Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Нохчийн Жайна Печать Email

Яшуркаев Султан

/Т1аьхье. Хьалхе - №№ 5-6 – 9-10 2013 ш/

Иштта хир дуй а хууш, цкъа дIадолийчахьана мича гIур бара уьш-м бохуш дола а до тобанаша хIума. Цхьа забар ю вайн. Берашна тIе а воьдий, воккхачо олу: «ХIан, шаьш майра волчо сан куьйга тIе куьг тохал!» Къийса а луш, цуьнан куьйга тIе куьйгаш детта бераша. «Хьай, борз яI, хьо иштта майра велахь, сан куьйга тIе санна, цунна тохал!», – олий, вовшахлотуьйту бераш. Изза ду тобанаша къомаца лелориг а. Яхь бохуш, ир-кара хIиттош, уггар хьалха тоьл-тоьлла къоман кегийрхой хIаллакбар бен, кхин хIун са йолу вайна? Дика са йолу бохучо, тахана яьлларг а йийца, шовзткъе итт шо хьалха яьлларг а йийца, цул шовзткъе итт шо хьалха яьлларг а… цул хьалха а… цул хьалха а… Шеко йолуш са а, дозалла а ду, хIоразза эзарнаш къоман кIентий цIийла а бохкуш, нохчий майра бу бахийтар. ТIехула тIе, дукхахдолчу хьолехь сонта бу бохучу маьIнехь олуш ду иза а…

Дика аьлла ду вайн: «Вай делча денлур дац, къанделча къонлур дац, вай динчу наноша вай юха дийра дац!» Амма, маситтазза юха денлур долуш санна а, маситтазза юха дийра долуш санна а лела вай…

«ХIан-хIа, вай 90-чу шерашкахь Россех дIакъаста гIерта ца дезара, цунна чохь ца хилча а, тхо шайна чуэца баха дезаш юкъ яра иза. Ельцина хIора дийнахь шайна еззачул суверенитет дIаэца бохуш, хIан-хIа, тхо тхайнна Iачу хенахь ца дитара аш, хIинца цхьаьна хир ду вай, юкъахь хир ду вай, баха дезара», – хеза тахана хийлангара. БIешарал сов заманахь вайн дайша къахьегна дуккха ду Россехь, цуьнан хиллачу тIемашкахь дакъа а лаьцна цара. Цуьнан инарлаш а хилла нохчий, турпалхой а хилла… колхозникаш…. тутмакхаш… спецпереселенцаш а хилла. Советан Iедалан мел хилларг наха шайнех карадерзош, кепекех заводаш долайохуш, жоьлгех олигархаш хуьлуш, вай, вешан дакъа царна а дуьтуш, нацкъара теIара. Кхузахь «вай» цхьана тобано динарг доллучу къомана кхочу дела боху вай. Тоба, вай масийттаза ма-аллара, цкъа а яц ша динчух жоп луш, и дала декхар ю ша аьлла синхаам а бац цуьнан, цхьаццамма, ша цу юкъахь варий, вацарий олий, дIасаюху иза, жоп далар халкъана дуьсу.

Ткъа хьенан кочахь бу тIом? Мича даха деза танканашна кIелтесна къам? Мичахь ю Нохчийчоь? Охьаотуш ю…

Цхьа хIума а хета вайн таханлерчу дакъазаллин бахьана. Деза дош дара вайн «воккха стаг» бохург. Бара вайн и баккхий нах. Хан яьлла стаг ву бохург дацара «воккха стаг», уггар хьалха, беркат ду и бохург дара. Ларам бара цу дашца, дан а дара цаьрца и беркат. Зулам дацара цу нахаца, лам санна доккха дара церан собар. Казахстанехь дуьйна дагабогIу суна уьш.

Вай цIа дирзича, дIабаха нохчий, хIунда битина уьш кхуза, юха арабаха бохуш дарбелла, машенаш, трамвайш тIекIел а кхуьйсуш буса а, дийнахь а митингаш лаьттара Грознехь. Митинг аьлча а, бунт яра лаьттарг. Вай, гIала охьа а дахана, лата деза цу нахах бохуш, къамелаш долийра цхьаболчара. Катоьххна ара а бевлла, массо а юьртах чекхбовлуш, шаьш лата боьлхучарна гIо хир ду аш иштта сонталла яхь. Варийлаш, вай 44-чу шарахь Казахстане дигна эшалонаш цхьанхьа ца яхана, вайга хьоьжуш лаьтташ ю шуна аьлла, сацийра цара адам. Мичахь хир дара вай цара и ца динехь?! И ду беркат. Цара туьйсур бацара, телевизор чу а хуьйжуш, нахана юккъе цим. Тахана хан яьлларш, къанбелларш дуккха а бу, БАККХИЙ НАХ наггахь бен ца бисина. Церан терахье хьаьжжина дисина вайна юккъехь беркат а, барт а…

Кхоьссина-а нисло хIара дийцина, листина охьадилла бIе шо тоьар доцуш дукха ду тахана къоман гулделларг, цуьнан даге а, логе а шад хилла хIоьттинарг. Самукъане къамел дац хIара. Дечунна а, хезачунна а, хийланна дезар а дац, дог догIуш а дац. Байттамал, маржа-яI бохуш кхехка кест-кестта синхаамаш, амма данза ца долу хIара. Баккъал а, оьшу вайна хIара долош хьахийна жайна, хIораммо, шен дог-ойла чуюьллуш, хIотто а деза и. Юкъараллин дахаран муьлххачу а хиламехь шен декхар хууш хила веза милла а, доллу къам а…

Хаьа вайна, дукха дийцича хIума кIордадой, дукха диъча моз а къахьло олу. Ша нахал хьекъална сов хеташ, Iехавелла, массарна хьехарш дан гIертарг а тарло хIума юх-юха дуьйцург. Со Iеламстаг а вац. Iаьрбийн ду цхьа кица: «Сан цIа генахь ду, суна хIумма а ца хаьа», – олуш. Цуьнан ойла йича, тоьар ду, дерзаде а олу айхьа-хьайга. Амма, сан бала бац цу хIуманан бохург ду и кица. Сан бала бу, сан цIа уллехь ду, охьаотуш ду, сан мохк охьаотуш бу. Сайн къам дуьйцу ас, сайн махкана воьлху, цундела дерзалац: хIун хаьа, тахана, хьере хилла, хьаьдда-бевдда хьийзачарна кIордадахь а, ца оьшу аьлла хетахь а, кхана тIекхиъначара тидамбан мегий хьо ала гIертачун-м, цхьа могIа, цхьа дош цара тIеэцахь, царна пайдехьа далахь, эрна хир дац хьан хIара олий керча ойла. Нахана ца хуун, ца гун хIуманаш а дац кхузахь хьехориш. Хьуна тIеIоттаделларг нахана а Iоттаделла. Сов а Iоттаделла. Хьуна гинчул сов гинарш а, хьуна хуучул сов хуурш а, хьуна хьеха шортта дерш а бу олу айхь-хьайга. Делахь а, оьшу тхуна хIара, тахана ахь хьайна хетарг аьр, кхартмарте нислахь а, кхана вукхо – шена хетарг, ахь дийриг тIе ца лоцуш ала а тарло цо. Цхьана кхечо шена хетарг эр ду, иштта вовшахкхета а деза тхан жайна олий хета…

