Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Айбика Печать Email

Газиева Аза

 

Паччахьан политико дIовше мотт лиебеш,

ГIалагIазакхийн станицаш кхерамна йохкуш,

Iазапехь латтийра нохч-гIалгIайн къаьмнаш…

Бадуев СаьIид

 

 

Луьрачу тIемаша гIелдина нохчийн халкъ, доккха са даккха кхиале, вуьшта а нилха боцу сингаттамаш дебош дуьйладелира I9-гIа бIешераш вайн махкахь. Эзар бархI бIе хьалхарчу шеран, март беттан хьалхарчу дийнахь паччахьалле веъна Александр I шен дененан, Екатеринин I, политика карлаяккха ка-мIараш тийса волавелира. Ткъа Екатеринин садууш хилла, коьрта лаам, Российн латта шордар, массо маьIIехь шен Iуналла чIагIдар бара. Делахь и Iалашо кхочушъяр Александр I ерриге а къилба-седан Кавказ шен когакIела ялорна тIедоьгIна дIадолийра. Цуо масех инарла хьажийра, роггIана, кавказе: Гудович, Тормасов, Ртищев – Къилба-Седа Кавказана тIехь олалла чIагIдан лууш. Амма ламанхой къар ца лора. Царна шайн маршо езара. ПаргIат бусулбан дин лело а, ворхIе дайх дисина гIиллакх ца хьашийта а, маьрша тIаьхье кхио а.

Ламанхоша луьра къийсам латтабора кхайкхаза баьхкинчу хьешашца. Иза ца товра Александр I-чунна. ТIаккха цуо Кавказе инарла Петр Алексеевич Ермолов хьажаво. Къаьсттина нохчийн карзахалла, цуьнца цхьани майралла, доьналла – ницкъаца хьаьшна а дIаяккха хьалха Iалашо хIоттайой. П.А. Ермоловн къизаллийн лар иэсехь карлаяьлча, хIинца а дог Iовжадо, яхь йолчу муьлхха а нохчичуьна кийрахь. Цуо олалла дина итт шо (I8I6-I826) къаьсттина инзаре, ирча зулам алссам доккхуш даьхкира Нохчийчохь. Къинхетамза ягайора ярташ, хIаллакдора адам, дагахь доцу таIзарш дора маьршачу нахана. Нохчийн ярташ ягийначу меттехь, шен коьрта гIап юьйгIира Ермоловс, «Грозная» аьлла, шена хетарех цхьа буьрса цIе туьллуш.

Цу заманахь Ермоловс яздина кехаташ кегош билгаладолу, инарла дог тешна хилла, кхерам тасарой бен нохчий куьйгакIела совцораг ца хиларх. Вайнаха «къиза ярмол» олуш хилла Ермоловх. ХIора, нохчий бехачу юьртана дуьхьала гIалагIазакхийн станицаш йохкуш хилла цуо. Дуьйш-дерзош хилла вайнехан латта гIалагIазакхашна дIаделла. Дукха хьолахь Теркаца йолу нохчийн ярташ ягийна, цигара нах бохийна, хIаллакбина дIабаьхна. Ткъа уггаре а вайн боккха лазам, Ермоловс диначу зуламех, иза къинхетамза ягийна Дадийн-Юрт ю! Эзар исс бIе ткъеясналгIачу шеран, сентябрь беттан пхуьйтталгIачу дийнахь, дийца даьлла бахьна доцуш Дадийн-Юьртана гуо лоцу инарла Ермоловс шен эскарца. Ши бIе цIийнакIур бен боцчу Дадийн-Юьртана Ермоловс а, цуьнан инарла Сысоевс а, полковника Бекович -Черкаскис а тIететтинарг гIашсалтин ялх роти, ворхI бIе гIалзакхин динаберий, йиъ курпал хилла.

Схьахьебина тIом боцуш, юьртана гуо лаьцна эскар дайча, гуш долу ирча сурт диканна доцийла хууш, юьртан молла момсаратIера кхайкхира, дуьнене а орца доккхуш санна. Юьртахой а кхийтира, кхайкхаза бохам кхаьчна хиларх. Амма боьхна-м ца хьоьвзира уьш. Цхьаммо а яхь дIа ца елира. Халкъо олуш ма хиллара: гIаж таккхол волу боьрша стаг юьртан майдане гулвелира, шайн герзех сихлахь ка а детташ. Нохчийн халкъан бартан кхолларалехь ишта гойту и къиематде.

