Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Нохчийн меттан лард – ненан аганан илли Печать Email

Сумбулатов Дени

 

Сумбулатов Дени вина 1957 шарахь Казахстанехь. Кошкелдера юккъера ишкол чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1974-1976 шш., деша воьду Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университете. 1976-1980 шерашкахь дешар дIахьо Тбилисера пачхьалкхан университетехь. Болх бо хьехаран хьармехь, “Даймохк” газетехь – корреспондент волуш а, редакторан заместитель а, редакторан даржехь а. Карарчу хенахь къахьоьгуш ву “Гумс” газетехь а (юкъара-дахаран декъан куьйгалхо), “Орга” журналехь а (прозин декъан редактор).

Нохчийн къам дийна хиларан

мокхазан чIагIо ю нохчийн мотт.

КАДЫРОВ Ахьмад-Хьаьжа

 

 

Муьлхачу а пачхьалкхан хьал-бахам маьIданаш дукха хилар хилла ца Iаш, цунна чохь деха халкъаш, церан меттанаш, ламасташ, гIиллакхаш, оьздангаллаш а ю. Къаьсттина и хьал-бахам цхьанхьа гулбелла меттиг Дала комаьршша Iаламан хазаллин дакъа шена делла Кавказ ю. Ширачу заманахь дуьйна Кавказехь дехачу къаьмнашлахь цкъа а тIом, дов а цахиларо гойту оцу къаьмнийн меттанаш маслаIате хиларал совнаха, царна юкъахь цхьана орамо чIагIдина вошалла а, доттагIалла а хилар. Диканиг, хазаниг, цIенаниг вовшашкара схьаоьцуш, шайх цхьанна тIелеттачу мостагIчух юкъара мостагI а веш, дика-вон цхьаьна дIадерзош, гергара мукъамаш долчу иллеша, эшарша лерса хьоьстуш, шовкъечу хелхарша дог-ойла иракарахIиттош, бертахь даьхна Кавказехь иттанашша халкъаш. И дерриге а бакъдерш-тоьшаллаш вайга схьакхачийнарш оцу халкъийн меттанаш ду: ширачу йозанашкахь (гуьржийн, эрмалойн), барта кхоллараллехь а. Мотт мел бу деха халкъан иэс, кхетам, амал, синмехаллаш а. Шен мотт дIатесча, бицбича, доьза дов халкъ. Доьза дайна а, доьза даран тIегIане а девлла а халкъаш ду дуьненахь. Царех цхьадерш Кавказехь а ду…

Iилманчаша чIагIдарехь, xlopa шина кIиранчохь хIокху дуьненахь къоман цхьа мотт леш бу. Беллачу маттаца леш ду дийнна къам а шен амалца, мехаллашца, Iep-дахаран башхаллашца. Мотт кхоччуш дийна лоруш бу, нагахь оцу маттахь лаххара а цхьа бIе эзар адам къамел дан хууш, и мотт буьйцуш делахь. Луларчу ДегIастанара Iилманчаш, бан ма-беззара талламаш бинчул тIаьхьа, Iожаллин киртиг тIехIоьтинчу цхьадолчу къаьмнийн меттанашна орцахбевлла. ДIадаханчу бIешеран 50-чу шерашкахь дуьненахь а вевзачу нохчийн Iилманчо-профессоро Ю.Д. Дешериевс, меттанаш талла а теллина, монографеш язйира: «Бацбийский язык», «Грамматика хиналугского языка». Бацойн мотт (Гуьржийчоь, Земо-Алвани) гуьржийн мотт, гуьржийн къоман Iep-дахаран тIеIаткъам бахьнехь наггахь болчарна бен бийца ца хаьа. Цара буьйцург а, гуьржийн меттан боккха тIеIаткъам хиларна, керла кхин мотт бу, ала мегар ду. Хиналугийн мотт буьйцурш Азербайджанерчу Хиналург юьртахь бехаш хилла, ДегIастанарчу меттанашца гергарло а долуш. И мотт буьйцуш тахана адамаш дац. Бийца ца бийцича, къомана эша ца эшча, дIаболуш бу мотт. Цхьацца бахьанашца царел хьалха а доьза дайна Кавказера иттаннаш меттанаш.