Шатайпа ю таханлера зама олу вай. Зама аьлча а, таханлера адам даьлла цхьана шатайпачу тIегIан тIе, шен сица диллина дукха хIума дайна а, довш а го цуьнан. Доккха хIума ду адамалла, боккха тамаша, доккха Iаламат ду иза, цхьа а маьIна дац кху дуьненан, и Iаламат ца хилча. И хIуманаш хьехадар а, церан цIе яккхар а дезар дац дукхачарна, йишхаьлла хета хьан аз, цхьана ширачу заманан гуро лаьцна, цигара схьалуьйш хета, ткъа уьш хьалхахьа бахана, «прогрессе» кхаьчна. Доллу дуьненан рицкъ а, ша дуьне а, цунна чохь деха адам а тхан карахь, оха урхалладеш хила деза боху ницкъаш эвхьазбевлла адамца, дайна къаьмнийн, церан хьаштийн ларамбар, уьш «новый мировой порядок» хIоттош бу, ма-дарра аьлча, саццаза тIом бу цара дуьнен чохь латтош. Цу тIамехь детта герз, етташ хезачу «градел» а чIогIаниг ду – «генное оружие» олу ишттачух, адаман чоьхьара дуьне отуш герз ду иза. И «новый мировой порядок» хIотто атта хилийта, адам шен орамах даккха деза – нисса шен дегIана, гайна оьшучун бен ларам ца бечу хьоле доссо деза цуьнан иэс, селхана мехала хилларг пайдабоцчу, беламе доккхуш, аьшнаш деш. Уггар хьалха кегийрхошна тIедетташ ду и герз – дика ижу ю уьш цу балхана. ХIинццалц хилла адамийн юкъаметтигаш, доьзал, культура, искусство, философи, психологи, «национальное самосознание» олург, муьлххачу а синбахам олучу хIуманан чулацам бохош беш бу и тIом. «От пережитков прошлого» цIанъеш ю адаман чоьхье, дукха технологеш ю и «санитарни чистка ян» яьхна. Дийнахь а, буса а телевидени-радиочухула, газеташ, журналаш, киншканаш тIехь, концерташ, шоуш хIиттош, конкурсаш дIакхоьхьуш… дискотекашкахь, кафешкахь, барашкахь, ресторанашкахь, собранешкахь, митингашкахь, парадашкахь… муьлххачу а адам кхочучу юкъараллин меттехь яьржина, болх беш ю и технологеш. И «генное оружие» ю адаман кийра етташ, цуьнга хIуманан ойла ца яйта, цуьнан тидам вукху агIор берзо. Цхьанхьа вай ма-аллара, дика-воне маре дахана деш ловзар ду ала мегар ду и технологеш. Стага зуда ялийча регистраци ечу ЗАГС-е а кхаьчна уьш, боьршачу стаге боьрша стаг маре вуьгуьйтуш, ишттачу «нускалний», «майрачунний» «мах» бойтуш, вотанаш етта цара. «Да», «нана» боху ши дош а юкъара дIадаккха деза, «родительш» аьлчахьана тоьар ду боху «правозащитникаш» шортта бевлла. Ловзо даьккхина адам, дийна халкъаш, пачхьалкхаш. Арахьара мухха а башха дац царна адаман амат, деа маIаш йовлийта эшац цунна, чохь, шен кийрахь хIума юург (потребитель пищи) цунах йичахьана. Вукху агIор аьлча, цунах бежана дичахьана. ТIаккха хала дац, телевизорчухула сигнал елчахьана, и чулалла а, арадаккха а, миччахьа кхосса а. Цу хьолехь дахалур дуй со, иэхь, бехк, гIиллакх доцуш, адам хир дуй со тIаккха. Дуьнен тIехь мел долчу адамо а ша-шега хатта, ша-шена цу хаттарна жоп дала деза. Кхин а дукха ду цо шега хатта а, жоп дала а дезарг. Вайх мел волчо а хатта деза ша-шега: со мила ву, орам буй сан, цхьана къомах вуй, велахь, хIун ду ас сайн къомана дан, ас юьхьIаьржо йича, цунна юьхьIаьржо хуьлий, эхарте баханчу дайшна хьалха жоьпаллехь вуй со? Кхин хийла ду уьш. «Ас хIун дийр ду, со мила ву, сан карахь хIун ду?» – бохуш Iийриг, юкъараллехь шен меттиг яйна, ша-шен мах, цIе йожийна, кийрахь шен, мурйоьлла гIаж санна, кагвелла. Цундела шена тIехь жоьпалла ца хаалург ву, вай хьахийначу технологешна оьшшург. Шен мехкан, къоман лоззучохь лозу жоьпалла долчун дог а, ойла а. Махкана бохам баьллехь, и тIебогIуш ша мел генахь велахь а, шен а бехк хетар бу кийрахь шен юкъараллех хадаза волчунна. Шен къомах доглазар ду иза…

Юха а вешан историга бIаьрг тухур вай. Iилманан кхачамболуш и ца нислахь а дукха дуьсур ду алаза, ца хуург а дукха хир ду. Оьшучохь нисвер хуучо, догIург тIе а тухур цо. Доккха а, чолхе а хаттар ду къоман истори, баккъал цуьнца бала а болуш, цунах кхета а, шен орам мичара богIу а хаа луучунна. Вайн истори – вайн лазам а, кхоллам а, дагахьбаллам а бу. Муьлххачу а къоман истори иза кога ира хIоьттинчу меттигца йоьзна ю. Кхин а хийла хир ду цуьнан бIе, эзар шераш хьалха даге диллина. Дуьне кхолладаларх лаьцна шена хIоьттина сурт а, адам кхолладаларх, кхечу хIуманех лаьцна дагахь сецнарг а хуьлу къоман. Хуьлу, шен исторически кхиаран бараме хьаьжжина, делий, динаш, Iадаташ. Генарчу эзарнаш шерашца дIакерчинчу хенера хIуманаш хьахо гIерта вай. Замано тIе стомма чан йиллина хIуманаш ду уьш. ХIетахьлерера тахане кхаччалц хьаьжча, беха некъ бина къомо, и беш цуьнан иэсехь хийцамаш хилла, хийланиг дицделла. ТIедогIучо дерг хуьйцуш, керла динаш, делий, керла кхетамаш бохьуш, доцца аьлча, керланиг ширачунна тIедижош некъ бо замано, ткъа цуьнца дIадоьлху вай а.

