Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


ПохIме говзанча Печать Email

Мазуров Мохьмад

 

Яхьян Мохьмадан воI Мовлади вина 1952-чу шеран 1-чу январехь Казахстанехь, Бостондински районера Бричмулла юьртахь. Мохьмадан виъ доьзалхо хилла – ши кIанттий, ши йоIIий. Хьанала ваьхна а, нахаца мегаш, тарлуш чекхваьлла дIавахана стаг ву олу Мохьмад.

Даймахка цIа боггIушехь, 1957-чу шарахь, шаьш дохадале Iийна Мартан-Чу охьахевшира Мохьмадг1ар. Лулара СаIди-К1отара гIаш дIаса а лелаш, 1969-чу шарахь 10 класс чекхяьккхира Мовладис. Дешна ваьллачул тIаьхьа, хан а кхаьчна, эскаре гIуллакхдан вигира. Цул тІаьхьа тайп-тайпана белхаш бира, хIусамнана ялийра.

Ялх бер ду Мовладин – ши кIанттий, йиъ йоIIий. Дас шега схьаделларг, цо Iамминарг шен доьзале а кховдийна кхуо: гIиллакх, хьанал вахар, нахаца тарвалар, комаьрша хилар.

Дукха жима волуш дуьйна дечиг-аьчгах хIуманаш еш самукъадолуш вара иза.

Цо чIогIа къахьийгира, и говзала караерзош. Тахана Мовлади дечиг-аьчган пхьар ву Нохчийчохь а, цул арахьа а вевзаш. Шен кертахь, цIеношна уллохь, музейна лерина вагон х1оттийна Мовладис. Цу чохь ю къоман культурин тайп-тайпана гІирс а, коьчал а: къоман духар, цуьнца лелийна доьхкарш, шаьлташ, тарраш, баккхийчу нехан духар, цIера дахалел хьалха а лелийна наштар, шира текхаш, кедаш, бошхепаш, хи молуш хилла йолу цхьацца пхьиег1а. Арахь, рагIу кIелахь, говр-вордан а, вир-вордан а гIирс бу, дечиган шина чIурга тIехь а, еа чIурга тIехь ворда а, иштта кхийолу хIуманаш а ю. Дукха чIогIа хаза, говза, дечиг-пондарш до цо. Царах пайдаоьцу вайн махкара гIарабевлла артисташа.

ТIаьхьарчу хенахь баккхий кхиамаш хилла Мовладан шен балхаца. 19-г1а б1е шерашкахь, Кавказан боккхачу тIамехь лелийнарг санна йолу, эскизаш т1ехь «Йоккха топ» йина. Кху шарахь, Нохчийн меттан де даздечу дийнахь Соьлжа-ГІалара Театральни-концертийн залана хьалхара майданахь дIабаьхьначу гайтаме хIоттийна яра иза. «Йоккха топ» къаьсттина хазахийтира вайн республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. Мовладис иза цунна совгIатна елира: «Кхин цхьаъ а йийр ю. Цул чIогIа а, дика а», – аьлла.

«Мовлади, айхьа дечу гIуллакх тIехь хьуна лууш дерг, хьан самукъадериг хIун ду?» – аьлла шега хаьттича, вела а велла: «Со хIумма а оьшуш вац, ас дийриг наха къобал дичхьана», – элира цо.

Дела реза хуьлда хьуна, Мовлади. Дала аьтто бойла хьан, вайн дайша лелийна гIиллакх-оьздангалла, вайн къоман ламаст къоначарна довзийта, марздан айхьа кхобучу 1алашон т1ехь мало йоцуш хьо хиларна.

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.