http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


БАХАЛАХЬ, НОХЧИЙН МОТТ! Печать Email

Кадиев Руслан

 

 

Х1инццалца схьа, нохчийн маттах лаьцна дийцар юкъадаьлча орфографи метта яло езаш хилар т1ехь соцу доллу къамел. Графикца дерг башха тидаме а ца лору, дош ма аллара нийса яз а дина, юха и нийса дешар коьрта хилар шеко йоцу дела. Цундела, тахан вайна бисна нохчийн мотт, вай ма биццара зорбанехь ган лаахь йозанехь дифтонгаш ца язйича девр дац, деха аз билгал ца даьккхича а даха меттиг яц. Цхьана-шина озах лаьтта цхьадолу дош нийса дешийтархьамма пхи-ялх хьаьрк лело меттанаш а ду девзаш. Иза шен халкъ марг1ал а, хиндолчуьн сагатдар а ду.

Цу т1е доьг1на аьлча, цкъа зорбанехь хиллехь а, вевзаш волу лингвиста Вагапов 1арбис орфографех лаьцна цхьайолу бакъенаш карла а йохуш, цу буха бакъхьа хетарг алар иг1алда ма лорийла. Тахана шен ала дош дерг тап-аьлла 1ойла дац.

– Доланиг дожарехь ц1ердешан орамехь аз хийцалахь чаккхенгахь – Н ца яздо (х1унда аьлча цо ешарна новкъарло йо дела).

Дуста: нена ц1а, беца текхарг, мера зуда, хена йохалла, лоьма к1орни, тоьпа бирг1а, тоька Сара.

Цхьа дешдакъа долу дешнаш гуттар аьлла юкъара довлу (да – ден, са – син, т1уо – т1айн).

– Шолг1а легаран доланиг дожарехь чаккхенгахь – АНАН метта – АН язйо:

баган дечиг, заман йохалла, йозан бакъенаш, ламан аз, дарбан дикалла. Цхьа а маь1на дац уьш дахдан иштта: баганан, заманан, йозанан, ламанан.

– Доьалг1а легарехь Дл. дожарехь ши чаккхе лела: – ЧУН, – ЧУЬНАН. ЧУЬНАН формант аларехь г1оле ю, х1унда аьлча т1аккха ДЛ. дожар (дешархочуьна) Л. дожарх (дешархочуьна) дика къастало. Нагахь санна – ЧУН харжаран бахьна деккъа и доца хилар бен дацахь, – ЧУЬНА яздан мегар ду.

– Нохчийн маттахь чаккхе йоцу а, – А чаккхе йолу дола ц1ершкахь дукхаллин терахьехь – АР суффикс лела. Масала: Адам – Адамар, Ахьмад – Ахьмадар, Леча – Лечар, Малика – Маликар.

Ткъа чаккхенгахь кхин мукъа аз долу дола ц1ершкахь дукхаллин терахьехь чаккхенгахь – Г1АР лела. Масала: Салавди – Салавдиг1ар, Абу – Абуг1ар, Туркуо – Туркуог1ар.

– Нагахь санна, шина дешдекъа ц1ердош дожаршкахь я терахьехь хийцалуш кхаа я цул сов дешдекъе дерзахь, хезаш доцу юккъера – А – ца яздо, шел хьалхара мукъа аз деха дацахь. Масала: адам – адмана – адмуо – адмаш, хьаькам – хьаькмана – хьаькмаш.

Амма: бала – балана – баланаш, безам – безаман – безамаш, ойла – ойланна – ойланаш.

– Къойлина дешдекъех хезачохь – АЬ-яздо, нагахь санна лач дожаршкахь я гергара дешнашкахь – ИЕ метта ца х1оттахь. Нагахь санна меттах1оттахь, – ИЕ-яздо. Масала: таьптар, маьрза, ц1аьнкъа, ц1аьххьана. Амма – къамиел, х1унда аьлча дукхаллин терахьехь къамиелаш хиларна; ниекъ – некъаш, иштта миекх – миекхаш, сермасиекх – сермасиекхаш. Къаьсттина атта таллало чаккхенгара – иехь: декабриехь – декабриера, уллиехь – уллиера, т1иехь – т1иера. (кху бакъенна юкъа ца дог1у Т1ОЬХАЛА дош).