Шен нанас биллинчу кIедачу цу меттахь,

Набарна вижнера БахIадаран ва Муьстарг.

Салт дуьллу ма хезира цу лекхачу маьждигехь,

ТIаккха лен ма велира БахIадаран и Муьстарг:

– ХIара хIун ду ва техьа, со вина сан баба?

Iуьйранна малх кхетта, малх лоцу хан яцара,

Салт дуьллу хеза суна цу лекхачу маьждигехь.

Араялий ладогIахь, со вина сан нана.

Араяьлла ладуьгIийра кIант винчу ва нанас:

Хьаьтташна гуо лаьцна човкарчий ва санна,

Уьшална гуо лаьцна куьйса эрз ва санна,

Кхолха гуо лаьцна ма карийра цу Дади-Юьртана.

Хьаьвзина чуяхара кIант вина ва нана.

– Iаьржа де ду хIара, ас вина сан кIанат,

Кхолха гуо ма лаьцна кху Дадин ва юьртана,

Салт дуьллуш ма лаьтта цу юьртан маьждигехь.

Хьо вижий ма Iилла ас вина сан кIант.

Йоьхна Iуьйре ю хIара, яхь йолчу кIенташна.

Шеран исс ва баттахь сайн кийрахь лелийна,

Кху хазчу дуьненчу ваьккхина,

Дуьзна куьйра ва санна, набарна ва теIаш,

Аганан ва гIожтIехь пхьаьрсан дол ва туьйсуш,

Ас хьуна баийна и хьена кIайн кхача

Хьакхин цIий ва санна хьарам би ас хьуна,

Юрт йоккхучу кху дийнахь хьо стешха ва хилахь!

Х1инцца, къаьхьачу тIеман къизаллера довла гIерташ долчу вайна Iаламат дика хаьа, мел доьналла оьшу, муьлхха зудчунна и, тIеман кIуьрана юккъе воьдучу шен кIанте, къамел дан. Делахь а, вайн кхин цхьа хIума а хаьа, бIешерийн кIоргенера тахнене кхаччалца, вайн оьздачу наноша шайн кIентий а, мехкарий а дедайша лийринчу сийлахьчу гIиллакхан гурашкахь кхио гIерташ хьанала къахьегнийла. Даймахкана тIе бохам боьссича, яхь йолу нохчийн кIентий цкъа а ца лаьттина юьстаха. Ткъа Нохчийн халкъан бартан кхолларалехь вуьйцучу БахIадаран Муьстаргах дерг аьлча, халкъан иллино кхин дIа а иштта дуьйцу:

 

Син метта топ кхетта цIиен экха ва санна

ТIиехьа ши куьйг ва тоьхна, ша хьалаиккхира

БахIадаран и Муьстарг йоьхначу Iуьйранна.

Оьздачу шен дегIа тIеман бедар ерзина,

Ша вина шен нана къинтIера яьккхина,

Терсамаймал дуткъа тур пхьаьрса кIел ва лаьцна

БархI сонан ва мажар шен буйнахь ловзаеш,

Юьртан юккъехь диначу рузбанан маьждиге

Ша вахна хIоьттира БахIадаран и Муьстарг.

 

Вай масална далийначу халкъан иллехь, дукха хьолахь вуьйцуш верг БахIадаран Муьстарг велахь а, вай хаа декхарийлахь ду, цу луьрачу тIамехь доьналла а, доза доцу майралла а массо дадиюьртхоша гайтина хилар. Бакъду, къаьсттина цIе йоккхуш хилла дика кIентий а, тIаьхьарчу тIаьхьенийн мехкарийн эшаршкахь а, халкъан иллешкахь хестош берш – уьш Муьстарг, НоIа, ЯсаI, иштта кхин а дуккха хилла. Нохчийн къонахоша цу тайпана доьналла майралла гайтарх оьрсийн салтий цец бовлуш ца хилла. Дуьненна хууш дара вайнехан кIентий муха тIемлой бу. Амма шайн са ца кхоош, къонахий санна нохчийн оьзда мехкарий летта цу буьрсачу тIамехь. Царехь цхьаъ ю вай хьахийначу халкъан иллехь юьйцу Iаьмаран Заза.

