Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Нохчийн жайна Печать Email

Яшуркаев Султан

/Т1аьхье. Хьалхе - №№ 5-6 – 11-12 2013 ш/

 

Цхьанхьа-м хьахийра, вай вешан истори иэсе хьесапца доцуш дегабаам бой юьллуш хилар. К1орге буьллий а лелабо и дегабаам. Амма ша истори йицлой йоккху-уш хабаре а йоккхий туьйра хуьлу, хьенех-минехах дийцар до я илли дой цуьнан дух-барч дойу. Илли хаза а, самукъне а ду. Пох1ма долчо олуш шегара хазалла т1е а тухур ю цунна.

Амма хьаьрк а галъяккха магац историн. Адаман кхетаман, иэсан а шен доза ду. Х1ума дицдалар а ду цуьнца. И дуй а хууш, жуьйрех къастош цецах лийсина дама санна хабарех, легендех къастийна, шен хеннахь 1илман йозане яьккхина охьайиллина дукхахдолчу къаьмнаша шайн истори. Цул сов, шайна х1ун оьшу, х1ун лаьа, шайн х1ума муха хила деза, шайн 1алашо х1ун ю, шаьш стенна т1екхача г1ерта аьлла а диллина. Вай ца диллина х1умма а иштта охьа. Ца дилларан бахьана а, бехказало а карор дера ю. Амма, вай уьш мел дукха ялорах, доцург доцуш ду.

Делахь х1ета, селхана даза диснарг тахана дар ду вайна т1ехь. Кхолла деза шен хеннахь ца кхоьллина жайна. И ца хиларо дукха эшам бина, беш а бу. Вай ма-аллара, яз а дина цхьаммо охьадуьллур дац и жайна, дилла а лур дац мел лаарх. И вай массара – къомо – вошахтоха деза. Х1ара йоза дешча, ша х1ун дуьллур дар цу жайнан мог1ане аьлла ойлаян езарш бу т1екхуьурш. Дукха бу тахана вайн иза хиллий, важа хиллий, вай санна цхьа а ца хиллий, вайн таьптарш хиллий бохурш. Вайн хилларг хилла, къонахий а хилла, тептарш а хилла. Дика а ду уьш хилла, историкашна, этнографашна пайдехь х1ума карор царна т1ехь. Кхузахь вай доцург я ца тоьарг дийца г1ерта. Хиллачун пусар, ларам бан беза аьлла ду. Дика хьекъал а, г1иллакх а ду иза, амма дозалла – амалан айпалла ю. Кураллий, дозаллий къастош хила еза. Хьанал куралла ю шен къоман а, цуьнан хиллачуьна мах хаар а, и мах ларбар а. Хиллерий, динерий бохуш мич-миччахь а дуьйцу хабарш осалла ю. Дозалла – ша шена хууш я ца хууш цхьана нехан, шегахь доцучу х1уманах хьегаран билгало а ю, шен дакъазаллина к1ел куьг та1ор а ду боху психологи 1илмано. Дика куралла ю, ц1ера валар нисделла вайн жима стаг, ша лелачохь шех а, шен къомах а цхьа ца кхардор, шех чекх са ца гойтуш ц1а верзар. Чуьра ара валар дац нахала валар, ара ваьлча чу юьхь1аьржа верзар ду.

Махкара ваьлла леларг, шен къоман векал ву ша аьлла синхаам а, жоьпалла а хилар бакъ куралла ю. Вайн жайнан цхьа мог1а хила беза х1ора а иштта синхаам болуш хила декхарийлахь хилар.

17-г1а б1ешарийн чаккхенгахь хилла олу иза. Исторехь башха сецна а дац и терахь. Шайн кест-кеста хуьлучу т1амех рог1ераниг беш хилла Турций Иранний. Г1ирмера хан туркойн паччахьо верасалла деш хилла. «Вассал» олу ишттачух. Шена цуьнгара накъосталла эшча, кхайкхина паччахьо иза. Таханлера Азербайджан йолчохь хилла и т1ом. Къилбаседа Кавказехула вахача сихо-о кхочур ву ша аьлла, шеца 80 эзар б1аьхо а ваьккхина новкъа ваьлла хан. Цу хенахь Астраханера шен эскарца схьаг1ерташ Россин инарла Бутурлин а хилла боху.

Чергазоша шайн махках а валийтина хан, кхечара а новкъарло ца йина цунна. Бутурлин а, и шена дуьхьал кхета ца лууш, юьстах те1а-аш хилла. Нохчийчин махка кхаьчна хан. Ша т1амца вог1уш ца хиларе терра, шен новкъа д1авахийта ша, новкъарло а ца еш аьлла цуо, шена дуьхьал бевллачу нохчашка. Амма, вукхара шайн махка ког боккхуьйтур бац аьлла. Дипломатех г1уллакх ца хилла, долу-уш гена даьлла и х1ума. Шен эскарах пхи эзар т1емало т1ехецна оьг1азваханчу ханас нохчашна, хьаший д1абаха уьш аьлла. Тахана Ханкала олучу меттехь хилла боху и т1ом. Пхи эзар б1аьхо, цхьаъ ца волуьйтуш, х1аллаквина. Кхин пхи эзар а чу хецна… царах а иззий хилла. Кхин д1а т1ом бан б1о а къажина юха ваьлла хан.

Дика ду, вайнаш тоьлла. Делахь а, цхьа ойла меттаххьайо цу толамо. Чергазоша, г1ебартоша, х1ирийша, ног1ийша шайн махках валийтича, вай дуьхьал девлла. Кхузахь дагатосу, массара а чекхвалийтина и хан, дов дохьуш вог1уш а ца хилча, нохчаша а чекхвалийта мегар дара олий. Ишттачохь политика оьшу. Цкъа делахь, хууш хила деза и мича воьдуш ву, бакъ лоь я ямартло ян г1ерта. Евзаш хила езара туркойн, г1ажарийн юкъаметтиг, хаан деза чергазоша иза чекх муха валийтина, ша цигах чекхволуш цо х1ун г1иллакх лелийна. Масала, политикаш хилча дагадан тарлора цара хане ала: д1о дехьа цхьа инарла ву хьуна шен б1оца, и хьайна новкъара д1а а тоттуш некъ лаций г1уо хьайна. Кхин а цхьацца х1ума карор дара цигахь хьахо а, кхочуш дан а, ханаца гергарло таса я, таханлерчу маттахь аьлча, «таможенни сбор» яккха, шаьлта яккхале. Амма вайн, юха а, и политика ца хилла. Х1аъ, итт эзар б1аьхо воьжна ханан цу хиламехь. Вайн аг1о а йисна хир яц хийла цигахь ца вужуш. Амма чот лелаяц ишттачуьна политика ца хилча.

Вайн историн дуккха а хиламаш талла безаш хета. Х1ума т1етуху-уш дийцар ду вайн амалца, «романтикин» х1ур т1ехьорси «чам» беш. Ала дашна, оьрсашца а ду иза, кхечеран а хир ду. Х1ума хаздеш дуьйцуш чомехь хетахь а, т1аьхьенна охьадиллина бакъ хила деза, и къаьхьа делахь а. Мах бац иштта доцучуьна. Истори ца хуьлу иза т1аккха – хабар хуьлу. Ишттачех декъаза патриотизм а, т1аьхье тилкхаза йолий а кхуьу.

Х1ума историн бух т1ехь талларан шен мах бу. Легендаш ша жанр ю. Вай бинчу талламел сов долуш санна хета арахьарчу авторийн белхаш т1ера цитаташ. Вайх а, Кавказах лаьцна а литература дукха ю. Цу дукхаллина юкъахь шортта, кхеча маттахь аьлча, фантазеш а ю. Оьрсийн автораш а хилла ишттачех самукъадолуш. «Элара-бахара» олучунна т1ехь кхоьллинарг сов ду, схьалаца, х1ара аьлла, т1ам а боцуш, ша цхьаболчарна далон «турпаллийн» цитаташ карор бен. Вайн талламехь х1ума ма-дарра хила деза, иштта томехь хир ду бохуш а доцуш.