– Нохчийн билгалдош дожаршкахь хийцадалар г1ийла ду, цундела лач дожаршкахь – ЧУ ца яздича а маго деза. «Хьажош дехкинчу, даккхийчу, шерачу т1улгех дина, барх1-исс ц1а дара кхоьлина лаьтташ.» Дустал: «Хьажош дехкина, даккхий, шера т1улгах дина, барх1-исс ц1а дара кхоьлина лаьтташ». «Х1уттургаш йоцчу чолхечу предложенешкахь йоцчу цхьалхечу предложенийн тайп-тайпана маь1наш хуьлу». Дустал: «Х1уттургаш йоцу чолхе аламашкара цхьалхе аламийн тайп-тайпана маь1наш хуьлу».

И – ЧУ-наш жим-жимма дохуш д1адаха деза, юьхьенца т1аьхьара, стиле хьаьжжина, цхьана дашехь а дуьтуш.

– Хена куцдешнашка – буьйсана, 1уьйрана, пхьуьйрана, суьйрана, 1уьйкъана цхьа – Н – язда деза. Дар-суьртан куцдешнашкахь – ИНА метана – АНА язда деза: катоьххана, къаьрззана, къаьсттана, лаьррана, хьойззана.

Ткъе итт-шовзткъа шо хьалха ца хилла цхьа йоккха 1ампал ю вайн йоза-дешарца.

Оьрсийн мотт х1етахь арахь бен бацара, ткъа х1инца х1ора х1усмехь баьрче схьаяьккхина цо. Цундела дешархошна хьовха, ишколера бевлачарна а дифтонг езачохь дош нийса деша а, я цунах кхета а ца хаьа. Изза хьал ду деха мукъа аз долчу дешнашца а. Вай дикторшкий, илли-эшаргий ладоьг1ча цкъацкъа моттало къамел деш берш а, илли олурш а кхечу къомах бу.

Ца моьттучул лач ду Нохчичохь нохчийн маттаца дерг. «Хаа деза» бохург дош хетачуьра даьлла, «дан деза» бохург бахарал сов т1ехдолуш дац. Нохчийн маттахь йоьшурш лаг1белла олуш латкъам хеза сих-сиха. Иза бакъ дац, нохчийн маттахь язйинарг йоьшур йолуш дукха а бара. Ледара хуъчу оьрсийн маттахь йина ойла гочъя г1иртина кегареххий, чаьмза калькеххий цхьаьнна дог ца лета. Цу т1е цхьайолу алам кхетархьама юх-юха еша езаро а хьаштана дика эшам бо. Кхузахь коьрта бахьна дифтонг язъешший, деха аз билгалдокхуш ца хилар ду. Нохчийн меттан орфографица йог1уш керла график кхолла ца г1ертахь нохчи маттахь язйинарг шерра еша новкъарло йо кхачамбацарш д1адахарна сихо ян езара. Яз иштта до, ткъа деша иштта доьшу боху бакъе д1а ца яхар гуш ду. Тахана вай карахь болчу аьттонца, барта ма биццара ц1ена зорбанехь бекийта, йог1учохь дифтонг а, долу деха аз билгалдокхуш а йоза нисдар бен кхин некъ бац. Аьсха делахь а дифтонг язъеш меттиг бог1ура, ткъа деха аз (и, уь доцург) х1инцалца схьа къастина дац. Аз деха ала дезачохь «а», «е», «о», «у» шишша яздичхьана и 1ампал ца хилча санна д1айолура: (лаами, к1аади, дееса, деена, доог1а, лооцу, Мууса, тууса). Ткъа лаам, хаам санна долу цхьатера мукъа аз шишша цхьана нисло дешнаш, ла-ъам, ха-ъам яздичхьана д1а нислуш дара.

Катоьххана, нохчийн халкъа дуьхьа, маттаца мел дог1ург нис ца дахь, оьшург лаха а лохуш дина ца карадайтахь хатта марг1ал а, сагатдан кхане а йоцуш вай дуьсург хиларх цхьа а шеко-м яц.

Х1инца шу тидаме йилла лаьа тхуна дифтонгашца язйина ойланаш. Масала французаша гуттар алсам лелайо уьш шайн маттахь. Вай кхера ца деза царах, цецдовла а ца деза.

Хьоме ешархо, хьан кхеле йиллина статья ешча хьуна хуур ду нохчийн меттан дешнаш нийса олуш бен ешалур йоцийла. Цул сов т1е тоха лаьа, вай уггаре мехалла хеташ болу ингалсан маттахь алар цхьатера долуш дешнаш инзаре дукха ду, амма яздар цхьатера долуш ши дош дац. Цундела ингалсан маттахь йоьшуш волчунна дешах ца кхеташ меттиг ца нисло.