 

– Йоьхна Iуьйре ю-кх хIара, БахIадаран ва Муьстарг, –

Бохуш цунна тIеара Iаьмаран Заза, –

БIаьргин нуьраш ва дайна ва къена и наной

Цу керта ва юххехь шаьш хебаш ма лаьтта,

Марзойн цIерш ва кхобу и эвхье несарий,

Марзойн цIерш ва йохуш, ва кхойкхуш ма лаьтта

Йоьхна Iуьйре хили-кха кху дадиюьртахошна.

 

Iуьйре мел йоьхна еънехь а, жима къуонах-м вац воьхна. Доццачу къамелехь иза лараво йоьIан дог эца а, шен дагара хаита а, сирлачу кханенаха йолу Iаьмаран Зазин дегайовхо чIагIъян а.

 

– ЛадугIуш хилахьа, Iаьмаран, хIай, Заза,

Ас дечу къамеле йоьхначу Iуьйранца, –

Бохуш лиен ма велира БахIадаран и Муьстарг, –

Хьешана диначу цу дуьхьала оти чохь

Шу баьрччехь ва долуш, тхо духхехь ва долуш,

ЦIоцкъамийн багара и бора ши бIаьриг

Сайга хьажабе аьлла, ас хьайга ва аьлча,

Моьттура ва хьуна, кхоьлина буьсур бу,

Тахана хьажалахь, Iаьмаран ва Заза,

КIант майра муьлха ву, доьхначу ва дийнахь, –

Бохуш юкъа ма вахар БахIадаран и Муьстарг

Даьккхинчу туьраца, дагна дар ва велла.

Iуьйранна болийна тIом делкъанга белира,

Дадийн – Юьртахой мостагIех лиеташ, къар ца луш.

Молханан кIуьрана садоIийла ва йоцуш

Деттачу дашна бIаьрг белла йищ йоцуш

Шаьш лиета бевлира и дадиюьртахой…

 

Деригге а дуьне цец даьккхинера цигахь майралла, доьналла гайтинчу нохчийн мехкарша. Юьртара къонахий тIамехь гIело лан боьлча, мехкарий маьждиган майда бевлира йоьза чаранаш эцна, цара вота хьайира, тIеман гIовгIа хьулъеш, тIам тесна хелхаран «чинк» ехира къонахий дог ира-кара хIоттош. Мехкаршна хьалха бевлла хилла, халкъан иэсехь шайн сийлахь цIерш яха бисина Дадин Айбика, Айдин Джансика, Iаьмаран Заза. Вота тоьхна а, хелха бийлина а Iеш бац уьш цу буьрсачу тIамехь. Цара герз тIекхоьхьура, чов йоьхкура, хаддаза мала хи латтадора. ТIеман гIирс лахбелча, патармаш дуза коьчал йоцуш тIемлойн гIаддайча, Дадийн-Юьртара зударша а, мехкарша а хедо йолийра бора кIажарш, шайн месех германаш еш патармаш дузийта.

Сийначу цIарах йогуш яра Дадийн-Юрт. Садукъдеш гIаьттинчу кIуьро, буькъачу боданца йийсаре лецира урамаш. Хаддаза дуьйлучу герзаша Iадийна Iоьхура бежнаш, угIура жIалеш, доьлхура бераш, тийжара къена зударий. ТIеттIа марсабуьйлура тIом, хIора урамехь, кертахь, хIусамехь еш дуьхьало яра мостагIчунна. Пхи бIе сов стаг вийра цу цхьана дийнахь Дадийн-Юьртара.