Муха ду Нохчийчохь мотт ларбеш, кхиош а динарг? Нохчийн мотт, литература а школашкахь хьехар муха ду хьаьвсича а кхачаме ду долуш дерг ма-дарра довзар. Iаматаш, хрестоматеш ца хиларна кхачаме дац хьехар, цундела программехь билгалйина исбаьхьаллин произведенеш еша аьтто бац хьехархойн, дешархойн а. Царах цхьаерш «Орга» журналан агIонаш тIехь зорбане йохуш ю, амма и журнал дIакхочуш дац xьexapxoшка. Наггахь бен вац «Орга» доьшург. Ерриге а тираж «Орга» журналан 2,5 эзар бен цахиларо а гойту, вайн мел бала бу нохчийн маттаца. «СтелаIад» журнал, «Даймохк» газет дешар а ду иштта ледара.

Нохчаша олуш хеза: «Вай цхьа-ши миллион хилла Iийр дац...» Нохчий дукха хиларх деш долу дозаллаш а дитина, «вай, тхо», – бохуш, бетта мохь а гIелбина, «тхо дерриге а ду нохчийн маттахь язъян, еша, ойлаян а хууш», – xlopa а нохчо ала йиш йолуш велахьара, иза дара дозалладан хьакъдерг. Масех шо хьалха олура: «Тхоьга коммунистийн Iедал долуш нохчийн мотт ца Iамабойтура, цундела ца хаьа тхуна язъян, еша а». Иза оццул ладаме бахьна дац. Коммунисташа де боххург а деш Iийна ду вай? Дера дац-кха... Вайх дукхахболчарна цкъа а, цхьа а Iедал шайн хетта а дац. Цхьаболчарна-м законаца бертахь дахар эхь ду моьттура. Мухха делахь а, вешаниг а дицдина-кх вай. Нохчийн мотт Iамийнарш, гIиллакх-оьздангалла дийна латтийнарш, бусалба динца доьзнарг лардинарш пачхьалкхан законна дуьхьалабевлларш а хуьлуш дIанисло ойла. Да-м иштта дац иза. Хьалха а, хIинца а къоман мехаллаш ларйинчарна, ларъечарна хала ду. Цара шайна хIумма а ца доьху, хIумма а ца лоьху. Уьш кханенна дита гIерта шаьш гулдинарг: Iилма, дахаран зиэделларг, къоман синмехаллаш.

Нохчийн халкъан интеллигенцин векалша шайн статьяшкахь, интервьюшкахь чIагIдора: «Школашкахь нохчийн берашна хьехар нохчийн маттахь хила деза», – Iилманан бух болу бакъдерг. «Къоман тептар» романан автор волчу яздархочо Юсупов Iусмана сан шеца хиллачу къамелехь элира: «ДIадаханчу бIешеран 80-чу шерашкахь Башкирерчу школашкахь 1-10 классе кхаччалц дешархошна хьехар церан ненан маттахь дара. Церан хаарш ледара цахилар гойтург уггаре а хьалха цхьаъ дара: лакхарчу дешаран заведенеш чекхъяьхнарш церан дукха хилар. ЦхьамогIа шерашкахь оцу республикехь со болх а беш Iийна дела хаьа суна, кхетош-кхиор муха дIахIоттийна дара церан школашкахь. Матто къомана зиэн дина аьлла, дало масал да-м дац къаьмнийн Iер-дахарехь. Бакъду, шен маттана херадаьллачу адамна, халкъанна а зиэн хуьлий-м хаьа вайна. Хьехар, кхетош-кхиор Дала синош кхуллуш оцу берашна беллачу маттахь хила деза. Нагахь кхечу маттахь хьехар дIахьахь, оцу берийн кхетамна бийриг эшам, тешнабехк а бу».