«1елам стага язбина 1илман цхьа мог1а, Делан дуьхьа т1амехь 1анийначу ц1ийн т1адамал беза бу», – боху элчан (1.с.в.) хьадисо. Вай вешан историе ваьлла стаг, цкьа хьалха цхьаболчара цунах легенда а кхуллий вуьйцу. Т1аьхьо, цунах цхьаъ ала г1ертарг ларвала веза мифологех, «фольклорах» хераваларх, юьстах дита деза цунна чу «ца тарлург». Ца дитахь къомана а, историна а, турпалхошна а, бусулба динна а луьйриг вийр ву хийламмо, аьлча а цхьана сонтачо. Вайна истори ледар хаьа, легендаш т1ехь кхуьу ала мегар ду вайн х1ора чкъор. Историн яххьаш олурш а, цара дакъа лаьцна хиламаш а теллина делла жоп а тоьаш дац. Цундела олу хир ду вайна арахьара: «Царна юккъехь санна эвлаяъ хила атта дац цхьанхьа а…»

Петербургера баьхкинчу Броневскийн, Дубровинан, Поттон, Бутковн, Бержен цитатех хила ца езара вайн истори, вайгара хила езара, вай хила дезара кхечарах дош олуш.

Карла доккхур вай, т1аьхьенан ойла а ца еш, чекх ца ден долу, ша ца тула волу х1ума долор – ша шена а, шен къомана а беш тешнабехк хилар. Зулам доло дукха х1ума ца оьшу, – мичча х1у доьжча а хьала йолу яр ю иза. Дерзо ду зулам хала, т1аьхье ирча а хуьлуш ю. Юха а, к1орггера дуьне а, цунна чохь кхоллаелла юкъаметтиг а йовзар оьшу цхьа х1ума т1е а х1оьттина цунах лаьцна сацам бечохь.

Кхеташ ду, шен х1ума лардан лаам къомехь гуттар а хила безар. Амма к1езиг го вайн барт хилла долийнарг, дукха го тобан белхаш. «Делан къинхетаме куьг хир ду цхьа барт болчарна т1ехь», – боху элчанан (1.с.в.) хьадисо. Вайн исторехь гуттар а, масийттаза кхузахь ма-аллара, майралла тоьаш, политика ца тоьаш го. Хьекъал а лору вай, собар а лору, амма майраллел сов х1ума ларац. Дера майралла товш а ма ю стагехь.

Ц1ена деши, и доккхучарна дика хаьа, маь1даца дукха ца нисло. Механа цунна аьттехьа а доцу ц1аст сов хуьлу цуьнца. Дукха хьолахь, иштта цхьацца «кегаш» нисло вайн майраллийца а. Йолчуннаъ кхераме ю и собаро сацош, кхетамо доладеш яцахь. Хийла х1ума дирзина вайн, и сонталлие йирзина т1аьхье вуно къаьхьа йолуш. Цундела ду цхьанхьа-м лакхахь далийна: «Кхийринчийн нана ца йилхина, ца кхиринчийн йилхина», – аьлла. К1иллолла яц и кхерар – ларвалар ду, шен нана елхаяле ойла яр. Хьекъаллий, кхетаммий, собаррий цхьана аг1ор а диллина, вукха аг1ор йиллинчу майралле меттах а хьалур дац терза.

Таханлерниг кхин зама ю, моторийн зама. Майралло г1ап йоккхург яхана, я и яхале а вай яьккхина цхьа г1ап а яц. Хьекъаллой, кхетаммой ловзош ду дуьне, цу шиммо йо политика а. Таханлера майралла а ю цу шиммо ловзош. Дагахь х1ума доцчу вукхунна ша ловзайой а ца хаьа.

Кху дуьненахь х1ума нисделла къаьмнаш кхетамой, кхетамца къахьегарой даха ховшийна, лар а цуо дина. Майрачарна мухха хетахь а, иштта ду иза, цундела со кхоьруш стаг ву.

Хьал долуш а, шен бахархойн бакъонийн пусар деш а, масийтта къам вовшахкхетта пачхьалкх ю Швейцари. Европехь хийла т1емаш беш, ша цу юкъахь яц олуш, юстах 1а иза масех б1е шарахь. Т1ом барал йоккха сонталла яц вайл долчу къомана. Хьанна карийна ойланал, хьекъалал, собарал т1аьхьало йолуш герз? Лозунгийн шайн йоза хуьлу, дахаран шен йоза ду. Атта дац и 1ама а, яздан а, деша а. Барт – сонтачу хабаро, сонтачу г1уллакхо боха бо. Дика дац сонтаниг – ша шена зен ду, бохам бу, толам боцу т1ом бу.

Вовший хезаш, ладуг1уш ца хилар барт бохар ду. 1уьргара 1уьрга лелха лаьхьа санна, питана хир ду барт боьхначу юкъараллехь текхаш.

Лекхачу г1алий т1ера д1а а хьаьжна аьлла боху вайн элчано (1.с.в.): «Суна гург гуш дуй-те шу, шун ц1енойн юккъешкахь, бух дуьйулу шовданаш санна, питана бух дуьйлуш го-кх суна». Т1аьхьарчу хенан билгалонаш юьйцуш аьлла ду иза.

Дукха х1ума дайна, селханехь дисна вайн. Дукха зараллаш дина вешан г1иллакхна, цуьнан маь1на дицделла хийланна. Диканехь а, вонехь а вайн юкъаралла т1ехь лаьттина и ца харцийтина бух хилла и. Шен бух т1е варзап етта йолийча лелха юлу юкъаралла, атаяла юлу, даьржа питана, буху барт. И деригге а вайна юкъа деъна лаьттина.

Заман йохаллехь ша шена биллинчу бух т1ехь деха къам. И бух – г1иллакх ду: нохчийн юкъараллехь шен хенахь ша тайпа институт хилла иза. Шена гонахь дехачу къаьмнел т1аьхьадисна хила йиш яц сел генара историн орам бог1у, Къилбаседа Кавказехь уггаре доккха къам.

Цхьана заманахь хьесап а дина, шайн дахарца, дог-ойланца ца дог1ург юкъара даьккхина ала мегар ду кхузахь. Шайн син амалца, нийсо, парг1ато езарца, адаман бакъо ларарца дог1у х1ума далийна юкъаралле. Уггар хьалха, х1оранна а цхьатерра бакъо хилар лардеш. И декхар кхочуш деш хилла Г1иллакхо. Яьржина ю олийла доцуш низамехь, шен эшаран мукъамехь ехаш юкъаралла хилла иза, коьртехь Мехкан кхел а йолуш. Тахана депутаташ хила г1ертарш санна, хьалхалелхаш нах ца хилла цуьнан декъашхой. Дика хууш хилла Мехкан кхеле мила вахийта веза. Майра ву, онда ву, вехаш ву олий билгала воккхуш ца хилла – къонах ву аьлла йоккху ц1е хилла иза хьалха тоттуьйтург. Къонах – массеран юкъара ву, г1иллакх, оьздангалл ларъярца шех нехан б1аьрг бузийна. Майранаш, х1айт-аьлларш шортта хилла. Ткъа и доьналлийн билгало шеца хиларал совнаха, г1иллакх долу къонах хилла къомо лоруш верг.

1едал муьлхха хилча а, цуьнан институташ эзар хилча а шайн болх беш хила еза юкъараллин институташ. Цуьнан г1иллакх конституци т1е яздина дацахь а, къоман ораман мутта ду цуьнца.

Пачхьалкхо юкъараллина дечу долан а, юкъаралло ша шена дечун а шен-шен башхалла ю. 1едалца къовса дезаш х1ума нисло юкъараллин. Пачхьалкхо, 1едало совг1атна елла яц тахана нахана демократи, хаддаза юкъаралло къовсам латтош яьккхина ю.

Шен-шен меттиг хууш хила деза 1едал а, юкъаралла а. Амма шен меттиг хуур яц юкъараллина шен декъашхойн заманан к1орггера, б1ешерашкахь кхиъна политикин культура ца хилча. Масех стеган я цхьана тобанан долахь хила езац и, доллучу къомаца хила еза. Т1аккха юкъаралло цхьаьнга а шена п1елгаш ца 1уьттуьйту.

Юкъаралла ша шена дола деш елахь, муьлхха а цуьнан декъашхо цунна хьалха ша жоьпе вуйла хууш хир ву. Х1ора и хууш хиларо до юкъараллех дуьззина къам.