 

МАТТАНА ОЬШУ УОРЦА,

ЙА ВАЙНА ОЬШУ?..

 

Т1аьхьарчу хеенахь зуорбаниехь а, телевизориехь а, шаьш вовшах кхиет-кхиеттачуохь балла болчу нааха а дукха дуьйцу тахан нисделла нохчи метта хьал. Иза ледар хилар а гуш ду, иешна а доог1у, кхиерамие т1еег1ание кхоочуш а лаьтта. Нохчи маттахь цхьа газиет а, шиъ журнал деера ду. Бакъду, царна т1ехьаьжча хуларуо лаг лаьцна санна цкъацкъа хуорам хуьлу. Цхьадолу йоозанаш нохчи маттахь дац. Дешнаш-м ду нохчи маттиера, ткъа кхи д1а дерг калькин цхьа г1урт хуьлу, уоьрси маттаций биэ маь1на а ца далуш.

Нохчи муотт хаза бу, хьал долуш бу боохуш кхайкхуош дийца к1уорда ца диэш лаьтташиехь, зуорбаниехь дукха беса, къиен, г1ийла х1унда нислуо-тие. Вайн литературиехь, журналистийн мог1ариехь хьийкъина лексика йолуш, к1уоргиера муотт хуурш бац боохург дац и. Ца хуъчееран г1овг1а ч1оог1а хиларна уьш ца хеза, ца гоа боохург ду.

Цхьа говзар цхьана маттиера кхиечу маттие йаккхар а ду цхьа 1илма, шие талхуо йишйооцу низам а долуш. И г1уллакх гуочдархуочуьна къа ду. Ткъа и г1илкх ца лооруш, кхи 1аалашуо йолуш динарг ма-дарра гуш хуьлу.

Тахна, дукха хьоолахь газиета статйашкахь лиелош дерг, т1еиецнарш ца леерича, цхьа б1е дуош Бие ца нислуо. Сахаддал т1иех лиелуочу Д1А-дешхьалхиенуой, – ЧУ, – ХУЛА суффиксашший иешийна меттан хазалл, цуьна исбаьхьаллин аамат. Ткъа муотт ца хаълучаара, ца бевзачаара ун дина х1инцлеера нохчи йоозана маттахь дукхаллин теерахьах.

Ишкуолиехь я институтиехь нохчи муотт хьиехна баацахь а, цхьадолчу х1уманна мукъна а язйечуьна шаа т1аьхьа г1уорта лаам хила биезара. Шаа язйина х1оора аалам юха йиеша а йиешна, чуохь-аарахь дечу къамиелаца йоог1у я ца йоог1у хьаьжча а нийса дерг гучу деера дара, шие метана йооцучу бакъиена гуурахь и нисйа г1иертачул.

Дуьниенара массуо а меттан юкъара нислуш дукха бакъиенаш елахь а, х1оора муотт шие бие йооцу цхьа башхалл йолуш хуьлу. Ткъа ерриг аьлча санна нохчи грамматика, цуьна сина хийрачу маттиера бакъиенаш гуоч а йиеш, царна буха масалш нисдиеш дина цхьа бахьан хилар гуш ду. Шие меттан г1иллакхца ма-йарра и нисйа йиеза хан генна т1иехйаьлла йоог1у.

Кхи цхьа кхиетаман айпалл а йу цхьаболчу язйечаарах хьакхйелла: А.Г. Мациевн дошамиехь дооцучу дашах пайда иеца ца ха-ъар, ца ла-ъар, уьш архаизмаш, диалекташ ю боохуш. А.Г. Мациевн «Нохчийн-оьрсийн словарь» дошам т1иехь 20 эзар дуош ду аьлла билгалдина делахь а, царах 40% т1еиецнарш ду. Иза цуьна зааман 1еедалуо туоьхна биллам бара, ишттий бие и санна болу буолх аарахиеца бакъуо ца луш. Ткъа тахна къуона яздархуо, поэт, журналист цу дошам т1иехь дооцу дуош даалуорх къахкуош меттиг боог1у, йиешархуой кхиетар бац оолий бахьна а даалуош.

Зуорбаниехи ца лиела дуош эххара довш хиларх т1аьхьа ца кхиар ду и, я и дарах бие ца хиетаран лар ю. Ткъа цхьа дуош а маттара дицдаруо халкъан кхааниенна иешам буо.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.