Вай лакхахь билгал ма-даккхара, боккха тидам тIебохуьйту луларчу ДегIастанахь къаьмнийн меттанаш Iаморна. Кхин цхьа хIума а ду шена тIе тидам бахийта безаш: ДегIастанан халкъан Гуламехь тIеэцначу законца бакъо ю пхеа дешархочунна лерина класс схьаелла. СССР-пачхьалкх йолуш нохчийн мотт хьоьхучарна лерина арахоьцуш таблицаш яра. Эца йиш яра нохчийн яздархойн даккхий сурташ. Къилбаседа Кавказерчу цхьайолчу республикашкарчу школашкахь оьрсийн мотт Нохч-ГIалгIайн республикехь санна хьоьхуш бацара. Церан школашна лерина оьрсийн меттан Iаматаш къаьмнийн меттанийн башхаллаш тидаме а оьцуш хIиттийна а яра. Цундела оцу республикашкара дешархой оьрсийн мотт дикахо хууш бара. Нохчийн маттана тIе а тийжаш хьоьхуш бацара Нохч-ГIалгIайчохь оьрсийн мотт. Цундела берийн хаарш а дара ледара. Цхьана классера (25-30 дешархочух) цхьаъ лакхарчу дешаран заведене деша вахавелча а хаза кхаъ кхочура дай-наношка, хьехархошка а. Дешаран министерствоно Москва дIало отчеташ мухха хиллехь а, интеллигенцин дукхаллин барам уггаре а лахара бара Нохч-ГIалгIайн республикехь.

Тахана тайп-тайпана цIераш йолу институташ, университеташ дукха хиларна, студенташ, дипломаш а дукха ду вайн республикехь, делахь а хаарш лахара долу говзанчаш алсамо бу. Уьш а, кхидолу а хаттарш гулдаларна, вайн меттан хьал вон хиларна, НР-н Президента Р.А.Кадыровс шен Указца «Нохчийн меттан Де» – дIакхайкхийна апрель беттан 25-гIа де. Нохчийн Республикин Парламентехь тIеэцна, Президента куьг яздина тIечIагIдина «Нохчийн Республикерчу халкъийн меттанийн хьокъехь закон». Вайн республикерчу цхьайолчу школашкахь юьхьанцарчу классашкахь хьехар нохчийн маттахь дIадолийра (2009 шо), амма 2010-чу шарахь и болх тидамза битарал а совнаха, лакхарчу классашкахь нохчийн мотт, литература а хьехаран сахьташ эшийна. Нохчийн меттан йолуш йолчу алфавитехь (графикехь) хийцамаш беш, леррина вовшахтоьхна комисси ю. Нохчийн меттан алфавитехь шаьш бан лерина хийцамаш (леррина кхоьллинчу комиссино) бовзийтина хаамийн гIирсашкахула. Хийцинчу алфавитан проекташ ю зорбанехь араевлла. НР-н Iедалан векалшкара орца кхаьчна нохчийн маттанна. И орца кхачаме дуй-те, нагахь къам шен маттаца уьйр-марзо хила ма-езза йолуш дацахь?

Пачхьалкхан тIегIанехь леррина хIоттийначу планаца нохчийн меттан сий-ларам хьалабаккхарехула болх дIа ца хьахь, кхане кхин а сингаттаме хир ю. Тахана Нохчийчохь нохчийн мотт боллучу хьолехь бара ткъех шо хьалха ГIалмакхойн республикехь гIалмакхойн мотт а. Пачхьалкхан тIегIанехь бинчу балхо гIалмакхойн мотт бийцаран, эшаран а хьал дикачу агIор хийцадалийтина. Муха, стенна тIера дIадолийча, муьлха хьалха, хIун тIаьхьа дича дика хир дара Нохчийчийчохь?

Цхьанна а хаа йиш яц, вайна санна дика, вай вешан нохчийн мотт муха буьйцу, вай цуьнан сий-ларам мел бо а. Хууш ма-хиллара, юкъараллехь, пачхьалкхан тIегIанехь а хаамийн гIирсашкахь нохчийн мотт бийцар, цунах пайдаэцар а ледаро ду.

Маса стаг ву тахана «СтелаIад», «Орга» журналаш, «Даймохк» газет доьшуш? Нохчийн маттахь зорбанера араевлла исбаьхьаллин произведенеш ешар муха ду вайн? Нохчийн маттахь араевлла книгаш шайна эца paгI ларъеш нохчий маца гина вайна?

Нохчийн маттахь ораматийн, сагалматийн а цIераш а йохуш, меттан мукъам а ларбеш, къамел маца хезна вайна? Нагахь дегIан цхьа меже таза йоцург заьIап лоруш велахь, шен мотт цахуурш заьIап синош долуш ца хуьлу?