Собар, цхьана стагана санна, йоллучу юкъараллина а оьшу. Амма цуьнан собар ца кхаччол кхетам 1едалехь а хила беза.

1едал хийцало, тахана хаьржинарг кхана юха ца харжа тарло. Ца хийцалург юкъаралла ю – и къам ду, пачхьалкх а и ю, 1едал а и ду.

Г1иллакх, оьздангалла гуттар а цхьана дозуш ши х1ума ду. Г1иллакх – юкъараллехь х1оьттина оьздачу стеган дахаран некъ бу. Оьздангалла – стеган орам, орам – цуьнан дай бу. Шайн сий, дош, ц1е, тайпана ц1е, къоман ц1е ларьеш, жоьпалла долуш нах хилча хуьлу царах оьзда орам т1ехь кхиънарш. Стаг г1иллакхах, оьздангаллех воьхча т1е эхь а дог1уш, бехк а бог1уш, и юьхь1аьржа а х1уттуш лаьттина вай лакхахь йийцина юкъаралла. Юьхь1аьржа х1оттар – стаг олучу лакхенгара вожар хилла.

Х1ара ю аьлла б1останалла йоцуш гергара ду Кавказера къамьнийн г1иллакх. Вовше г1иллакхна т1е а тевжаш политика хилла нохчийн юкъаралло лулахошца лелош. Б1е шерашкахь зийна а ю и политика. Кхин ца хиллал демократин новкъахь кхиъна юкъаралла ю иза.

Цхьана хиламах лаьцна къамеллий, цунах лаьцна талламмий вовшех къаьсташ хилаза 1ийр бац. Таллам – 1илманан болх бу, шен башхалла ю ишттачуьна. Кхузахь дийриг вайн юкъахь къамел ду, вешан хьал, дакъазалла, дерг-доцург хьехош, жайна эшар дуьйцуш. Х1унда, стенна оьшура и ала а г1ерташ. Ишттачохь дуккха а 1илманца доьзна х1ума юьстах дисаза 1ийр дац.

Вай йийцина юкъаралла (жимма айина йийцина хила а тарло иза) г1уллакх имамашкий, инарлашкий далале ю. Х1етахь Россин паччахь кхечу аг1ор т1емаш беш ву, – Казани, Астрахани ханаш бохийначул т1аьхьа воьрзу и Кавказехьа.

Вай юх-юха хьехориг кхин политика ю, лулахойл генара лелош хилларг а, тахана ерг а. Цхьана аг1ор-м «иэцар-йохкаран политика» эра ду цунах, амма бухкург-оьцург хьонка бац, т1арг1а бац, нехча яц, дечиг, эчиг, ялта дац. Товар дина оьхьадиллина къаьмнаш ду. Ямартло, мекарло ю лелош. Эхь-бехк дац цу политикца – са лехар, шегахьадерг бен. Дош лардар, тешаме хилар, дуьненан рицкъанах 1еха ца валар, иштта кхин долу оьздаллех хьакхло х1уманах лардар ду, масала, цу хенахь дайн г1иллакхо хьалха доккхург. Лулахошца т1ом бан, цхьаьнца берта бахана вукхунна т1елата, латта схьалаца, г1ала-г1ап яккха г1ертац и г1иллакх. Шайн кхетамо а, дахаро а ишттаниг дихкина хиларна ца лелийна цара и. Тешнабехкал не1алт олуш х1ума хир а дац Кавказан г1иллакхехь.

Дуккха а Европан пачхьалкхаш цхьаьнакхетта кхоллаъелла ю Евросоюз. Шиъ ю ала а дац цу пачхьалкхех вовшен тешнабехк база, вовшашкара латта даккхаза, цхьаъ вукхуьнан рицкъана т1екховдаза. Багарбина а девр дацара и союз кхоьллинчу Германис, Францис, Англис вовшие бина т1ом. Я тахана а шайн дагахь башха хьаг1-боданах ц1анъелла уьш аьлча а шеко йолуш хир дара. Политика ю цара лелориг. «Хьуо ма-варра хила ма г1ерта, замане хьажжий хила», – аьлла цхьана китайцо. «Англин доттаг1ий бац – хьашто ю», – аьлла цигарчу цхьана политико. Изза ду вукхеран политикца а.

Пхи б1е шо гергга хьалха цхьа 1илма долуш стаг хилла Италехь, Венеци олучу г1алахь. Макиавелли хилла цуьнан фамили. Цуо боху: «Политикина эхь-бехк, г1иллакх эшац, амма шегахь уьш ду муттуьйтуш-м хила веза». Цундела, ишттаниг муттуьйтуш хабарш дуьйцу дуьненан дипломатехь, шайн дагара 1алашо гуттар а къайлехь, къут1а санна лачкъийна, хьулйина, «пачхьалкхан къайле» йой а лелош.

Политика ч1ог1а йолуш а, дуьненахь а шен экономика, технологи, промышленность кхиар т1ехь г1араъ яьлла, хьал долуш пачхьалкх ю Япони. Амма шайн шира г1иллакх лардар т1ехь а г1ара яьлла и.

Генара дуйна схьа политика говза йолуш ц1е яхана ю Англи, амма тоьшалла дац иза и юкъаралла шен г1иллакх лардеш яц ала. Политика цуьнан шена арахьара дуьненахь ю, шена йог1ург а, ца йог1ург а йоккхуш.

К1оргера политика лелорца евзаш ю Израиль. Дукха къаьмнийн культурана т1е1аткъам бина жуьгтийн 1илманчаша, яздархоша, поэташа, музыканташа, философаша, амма шайн къоман культура а, шира г1иллакх а цара санна лардеш къам хир ду ала а хаац.

Г1иллакх ду лардан дезаш, д1атаса езарг сонталла ю . Цундела хьехадо и юх-юха, бицбеллачеран иэс меттаххьайо бохуш. Орам бакъабелча дитт дечиг ду, кхе тилла бен пайдехь доцу. Иза догий чим хуьлу, юкъ хуьлу. Х1ора а шен къоман селхане юха хьожуш, таханаллехь д1асахьожуш, ша шена чу хьожуш хила веза. Стага ша мила ву, муьлхачу къомах ву, муха ю шен генитически код, шен х1ун башхалл, х1ун декхар ду, шена мегарг, мехаланиг х1ун ду, эхье х1ун ду, бехк х1ун бу, яхь х1ун ю, юьхь1аьржо муьлха ю, иштта кхин хийла а ша шега хаттар луш, цунна шен дагахь карон жоп далош, шена ша мила ву хаар ду. Цунах къоман идентификаци олу.

Яхана зама-м юха ца ерзало, ерзо г1ерта а эшац. Амма хууш хила деза цхьа стаг велахь цунна а, къам делахь къомана а шен некъ стенга боьду, и некъ ша х1ун нигат дина юьхьара лаьцна. Х1уманан хьесап динчо аьлла: «Цхьана хичу шозза ког баккхалур бац». Доьду хи гуттар а хийцалуш ду, т1ехьаьжна цхьаъ хетахь а.

Дуьненан юкъараллехь мелла елахь а цхьа меттиг ю, ц1е ю, иэс ду, – и дерриг а лардеш даха дог-ойла ю тхан бахахь – г1иллакх лелош а, лоруш а, царах пайда оьцуш а, т1екхуьучу чкъурана кийра а, коьрте а и дуьллуш а хир ду вай. Амма къам шен синан сема латтош долу х1ума сеттон, кегдан доьлча – ша шен к1ур бойучу новкъа долу. И цуьнан к1ур а, сибат а дайа дуьйцура «1адатах буха диснарш» боху хабарша. Къоман г1иллакх, дог-ойла цуьнан син хазна елахь, и хазна цуо шен кийрахь лелор – цунна шен мах хааран билгало хир ю. Эзар шерашкахь цуьнан сих а, дагах а орам тесна долу х1ума дохо долийча – доха долало адам а, къам а.

Исторехь к1езиг гац лулахь деха къаьмнаш вовшашца цхьацца х1ума ца къуьйсуш. Дукха хьолахь къуьйсуш латта, дуьненан рицкъ хуьлу. И бахьана долуш царна юкъахь цимаш, мостаг1алла, цабезам, питана, т1ом а лаьттина. Кхузахь масалш дукха ду.

