http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


АМАЗОНКАШ МУЬЛШ ХИЛЛА? Печать Email

Хасиев Сайд-Мохьмад

 

 

Массарна а зеделла хууш ду, грекийн ширачу мифологехь хьехош долу х1уманаш, нохч-г1алг1айн фольклорехь а, мифологехь а карош хилар, ткъа оцу грекийн йозанна т1ера схьа а эцна, вайн фольклор юкъе уьш даьлла олийла яц, х1унда аьлча, грекаш цкъа а вайнахана лулахь бехаш хилла ца хиларна а, советски зама х1отталца вайнехан шайн йоза ца хиларна а. Амма ширачу грекийн Г1ирмехь а, 1аьржачу х1орда йистехь а шайн колонеш хилла. Цунна тарло шайн мифологехь цара цхьадолу х1уманаш Кавказера д1адаьхьна хила.

 

Масала, ширчу грекаша вуьйцу Прометей. Цунах лаьцначу мифо боху: Прометейс адамашна оьшу ц1е лачкъийна Делан кхерчара. Прометейс и ц1е лачкъийчахьана адамашна 1емана йогучу ц1арах пайда эца. Дела оьг1аз вахна, боху цу мифо Прометейна, шен кхерчара ц1е а лачкъийна, нахана и д1аяларна. Цунна та1азар деш, и Кавказан лам т1ехь цхьа лекхачу тархах д1атоьхна болатан з1енашца. Х1ор денна, з1енашца вихкина волчу Прометейна, з1ок а етташ, цуьнан до1аха даан оьхуш цхьа аьрзу хилла.

Изза миф ю гуьржийн фольклорехь юьйцуш – Амиранан легенда олу цунах. Амма ц1е йоккхуш ца хьахаво нохчийн фольклоро Прометей – Амиран.

Масала, цхьана стагах а, цуьнан хьуьнарх а ца вешаш хилча олу нохчочо:

«Хьо мила ву? Оцу Делан кхерчара догуш долу хаьштиг лачкъийнарг-м вац хьо?»

Стаг хасто лиъча а олу: «И-м, хьо ваха, ву цу Дела кхерчара хаьштиг а лачкъор долуш».

Кхечу тайпана олуш а хьулу: «Цо-м оцу жоьжахатара хаьштиг а дахьар ду».

Гомера, ширачу грекийн поэто, язйинчу «Одиссея» олучу поэми т1ехь хьехош ву цхьа, 1аламат боккха ницкъ болу, дажал Полифем. Оцу дажалан хье юккъехь цхьа б1аьрг хилла бох. Дажош жа хилла Полифема. Сарахь дала а дой цхьана хьех чу лохкуш хилла цо шен жа. Шен даьхни ара ца далийта, хьехана чувоьдучу 1уьргана дуьхьал цхьа ц1иннал бокха чхар а буьллий, йогучу ц1ергахь шена тоам хирболуш боккха уьстаг1 а боттий, охьавуьжуш хилла Полифем. 1уьйранна хьехана дуьхьал оьзна чхар д1а а боккхий, жа дажо воьдуш хилла и дажал Полифем.

Мухха а цу чу нисвелла, Троянски т1амера ц1ехьа вог1уш волу Одиссей. Полифема вуур волуш хилла иза, эвна т1е а воьллина, ц1ергахь ватта а веттина. И Полифем вижа а вижийтина, ц1ергахь ов ц1ий а дина, оцу Полифеман цхьаъ бен боцу б1аьрг баьккхина Одиссейс. Мохь а хьаькхна, хьалаиккхина Полифем, лоьхуш хилла цо Одиссей, амма уьстаг1аш юккъехь карош ца хилла. 1уьйранна жа аралохкуш, цхьацца уьстаг1 арабоккхуш, лехна Полифема шен б1аьрг баьккхинарг. Уьстаг1ан ц1окана юккъе а воьлла араваьлла Одиссей.

Цхьа хьаьрк хийцина доцуш, изза цхьа б1аьрг болу нарт дуьйцу нохчийн а, г1алг1айн а фольклоро, оцу дажалан ц1е-м яц йоккху.

Билггал бакъ ду грекашкара и хабар вайнахана кхаьчна цахилар.

Грекийн ширчу заманан историкаша яздинчунна т1е а доьг1на, ц1еяххана волчу археолога Е.И. Крупновс боху, цара бийцина «гаргареяш» г1алг1ай бу. «Гаргарен» бу бох Крупновс «гергарнаш» (вайнехан маттахь «гергарнаш»). И «гаргареяш» бехаш хилла меттиг, шеко к1езиг йолуш, хила а тарло Къилбаседан Кавказ.