Мичахь бу вешан орам аьлла хаттар хIоттош, язйинчу исторе кховдале барта кхолларалле ладоьгIча, цуьнан дукха хIума дайна хета, шира дийцарш, дукхахьолахь, юьхь-чаккхе йоцуш карадо. Цу хиламийн а шайн бахьанаш хир ду. Заманан йохаллехь къомо масех дин хуьйцу. ХIора тIедогIург шел хьалха хилларг бух доккхуш догIу – и дицдалийта, ша чIагIдалийта. Керлачу динца тIеэцначу деланаша шайл хьалха хилларш емал бо. Кхузахь дагадан тарло, ша тахана ду а, кхана ду а ца хууш хьийза адам, ткъа кхуо хIун заманаш кегайо аьлла. И бохучунна а билла бехк бац, цо бохург долуш, гуш, массеран а коьртехь бIагор латтош ду. Амма истори – дахаран Iилма ду, шех дагаваьллачунна гIо-орца а хуьлуш, гуттар а шеца тахане йолуш, шен хийла эзар шо делахь а. Массо къам а, шен цхьана историн неIарх арадаьлла, вукху исторе некъ беш ду. Тахана шегахь долчу хьолах кхета а, некъ къасто а хала хир ду къомана, ша селхана бина некъ бевзаш, цунах шена хьехам боккхуш кхетам, масал оьцуш ца хилча. Таханлерчу историн уггар халачу киртигехь лаьтташ а, вешан истори дагахь йолуш, цуьнан ойлаеш хилаза ца довлу вай. «Цхьана Iуьргара шозза ка тухур дац бусулбанна», – боху вайн Элчанан (I.с.в.) хьадисо, и ка цкъа шена тоьхча, шозлагIа ца тохийта хьекъал кхочур ду цуьнан боху. Стамбулехь, вайх лаьцна дечу къамелехь, цхьана Iелам стага и хьадис далийча, и вайна дика маьIна долуш хетта, дIаяздина ас. Цхьана «Iуьргара» ка дукха йоьттуьйту аш шайна, историн хьехамашка ладугIуш хила деза, автоматца карор дац шуна шайн беркат, бохура цо. Бере санна дора цо соьга и къамел, цхьа дегабаам а хаалора сайн дагахь цуьнга ладугIуш. Заманан новкъахь нисделларг, иштта вахча – мича кхечира, вукху агIор вирзича – хIун гира, хIун хилира, кхин вукху агIор хIун нисделира аьлла, шен дахаран хьесапдан оьшу къомана истори хаар. Историн ойла ца йина, цунах шена маьIна ца даьккхина къам кога ира хIоьттина меттиг бац, дукхазза нисделла сонта къаьмнаш заманан бердах чуэгна, тIепаза дар. Шортта масалш ду ишттачу хиламашна...

Билгалъяккха хьовсур вай вешан дай схьабевлла меттиг. Цхьаболчарна хезна иза, баккхийчара, кест-кестта хьахош, схьабохьуш бу «Нана-Шеме» олу кхетам. Къомо цхьана заманахь ша Iийна мохк биц цабар, цунна сагатдаларан ов ду иза. Даккхийчу бахьанаша даьккхина хила деза иштта сагатло къам шен махках. «Шеме» тахана Сирех олу, вай ала гIертац нохчий цигара схьабевлла (цхьаболчара бевлла бахахь а). Таханлера Сирин мохк а, Ирак а, Иранан дакъа а, кхин мехкаш а чулоцуш, пачхьалкхаш хилла цу агIор, Уллерачу Малхбалехь. Дуьненан исторехь билгала яьккхина ю цу мехкан цIе «ШУМЕР» аьлла. Дукха исторически тоьшаллаш а ду цунах лаьцна. Вайна коьртаниг – нохчий, баккъал а, цу агIорхьара схьабовларан тоьшаллла ду. Вайн историкаша, филологаша дикка къа а хьегна, цу хаттарна жоп лохуш. I9-чу бIешарехь а нохчий маттана тIе тидам бирзина кхечу къоман Iилманчийн, цуьнца генарчу заманан ширчу меттан лар хаалуш. ТIаьххьарчу заманахь далийна а дукха тоьшаллаш ду вайн мотт эзар шерийн кIорггера схьабогIуш хиларх. Вайн дай Хьалхарчу Азера схьабевлла хилар чIагIдо цара. Россин баккхийчу Iилманчаша а даладо и тоьшаллаш, амма и тоьшаллаш новкъадерш а бу. Иштта и хилча, церан хIун духу-м хаац. Амма истори, мел даккхий догIанаш тоьхна, архиван набахте йолларх а араялаза Iац…

Иосиф Флавий цIе йолуш Iилманча а, яздархо а хилла жуьгтийн. Ши эзар шо сов хьалха ваьхна иза. Цо хIетахь язбина болх бу «Иудейские древности» олуш. Вайн маттахь аьлча «Жуьгтийн шираллаш» хир ю цуьнан цIе. Цо яздо: «Хи деанчу хенахь шайн хIордакема цхьана ломан буьххьехь сецча, дикка хан яьккхина Нухь-Пайхамарий, цуьнан доьзалой, ломара охьабовла ца хIуттуш, хи юха а хьаладаларна кхоьруш» (вай кхузахь доцца дуьйцу, цхьана хIуманна тIе кхиархьама). Юха боху: «Дуьххьара аренга охьабиссира Нухь-Пайхамаран кIентий, уьш охьабиссинчу аренан цIе Сийнаар яра». Кхузахь ялийнарг оьрсийн маттахь транскрипци ю. Тидаме оьцур вай цу аренан цIе. Нохчийн маттах кхетачунна ца гойла дац и дош вайн маттахь хилар: «Сийна аре» бохург ду иза, билгалдошший, цIердошший вовшах а ийна, цхьана даше дирзина. Аренга охьабиссира бохуш а хилча, аренан цIе «Сийнаар» а хилча, шеко а йисац цуьнан. Мичахь ю боху и аре? Шина хинна юккъехь ю боху, Евфраттий, Тигррий ду и ши хи. Тахана Ирак йолу меттиг ю иза, исторехь «Мессопотами» а, «Междуречье» а олу цунах. Хууш ду, Евфратах ширачу заманахь цигахь бехачара «Аренца-хи» олуш хилар а. Вайна ма-хаъара, нохчийн маттахь цкъа а алац «баьццара аре» я «баьццара буц», гуттур а «сийна аре», «сийна буц», «сийна йол» «лалула сийна лам» олу. Иза баьццара бос муьлха бу ца хууш алац, заманан кIоргехь кхоллаелла метафора ю иза. Тахана цхьаберш ала гIерта и Флавийс юьйцу «Сийнаар» Египтера «Синайски полустров» ю. Кхузахь хаттар хIутту: бIаьрго лаца, гIум йоцург, хIума доцчу Синай хIунда гIур бу, Арарат тIера охьа а биссина, шина хина тIех а бевлла Нохьан кIентий? Синайский полуостров тIехь тахана ду алий а, хIета хилла алий а, цхьана хин цIе яккхал Iилманчех цхьамма, хилла лар гайтал. Йоккхийла а, гойтийла а дац. Билгалдаккха деза, Арарат олучу Кавказан ломахь сецна Нохь-Пайхамаран кема бохург, массара чIагIдина дийцахь а, хаттар хIуттуш хилар. Библехь хьахош долу «горы Араратские» олурш, «Кордиенские горы» олу лаьмнаш долу таро ю, лаьмнаш аьлча а, цхьа лаьмнийн дукъ ду иза, Къилбаседехьара Мессопотамская равнина (Синаар) олучунна йисттехь. Библин йозанехь «эрэц Арарат» аьлла цIе яьккхина ду иза. Кхузахь «эрэц» аьлча, вайха хьанна а дагатосур ду вайн «арц» – «ламанан арц» олург (жуьгаттийн маттахь-м «эрэц» бохург латта бохург ду. Ала дашна, дукха дешнаш ду ивритеххьий, вайн маттаххьий цхьана догIуш)…

Флавийн кхин а нисло вайн маттера дешнаш, масала, шага тIулг. И Флавийнаш доцурш а тоьшаллаш ду цу хIуманашна. Исторехь хурриташ олу вай буьйцучу махкахь даьхначу къомах (кхин къаьмнаш а хилла цигахь), церан мотт таханлерчу вайн маттаца богIуш хилар го Iилманчашна. Цхьадолу, со тIеIиттавелла тоьшаллаш дало а хьожур со. Доьхначу куьзганан гаьргаш санна, дIасалилхина ду вайн историн дакъош схьалахьо, вовшах хотта дезаш, хIораммо шен тидам тIенисбелларг цхьана метте а нисдеш. Вайна вешан истори йицъялийта белхаш бина замано, идеологеша, Iедалша, ма-дарра аьлча, вай ваьш а. Цундела цхьаццанхьара лехьо деза цуьнан тоьшаллаш.