Вайн къоман кханалера де тахана вайна хьалха кхуьучу берех а, кхиазхойх а, кегийрхойх а доьзна ду. Цара буьйцучу маттах, царна Iамочу, Iемачу гIиллакхех, церан оьздангаллех дIахIуттур ду вайн халкъ. Цаьрга хьаьжна, церан хьекъалан, кхетаман мах а хадийна эр ду къомах олуш дерг кхечу къаьмнийн векалша. Цундела вайна чIогIа оьшу, кханенаш а ца йохкуш, тахханехь оцу мехалчу гIуллакхна бух кечбар, говзалла йолчу нахе болх а бойтуш.

Хетарехь, и гIуллакх уггаре а хьалха дIадоло деза доьзалехь аганан иллица, ненан маттаца. Аганан иллица, ненан маттаца ду нохчийн гIиллакхаш, оьздангалла, ламасташ. Ага нохчийн цхьайолчу хIусамашкара дIадаккхарца, дIадаларца дIадевлла дуккха а хаза гIиллакхаш, бIеннаш, эзарнаш иллеш, эшарш, мукъамаш. Xlopa ненан а шен илли, эшар, мукъам ма бу цо бен ца локхуш, цуьнан сино бен ца кхуллуш. Тахана наггахь а хезаш бац нохчийн доьзалехь мукъам, ага а, гаьнгали а нанас техкош хезаш хилла болу.

 

Нахе вахча, гонах хьожий,

Хадабо ас цIийнан мах:

Чохь бер техкош ага долчу

ХIусаман мах бан ма бац.

А. Сулейманов

 

Кхечу къаьмнех тардала гIертачу я цхьаннах а тера ца хила гIертачу къоман оьмар йоца хуьлу. Массо а хIума цхьана барамехь, низамехь а хилча ларло къам, цуьнан мотт, гIиллакхаш, ламасташ. Халахеташ делахь а, тахана нохчийн маттах пайдаэцаран, бийцаран а (хаамийн гIирсашкахь, юкъараллехь а) хьал дог хьостуш, бIаьрг белош а дац.

Ага – къоман мотт, кхетам кхиоран, гIиллакх-оьздангаллин, кхерчан ладаме цхьа дакъа, хьалхара терхи я къоман школа ю. Оцу аганахь дIаболало беран ненан матте, цул тIаьхьа шен халкъе, махке а безам. Дуьххьара аганахь хеза берана шен ненан мукъам, илли, нохчийн иллин мукъам, шега ша хьоьстуш нанас буьйцу аьхна мотт а. Дуьххьара аьлла дош, кхетачу маттахь хаза аьллехь муххале а, дагахь лаьтта берана, иэсехь, кхетамехь дIаязло гуттаренна а.

ДегIан цхьа меже ца хилча, сакхте лору вай дегI. Халкъо иттаннаш шерашкахь шен дахарх чекхдаьккхина муьлхха а дика хIума вай дIатасахь, халкъ а хуьлу шен сица сакхте. Делахь-хIета, шен олуш аганан илли доцу халкъ сакхте лерина а ца Iаш, заьIап лара мегар ду. Бух ца хилча, бохь хила йиш яц.

ХIокху дуьненахь мел болу мотт Дала кхоьллина бу, хIокху дуьненахь мел долу адам санна. Царна массарна а цхьабосса бакъонаш елла, царах цхьа а цхьаъ хьала а ца айбина, лах а ца бина. Иттаннаш шерашкахь дехира вай: «Ас оьрсийн мотт Iамор бу, оцу маттахь Ленина къамел дина дела...» – бохуш. Юха «нохчийн пачхьалкх» ян арабевллачара дIакхайкхийра: «Нохчий, нохчийн гIиллакхаш дан а дац; бусалба, керста – ши дин ду» – аьлла; кхоалгIанаш бара: «Къоман истори ян а яц», – бохуш. «Нохчо», «нохчийниг» ала луурш кIезиг нисбеллера куьйгаллехь хIинццалц. Хетарш дукха дуьйцурш, хила дезарг, бух а болуш, кIезиг дуьйцурш бара куьйгаллехь. Тахана нохчалла, бусалбалла – и шиъ цхьаьна хилийта Iалашо йолуш болх беш ву Нохчийн Республикин Президент Р.А.Кадыров. Цу тIехь, вайна хууш ма-хиллара, кхиамаш а бу.

