Петарбух хьоьжуш ю Кавказан хазне,

Вайн сибат кхолон цхьа йо1 цигахь яц,

Цундела бу бах уьш вай дахкар даздеш,

Амма вай гойтур ду уьш хилар харц.

 

Вайн дог1мех 1уьттур дац цхьаммо а куьйгаш,

Вайн ц1ийно бохбийра бац цхьанне а мот,

Майрачу дайшкара ду вайгахь дегнаш,

Оьздачу наношкара хазаллин чот…

 

Кху Теркан дехьарчу бердах схьабаьлла,

Гой шуна бог1уш бу хинан барам,

Иннарлас вай цу т1е ховшаде аьлла,

Пайтонаш т1е дига ца бойуш чам…

 

Нагахь вай цу бердехь ког баккхахь лаьтта,

Аьттуне сатийса таро хир яц,

Цундела хи т1ехь вай дала деза летта,

Кхин ала дац сан, шу шаьш дистхиллалц.

 

Хедижат, Аймани, Ахьсарт, Себила,

Аружа, Медна, Жемилат, Аянт,

Кхинберш а, теша со, реза хир буйла

Даккха шайн дахаршна к1елхьара г1ант.

 

- Тхо реза ду,- элира Аружас курра,

Вайн дог1маш кхочур дац Теркана бен,

И вай хьорчуьйтур ду вайн дог1мийн чкъурах,

Даккхийдеш дуьйссур ду цуьнан х1усаме.

 

Декъазчу кхолламо йишалле баьхнарш,

Бевлира эпсаршца хинабарам т1е,

Цу сохьтехь кхуьйлира стиглара аьрчаш,

Тулг1еш а лелхара барамна т1ех.

 

Буьгуш берш хи юккъе кхаьчначу хенахь,

Туьйхира яхь йолчу Зазус шен мохь,

Боьхнера эпсарш и ду моьтташ г1енах,

Мехкаршца нисделча шаьш цу хи чохь.

 

Шовзткъа куьг аьрзунан т1омах а тарлуш,

Хевшира эскархойн погонаш т1е,

Цхьаццанца тасабелла уьш шайца чу а хьуш,

Д1абайра мехкарий цу минотехь.

 

Цхьаъ санна ткъа йо1 уьш нигат чекхдаьлчи,

Кирхьане х1иттира елаеш церг,

Урдонна цхьацца са деана шаьш алчи,

Дилхира мехкаршна хьалха и Терк.

 

Зезагийн беснашкахь хина т1оьхула техкаш,

Х1ордехьа хьуш гора йовлакхийн т1емаш,

Хураьшкийн гонех уьш дацара къехкаш,

Шаьш лелийна хаза кортош сийлалехь лепаш.

 

Хьоьжура иннарла хи т1оьхула гена,

Къиноша кхел йира синтемах хьега,

Кхийтира т1аккха и дуьненан хенахь,

Лаьмнаш гор эгалур доцийла шега.

 

 

Оьрсийн маттера нохчийн матте гочъйинарг

Д ж а б и р о в    И б р а х 1 и м  2009 г.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.