Тидаме оьцур вай Шумерехь а, Вавилонехь а хIетахь хиллачу делийн цIераш. Мичара евлла теллина а доцуш, амма тахана а вай вешан берашна тохкуш цIерш ю уьш. Берана цIе муьлх-муьлха а туьллуш ца хилла тахана цхьа болчара, дагаяьхккинарш тахкахь а...

Вай хьахо юьхьарлаьцначу цIершца меттан а, меттигийн а шира лараш ю. Масала, нохчийн дукха ю Iаьрбийн маттара цIерш. Кхеташ ду, и хIума Ислам дин тIеэцарца деана хилар, иза историна генара а дац. Ю вайн кхечу къаьмнийн цIерш а. Оьзда маьIна а ду уьш тахкаран – кхин долу къаьмнаш ларар, уьш дош хетар гойту цу гIиллакхо. Нохчийн бен ду моьттуш а вац со иза, хаац, хила а мега, хIара аьлла дало масал-м хаац…

Мутуш, Белита, Бэла, Ану, Эла, Мажда, МитIа, иштта кхин а цIераш ю вайн. Шира цIераш ю уьш, тахана вайна шайн маьIна диц а делла. Эзарнаш шераш хьалха адам жехIала долчу заманахь Вавилонехь, Шумерехь бехачу нехан, лакхахь ма-аллара, шайн динаш а, деланаш а хилла, цхьана юкъахь цхьа дела коьртаниг а волуш, юха, и вицвой, кхиниг лоруш. Цкъа лакхара дела – стаг, юха – зуда хуьлуш нислуш а хилла. Масала, Вавилонехь шайн далла йиллина йоккха килс хилла, тахана а ю цуьнан херцарш. Цу делан цIе Бэла хилла. Вайна юкъахь ю и цIе. Билгаладаккха деза, Вавилонехь а, Шумерехь а цхьа деланаш болуш нислуш хилар а. Шумеран цхьана хенахь коьрта дела Ану хилла, кхечу заманахь цунах стигланан дела хуьлу, юха хуьлу иза зуда-дела. Вай тахана олу Ана, анайист – горизонт. Вайн ширачу маттахь стигланах ану, ана олуш хилар го кхузахь. ХIинца а вайн зударша лелош цIе ю Ану, тIаьхьарчу заманахь доьзалш (бераш) кхиош зуда-дела хилла иза…

Аккаде паччалкх а, «аккады» олуш къам а хилла Шумер махкахь. Кочевникаш хилла уьш, малхбузехьара схьатаьIна семиташ. Меттигерчу паччахье дехар а дина, охьахевшина уьш цига. Аккаде – вайн «Акха-тIе» бохург ду аьлла хета, – дIатесна, юьстах, акха яьлла меттиг. И иштта хиларна ховшийтина а хир бу цига и кочевникаш. Аккадойн а, шумерахойн а цхьа деланаш болуш а хилла. Схьалоцур вай вешан Iилманехь хIинццалц хьахийна йоцу Белита. Вай буьйцучу аккадойн дела хилла иза. «Делийн а дела» бохург хилла цуьнан маьIна. Вайна юккъехь шуьйра яьржина зударийн цIе ю иза. Шумеран а, Аккаден а хIетахьлерчу динехь билгала даьккхина хилла адам кху дуьнен чохь делча мича доьду. Мифологехь белларш тIеоьцуш, церан чот лелош зуда-дела хилла (писарь-богиня), цуьнан цIе «Геш (т)динанана» хилла. ХIетахь «геш» – учет – дIаларар хилар го кхузахь. Масала, цу нанас дIа а язвина, беллачийн чоьте ца ваьккхича, вукху дуьнен чу кхача йиш ца хилла веллачун. Вай тахана а олуш ду «гешдойла». Тахана-м къинхетам бойла бохучу маьIнехь лела вайн иза, амма цуьнан дуьххьарлера маьIна велларг «Гешдечу нанас» учете а эцна, вукху дуьнен чу дIакхочийла, цигахь паргIат волийла бохург хилла, кху дуьнен чохь а, вукху дуьненчохь а воцуш, Iазапехь волчура. Иза-м ехха мифологи ю, вай ялориг цуьнан цхьа жима кийсак ю. Цо гойту, тахана цхьаболчара олу «гечдойла» нийса цахилар, дукха наха «геш» олу, гIалгIаша массара а олу. Цхьанхьа издательстве, газете нисвеллачо, шена дика хаьа аьлла тарлой, шена хеттарг яздой коча тосу вукхарна. Ма-дарра аьлча, вешан цIе а яц вай нийса йоккхуш, ала дезарг «нахчий» доллушехь, цу дешан орам нах буй ца хууш дац вай. «Нах» – люди бохург ду, цу тIера схьа ю къоман цIе, дукха къаьмнийн ду шайх «люди» олуш. Цхьана а вайн ша «отдельни народ» хетачу тукхаман цIе яц иштта орам болуш, «местечковый» цIерш ю, «по месту жительству» кхоллаелла топонимаш. Масала, Шуьйта – шу тIе, тIерлой – тIехь, лакхахь бехарш; маьлхий – мела хи бохучух ду, мела-хи хилла цигахь, тахана а хир ду . Маьлхий мел дика кIентий белахь а, «солнце» олучух схьабевлла бац, нохчийн наноша нохчийн дайшна бина бу, нохчийн къоман диттан га ду. Аьккха а яц этноним – топоним ю, бацой а къоман цIе яц, доцца аьлча, массо а вайн мотт буьйцучийн орам – нах бу, ян-м шортта диалекташ ю вайн, амма диалектийн орам а «нах» бу – цхьана къоман мотт. Эрна къа хьоьгу и хIума харцахьадаккха гIертачу Iилманчаша, цхьанна а дика болх ца бо цара.

Заманан йохаллехь хIетахьлера «Бэла» цIе тахана «Дела» бохучу кепе йирзина. Кхин дош а далор вай: «Iалелая». «Iалелая ма йоккха яра иза, ма онда вара иза, ма тамашийна дара иза!…» Иза Шумерехь а, Аккадехь а олуш хилла таханлеррачу маьIнехь. Жуьгтийн маттахь «аллилуйя» ду иза, цара шайн матте узу, амма маьIна цераниг а, вайниг а цхьаъ ду. Иза дуьххьара далла олуш хилла: Iалелайя – ма воккха ву иза, ма веза ву, ма доккха хIума ду! Дауд пайхамара даийтинчу жайни тIехь ду и далийна.