Кхин къаьмнаш а ду грекийн, историкаша Къилбседа Кавказехь дехаш хилла бохуш, масала, «хамекиты», «исадаки», иштта кх. д1. Амма и къаьмнаш х1орш ду, вуьйш ду, аьлла, билгалдойла яц. Т1аккха хьахийна грекийн историкаша «амазонкаш» олу цхьа къам. Грекийн историкаша дечу тоьшаллица и амазонкаш (зударий) шаьш бехаш хилла, шайна юккъе божарий а ца буьтуш. Цхьанхьара шайна кхерам т1ебог1уш хилча, говрашка а ховший, дукха майра леташ хилла уьш. Оьрсийн маттахь говрахь майра лелачу зудчух «амазонка» х1инца а олу. Шеран коьртехь цкъа, шайн х1у кхача ца далийта, божаршца хан йоккхуш хилла боху цара. Дина зудабер шайна дуьтуш хилла, кхиъна даьлла божабер д1алуш хилла божарашка. Шайлахь хаьржина тхьамда а хуьлуш хилла амазонкин.

Оцу Крупновс лору и амазонкаш кхузахь бехаш хилла хила а мега, аьлла.

Цу амазонкех лаьцна сайна хезнарг дуьйцур ду ас х1инца.

Со вара 1968 шарахь, цхьана суьйренца Сема1ашкарчу автостанцехь автобус яре хьоьжуш 1аш. Воккха стаг нисвелира соьца цигахь. Ц1е Микаил яра цуьнан. Сагатлуш хабаре велира воккха стаг (кхузза ткъа шо ду шен бохура цо). Шена баккхийчара дуьйцуш хезна бохуш, цхьацца х1уманаш дийцира цо). Бахара цо, цхьана хенахь, вайн махкахь шаьш шайна тхьамдалла а деш зударий бехаш хилла, бохуш. Дукха майра леташ хилла уьш, дакхий дог1амаш а хилла церан, бохуш дуьйцура воккхачу стага. Цу хабаран ас цу хенахь башха тидам а ца бира – масане хуьлу баккхийчу нехан хабарш.

Цул т1аьхьа ши шо делира. Суна ца моьттучу хенахь, 112 шо долчу Куршлой эвларчу Тазбаев Мусас карладаьккхира суна Микаила дийцина шира хабар. Шиммо а дуьйцучунна юкъехь цхьацца къастамаш белахь а, уьш ладам боцуш башхаллаш яра. Мусас дийцинарг д1аяздира ас:

«Дукхе-дукха хьалха цхьа хан хилла, адам арара экха санна дукха дера  долуш. Вовшашна дукха зуламаш деш хилла вайнехан варх1е а дайн дайша. Т1аккха дала ойла йина: «Дера деза царна гай кхолла. Т1аккха кхача баарца юкъа уьйр-марзо йог1ур ю царна».

И зама хилла дуьне шен бераллех къастаза: лаьмнаш сацкъар санна буьйда, стигла лаьттах къастаза хилла. Шо шаре хьовзарца, хан-зама яларца, адамашна юкъехь, пхьор бахьана долуш безам, г1иллакх, адамалла дозаделла. Барт-марзо мел лоруш хилла аьлча, цхьа вежарий хилча санна д1ах1иттина. Цкъа цхьана дийнахь гуламе баьхкина нах. Божарша сацам бина зударий шайх д1акъасто: цара барт эг1ор бу вайн, аьлла. Сацийна цара х1ора шарахь кхаа баттахь зударшца цхьаьнакхета, тов заз даьтт1ачу хенахь, йиллинчу меттехь.

Амма и кхо бутт боцчу хенахь зударий, божарий вовшашна т1екхаьча йиш ца хилла шайн да вийна мостаг1 санна, бехке хеташ хилла уьш. Иштта божарех стаг хаавелча и вуьйш хилла боху. Йиллинчу хенахь зударшна дуьхьал баха шаьш кечлуш сахуьлу седа схьакхета лар а бой, шайн ц1ийнан ц1енкъа юккъехь к1айчу борг1алан са а доккхий, и шаьш гуллучу меттехьа а ерзайой, зударех кхета арабовлуш хилла божарий.

Ткъа даьсса куьйгаш а лестош зударшна дуьхьал бахар бег1ийла а ца хетий, х1ора ц1ийнан ц1арах даца уьстаг1ан к1айчу 1ахаран 9 шун хьош хилла цара шайца. Йиллина хан чекх а яьлла, д1асакъаьстачу хенахь, зударша а луш хилла божаршна, х1ора ц1ийнан ц1арах, кхоккха кан мекхан х1у. Вина доьзалхо – йо1 елахь, шайца юьтуш, к1ант велахь – анда а волийтий, божарашка д1алуш, бехаш хилла зударий».