«Бераллехь Iамийнарг тIулга тIе яздина йоза санна ду», – олуш ду. Цундела хIинцца, кханенаш ца йохкуш, нохчийн матте шовкъ-безам болуш кегийрхой кхиор дIадахьа деза. Мила ву уьш кечбан безарг, оцу гIуллакхан жоьпалла шена тIехь дерг а? Уггаре а хьалха – дай-наной, тIаккха – школа; уьш дерриге а юкъалоцуш, терго, Iуналла а дан декхарийлахь ерг юкъаралла, республикин куьйгалхой бу.

Мотт, гIиллакх дIадаьлла халкъ, синош бен ца дуьсуш, мацах цкъа дара, бохуш, къамелаш бен ца дуьсуш, дIадолу, доь доцуш. Оцу aгlop хьаьжча, школа тахана халкъан меттан, гIиллакх-оьздангаллин пхьалгIа, хьоста, орам, лард хила дIахIотта еза. Хьехархой юкъ йихкина кийча хила беза халкъан и сийлахь гIуллакх дIакхехьа а, даржо а, чIагIдан а. Даймахке болчу безаман йовхо кхио, дIало а кхерч хила беза школа, кхерчан йовхо латториг, ларйийриг хьехархо а волуш. Цо олучу дашах, буьйцучу маттах, цуьнан гIиллакхех, Iилманах доьзна ду къоначу чкъуран хиндерг. Шен маттаца, гIиллакхашца зIе, уьйр, шовкъ-безам боцург кхераме ву, цуьнан зIе яц шен махкаца, халкъаца. Халкъ, мохк боцуш хила йиш юй-те адам? Халкъан поэто Л. Абдулаевс шен цхьана интервьюхь боху: «Суна мотт оьшу, олуш хьуна тамашийна хетар делахь а, махкал а чIогIа. Ненан маттана аьхнабоцу мохк – иза мохк хилар а ца хета. Кхерчан йовхо гIийла хаало ишттачу махкахь. Букъ бохбал ерг йовхо яц, дог дохдал яцахь. Вешан маттаца долччул бен дац вай вешан цIахь, вешан къомах. Мотт шен дIахецча, къам – къам долчуьра дIадолу, махках духу. Къоман бен хуьлуш бац мохк».

Къоман цхьа а хIума дац лелорхьама лелийна. Жима хIума дара xlapa-м аьлла, емалдинарг, цхьа хан дIаяьлча, доккхачу зуламе а доьрзий, дуьхьалдолу.

Доцца аьлча, вайн къоман маттах йоьзна оьздангалла ю яржо езарг. Уггаре а хьалха чIагIъян еза нохчийн доьзалан лард. Доьзалан гIиллакхаш дIадевлча, доьзал боьхча, духуш ду къам. Доьзалехь ца ларбелла мотт, бехкамаш, гIиллакхаш юкъараллехь муххале а ца ларло. Юкъараллехь лардан уьш хила а ца хуьлу, доьзалехь дуьйна уьш ца лардинехь. Къоман синмехаллин кхерч бу доьзал.

ХIаъ, доьзал бу коьрта. Доьзалехь дийца деза йиша-вешех, ден-ненан сий-пусар дан дезарх, лулахочуьнца, юьртахочуьнца, махкахочуьнца, кхечу къоман векалшца хила езачу юкъаметтигех. Уьш дерриге а адамашлахь ваха везачу стагана ша велла дIаваллалц оьшуш ду. Ткъа къонах, муьлхха къомах иза велахь а, къонах хуьлий вуьсу. Къонахчун сий-пусар дан къонахчун амал кхио еза жимчохь дуьйна, ткъа къонахчун мах къонахчо шен хадабайттинарг бу, цул тIаьхьа наха хадийнарг.ТIаккха хир бац нохчашлахь шича, маьхча, верас дешнийн маьIна цадевзарш, гергарлонаш цалорурш а. И гергарлонаш дIадевлча буху доьзалехь, къомалахь болу барт.