«Муту», «Мутуш», олуш цIераш ю вайн. Мутуев, Мутушев фамилеш а. Уьш а цу заманчохь хиллачу делийн цIераш ю. «Эла» – аккадийн делан цIе ю, хIуманан да, хIума карахьдерг хилла иза, тахана а ду – «владеделец» – кхечу маттахь аьлча. Изза ду вайн тахана эла – «князь» бохург а.

«Мифы народов мира» олуш йоккха ши том ю советски заманахь араяьлла, чIогIа дешархочун тидам тIеозош болх бу. Цу тIехь цхьанхьа боху, вай юьйцучу заманахь цхьа ворхI дела хилла Ану цIе йолчу дело вина. Царах массарах а Анунаки олура, амма и «Анунаки» бохучун маьIна ца карийна Iилманчашна. Карор дара аьлла хета, нохчийн маттахь лехча. «Ану некхах» схьабевлла бохург я цуьнан кийрара бевлларш бохург ду иза. Вай кийра а олу, накха а олу, доьзалхо ненан кийрара ваьлла олу. Библи тIехь, масала, – «из чресел», – гIодах ваьлла олу. Циггахь боху, Шумерехь тIам тIе баха а, болх бан а хьакъ болчу нахах «гурунуш» олуш хилла. Вайн меттан «гIора» ду иза, «гIуранаш» – дукхаллин терахь хир ду. ГIора – ницкъ, доьналла бохург ду, гIура ца хилча тIом а балур бац, болх а балур бац. Кхузахь цхьа хIума ду. Заманан геналлехь цхьана орам тIера дIасадевллачу къаьмнийн меттанаш хийцаделла, таханлерчу хийла маттахь мацах хилла дуккха а аьзнаш «дайна». Англичанине, французе, немцоче, оьрсийче хийла кхечарга вайн I, цI, кI, кх, къ, пI, тI, чI… аьзнаш алалац я исторически памятникаш тIехь деша а ца ло. «Накха» долчохь – «нака», «гIура» – «гура» яздо европейски меттанашкахь. (Туркоша-м, селхана-стомара Ататюркан реформаш еш, цхьадолу элпаш а дIадаьхна шайн маттара, масала, «I». Хьалха… «Iулу Аллах» олуш хилла цара, тахана «улу Аллах» олу, АллахIу акбар – Дела воккха ву – бохург ду и церан маттахь, вай къуьйсуш Iа, зуькар деш «IуьллахI» бохург хIун ду бохуш)…

Вайх арахьара меттанаш хуучарна дуккха а «вайн» дешнаш хаало цу меттанашкахь. «Цхьа хIума ги а йиллина вогIуш вара» олу вай. «Охьавосса сан гира» а олу, «КIордийна-кх хьо ги воьллина лело» а олу. Амма и «ги» хIун ю хаьттича, цхьамма а жоп лац, лелош ду вай и дош, стенах олуш хилла дицделла. Гали дохьуш делахь, букъа тIехь дохьуш ду иза, амма, ала гихь олу, алахь а, «ги» бохург букъ а бац, белш а яц. ХIун ю тIаккха? «Горб» ю. Оьрсаша муха олу «носить на горбу», «сойди с моего горба». Изза метафора ю «охьавосса сан гира» бохург а. Муха эр ду вай «двугорбый верблюд»? «Ши дума болу эмкал» аьр ду, «ги» бохург ваьшна дицдаларна, ян «ши ги болу эмкал» ю иза. Дума уьстагIан хуьлу я букъа тIехь а хилац иза. Цхьамма къовса тарло, эмкалниг а дума бу, вай тахана баа а бууш аьлла, амма дума уьстагIчух бен алац, кхиерг – хьаналла, мохь ю. Масала, оьрсийн маттахь дуьмах «курдюк» олу, кхечу хьаналлех «жир», «сало» олу. Вай бен эмкалан гих дума олуш цхьа а ву моьттуш вац со. «Дума»… гуьржийн дош а ду («дама» а ду церан дош, «наьрс» а ду, кхин а ду уьш-м). Ткъа ширчу латинийн маттахь муха олу «двугорбый верблюд»? «Ги (!) биус» олу, ши ги берг. Эццахь гучудолу «ги» иза «горб» хилар. Вайн меттан ширалла а, вукху маттаца долу гергарло а долу эццахь гучу. Кхин дош а ду вайн «ги» горб хиларна тоьшалла деш – «гиба». ХIун ю гиба? Йоккха кхийра кхаба ю, хатI изза «горбаниг» а долуш. ХIинца-м лела а яц и гибанаш, шура дика-м етара царна чохь, шен чам болуш а хуьлура. ХIунда ду и дош латинийн маттахь а, вайн маттахь а? И ший мотт цхьана орам тIера хиларна хила деза. Иштта хиларан Италин Iилманчаша а тидам бина, масала, А. Тромбеттис. Далийна ца валлал дукха ду и масалш, кхечарна карийна, цара далийна а дукха ду. Амма, вай уьш мел дукха даладарх а, цIерш ягаръярх а, вайна вешан маттаца дуккха хурритийн меттан лараш карорах а, тахана ала йиш яц вай буьйцург церан мотт бу. Иштта хуьлийла а дац, масех эзар шо хьалха хилла мотт дукха хийцабелла. ТIехула тIе вайна вешан мотт, 90 процент ала, биц а белла. Тахана оьрсашна а хаац Иван Грозный волуш бийцина шайн мотт, историна селхана-стомара ала хан ю иза, ткъа вай дуьйцург эзарнаш шераш хьалха хилла. Вайн адам цу махкара доьхча, дукха кхечу къаьмнех деттаделла, кхечу меттанашкара дешнаш тIеэцна, хийланиг дицделла, амма шеко яц таханлерчу нохчийн маттаца бехаш я цуьнан тIамарца, орамца бехаш мацахлера хурритийн мотт хиларх. Аьтто бац кхузахь мел долу масалш дало, ерриг истори охьайилла а, массо диссертацеш кего а. Юкъ-юкъа кадетташ, деш къамел ду хIара (масала, «гIабали» бохург хIун хилла хурритийн маттахь? «Накха» бохург хилла. ТIедуха цхьа чкъор нисдина беркъа леллачу хьенеха, эр ду вай, масала. ХIун ду хурритийн маттахь «чкъор»? Чкъор – доспехи, кольчуга хилла цу маттахь). Шумеран, Вавилонан, Аккаден делан цIераш тохкур яц, лелор а яц цаьрца бала боцчу къомо. Деланаш кхечу къаьмнийн а хилла, амма яц нохчаша лелош церан цIерш, вай лелориш мацах вайн хиллачу делийн ю…

Олу вай «Iаж-маж бIо». ХIун ду иза? Iаьржа маж (мажош) йолу бIо бохург ду. Мичара даьлла и? Хетарехь, Ассирияца тIемаш лаьттачу хенашкахь кхолладелла иза. Ассириян бIо еха, Iаьржа мажош йолуш хилла. ХIетахьлерчу памятникаш тIехь церан юьхь-сибат гуттар а иштта мажош йолуш го. И мажош йолу сурт школан Iамат тIехь а ду моьттуш ву со, «Ассирийски воины» аьлла. Масала, Египтан бIо мажош йоцуш бу памятникаш тIехь, кортош даьшна а…