Йоккха ю Кавказан истори. Дийцина вер вац кхузахь мел хилларг. Адмана лан халаниг а дукха хилла. Амма яц, Къилбаседа Кавказехь уггар доккха къам долчу нохчаша, лулара я кхечу Кавказера къомаца т1ом бина меттиг. Ишттаниг ца хилла аьлча тамашийна хета, масала, европейцашна. Теша а тешац. Нохчи буьрса, сонта, челакх амал йолуш, акха, гуттар а цхьаццанна т1елеташ, т1ом беш, кхин хьашт мел доцург лелош хилла аьлла, б1е шераш хьалха шайга кховдина кеп ю царна гург. Ткъа ма-ярра Кавказан истори хуург царах наггахь бен вац.

Муха хилла-те нохчийн луларчу къаьмнашца йолу юкъаметтиг? Масала, даьржина хилла шен доьзалхочунна лулара къоман ц1е тиллар. Лулахошца мекха йолчо ца до ишттаниг. Лулара къомах верг лерина ца 1аш, цуьна мехкан а сий-пусар деш хилла вайн дайша. Олуш хилла «Нана-Гуьржийн мохк», «Нана-Дег1аста», «Нана-Россе» – шайна цаьргара цкъа а «Нана-Нохчийчоь» олуш ца хеззашехь. И г1иллакх тахана а вай дайа ца деза. Вайн фольклорехь го кхечу къаьмнийн оьздангалла, г1иллакх, доьналла, къонахалла, майралла нохчаша шайчух къастош ца хилар.

Массарна девза Эвтархойн Ахьмадаххий, г1алг1азакхичуххий лаьцна илли. Доттаг1аллица доьрзу цу шинна эрна арахь ларамаза дуьхь-дуьхьал нисвалар.

Доттаг1алла ч1ог1а лелош хилла вайн дайша. Цул деза ду аьлла х1ума карон хала ду къоман г1иллакхехь. Схьалоцур вай 1умаран к1антах 1елех лаьцна илли. Юьртан моллас 1ела т1е а кхойкхий хоуьйту, Таркхахь (Дег1астанахь) кхуьнан доттаг1чо шовхал а вийна, иза кхана 1уьйранна Буру-Г1алахь ирхъуллур волуш хилар. Буру-Г1ала, шен доттаг1 оьрсийн к1ант волчу воьду 1ела накъосташца. Цуьнан г1оьнца к1елхьара воккху таркхойн к1ант.

Нана-Гьржийн махкахь цхьана элан хаза йо1 кхиъна олий хеза нохчийн к1антана. Воьду иза и яло, т1евуссу шен доттаг1чунна гуьржийн к1антана. Буьйцу ша беъна некъ. Х1ара чохь а вуьтий ара волу доттаг1. Цхьа хан яьлча элан йо1 а ялош вог1у гуьржийн к1ант. Нускал совг1атца пайтона а хаадой, новкъа воккху цо шен доттаг1. Ц1а кхочу важа. Ловзар до кхаа дийнахь-бусий. Чуволу к1ант нускал долчу. Вукхо хоуьйту цунна, гуьржийн к1ант шена т1ехьийзаш хилар. Нускалах хьакхабелла шен ц1аза п1елг шаьлтанца боккхий, и йовлакха юкъа а хьарчабой, йо1 а оьций новкъа волу иза. Доттаг1чуьна ловзаргахь 1ай ц1а воьрзу.

Иштта, кхечу къома к1енташца, гергарло, доттаг1алла гойтуш иллеш дуккха ду вайн фольклорехь. Охьа мел хевша хуьлу нохчашна юкъахь кхечу къаьмнийн оьздангалла, кхин диканаш дуьйцуш къамел, лер а доцуш. Цхьацца волчуьна амалца дерг алар ша ду, иза массаьрца а долуш ду. Ишттачу масалша гойту, нохчий лулахошца лелон политика а, г1иллакх а долуш хиллий. Хийламмо тахана лелош а ду иза.

Кавказера къаьмнашна юкъахь б1еннаш, эзарнаш шерашкахь гулделла гергарло – вовшийн уллера хилар ду. Церан бух – и къаьмнаш цхьана орамна т1ера хилар хила а тарло. Дан-м массо адам а ду цхьана орам т1ера, и хилар шен сица хаалуш, массо а къоман ларам бар сецна вайн амалехь, г1иллакхехь.

Кхечу къаьмнашна а хаалуш хилла кавказахойн цхьа орам. И тайпа х1ума, хетарехь, истори т1ехь яздина ца хилча а, адаман генетика олучу таьптар т1ехь заман дукха к1оргера дуйна яздина хир ду. Къилбаседа Кавказехь массарел а доккха къам вай делахь, и гергарло лардан уггар доккха декхар а, царах уггар доккха жоьпалла а вайна т1е дужу.

И вай хьехориг юьхьана лелош ца хилла, къоман т1амарца, цуьнан син кхетамца хилла.

Кхин цхьа г1иллакх а карладоккхур вай – нохчийн а, кхечу кавказера къаьмнийн а санна, цхьана къоман доьзалхо кхечу къоман доьзалехь кхиадайта шен бер далар. Даьржина хилла Кавказехь и г1иллакх.

Пушкинан «Тазит» поэма евза вайна. Нохчийн доьзале веллачу к1антах хилларг дуьйцу цу т1ехь, цуьнан адмаллех, къинхетам болуш кхиарх лаьцна. Цуьна ойла йича, бераш иштта вовше луш хилар, къаьмнаша шайн гергарло латтон еш ч1аг1о хилар го.

Баккхийчара дуьйцура. Цхьа гуьржийн к1ант хилла нохчийн доьзале кхион велла. Кхуь-уш жима стаг хилла к1антах. Дуьненахь иза шен махка д1аваха а ца тигна, юьртахь тоьлла латта а делла, ц1ено а дина, хаза йо1 а ялийна охьахаийна. Тахана «гуьржийн юкъ» олу дуьххьара цуьнан ков-керта т1ера йолаъеллачу юкъах. Бакъдерг аьлча цу юьртан ц1е дага ца йог1у суна, амма «гуьржийн юкъ», «туркойн юкъ», «г1умкийн туп» олуш меттигаш вайн хийла юьртахь ю. Бенахь к1отар а ю «Гуьржийн-мохк» олуш.

Г1иллакх хилла нохчийн кхечу къомах стаг даггара т1елацар. Дукха хилла вайна юкъахь иштта т1елаьцнарш, тахана а бу. Махкахь а вевзара немцойх ваьлла Вайсерт Мохьмад-Хьаьжа. Казахстанехь вайх схьакхетта нохчи а хилла ваьхна иза. Диканиг а вара, махко а лоруш. Нохчийн г1иллакхе безам бахана схьакхетта ву ша олура цуо. Вайн дайша т1еэцначу наха, цара шайца лелийна г1иллакх а хууш, вай Казахстане дохош, тхо а ду нохчий аьлла шаьш а бохабайтина. Дукха вац ишттачех нохчи вац ша аьлла бухависна я Казахстанера юхавеъна. Шуьйта районехь цхьана колхозан председатель хилла цхьа г1алг1азакхи. Вай дохош, ша а ву х1орш берриг аьлла д1а а веъна, вайца 13 шо а даьккхина цо.

Вай хьехориг вайх нохчи деш долу х1уманаш ду. Хьошаллийн г1иллакх а доггах лелош хилла. Вайн фольклорехь дика а го иза. Кхечу махкара хьаша ларвеш, цунна кхераме х1ума делахь, и д1аваххалц г1аролехь лаьтташ хилла юьртара нах, шен мехкан дозане кхаччалц новкъа воккхуш а хилла.

Тахана машенаш а ю, автобусаш, поездаш, кеманаш… вахан-ван боккха аьтто бу. Кхин ца дийцича а кхета вай кхузахь ала г1ертачух…

Г1иллакх – деккъа цхьана нехан юкъаметтиг хилла ца 1аш, къоман деган а, син а могашалла ю. Мел яккхий чолхенаш т1ех1иттарх тахана а вайца хила еза. Вайн оьрсашца а ца хилла мостаг1алла. Вайн дай церан паччахьна къар ца балар, царна цуьнан ялхой хила ца лаар цхьаъ ду, къомаца мостаг1алла ца лелор – т1амарца долу г1иллакх ду.