Вайн цIена са, хаза гIиллакхаш, оьздангалла, эзарнаш шерашкара схьайогIу истори дуьненна а йовзийтаран гIирс (оьрсийн мотт) вайгахь ца хилахь, дукха жимачу гIайри тIехь дисарна кхерам бу вай. Ша-шеца висина стаг бIарзло, ша-шеца дисина халкъ сингаттоне, сингаттаме хьаьвза. Дуьненан шорто вайгахь хир ю, нагахь вайниг лардеш, кхечеран дика а, вон а агIонаш йовзийтарца къона чкъор кхиадахь. Тахана вайн берашна хаза еза шайн эшарш, иллеш берийн бошмашкахь дуьйна. Цигахь дуьйна нохчийн бераш дIадуьйшуш, самадовлуш хила деза аганан эшаран мукъамца. Царна дуьйцурш хила деза шайн къоман туьйранаш, болийта беза къоман берийн ловзарех. Бен а цахетар дIадолало шен халкъан, мехкан иллешна букъ тохарна тIера. Вайна дукха гина французийн, ингалсан, немцойн эшаршна хьалха гора а оьгуш, шовкъ йогIуш, амма шен къоман йиш лакха йолийча, лергаш чу потт хIуьтту нах. А. Сулеймановн дешнаш оцу тайпанчу нахана аьлла ду:

 

Даймехкан иллига

Шен безам боцург

Ша винчу махкаца

3Iе йоцуш ву.

 

И зIе меттахIоттор, чIагIъяр уггар хьалха берийн бошмашна, школашна тIехь хила деза. ТIаккха бевзар бу, безар бу царна вайн Даймехкан иллиалархой, мукъамчаш, халкъан мукъамаш.

Муьлхачу кхетош-кхиоран хьаьрмахь бу и болх леррина хIоттийначу программица дIахьош? Муьлхачу произведенешкара масалш а далош дIахьош бу классал арахьара болх? Классал арахьара болх муха тухур бу цхьана низамехь вовшах, классехь бан безарг вовшахтоха а Iаматаш ца хилча? Хууш ма-хиллара, литературо, историно кхиабо кхетам. Хрестоматеш а йоцуш хьоьхуш ю школашкахь нохчийн литература. Доккха вон хIума ган, цуьнан мах хадо, иза вайн юкъараллера дIадаккха сихдалар дац вайн амалехь. ДIадаханчу бIешерахь дуьйна кхетош-кхиоран болх къоман гIиллакх-оьздангаллех боьзна дIацахIоттор бахьнехь, дийнна цхьа чкъор дешар-йоза ледара хууш, къоман амалца зIе йоцуш а кхиъна вайн.

Iилманчаша далхорах, телевиденехь, радиохь кхайкхадарх гIуллакх хир дац, нагахь халкъана шен мотт дахар-Iерехь хьашт ца хилахь, иза хьашт хинболу хьелаш ца хилахь. Халкъана шен мотт алсамо оьшур бу, нагахь цуьнан мотт НР-н Конституци тIехь дIаяздина ма-дарра пачхьалкхан тIегIанехь дIахIоттабахь. Массо законаш санна, «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долу закон а ду, тIехь терго а латтош, кхочушдайта дезаш. Тахана наггахь а школехь дайн-нанойн гуламехь нохчийн мотт хезаш бац. Цхьайолчу телевиденин, радион передачашкахь иза хаза, нийса а буьйцуш бац. ТIаккха иза башха къоман меттан сийдар хуьлий?

Мотт хаар, вовшашка урам-новкъахь хьал-де хаттар хилла ца Iа. Мотт xaap – халкъана хьалха дIахIоьттина, сахьтехь, шина сахьтехь, оьшшучохь кица далош, дустар далош, нохчийн меттан бакъонаш ларъеш, къамел дан хаар ду. Нохчийн меттан бен боцчу мукъамехь. Оцу тайпанчу къамеле, хазачу мукъамехь долчу иллига санна, ладугIу наха. Иштта динчу къамело шайн стаг вийнарг а вуьтуьйту, мел доккха дов а дерзадо. Бакъболу халкъан мотт, нохчийн мотт бу, бийца а, хьеха а безарг берийн бошмашкахь, школашкахь, хьуьжаршкахь, светски, исламан а университеташкахь. Дешнаш а, предложенеш а Iамийна ца Iаш, дешархойн сих бозабалийта беза халкъан мотт.