И сайна Тазбаев Мусас дийцича дагадеара суна грецкийн историко Страбона ши эзар шо ца кхоччуш хьалха яздинарг. Оцу зударийн ц1е «амазонкаш» ю боху цо. Х1ара ду цуьнан дешнаш:

«Уьш беха (амазонкаш) Кавказан лаьмнийн Къилбседан басешкахь. Шеран дукхах йолу хан йоккху цара къаьстина, лаьттаций, бошмашций, даьхниций болу белхаш а беш… б1аьстенан ши бутт боцург. Цу ханна луларчу гаргарейцин а, шайн а мохк кхаьстачу лам т1е бовлу уьш. Дайн 1едалца цхьаьни саг1а даккха а, зударий пхора бан а, цигга бог1у гаргарейцаш а (В.В. Латышев. Е.И. Крупнов и д1. кх.)

Тазбаев Мусас а, грекийн историко бохург юх-юххе диллича, цхьана йог1уш меттигаш ю:

1. Зударий, божарий къаьстина бехаш хилар;

2. Йиллинчу хенахь вовшахкхетар;

3. Вовшах кхетаран бахьана – х1у ца дайтар;

4. И г1уллакх б1аьста хилар;

5. Вукха хенахь вовшахкхетар дихкина хилар;

6. Страбона буьйцург вайн махках тера хилар (Кавказан Къилбседа басошкахь);

7. Лаьттаций, бошмашкахь, даьхниций болх беш хилар;

8. «Гаргарейш» – вайнехан дашах (шен маь1ница а, дешан кепаца а) тера хилар, шиммо а дуьйцург, леррина хьаьжча, башха къасталуш а дац. Иза т1аьхьо гойтур ду ас.

Алалур ду кху шина вариантан цхьа бух бу аьлла. Суна ха 1уьттучу суьртаца матриархатах бухадисинарг ду Страбона дуьйцург а, воккхачу стага соьга дийцинарг а. Керла шо т1еоьцуш а (тов заз б1аьстенан юьххье угар хьалха дастало) билгалдоккхуш а, даздеш а – цхьана хенахь леларг т1аьхьо г1иллакх а хилла д1ах1оьттина аьлла хета суна, Страбона шен легенда яздале хийла б1е шерашкахь лаьттина хила мега вай дуьйцу 1едал.

Легендин цхьана варианто дуьйцург вукха варианта маь1на деш меттиг а нисло. Масала, Страбона нийсса схьа боху «б1аьстенан ши бутт». Амма вайн заманхочо нийса схьа ца бахахь а, б1аьсте хилар билгалонаш гойту… «Даца уьстаг1ан исс к1айча 1ахаран шун». Вайна ма-хаъара 1аьвла 1ахарий март беттан хьалхарчу деношкахь бен дан ца доладо. Стовна заз ца дийцича а къаьста и б1аьстенан юьххьехь хилар.

Лорур вай вовшашкхетар март беттан хьалхарчу деношкахь хилар. Амма Страбона «ши бутт», воккхачу стага «кхо бутт» боху. Муьлха бакъ ву те кхаьршиннах? Маца къаьсташ хилла зударий, божарий вовшех?

Цу хаттаршна жоп далархьама лаха деза уьш къастош долу бахьана. Суна хетарехь, иза ду ялта ден дезар а, иза д1адаьлча, лам т1е даьхни лохку хан т1ех1оттар а. Юккъерачу зонехь (Нашха, Ч1ебарла, Джерах) май беттан хьалхарчу деношкахь х1утту ялта доь хан. Март беттан хьалхарчу деношкара кхо бутт багарбича, ялта дер т1аьхьа доьду. Цунна вайн заманхочо (воккхачу стага) х1иттош йолчу хенал. Страбона юьйцу хан нийса хила мега. Вайна х1инца и мел тамашийна хетахь а, иштта вовшахкхетар цхьана хенахь ца хилла олийла дац.

Кхин цхьа хаттар а ду шен къайле гучуялаза, Страбона боху: «Цхьаьнакхета мохк къасточу лам т1е бовлу уьш», ткъа Тазбаевс боху ц1енкъа юккъехь к1айчу борг1алан са а доккха, шаьш гуллучу меттехьа а ерзайой».

«К1айн борг1ал» «гуллучу меттехьа» ерзаяр бусулба динах доьзна т1етоьхна хила а мега, х1унда аьлча, х1ума къилбехьа а ерзайой юьйш хуьлу дела. «К1айн борг1ал» ер – саг1а даккхар ду. Зударий, божарий вовшах кхета меттиг еза лоруш хила а тарло.

Лакхахь яздинчо гойту вайна – цхьа бакъе йоцуш Страбона яздина цахилар. Ткъа «гаргарейш» боху дош вайнехан лоруш хилча, «амазонкаш» а хила ма тарло вайнехан дош.

Страбона далийнчу тоьшаллица нохч-г1алг1айн истори шина эзар шаре д1айоьду. Амазонкех лаьцна дийца х1уманаш кхин а каро мега нохч-г1алг1айн фольклорехь.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.