Т1ом къомо къомаца беш, къаьмнаша лоьхуш, цара кхойкхуш, царна дезна х1ума дац, и царна юкъа тосу. Французийн философа Ж.-Ж. Руссос боху: «Т1ом – нехан юкъаметтиг яц, нахах цкъа хьалха салтий а бой юха мостаг1ий бо».

Тахана, телевидениехь, газеташ, журналаш т1ехь вайга цабезам г1аттош беш болх го. Хьулбеш а бац иза. Цу хьолехь селханчул а мехала ду вайна тахана вешан син могашалла ларьяр, провокацин буйна ца дахар. Тхо аш дуьйцург дийца а дашац бохург хила деза ишттачарна жоп. Ч1ара лаца тесна м1ара санна, хьо лаца еш к1ело ю и. Провокацина г1о дар ду цаьрца къамеле валар. Ишттаниг тергал ца дича, ша мила ву шена гур ду хабарийн «форумаш» кечъечунна. Ч1еро муьрг ца тухучохь 1ийна дан х1ума дац ч1аралоцучо. Ши стаг – муьлххачу къомах велахь а, гергара ву. Ший а цхьана Дала кхоьллина хилар ду цунна тоьшалла. И ду вайн иэсехь латта дезарг.

Доккха маь1на ду меттан. Тахана мотт а телхана, дошам къийелла, бийцаран г1иллакх доьхна. Д1овш а, дарба а ду олу мотт.

Дика барам бу юкъаралло буьйцу мотт, цу юкъараллин оьздангалла юста. Хийла а хийла шерашкахь кхуьу къоман мотт, и бийцаран г1иллакх а. Г1иллакхах сиркхо хьакхаелча «цомгаш» хуьлу мотт. И буьйцучух кхетта айпалла ю иза. «Базаран мотт», «къуйн мотт», «митинган мотт», «политикийн мотт», «зуьдан мотт» – «жаргонаш» яьржа маттехь бийцаран г1иллакхах мекха тесча, и шалха лен баьлча. Меттан оьздангалла йожар – и буьйцучун оьздангалла йожар хилаза 1ойла дац. Адам доьхча мотт а бац, мотт боьхча адам а дац. И хууш, иштаниг шена хиларна кхоьруш ларъеш хилла юкъаралло меттан, къамелан оьздангалла.

Къоман идентификаци ларлур яц къоман г1иллакх юкъарадаьлча. Уьш генера дог1у, историс зийна а ду. Къамел дар боккха мах болуш хилла къоман. Оьзда доцу къамел т1еоьцуш хилла яц нохчийн юкъаралла, къамел дар цуьнан культуран хазнехь шен меттиг йолуш хилла. Исбаьхьаллин цхьа жанр ю иза, кхечу жанри санна шен башхалла а йолуш. И башхалла йоцург къамел а ца лерина. Мотт лебарх хабар олуш хилла. Ца башар хилла иштта мах хадор. Къамелехь мехаланиг чулацаммий, и чулацам охьабуьллуш пайда оьцу исбаьхьаллин г1ирсий хилла. Цу т1е къамел дечун аз а, охьахаар я латтар, куьйган эшарехь, юьхьан меженца йо х1ора б1аьца а тидаме лоцуш хилла ладуг1учара. Цу тидам барца буьйцучуьна оьздангалла юстар а, къамелан мах хадор а хилла. «Стаг шен матта к1ела лечкъана ву», – боху вайн элчан (а.с.в.) хьадисо. Ша меттах ма-хьабби матто гучувоккху стаг бохург ду иза.

Кавказехь кхечу къаьмнашна евзаш, цара тидаме эцна хилла ю нохчийн къамелан говзалла, оьздангалла. Цундела луш а хилла лулахоша и мотт 1амабайта шайн бера нохчийн доьзале. Нохчийчуьна къамелехь х1ума цхьана вастехь, дустарца алар, меттахь кица, юкъ-кара забар, масал т1едиллина долуш санна лелош хилла. Т1едиллина хилла ала а мегар ду иза. Амма цу исбаьхьаллин г1ирсаца къамелан «чам» баран а шен барам хилла. Г1ирсех пайда эцар т1ехдаьлча къамел духу. Ткъа ишттаниг шен 1алашоне кхочуш ца хилла.

Цхьа дош галдаьлча а духу къамел, буху и дахьаш веанчуьна некъ, цуо деънарг. Дика лоруш ца хилла къамел дахдар, ладуг1учарна ша къордавайтар. Ладуг1учийн г1иллакх хилла къамелдийриг юкъах ца ваккхар. Къамел хадор – и стаг ца ларар, бехкала вахийтар, цунна вас яр хилла. Ишттаниг т1аьхье йоцуш дуьсуш а ца хилла нохчашна юкъахь.

Стаг а, цуьнан дош а кхечу дашца лазо ца магийна. Тахана дуккха а нахана юкъахь ненан маттахь къамел даран г1иллакх дицделла. Вешан мотт къен беш ду вай, и бовш хилар бехке уггар хьалха вай ваьш ду. Къамелан г1иллакх лахделча, оьздангалла а лахлург хиларх кхеташ хилла вайн дай. И лахдалар алссам даьлча, кхечу юкъаметтигна т1е1аткъаза дуьсур доций а хууш.

Шеко йоцуш, къомана юкъара политикин а, экономикин а, социалин а хилам цуьнца боьзна хилаза 1ийр бац. Къамелан г1иллакх дохийча, цуьнан т1аьхье юьхь1аьржо ю. Цундела г1иллакх лардархьама, дан ца дог1у къамел дехкархьама халкъо шаьлтанца дихкина хилла ду. Иштта жоп доьхкуш ца хилча цунах долу питана листа дезарг юха а халкъ хилла.

Нахана юкъахь дош алар доккха жоьпалла хилла. Х1инца а ду и долчунна. Вон-диканехь хьалха воккху стаг санна, билгала воккхуш хилла къамел дан стаг. Вист хила хуучу стеган ларам беш а, цуьнан дош т1еоьцуш а хилла. Къамел, 1илма санна, шай-шайн ц1арца декъна ду нохчийн. Оьздачу къамело ладуг1учеран сина г1оле а, беркат а дохьу. Оьг1азваханчунна дог дастадала дарба а ду цуьнца, кхетам лун хьоста а, цуьнан хьекъалах, чулацамах, оьздангаллех самукъадалар а ду. «К1оршаме», «питане», «зуламе», «сонта», «мекара», «юьхьаза», «деса», «осала», «муьста» олу къамел г1иллакхца ца дог1уш хилар ду. Оьздачу къамелан беркато мостаг1алла дерзош, ч1ир юьтуьйтуш хиллехь, питане къамело дерриг дохош хилла. Цуо нахана юкъа цим бохьу, пайда боццучу х1уман т1ехула вер-ваккхаре а даладо.

Лакхахь ма-аллара, нохчийн юкъареллехь стеган юьхь ларъеш хилла. Стаг х1уманна бехке велахь и бехк цунна бовзийта а, иза цунна т1е билла а шен некъ хилла. «Бехк биллар» олу кхетам бу вайн г1иллакхехь. И буьллуш дечу къамелехь а стеган юьхь ларйо. Цхьанна бехк биллар – цхьа кхетам бу, цуьнга дов хьедар – кхиниг ду. Шега схьадинчух терра, духьал оьздда къамел а дина т1е ца лаца тарло цуо бехк, ша гуьнахь вацахь, ца хиларан бахаьана даладо, ткъа велахь, ша цунна къера а, юьхь1аьржа ма ву ала тарло. Шена биллина бехк т1елаьццачунна къинт1ера йолуш а хилла юкъаралла, и бехк биллар оьздачу стагана кхачам боллуш та1зар хиларна. Кхузахь го, шен дахарехь х1ума иштта нисдина юкъаралла цхьана цивилизацин бух т1ехь латтар.

