Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Нохчийн Жайна Печать Email

Яшуркаев Султан

 

Кхимарш ирх а яхийтина, бирг1анех ц1ерш етташ, ца девзачу акхаройн маьхаьршца 1оьху Теркан рег1аца «градаш». Ц1еххьана техкий, лестий, т1ома айалой – ченан к1ур, силанечу кешнийн баьрзнаш хуьлий охьайог1у т1ек1елйина г1аланаш. «Градашца» къийсалуш, шайн ижуна чухехкало кеманаш. Цхьана йистера вукху йистталц отуш ю Нохчийчоь. Т1ом бу бог1ург – дажалан амалца, ц1еран алонца, жоьжахатен къизаллица, шоллаг1ниг бу х1ара, хьалхарниг сецна а балале, цуо йина чевнаш а ерзале. Хала ду т1ом лан, шиъ лан – шозза хала, цхьа мохь, цхьа узам кхозу гобаьккхина. И узаммий, моххьий ц1ела карчо, 1ожаллин набарца тебан, кошан барзаца хьулбан уг1у дарделла герзаш, марсачу ц1арт1ехь т1ехтуьйсу нана-боккха яй хилла, 1аьржачу к1уьран 1аь етташ кхехка Соьлжа-г1ала, хьерехилла хаьдда-дедда ду адам...

 

«Кешше гуо хьо болх! Ма хьекха зударий маьхьарий! Ма деха и сардамаш! Тоьар бу вайх баханарг! Вай мел аьлла не1алт! Вайна мел аьлларг!» – зударий човхабо цхьамма-м.

Тен тигац вуьш, орца доху, стигала кхийдадо карара бераш, къинхетам боьху… орца… къинхетам… орца… Деле… дуьнене… 1амеркан президенте, ООНе кхойкху…

Мичахь ду кху г1алина, адаманна, махкана г1атта орца? Х1ун хан ю Лаьттан массо а маь11е и орца дохучу маьхьарийн?! Доьлла дуьне царах! К1ордийна баланаш… маьхьарий… сардамаш… не1алташ – къорадолийна и цара! Кхачийна къинхетам! Кхачийна орца! Йишхаьлла дуьненан!..

«Нана яла вайн, ма да воцуш диси! Ма луурдели вайх вай цадезачеран! Ма кхаъ боьсси церан кийра!» – мохь бетта, жимчу йо1ан куьг а лаьцна, хьаьдда йоьдучу йоккхачу стага. – «Вааааа, Дела-а-а, бала бог1у… бала бог1уууу…!» – мохь оьху вукху едда йоьдучун. «Дала хьукма дойла х1ара деанчарна!» – хеза кхечахьа…

«…Х1ума т1ех1оттале оьшура вайна орца. И т1екхаччалц 1ийча – хьере хуьлий хьийза адам. Дицло вай. Цхьа а вайха виц ца валийта, таханенах, кханенах, долчух, даханчух йина ойла т1ехь жайна хила дезара вайн! Бераш стенна до зударша?! Дакха стенна, кхиа стенна до?! Аганаш т1ехула к1урз хьийзийта до? Г1аланаш т1е х1унда еттало царна? Х1унда йогу ярташ? Ца лардели вайга ваьш! Мичахь бу бехк?! Мила ву, и т1е лаьцна, иэхьах вогуш?! Инарлийн амал ца евзаш дара вай?! ЧК за евзара?! Сталин ца вевзара?! Божарий юьхь1аьржа х1иттор мича дахьа воллу х1ара деанарг?! Зударий юьхь1аьржах1иттор! Х1ара маьхьарий, хиндолчу боуберийн маьхьарий мича дахьа воллу?! Баккхийчийн къа, кегийрхойн кхуоам?! Нигат кхочушхили вай х1аллакдан хьаьвддачийн! Вовший лечкъош леллера вайн дай?! Вовший кортош дохуш леллера?! Вовший лечкъош, бухкуш леллера?!..» – дехха, ша шега, къамелдеш, яйна х1ума лоьхуш санна, ц1ийнан ке-бертехь д1асахьийза эг1азо-о воккхастаг.