ТIаьхьо, оьрсийн сийлахь поэта Лермонтов Михаил Юрьевича «Мцыри» цIе йолчу шен поэми тIехь дуьйцур ду, дийна дисина, кхо шо кхаьчна бер, оьрсийн инарлас йийсаре лаьцна дIадигарх. Вайнахана тIаьхьо хуур ду, цунах дуьненна вевзаш художник Петр Захаров хиллий а, ша нохчий хиларх цуо дозалла деш хиллий а.

Иза деригге а тIаьхьа хир ду. Ткъа эзар исс бIе ткъеясналгIачу шеран, пхуьйтталгIачу сентябрехь оьрсийн паччахьан эскаро къиематде хIоттийнера Дадин-Юьртахь.

Цхьа а ца кхоийра – зударий, бераш, къаной. Тоьпан хIоано лацанза виснарг, тоьпан цхьамза Iуттуш, дегIах чекхбоккхий, леккха хьалаойи, лаьттах тухура.

Чевнаш хиллачарна, гIо даран меттана, герз тухура, гIоли хилла, уьш хьалалелхарна кхоьруш санна.

ЦIенош дагадора, бежнаш а, уьстагIий а шаьлтанца цоьстура. Маса хьийзира Делан мостагIий, нохчийн доь дуьненчуьра дайа гIерташ санна. Бакъдерг хIунда ца дуьйцу, Дадийн-Юрт чим бина, ягийна, мерцина, лаьттаца шарйира цу къаьхьчу дийнахь.

 

Паччахьан кIайн эскар сов дукха хиларна

И дадиюьртахой сов кIезга хиларна

Дели ала ва хIума кIелхьара ца долуш

Бохийна, багийна, байина дIабехира

И дадиюьртахой доьхначу цу дийнахь.

 

Ларамза дийна йисина масех йоI йийсаре лаьцна, дIайига сацам хилира цу къизачу зуламан дай хиллачу, оьрсийн эскаран инарлийн Сысоевн а, полковник Бекович-Черкаскин а. Цара омра дира салташка, муьшца вовшахабехки, йийсаре лаьцна мехкарий бурамца Теркаха дехьа баха аьлла. Шайга аьлларг кхочушдира салташа. Уьш тешна бара, Дадийн-Юьртара тIом шайн толамца бирзина хиларх. Делахь а, хIора йоIана улле цхьацца гIарол хIоттийра.

Бурам дIадолабелира. Мехкарий вовшашка хьоьвсира. Кхийтира мехкарий хIоранна шайн дагахь долчух. Массеран а ойла цхьаъ яра: нохчийн оьздачу мехкаршна балар гIоли хийтира, сийсазчу йийсарехь Iазап токхачулла. Царна балар, балар а ца хийтира, къинхетамза хIаллакйиначу шайн юьрта, йолчу таронца, чIир а оьцуш, Веза – Воккхачу Далла дуьхьала баха аьтто хиларна. И дара царна гергахь Iаламат мехала.

Вовше кхин цкъа а бIаьра хьаьвсина, сацам чIагIбелира мехкарийн. Терка юккъе кхечира бурам. Шайна гIарол ден цхьацца салти эцна хичу тилира Дадин Айбика, Айди Джансика, Iаьмаран Заза, цаьрца хилла кхин масех пекъар а. Дукха цIаьххьана мехкарша и доьналлин кеп хIоттаярна Iадийча санна лаьттара бурам тIехь биснарш. Терко хьулйира, цкъа а нур довра доцу нохчийн мехкарин оьздангалла. Амма и яха йисина халкъан иэсехь.

Ши бIе шо гергга зама ю нохчийн къомо шайн зевнечу иллешкахь и доьналлин гIулч хьестайо. Бакъду, хьакъболу мах ши эзар уьссалгIачу шеран февраль беттан шолгIачу дийнахь, вайн мехкан куьйгалхочо шен сийллалин Указ арадаккхарца хадийра Дадийн-Юьртара мехкарийн а, цаьрца цхьаьна массо а нохчийн зудчун а.

Дадийн-Юьртара мехкарша даьккхина цIена гIазот а, вайнехан массо а зудчо хьегна къай-балий тидаме эцна, сентябрь беттан кхоалгIа кIирандийнахь хIора шарахь даздар дIахьо вайн махкахь, «Нохчийн зудчуьн Де» билгаладоккхуш…

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.