Цхьаболу историкаш (хьалхалернаш а, таханлернаш а) сурт х1отто г1ерта нохчийн къам селхан-стомара кхолладелла, цивилизацих хьакхадалаза, дуьнен юкъараллина юьстах кхиъна олий. Нохчийн къам, цуьнан г1иллакх, дахаран юкъаметтигийн барам ма барра ца бевзинчара иштта суьрташ х1иттор тамашийна а дац. Боккъалла а къам довза луъчо цуьнан мотт толлур бу, г1иллакх толлур ду, цаьрца къоман истори а гур ю, дахар а девзар ду, кхин хийла цецвала х1ума а карор ду. Тахана ала ду нохчи къоман орам мичара схьабог1у.

Боккха болх бу т1аьхьенна оццул хазна историн халонех чекх а яьккхина дайша шега кховдор. Амма докъазалла ю, цу хазнех шена беркат, пайда эца ца хаьахь.

18-чу б1ешершкахь Россин императори академи балха кхайкхина дикка 1илманчаш баьхкина Европера. Дукхахберш немцой хилла уьш: Иох1ан Х1ербер, Х1отлиб Шоубер, Иох1ан Гюльденштедт. Нохчех лаьцна цхьацца хезна а, Нохчийчоь йовза лууш а хилла уьш. Нис а делла церан вайн махка кхачар. Цара язбина белхаш а бу оьрсийн а, кхечу а меттанашкахь. Нохчий цхьа акха нах бу аьлла хезна болу уьш цецбевлла церан г1иллакхех. Царах цхьаъ къамелан г1иллакх ду. Тахана къамел аьлча а, дешнаш вовшах туьйсурш ц1оз санна даьржина мотт лебар. Халкъо олуш ду: “Ког хьалха хьажий баккха, дош т1аьхьа хьажий ала, “Тоьпо йина чов йирзина – матто йинарг ца йирзина”.

Вайн юкъараллехь гуттар хала а, чолхе а х1ума хилла дов. Яьлла ц1е санна кхераме хилла ца 1аш, йоллучу юкъараллина а бохам бахьаш, цуьнан орам бууш. Цунах кхеташ, х1ора шен декъашхо а, ша а цу зуламах ларьярхьама, г1иллакхан кепехь дуьхьалонаш х1ийттийна юкъаралло девнна дуьхьал. Уьш ларар х1оранна т1е а диллина. Къамелан г1иллакх нахана юкъа эвхьазло ца яийта а, ткъа цунах дов ца хилийта дуьхьало хилла. Амма, чолхе ю адаман амал, чолхе ду дахар, цундела барт боха а, дов дала а бахьана, къамелаца доьзна доцурш а дукха нисло. Девне довллал бахьана доцу х1уманаш а ду. Ишттанаш девне даьхча, бехк буьллуш а, генна даьлла х1ума делахь, девнан да махкара воккхуш меттигаш а яьхкина. Ткъа нагахь цхьана неха дов даьллехь, юкъаралла и дов дерзо орцах йолий, шина а аг1он юьхь а, сий а лардеш масла1ат деш хилла.

Дайн г1иллакхо къаьсттина сий деш, ларьеш хилла зуда. Цуьнца г1иллакхах вохар, эвхьазавалар, куьг тохар, дагара хаийтар шеко йоцуш девне х1ума хилла. Зуда ядийча дуьхьал стаг вер кхачош а, зуда йийча, цунна дуьхьал ши стаг кхачош а хилла 1адато.

Цхьаболчаьрга хаьттича-м нохчий дов даррий, реманаш лехкаррий бен кхин х1умма дан кхуьуш а ца хилла. Амма, церан юкъараллин х1оттаме хьаьвсича го, уьш шайна юкъахь а, арахьарчу нахаца а дов даларх ларлуш хилар. Беза мах бу юкъараллехь маьршачу стеган. Машарний, маьршачу стеганний мах лакхара хиларо ларъеш хилла юкъаралло кхечу къаьмнашца йолу юкъаметтиг а. Иза иштта ца хилча, гонах долчу муьлххачу а халкъал сов болчара т1ом бина а, ницкъ бина а меттиг хир яра. Амма дац исторехь ишттачун масал.

Цхьадолу дов ц1аьххьана иэккха. И ма хеззи орцах хьовдий, довхой къастош хилла кхечара. Дукха хьолахь дов хьедар юкъараллин г1иллакхо т1едиллина хилла. Т1едилларан а шен маь1на ду – девна бехке волчунна, иза гена ца далийта аьтто балар. Шега дов хьедича, масла1атана нах бахийта а, ша бехке вацахь ца хиларан тоьшал далон а, дуйнаца ц1ано ян а хан ялар. Гуш ду, иштта некъ юкъаралло шинна аг1оне а дов гена ца далийта ларбойтуш хилар. Юкъаралла орцах яла кийчча хиларо дукха х1ума лардина. Дика г1иллакх ду нах вовше орцах бовлар. Ала дашна, цу г1иллакхо ларбина нохчи Казахстанехь а – массо а вовший орца хилла латтаро. Орцах бовларан г1иллакх, шайн юкъараллехь лелийна ца 1аш, кхечарца а лелош хилла, муьллахчу а къомана т1е сингаттам беъча. Исторехь а, къоман барткхоллараллехь а масалш долуш ду уьш.

Юкъараллехь коьртачех хилла масла1ат дар. Цуьнан маь1на ийг1ана, оьг1азбахана, дарбелла нах берта балор, маьрша бохуш куьйге бахийтар хилла. Вовше куьг далар – шина стагана юкъахь метта х1оьттина тешам бу. Шина къонахчо, нехан юьхь йина, шаьшшинна юкъара мостаг1алла д1адаларна деш тоьшалла ду. Шина куьйго вовше кховдош ерг дахаран маршо ю. Т1аккха и шиъ нахана дош делла ши стаг ву, велла д1аваллалц и лардан а дезаш. Иштта г1иллакх луларчу къаьмнийн а хилла. Кавказан юкъара г1иллакх ду иза. Х1оранна а орцах вахар санна т1ехь ду масла1атехь дакъа лацар. Нислуш ду пайдабоцчу х1уман т1ехь дов далар. Дийца бахьана доцуш дов доккхурш а к1езга бац. И саннарг долучуьна кийрахь шен къоман г1иллакх кагделла хилар билгало ю.

Вайн къоман амалца бозабелла бу яхь олу кхетам, нохчичуьна син меже ю ала а мегар долуш. Хала ду яхьан чулацах ала. Цхьанна майралла, вукхуьна доьналла, сий, оьздангалла я цхьанний кхечуьнца болу къовсам хета тарло. Амма ойла йича цуьнан маь1на карийна ца хета. И дерриг а хир яхьца, амма кхин а, нохчичуьна сица, амалца, цуьнан т1амарца долу, ма-воьддара ц1е ца яккхалун маь1на ду цуьнца. Кхечу матте даккха а хала ду и дош. Яхь шеца йолчунна хуур ду и х1ун ю, дашца ца алалахь а. Ша шена хаарал сов, уллехь волчунна а хаало стагехь и синхаам бу я бац. Цундела олу наха цхьанна яхь йолуш ву, вукхунна вац.

Далур дац, ницкъ тоьар бац аьлла хета х1ума хийлазза х1утту хьанна а хьалха. Халачу заманахь даима сов долу и хьал. Ойла йоьхча, дог доьжча орцах йог1у яхь – лалур дац аьлла хетарг лан де луш, далур дац аьлларг дан ницкъ бохьуш. Цуьнан кийрахь долчу эхь-бехко дохьу цунна и орца. Эхь, бехк стеган сий лардеш ши хехо ву. И шиъ ца хилча сий а дац, я орцах ян яхь а яц.

Стага шен оьздангаллин уггара лакхара лоруш кхачамаш бу: сий, къонахалла, майралла, куралла, доьналла, х1айтаралла, тешам, къинхетам, г1иллакх, эхь-бехк лардар. И массо а х1ума чулоцу яхьо. Я нийса хир и массо а х1ума стаге леладойтург, дойтург, и дайта цунна, токо чиркхана санна, ницкъ лург яхь ю аьлча. Олуш ду вайн: «Нахаца яхь хила еза», «Нийсарошца яхь хила еза», «Накъосташца яхь хила еза». Кхин а дукха х1уманна т1ехь олу иза. И кхетам нохчичуьна дег1аца а, сица а хила дезарг чу лоцуш хилар го иштта аларца. Лакхахь дагардинарг дагалаьцча, йохьан коьртаниг сица доьзна хилар хаало. Яхь йолуш, йоцуш хилар стаг мила ву, цуьна схьаваьлла бух а лору халкъо. Цуо а гойту, яхь къоман психологин, цунах къаста йийш йоцуш меже хилар. Къоман элий, хьаькамаш ца хилар бахьанех коьртаниг хила а тарло и.