Эзарнаш халкъаш ду хIокху малх кхетачу дуьненахь, эзарнаш меттанаш. Царах цхьана маттаца, нохчийн маттаца, схьакхачийна вайга вайн дай-наноша халкъан иэс, амал, гIиллакхаш. Цундела шен халкъан мотт цахуург гена ву шен халкъан диканна, вонна а. Цунна велха а, вела а ца хаьа шен халкъ доьлуш, доьлхуш. Ша лазаро хьовзийча беш болу узам, узар, даггара долу доIа, весет, орца дахар гIенаш а хила деза нохчийн кIентийн а, мехкарийн а нохчийн маттахь. Царах цхьадерш хилла а кхочушхир ду, нагахь вай НР-чу школашкахь йоьалгIачу классе кхаччалц мукъа а нохчийн маттахь хьехар дIахIоттадахь. Вайна ган ма гина Украинехь, Латвехь оьрсийн къоман векалша шайн маттахь йолу школаш ларъеш йина митингаш. ТIаккха вай хIунда дац (вешан Россин пачхьалкхехь хилча) нохчийн маттахь хьехаран сахьташ алсамдохуш?

Нохчийчоьнан Iеламнехан кхеташонан куьйгалхочо Х-А Кадыровс ша «Даймохк» газетана еллачу интервьюхь (20I0 шо, I8-гIа март, №28) боху: «…Бусалба дино ца боху вайга Къуръан Iаьрбийн маттахь хилла алий а, Дела Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Iарби хилла алий, шайн къоман хаза гIиллакхаш тасий дуьтуш, Iарбийн гIиллакхашна тIедерза. Ма дерза! Нохчий долуш, бусалбанаш долуш, вешан къоман хазачу гIиллакхашца дахар а, декъалхилар а лойла вайна вай кхоьллинчу Дала! Ненан мотт къоман йоцуш йиш йоцу хазна ю. Мотт, ненан мотт, байна долу, и бицбина долу адам мотт буьйцучу къомах херадолу. Дала белла вайна вешан мотт. Шен ненан мотт бицбинарг, ийманах вухур вац, ала ваьхьар вацара со. ДоIа дар шена дезаш дерг Деле дехар ду. Ша хIун доьху а хууш, хазачу шен маттахь Далла хьаставелла, дехар тоьлаш хир ду. Вайн хьуьжаршкахь а, исламан институтехь а, университетехь а ненан мотт Iамабар, Iарбийн мотт Iамабар санна, лакхарчу тIегIан тIехь хила деза. Ша барта дуьйцург нийса, йозанца дIаяздан хууш Iеламстаг хилар доккха ниIмат ду». Кегийчу къаьмнийн меттанашца къийсам дIахьош болу ехха хан ю. И къийсам дIахьочарна шера хаьа, мотт дIабаьлча, къам дIадолий. Иза хуучу «идеологаша» пачхьалкхехь цхьа мотт хила беза боху политика дIахьо. И политика дIахьо хIилланца, нуьцкъаша а. И политика дIахьочарна ган а, хаза а ца лаьа Малхбузерчу пачхьалкхашкара бакъдерг: кегийчу пачхьалкхашкахь шиъ я масех мотт пачхьалкхан мотт хилар. Муьлххачу а пачхьалкхан уггаре а боккха, мехала хьал-бахам цунна чохь деха халкъаш, церан гIиллакх-оьздангалла, ламасташ, меттанаш а хилар къобалдан ца лаьа оццу «идеологашна».

Кхузахь дагаоьху Сулейманов Ахьмада дIадаханчу бIешеран 60-чу шерашкахь Москвахь кегийчу къаьмнийн меттаншна лерина дIахьочу конференцехь: «Кегийчу къаьмнийн меттанаш ишколашкара дIадаха деза, уьш хьеха оьшуш дац, шен доьзалехь а, накъосташца а бийцар бен. Кхин мах а, маьIна а доцуш ду кегийчу къаьмнийн меттанаш…», – кхайкхочийн, чIагIдечийн а къамел, дош а кагдан стогалла, доьналла а тоьъна, нийса бIостанехьа дина къамел.

«Кхо хIума ду дуьненчохь даима а, цхьаьна а хила дезаш, вовшех даьхча, кхуьй а леш: Даймохккий, Ненан Моттий, Халккъий. Тхо-м – нохчий, гIалгIай – Казахстанехьчул чомехь даа, цигахьчул дезаниг, хазаниг тIедуха ца даьхкиний тхешан махка, цIа, карахь-куьйгахь а, тIехь а доццушехь. Тхо цIа оьху: Даймохккий, Ненан Моттий, тхешан Къаммий цхьаьний бен мегаш дацарна», – аьллера Ахьмада.

 

Тахана а ду сийлахь-деза и кхоъ – Даймохккий, Ненан Моттий, Къаммий – вовшех къасто йиш йоцуш.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.