Зороастризм олуш хилла цу агIорхьа цхьа шира дин. Цхьа дела-зуда хилла цу динехь коьртачех. АнахитIе хилла цуьнан цIе. Мифологис боху, цуьнан Iар-яхар стигла хьалабаханчу, бохь а ца гучу тарха тIехь дара. Цу тарха тIера чуоьгуш хи а дара, стиглара санна. Ткъа нохчийн маттахь хIун бохург ду цу зудчун цIе? « Ана», вайна ма хаъара, – стигал, «хи» – хи ду, «тIе» бохург цу хи тIе бохург ду. Нохчийн маттахь атта дешало иза АНА-ХИ-ТIЕ, гуш ду иза, кхин дийца а ца оьшуш. Хетарехь, вайн генара дай зороастризм олучу динах хьакхабелла а хилла. (Дага тесначуьра, Библехь а дуьйцу цхьа хи, Хи – де – кел цIе йолуш. Кхузахь а го Хи – де (дехьа) кел (кIел) – Дехьа кIел – кIел-лахахь доьду хи ду иза. Воьддушехь кхечу маттахь аьлча: «река текущая низом по той стороне». Дикка Библи тIера дешнаш а ду вайн маттаца, дикка гIажарийн маттара а ду... Вайн шира туьйранаш ду, изза туьйранаш гIажарийн а ду. Цецваьлла Iийна со, «Иранская мифология» я «Иранский фольклор» яра иза, киншка караеана, цу тIехь и вайн ду аьлла туьйранаш доьшуш. Кхузахь вайнехан туьйранаш схьаэцна олийла дац, вайн фольклорхоша талла беза ишттачу хIуманан орам …

Дийцинчун а, дийцаза дисинчун а цхьа жамI дан хьаьжча, хIутту сурт цхьана заманчохь, тахана дIахьаьжча, кхо эзар сов шо хьалха хир ду иза, вайн дай Хьалхарчу Азехь баьхна хилар ду. Церан пачхьалкх а хилла Меттани цIе а йолуш, дукха тIемаш а бина цо. Цхьана хенахь охьатаIийна латтийна цо шен лулара Ассирия олу йоккха пачхьалкх, амма тIаьххьа Ассирияс йохийна иза. Ассирияца тIам тIехь эшар нисделча, шайн махкара, Кавказехьа – вайн дайн га, важа га – хIинца Иран, Турци, Итали, Испани, Греци олучу агIорхьа дIасадаьлла. Цхьаберш бухахь ца буьсуш а ца нисло ишттачу хьолехь. Кавказехь йоккха пачхьалкх юьллу царах болчара – Урарту. Масех бIешерашкахь лаьтта Урарту. Юха а Ассирияца тIемаш хуьлу цуьнан а. ТIаьххьарчу тIамехь, герггарчу хьесапехь 2700 шо хьалха, Урарту йохайо Ассирияс. Цул тIаьхьа цигара цхьаберш Къилбаседа Кавказехьа гIурту. Мел делахь а, адам карийна хир ду царна бухахь, амма яц, хIара ю ала, цивилизаци. Цхьа а бух боцчу тIера доло деза церан кхин дIадолу дахар. ХIара вай ялийнарг цхьа схема олу тайпа хIума ю, дукха меженаш юьсу кхуьнан цIе яккхаза, таллаза, ма-дарра аьлча, вайна ца гуш а, ца хууш а. Схьабаьхкинарш, гIуллакх эшаме нисделлехь а, шайн хийла хIума дайнехь а, акха ца бовлу, халонашна къар а ца ло. Амма уьш кхаьчначохь кхин климат, кхин латта ду. Цигахь дуьйш-дерзош долчу латтанашна татолаш а ца оьшу – хиш шортта ду, лаьмнаш ду, хьаннаш ю, геометри Iилма, алгебра а эшац. ТIемаша, халонаша жимдина адам кхиа, алсамдала деза, башха иштта дукха адам хуьлийла яц схьакхаьчнарг. Эшам хилла цу хенахь шен махках даьллачу къомана...

Арменин топонимашка хьаьжча, шираниг боху вай, ерриг а бохург санна, вайн маттаца йогIу цигарчу меттигийн цIераш, таханлерчу Арменин столицин цIе а цхьаьна… Эрмалойн а, гуьржийн а кульсийн архивашка кхевдича, дукха хIума карор дара вайн исторех лаьцна, амма и дайта дегаза хуьлу церан хехой, олура вайн поэт а, этнограф а хиллачу Сулейманов Ахьмада. Гуьржийн махкахь а шортта хаало вай маттахь топонимаш – къоман лараш ю уьш. Гуьржашний, нохчашний юкъахь долу гергарло цхьана орамашкара схьадогIуш хета, Iилманна тIе политика йижича, цо дукха хIума хьулдо…

Цхьа хIума а ду: мел хилла нохчий, билггал маца, мичахь севцца уьш, цхьаберш мича кхаьчна, муьлхачу къаьмнех дIаийна, муьлхачу къаьмнех нах царах дIаийна хаттарш хIиттаза Iийр дац. Таханлерчу исторически Iилмано кхоччуш жоп делла хаттарш дац уьш. Цундела, политически карти тIехь санна, указка а Iуьттуш, хIоккхузахь хIорш хилла, дIогахь уьш баьхна, хIара культура вайн хилла, важа церан хилла бохуш дийца дукха талламаш оьшу.

Заманан кIоргенехь Къилбаседа Кавказехула, Волга, Маныч олучу хишний, Азовски хIордана гонаххьий, Теркал дехьарчу паначу аренций чекхдалаза халкъ диса а дисиний-те аьлла, дукха чекхдийлина. Кочевникаш хилла уьш, цхьана меттахь ца дехаш, аьр вай вешан маттахь девллалела къаьмнаш. Таханлерчу Нохчийчохь массо юьртахь а карайо церан лараш – кешнаш, курганаш-баьрзнаш. И баьрзнаш а кешнаш ду.

Скифаш, сарматаш, совраматаш, аланаш, гуннаш, хазараш, (гIажарий олу вай царах) монголаш, татараш (вайн маттахь – гIезалой) кхин а къаьмнаш хилла Кавказехь а, цунна уллерчу меттигашца а. И къаьмнаш вайна девзаш хиларан тоьшаллаш ду.