Цхьаболчара боху, яхь къовсамо латтош ю. Делахь а, къовсам нохчийн болуш бу, амма яхь, шен цхьана барамехь къовсамах хьакхалуш елахь а, чулацам дукха к1орга болуш ю. Лакхахь мел дагардинарг чулаьцначул т1аьхьа а кхин хийла чулаца меттиг юьссуш а хета цуьнца. Къоман амалехь яхь, спортехь санна, хьалхара меттиг яккхар хилла яц, шоллаг1чу метте ца нисвалар хилла. Цуо гойту, масала, дас-нанас доьзалхочуьнга нийсархошца яхь хила бохург, царал тола бохург доцийла, эшна ма хила бохург дуй. Вай говрана а олу яхь йолуш ю. Цхьаннах терра доьналлехь хила г1ертар хилла яхь, цуо гергарло, доттаг1алла тосу. Цхьаннал тола г1ертаро харц а, бакъ а юкъа дог1у къовсам бу. Ишттачохь девне вуьгуш меттиг нислъелла. Девне долуш ца хилла шиммо я масийттамо цхьатерра доьналла гайтар. Цу маь1нехь ала мегар ду яхь къовсам бу. Нохчийчо олу: иза далур долуш а вацара хьуна со, йохье а ваьлла дир-кх. Кхузахь а го, яхь коьртачу декъана психологих йоьзна хилар.

Г1иллакхца ца дог1ург, мел х1айт-аьлла динехь а, ларам болуш хилла дац нохчийн. Хийла майрачу стеган вон ц1е яьккхина лела ца хаар, г1иллакх ца хилар бахьана долуш. Дас к1анте олуш схьадог1у: нахе хьайн вон ц1е ма яккхийталахь, вай юьхьхаьржа ма х1иттаделахь, вайна т1е п1елг ма хьажабайталахь, яхь хилалахь. Цхьаъ цхьаннал лахара ца хетар нохчийн юкъараллин бух хилла, ткъа лакхара хетта дозалле валар цу бух т1ера шаршар а долуш. Иштта шершинарг метта валош г1ирс а хилла яхь. Воха ца воха г1ортор а ю иза.

Яхь, серлонан аг1о, де лерича, хьаг1 – цуьнан буьйса, 1аьржа аг1о хир ю. Цундела олу хир «хьаг1 – бода». Яхь оьздангаллин, г1иллакхан, цуьнан доьналлин, сийлаллин лакхе елахь, хьаг1 1аьржа ор чу вожар ду. Яхьца динарг товш, гуттар а дика, хаза делахь – товш а, хаза а, дика а хуьлийла дац хьаг1о дойтург. Гуттар а кийра багош, 1ийжош, ша шен дег1ан мутт дакъош синхаам бу хьаг1. Гонахь волчунна а, шен доьзална а д1овш долуш лазар ду. Мекхо эчиг санна яа йолайо хьог1о юкъаралла, зарзйолайо, орамера дуьйна цеста доладо г1иллакх, лестон болабо цуьнан бух, х1ора ша шена воккхий д1асакхуссу.

Дош лелла мохк бу Нохчийчоь. Цуьнан деза хилар дуьххьарлера дош Делан хилар ду. Ж1ов етташ ца кхоьллина дуьне, хьостамца ца къевлина, Делан цхьана дашо кхоьллина, къевлина. Дала шен дош, адаме кхачийна, х1ораммо т1е а лаьцна и лардар. Иштта хилла вайн дайшна юкъахь дешан кхетам. Цуьнан йозалла оза, юста х1ума ца хилла церан синкхетамехь. Цундела кхечу х1уманца дустуш дац нохчийн дош. “Дош – дош ду”, – олу. И ду цуьнан дустар а. Дош даш санна деза, берд санна ч1ог1а, наж санна онда дац, иза церан ондаллийн ондалла ю. Деза ду даш, амма лелий д1адоьду. Ч1ог1а бу берд – хаьрца. Онда ду ножан дитт, иза а дужу, ц1аро дагадо. Лала йиш яц адаман дош, берд санна харца, дечиг санна дага, охьадоьжна пхьег1ана санна доха йиш яц Дош даш санна лелича, берд санна хаьрцича, дечиг санна даьгча, пхьег1а санна доьхча, цуьнан да – адам – хаьрца, духу, догу, атало.

Делан совг1ат ду дош. «Дела дашор» олий дуй бу бууш. Дашо латтош ду адам, дуьне. Дош доьхча – адам дац, адам доцуш – дуьне дац. Иштта бу халкъан дашах болу кхетам. Дашца юстуш хилла юкъахь оьздангалла, дашо латтош хилла г1иллакх, дош хилла юкъараллин бух. Дешан ч1аг1он т1ехь лаьтташ хилла дахар. И хилла элан, паччахьан метта, деши-дети метта лелаш. Дов сацош, ч1ир юьтуш хилла дешан дуьхьа. Дешан мах – адам хилла, адаман мах – цуьнан дош. Паччахьан дош доьхча пачхьалкх юху, къоман дош доьхча къам духу, х1усамден дош доьхча доьзал буху.

Тиш елча д1акхосса йиш ю х1ума, хено даадо болат, йокъано лакъадо хи. Амма тишдала, даадала, лакъдала йиш яц стеган дош. К1анта йо1ана, къонахчо къонахчунна луш лела дош шераша къан ца деш, мехаша дакъа ца деш, ша лар мел до кхача ца луш схьадеъна. Олуш хилла: «Стеган дош цхьаъ хила деза», «Аьлларг аьлла хила деза». Дош дохийначу стагах «дош доцу стаг» хуьлу. Шен дош дохор ша стаг волчуьра вохор хилла, кхид1а стаг ву бохуш 1ен-ваха меттиг ца хилла цунна юкъараллехь. Оьздангалла, г1иллакх, сий, эхь, бехк дужу стеган дош доьжча. Ша вужу, 1ора волу, чекх са го цунах.

Лаьмнийн ч1аг1алло, т1улгийн б1аьвнаша латтош ца хилла юкъаралла – дешан ч1аг1оно латтийна, цунах болчу тешамо. Дашна т1аьхьа лаьтташ стаг хилла, стагана т1аьхьа цуьнан сий, тайпа, тукхум, къам, баттара яла кичча шаьлта. Хьена ду хьо? – хоттуш хилла даше. Ц1е йоккхуш хилла дашо шен ден, т1елоцуш хилла дош. Юха эца йиш яц иза.

Лаьцна хилла цхьана шайн ч1ирхо. Баттара лилхина шаьлтанаш. “Т1аьххьара дехара дуй хьан?” – хаьттина цуьнга. Хи дехна, 1ожална дуьхьал х1оьттинчо. Делла хи. Молуш ца хилла вукхо. “Айхьа дехна хи х1унда ца молу ахь?” – хаьттина. “Аш мелла ца валийтарна кхоьру ша”, – аьлла, шен сих тийсалучо. “Хьо и мелла валлалц, чо бужур бац хьан”, – дош делла кхунна. 1анийна хи вукхо. Д1ахецна мостаг1, делла дош ца дохо.

Вай, и дош лелийначийн т1аьхье, хилла-те и ца лардаллал декъаза, и дожо кхиина? Мел бу тахана вайна юкъахь дешан мах? Долуш дуй вайн иза? Дайна? Доьжна? Хьаьшна? Аьлларг – аьлла дуй? 1аламехь денна т1аьхьаяьлла буьйса, сина т1аьхьаяьлла 1ожалла, жималлина т1аьхьаяьлла къаналла ю, диканна дуьхьал г1оьртина вон ду. Масала, нахана юкъахь лела г1иллакх дохо, аьшнаш дан, пайдабоцчу, харцахьа даккха г1ерта эвхьазло. Юкъараллех йоьлла мекха ю иза а. Мекха йоьлча х1ума цхьана дийнахь ца йохарх, телха-аш телха. Ишттачух ларъяла г1ирс бу юкъараллин г1иллакх, – цуо ша шена йинчу кертан б1ог1ам.