Лен-м бакъ лоьра хьо, воккхастаг, амма, хьанна хеза хьо тахана? Лере кхачале, «градаша» дойъу хьан аз, хьан бакъдерг! Хьан самавалар! Эша-м оьшура вайна и ахь дуьйцу жайна. Дависа цуьнан, б1ешераш хьалха, хьан ворхх1алг1ачу дена хии делара и вайна оьший. Долий делара цуо и х1отто, д1аязбин белара цуьнан цхьа мог1а. Орца хир дара цуьнах а тахана. Арахьара мила кхочур ву вайна? Вог1ург а ваьш къахкийна, цецвеккхина юхаверзор вара. Ваьшка ладог1ийта, ваьш хазийта ца хаьа вайна. Ваьшка бакъдерг алар дара хьалхара орца, шен-шен бакъдерг айдина лелачу тобанашна и хазар, вовшашна ц1ерш а тоьхкуш, дакъазаъюьйлучу, х1аллакъхуьлучу – вай ду и х1аллакхуьлурш. Ваьшкара орца оьшу вайна! Ваьшка кхайкха деза! Харцлуьйриг шен умматах вац, боху Делан элчано (1.с.в.). Къам доькъу харцлеро, дин доькъу, мохк боькъу, ц1етосу царах. Кхузткъе кхойтта декъе декъалур ду, аьлла цуо (1.с.в.) шен уммат. Стенна т1ехь? Харцлерна, бартбохарна т1ехь! Дац дуьнен чохь кхузткъе кхойтта бакъ! Шиъ а дац! Сийлахь ду ша шега бакъдерг алалун къам. Вовшашка харц а луьйш, хезар дац вайн бакъ нахана, дуьненна. Хьалха ваьшка ала! Вешан маттахь, вешан г1иллакхехь. Т1аккха бакъо йолу вайна дуьнене а и ала, ваьшка ладог1ийта, вешан тоьшалла охьадилла…

Дешил ц1ена хила деза къоман г1уллакх т1елаьцна ша бохучун дог, малхал сирла хила еза ойла, кераюкъ гуш, хьанал хила деза куьг. Кийрахь, коьртехь могаш хила веза иза. Доккха ду цуьнан жоьпалла. Нана яларг ду къомана – цуьнан багахь цхьаъ, дагахь кхин делахь. Юьхь1аьржо йохьур ю цуо шена а, къомана а…

Хьекъало вигац сонта стаг – синхаамаша идаво, челакх бу и синхаамаш, ойла йина кхиъна бац – дагадеъанарг ду, «Дала хьеьха дацара!», «ша хирг хир ду!», «дуткъделлачохь хедар ду» олург хуьлу ишттачух. Ирча доьрзу иза, т1аккха дала жоп, т1елаца бехк ца карабо, къоман, мехкан, хиллачун сий, хиндерг дойу цуо. Майра хир ву иза, амма хьекъалан да оьшу къомана. Сонталло дукха къаьмнаш х1аллакдина исторехь. Собар доцчунна шегахь доцург кхечуьнгахь а ца деза. Къомах а, махках а ц1етаса даржийна молха ду иза. «1алелай, ма!» бохург, шена т1аьхьа цавозург – стаг воцург, яхь йоцург, къоман бала боцург вина, охьавуьллур ву цуо. Ц1е еза цунна... г1овг1а... карзахалла… Бакъдерг ала г1оьртинарг – «Чувоссаве!» – мохь болу. Хьакъ боцчу наха, со-ас бохуш, шаьш кхайкхочу хьолехь ч1ог1а оьшура и жайна – вешан дегалааман, цуьнан сатийсаман конституци...