Шеко йоцуш, уьш вайн дайх Iитта а белла, цаьрца Iотт-баккхамаш нисбелла а, гергарлонаш тийсаделла а, царах цхьаберш вайх схьакхетта а хир, амма, цхьана а къомах схьадовлийла ю аьлла хетац вай, цхьаболчара и хIуманаш яздахь а. Вайн хьалхарниш – хурриташ бу. Вайн мотт, вай схьадевлла бохучу махкара хиларан шеко а яц, иза Iилманехь а чIагIделла. Маттал сов кхин тоьшаллаш а ду къоман иэсехь…

Цхьа легенда ю вайн. Кхечу махкара вайн махка кхаьчна, баха охьаховша саца меттиг лоьхуш хилла цхьа I2 стаг. Ламанца буьйса яккха севцца уьш. Iуьйрана лаьттах Iоьттинчу воккхачу стеган Iасанна тIехь чIегIардиго бен бина карийна. Иза беркате хилам а лерина, эццахь юрт йилла сацамбина цара. Юкъара боккха яй а хилла церан. Адам алссам долуш, керла кIотарш йохкуш, царах ярташ хуьлуш йоьдуш хилла зама, амма массо а царах верг хууш хилла ша шайн схьадогIуш юкъара хиллачу яйн дакъа долуш вуй. ХIинца а ду вайна юкъахь: «Тхо яйн гара долуш ду» олуш тайпанаш. Масала, келошна юкъахь ду иза. Шира тайпа ду келой (со кело вац шуна). И легендаш нохчийн тайпанийн шайн-шайн ду, амма церан юкъарниг и нах цхьанхьара схьабаьхкина хилар ду. И генара хIума ду, эзарнаш шераш хьалхалерниг…

Чу-ара ваьлла юха охьахиъча, цхьа кхин дагатосу. Цкъа дийцинарг дицлой, юха дуьйцу, дIадойу, хIун новкъа ду иза олий, юха меттахIоттадо…

Iилманан болх беш ву со бохуш ца волу. Iилманча а вац, вай дийриг ваьшна юкъахь къамел ду. КIоргехь ду бохий вай вешан орамаш, вешан мотт шира бу бохий, хурритех ду ваьш бохий, – ларамбан беза. Муьлш хилла хурриташ, хIун дина цара адаман цивилизацин бух буьллуш? Цара бина тIемаш дац дозалла, тахана адамо пайдаоьцучу дукхахдолчун Iилманийн бух биллар ду. И ю церан дозаллин лакхе. Вайн цхьана чолхечу заманашкахь и лакхе хаьрцина, вай тахана и лохуш, юха юттуш хила деза. Цунна дуьйцу кхузахь и хIуманаш, айса «открытеш» йо ала гIертац. Деша мелла а дешнехь а, сайна хуург мел кIезиг ду ца хаъал Iехавелла а хир вац. Иштта хIуманаш мотталуш хан а хуьлу. Таханенгара дIахьаьжча, суна моьттинарш генахь дисина. Сайн хьежамаш массерачел а нийса хир бу аьлла а ца хета, айса исторех, цуьнан декъашхойх олург а, царна хIитто «баллаш» а шеко йоцуш, со тIаьххьара инстанци хеташ, ца хIиттайо. ХIара къамел, мухха нислахь а, вай, бага ваьшта ца юьллуш, деш хила деза аьлла хеташ до, сайна хетарг ала гIерта сайн къоме, цунах дагавала, шена хетарг цо а эр ду. Лакхахь ма-аллара, дика а, мехала а хир ду со галваьллачохь меттахIоттош, сайчул хийла интеллектуальни доьналла сов долчара дIадаьхьча. Иштта бен кхолла а лур дац вайга вешан жайна. Ас дийриг цхьа мадар, «Iаьржа болх» лорур вай, вайн шолгIачу маттахь «черновик» олург…

Хала киртигаш тIехIиттина къам ду вай. Дукха ду вайн диц ца дан. Дозалла дан хьехаяц кхузахь «Шеме-Шумер», «Сийнаар», «хурритийн мотт». Дика дац сел шира мотт, вай ваьш пусар ца деш, тахана дIабовш бу аьлла «учете» баккхийтар. Вайна эхь, юьхьIаьржо ю иза, вай ваьш а дIадан кичча ду бохург а ду цу «учетца». Советан Iедал долуш цуьнан бехк бора вай вешан эшамашна. ДIаделира и Iедал, схьаийцира вай «логгелц суверинитет». ХIун тодира вешан меттан, литературин, культурин? «Хьажахьа, хила а хилла вайна и советан Iедал «расцвет национальной культуры» бохуш хеза тахана»…

Оьздангаллица, гIиллакхца, меттан сийдарца, хаарш сов дахарца, кхетам шорбарца, хьекъал кIаргдарца, Iилманца, ваьшна юкъахь а, нахаца а даха хаарца, вешан цIе дика яккхийтарца лардан деза и орамаш, дайн сий, вешан мохк. Тхан дай иштта хиллий, вуьшта хиллий бохучу дозаллаша ца бо тIаьхьенна юьхькIам Шаьш дайшка кхочуш хиларо, церан юьхь ларъяро бо. Дукха хIума дайна, дукха хийцаделла кху дуьнен чохь, Нана-Шемехь орам болу нохчий хилла чекхдевр дац вай дозаллашца, сонталлица, тоьпаца карор бац вешан толам. Адамо, къомо ша-шена къоладен, ша хIаллакдаран некъ бу молханца буьллург. Ша хIун лоьху, шена хIун оьшу, мича кхача, мила хила гIерта хууш хила веза вайх хIора а, шен доьзалан санна, шен къоман ойла еш хила а. Дуькъачу шекъанца, даккхийчу элпашца яздина хила деза къоман шен мел долу хаттар, хIора а лаам. И хир ду цуьнан жайна, ша кхиоран, ша лардаран, шен Iалашоне кхача схьалаьцна некъ.

Нохчий хилар маьIнехь дац шайна бохурш а бевлла. ХIунда дац-те, дакъаза ма бовларшна, и маьIнехь? Кхоьллина а хир дарий вай нохчий аьлла, вай хилар Далла цхьа маьIна хеташ ца хилча? И хабарш дуьйцачех-м нохчий боцурш а хир бу, амма волчо ойла ян еза ша дуьйцучун а, дечун а…

Амма даьхна вай вешан семан тIехь, бух тIехь. Пачхьалкх хIун ю? Мохк, оцу махкахь дехаш къам, цуьнан шен мотт, бахам, шен гIиллакхаш, юккъараллехь низам, адаман юкъаметтиг нисъеш институтаташ хилар ю. И цIе мел яьккхинарг хилла вайн. Ишттачу юкъараллехь шен диканиш а, кхачамбацарш а хир ду. ХIун ду кхузахь диканиш? Язйина кодексаш яцахь а, ю юкъараллехь ша латто сема – къоман ламасташ, гIиллакхаш, тоьаш бу церан ницкъ – адаман эхьана таIзар до ишттачара, шаьш тоьхначу зилал арахьатаьIча…