Мила ву вайха вокхачуьнгара: «Нахаца эвхьаза ма ваьллахь, хьайца стаг эвхьаза ма ваккхалахь», – олуш хазаза. Х1ора а декъашхочуьна юьхьаца юкъаралла а ларъяла езар ду иза. Больницехь лоьраш санна, нах хила беза юкъараллехь цуьнан могашаллина тидам беш. Эвхьазлонан а бу шен г1ирс: эхь ца хетар. Цуо ша г1иллакх дохош ю бахац: «Иза-м даккхийчарах дацара», «Ишттаниг-м тидаме эца ца оьшура», «Уьш-м ширделлера, тишделлера, мацахлера дара, д1адевлера», – боху. Доккха х1ума дацара иза-м аьлла хеттачунна т1ера йолало эвхьазло, арахьара чу йог1уш а шорло, яьржа. Ша чохь кхион а, арахьара чу яхьан берш а кара бо цунна. Цунна бехказло а карайо, шеца г1иллакх ца хиларо а лохуьйту. Г1иллакх декъна дац цхьанца лелон, вуькхуьнца ца лелон. Цунна коьртаниг и кхечунгахь хилар, ца хилар дац – шегахь хилар ду. К1еззигчу х1уманна т1ера йолалой эвхьазло, лаьхьа санна г1ийллакхах хьаьрча, юкъараллех кхетий ун хуьлий яьржа. 1елалай, доьзал мехаллаш йовш ю бохуш орца доху тахана цхьаболчара, яйна яьлла боху вукхара. Дукха къаьмнийн юкъараллера хеза и орца. Дистинчу хиэ хьон жолам санна, кегийра къаьмнаш а ду цара шайца хьош. Т1екарча боьлла вайна а и баьтт1а х1орд. Хьура а ду цуо вай, мухха севца а совца ца лахь.

Гуттар а лакхара меттиг елла, беза мах хадийна лерина ю вайн юкъараллехь зуда. Арахьарчу къаьмнаша масална ялош хилла нохчийн зуда, цуьнан ц1еналла, тешаме хилар, къонахалла, доьналла. Шен локхаллера зуда йоссо г1ертар ду эвхьазлонца долу цхьа зулам. Зуда шен локхаллера йоьжча, дакъаделлачу дитта т1ера г1а санна, иэга буьйлало юкъараллин декъашхой.

Юкъараллехь болх беш, цуьнан син могашалла ларьеш нах ца хилча, уьш жимбелча, уьш эшча кхочуш хуьлу эвхьазлонан 1алашо. Даха дог а дац юкъараллин могашаллех и ун шех хьаьрчинчул т1аьхьа кол санна ласто а, г1ант санна харцо а, г1аж санна кагъян а дукха х1ума эшац. Юха а боху, жайна оьшу вайна, вешан дика а, вон а яздина охьа а диллина, вешан син, г1иллакхан могашалла метта х1отто. Юха а ала, вайн хила дезарг, ца дезарг, оьшург, новкъа дерг, политикин, экономикин, социалин, г1иллакхан, ламастан кхетамех бина харжам, мехала дерг, лардан дезарг цу т1ехь билгала даккха.

Малх кхеттачу 1уьйренца, ламан ц1енчу кийрара, куьзганах къегаш, олхазаран озехь т1улгаш т1ехь декаш, хьагвелларг 1абош, сагатлучун дог-ойла ир-кара х1оттош доьду юьрта юккъехула долий ахк. Ц1аьххьана йог1у ламьнашна, хьаннашна, ахкана йочана. 1аьржа бода хуьлий дог1анна язъло мархаш, бердах суьйнаш доху къиекъачу стиглано, шийла къора етта ирзеш т1е, чехкачу дог1анах тийжаш делха долало доллу дуьне. Охьа хьовду лаьмнийн басешца, хьаннийн аьрцнашца, к1орга 1аннашчу сацкъаран 1овраш. Деста ахк, буьрса долу, бердах детталуш бух доху моан, ахтаргийн, пепнийн дитташ, херцайо нехан 1еланаш. Экханах уг1уш буто бердах накха бетташ керчадо даккхий чхарраш, чимхалгех ловзош хьо дуьхьала нислург. Х1ара доьрзур дуй-те, соцур дуй-те олий хета. Иза хийланна хийла гина 1аламан хилам бу, цуьна амал а ю.

Эзар шерашкахь дуьйна евза и амал, цуьнан т1аьхье. Цунах кхета, цуьнан буьрсаллех лардала белла адмана кхетам, ишттаниг лан делла доьналла, вовший г1одан, орцах довла г1иллакх. Цундела хаьа нахана, теша, йочана т1аьххье юха а малх кхетар буй, мархех ц1анъелла сенлур юй стигал, 1оврех хьаьъна, зевне мукъаме дирзина, хьагвеллачуьна кийра 1абош, сагатделлачуьна дог-ойла ир-кара х1оттош юьрта юккъехула оьхур дуй ахк.

Де буьйсано, буйса дийно хуьйцуш, 1аьнна т1аьхьа б1аьсте, аьхкенна т1аьхьа гуьйре ялош, дахарехь самукъане зов латтош, дуьненан рицкъан беркатца комаьршо яржаш, доцчунна луш, долчуьна дерг сов доккхуш, синошна токхо луш, доьзал дебош, г1аланаш юттуш, х1усамаш хазъеш, духар куьцехь, дуург-мерг чомехь деш йог1у зама. Бицло селханлера бохам, баккхийбо таханлерчух, ша-шех. Куралла а тосу даге, дозалла а дуссу, сонталла а южу коьрте. Иштта хуьлу адам цхьана заманахь. Амма заман а ю шен амал, шен “йочана”. Иза а хьаьвза ц1аьххьана мох-дарц хуьлий. Херца йо цуо тобанаш, юкъараллаш, лекха г1аланаш, ю аьлла пачхьалкхаш. Холчу х1оттадо хийла къам. Хийланна са хьовзадо, дог 1овжадо, ойлане вожаво, дуьненчу валарх дохко воккху, шен д1абевлачех хьегаво. Доьзал дех-ненах, да-нана доьзалх доккху. Къинхетам, доглазар д1адолий, х1ун дер-те, мича эккхар-те бохуш хьере хилла хьийза хийла.

Амма бехк заман бац. Цуьнан юхь-йист а, йочана-йокъалла а яц. Иза 1аламан хилам бу, ткъа кхин дерг неха болх бу. Нахана бахьана оьшу, шена т1ера бехк д1ататта. Цара заман коча туьйсу куьцаза мел дерг – шайца дерг ду. Шийла яра Казахстан. Багара кхоьссина туй лаьтта кхачале г1орош шийла. Меца дара, беркъа дара бовха, токхечу махкара даькхина халкъ. Амма велларг д1авуллура, саг1а лора, г1орийна картол карийча иттанна йоькъура, ч1ир йолчунца а берцан мижарг боькъура, масех стагана хьалха кхо гала йиллича шиъ т1аьхьаболчарна юьтура. Йоккханиг – массера нана, воккханиг – массера да вара, жиманиг – йиша яра, йо1 яра, к1ант вара. Дуьнена йиъ маь11е мохь тоьхча дала орца доцучохь, харцонна кхел ян бакъо йоцучохь цхьа г1ортор яра йисина – дайн г1иллакх. И г1ортор ца яккхалора цуьнгара, х1у дайа Сибаре кхиссинчаьрга. Цундела х1у ца довш, к1ур ца бовш, махках бохуш хиллачул сов кхиъна, кхойтта шеран шийла набахте яьккхина ц1а бирзира нохчи.

Дика а ду, вуон санна лан хаа дезаш. Диканехь а, вуонехь дайн хилла г1ортор – г1иллакх, яхь, эхь, бехк, жоьпалла. Мара къовлуш схьалаца еза и г1ортор, т1етовжа деза цунна, мацах Казахстанехь вайн дай санна. Т1аккха йолчул сов яьлла, яхьах юьзна, хьекъалах кхиъна, иэсах йоьтттина айлур ю т1аьхье. Жайна кхуллур ду цуо – дайн лаамийн, сатийсамийн жайна, ша дуьненчуьра ца дан, гуттар а хила, Далла хьалха юьхк1айн хила.

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.