Къоман демократи олу ишттачух, вай доцчийн а хилла иза, шен зама ю цуьнан. Къомана шен юкъаметтигаш ларьян тоьаш бу и гIирсаш, тоьар бу уьш лулахошца йолу юкъаметтигаш дIакхехьа а. Пачхьалкхан декхар шен чоьхьара юкъаметтиг нийса латтор а, арахьарчу пачхьалкхашца дерг дIакхехьар а ду. Къаьмнийн амалш, гIиллакхаш, юкъаметтигаш тайп-тайпана хуьлу – вайчарца йогIуш хир яц хIоранниг а, цундела, кхечарца тарбала, царах кхета, церан хIума довза, цу довзарх пайдаоьцуш политика оьшу къомана, цуьнан пачхьалкхана. Арахаьара политика олу цунах. И дIакхехьа нах а оьшу. Уьш дуьне девзаш хила беза, и довза, дешна а, таханлерчу маттахь аьлча, шаьш лелочунна тIехь профессионалаш хила беза, делахь. Уьш кхиош институташ а оьшу юкъараллехь. Хьекъал долуш, харцлуьйр боцуш, дош дош а долуш. Къонахалла, собар, оьздангалла йолуш нах гуттар а хилла вайн. Политика – Iилма ду, физика, химия, математика олучийн санна, шен башхаллаш ю цуьнан а. Цхьаболчарна иза шера а, дукха лер а ду моьтту. Дац. ЛадогIаррий, ойла яррий, хIуманна тIаьхьа кхиаррий, дукха ца лен хааррий ду. Вай ала гIертарг, цхьанхьара схьагIерташ – цхьа паччахь, вукхазхьара – важа, кхин кхечахьара а, ткъа вай – жима халкъ ду, эскар дац, кхин хийланиг дац, коьртаниг – арахьара, политика яц, политикаш бац – ваьш кхечарна довзийта, уьш ваьшна бовзийта гIирсаш бац, цаьрца бийца мотт бац, талмажалла деш а цхьа эрмало я жуьгти ву. Ишттачу хьолехь дукха хIума оьшу, дог ца догIучохь къажар а цхьаьна. (Гина вайна Палестинан лидер Ясир Арафат. Гуттар хьанна а къежана хуьлу и стаг. Самукъадаьлла ца къежа, самукъадолу хьал дац цуьнгахь а, цуьнан къомехь а, шен логехь лаьтта шад ца гайта къежа, шен къоман хIума дикачу агIорхьа дерзаре сатуьйсуш)…

Ткъа ваьш муьлш ду вай, хьаъа хIуъу дийцарх, ахархой, Iуй, къинхьегамхой, белхалой ду, хьацарца вешан сискал йоккхуш. Цундела олу вай: «Обаргийн юрт а ца хилла, къуйн бахам а ца хилла». Вайн юрт а, сискал а, даьхни а къахьегарца хилла. Арахьара тIегIерта ницкъаш вайна мел, хIун бу а хаац, делахь а, уьш мел баккхий, буьрса белахь а, царна дуьхьал шаьлта йоккхур йолуш ду вай. Майралла шортта хилла дайшкахь, амма замано гола тухучохь, и шаьлта бен кхин гIирс ца хилла. БIешерашкахь еха вайца и цахиларан дакъазалла. «Хих дехьа волург шен когана хин бухара тIулг а хаа болуьйтуш вала», – боху китайцийн кицано. КIорггера маьIна долуш кица ду иза, ойла йича. Нека хууш хилча а, дика ду хих волуш. Нека цахуург готтачу ахкана тIех кхоссалур ву, амма доккхачу хи чу нисвелча, цуьнан напгIа хир ду цунах. И нека ца хуурш хета вай. Кхузахь ала тарло, и вайн бехк бац, вай ваьш ма-дарра дитчахьана дIадолура. Вай бехкаш боькъуш дац, вешан хьал дийца гIерта. Iаддитича-м дика дара, амма дуьтуш ца хилча, зама чолхе еъча, и гIирсаш оьшуш хилар дуьйцу вай. Уьш цахиларо ваьшна эшамбар. Яккхийчу пачхьалкхийн, церан паччахьийн шайн кхетамаш а, синхаамаш а бу. Эсала хилац паччахьаш. КIезиг хир бара уьш иштта хилча я цхьа а хир а вацара. Кху харц дуьне олучохь, нийсо харцоне, дика воне маре даханчу заманахь, шен хIума лардан луучу халкъан, къаьсттина вай санна кIезиг долчунна, дукха говза, маситтазза чот тоьхна, юьстина, ерина, оьзна политика оьшу. Цуьнан коьртадолчех цхьаъ ду кхечу къаьмнийн, пачхьалкхийн юкъаметтигаш таллар. Тен бисттелц йовзар, цу йовзарх саяккхар. Цунна гонахьа хьийзаш ю массо а пачхьалкхан политика, цунна латтайо динна министерство иностранных дел, разведкаш, кхийолу «спецслужбаш». И гуттар а тидамехь хила дезарг ду. Экаме Iилма ду политика, цхьана нийса ца баьккхинчу кого дерриг а, бераша йина гIамаран гIала санна, харцош. Вайн кортойн туьтанаш яьсса яц, хIора а бохург санна шен политика йолуш а, и лело хууш а хуьлу вайх. Массеран а юкъарниг, къоманиг хуьлу вайн каяьл-яьллачо дIасхьаийзош. Хьенан, мичара, мила ву а цахуург вара селхана-стомара министр иностранных дел вина вай тIелаьцнарг. Хьан валаре терра ду сан доIа а олуш ду вайн, цунний дайна, ишттачу министре хьаьжжина дара вайн «иностранни делаш» а. Кхано, хилларг хилла даьлча, цо и дира, вукхо важа дира бохуш, латкъамаш беш Iа вай. Цхьа галморзахалла ю вайн амалца: вовшех чIогIа ларло вай, цхьа дош а гал ца далийта хьожуш, арахьара тIедогIучух ца ларло. Цхьаболчарна иштта алар ца тахь а, ала деза и – вай вовшашка къамел деш ду, Iама деза вай и къамел дан а, и хаза а. Вайна иштта алар цадезадалар билгало ю, вайн амалан цхьа киртиг, жимма ков хьаькхна, туса езаран. Шена товш доцу къамел долийча, цуьнан маьIне а, чаккхене а ла ца дугIуш, куьг шаьлтане кхийда вайн дуккхачеран а. Вайна ваьш хесто лаьа, амма эвсаралла яц ишттачуьнца, хеста ваьш кхечарга дайта деза. Дика дуй вай, оьзда дуй, гIиллакх долуш дуй, делахь, гайта деза ваьш муьлш ду. Вешан гIуллакхашца гайта деза, гIиллакхаца, тIаккха кхуллур яц наха вайна тIе шайн бага еъана цIераш. Уггар хьалха оьшург – вовшашка бакъдерг алар ду. Вай хIума гуш, девзаш, цунна тIаьхьакхуьуш, цунах дала, буй-тIарица доцург а, жоп долуш хилча хестор ду вай кхечара…

И политика бохург дукха дуьйцу аьлла хетар ду кхузахь. КIордо а тарло, цкъа а, шозза а, кхузза а аьлча, тоьа хIума, юх-юха стенна дуьйцу а эр ду. Ша бIозза аьлларг дицделла дуьйцу аьлла а хетар ду цхьаболчарна. Со вицлуш меттигаш-м шортта нислур ю, делахь а, хIоразза а ойла йича, дерриг а и политика цахиларна тIедогIуш карадо, тIаккха и хила еза алаза ца Iало. Вай и хIуманаш саццаза дуьйцуш хила деза, цкъа а ца дуьжуш, сема хила деза вайн иэс, юх-юха карлайоккхуш хила еза вешан истори. Цхьа хIума хилча, дуьненахь дицдийр дац иза олу вай, амма вайл сиха дицлуш къам хир а дуй-те аьлла дицло вай…

 

/Т1аьхье хир ю/

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.