Дешначара, баккхийчара елхийна хийцамийн зама. Делхийна дуьненах хиндерг. Цхьа б1ей ахб1ей шо хьалха: «Мича доьдуш ду, хьенех, х1ара дуьне?» – аьлла шега хеттича. «Шен ц1а доьдаш ду!» – жопделла пхьаланкойн цхьана яздархочо, Флобер хилла цуьнан фамили. Эхарте новкъадаьлла бохург хилла цуьнан иза. Хила а мега х1ара тахана «ц1а кхача» даьлла. Дукха адам хийцаделла боху цхьаммо. Хийца ца делла – 1ораваьккхина хийла замано, ша гучаваьлла, хи т1е пах санна, д1аяьхна т1ехула-чухула лелийна моттарг1анийн обанаш – хеза вукха аг1орхьара. Хийланна коьрта хьаьвзина тахана, дистина хи санна, яьржина, карзахъяьлла ямартло, байна тешам, дуьненан рицкъанах вайн дайшна хаза а ца хезнарг даьлла хьенехера бохуш, дукха дуьйцу. Доттаг1алла, гергарло, вовший хьаштхилар, марзо яй-те адаман адамаца, кхачош ю-те адамалла бохург тосу даге. Ж1аьлеша ц1ока санна, д1асаийзош ду дуьне сутарчу наха, вовшашца рицкъанаш къуьйсучара. «Дика воне маре дахана зама ю» олуш а хеза. Заманан бехк бац, дика воне маре дахана а хир дац, Дала мукъалахь. «Дика ца дахана – адам дахана ахчане маре», олу вукхо. Цхьана шена хьалхах1уьттучу кепа т1ера олу х1ораммо. Адам-м цкъа а ца хилла дуьненан рицкъанна петухуш, деши, дети, ахча ца дезаш, амма, тахана санна, иза цуьнах дохкаделла, 1ехаделла зама хила а хиллий-те олий, хета. Оцу хетарна т1ера олу наха и шаьш олург. Кийрара даьлла, юьхь т1ера доьжна, нахарт хилла, бохчичу дерзина дукха адаман иэхь. «Иэхь хьайн дацахь, х1уъу а мегар ду хьуна», – боху элчанан (1.с.в.) хьадисо. Оцу т1е кхаьчначух тера хета тахана адам. Селхана вовший ца терг хилла шиъ – ши мостаг1 вина – дуьхь-духьал ваьккхина дуьненан рицкъано, и къуьйсуш, ж1угарчех вовшаххьерча тобанаш, тахана цхьана тобанах, кхана – вукхунах, лама – кхин вукхунах кхеташ, б1агорехь хьийза церан декъашхой… Керла дин кхайкхош верг а волу ишттачу хьолехь, вер ву аьлла Маьх1ди, вуссур ву аьлла 1иса-пайхамар ву ша ала х1уттург а волу.

Ткъа х1ун де вай? Ойла ян еза, дукха гулделла вайн и ян, юхахьовса оьшург. «Цхьана сахьтехь йина ойла кхузткъа шарахь динчу нафила (суннат) 1ибадатал г1оле ю», – боху элчанан дашо (1.с.в.).

Дукха дац вай тахана. Мел дуьсур ду кхана, х1ара т1ебоьжна 1аьржа бода д1аабаьржича? Хийла хир вац вайха, х1ун дийр ду бисинчара? Эша а оьшу вайна жайна, ойла – ойланна, сатасам – сатасамна т1е буьллуш, вешан кханенан б1аьвнан бух хилийта, хьаналчу терзан т1ехь оьзна, охьадилла деза и ваьшна хьалхха, дагахь хууш х1оранна, новкъа волуш шеца долуш, гуттар а диллина, гуттар а доьшуш. И хила еза вайн дахаран коьрта Абат, вайн иэс хила деза цуьнан х1ор а дашца. Баьсса бу иэс дайна корта, корта а бац и т1аккха – х1уъу а чуйотта пхьег1а хуьлу цуьнах. Х1инца-м кхийтира, олу вай х1оразза – цхьана киртига т1е х1оьттича, кхетаза карадо. Мерзаниг – мерза, къаьхьаниг – къаьхьа юй, мацвелча – мацвеллий, хьагвелча – хьагвеллий хаарх тоац, чолхе ду дахар, дукха ду кхуьнан хаттарш, де-дийнехь хала ду царна жоьпаш каро. Дукха яьхна вай шерийн г1улчаш, хийла 1аьвшина т1ом, хийла 1иттаделла харцонна т1е, лайна тешнабехкаш, дукха х1иттина имамашна т1аьхьа. Мича кхаьчна? Мича кхаьчна шаьш, шайна дерриг а хаьа баьхнарш? Мича вахана вайга, шуьца вехар а ву, шуьца лийр а ву ша баьхнарг? Х1ун кхаьчна вайна? Сийна Сибаре! Х1айтъаьлла хилла имамаш, амма хиллий-те, Дала шен къайленан дакъа делла? Хилча, аьр дарий цхьамма: «Суна Росси иштта йоккха юй хиънехь, ас т1ом бийр бацара цуьнца». Х1ун, мел ю хууш хила веза вайха милла а. Мила хилла пайхамарца дагаволуш? Маса б1е шо ду Мухьаммад пайхамар (1.с.в.) бакъ дуьненчу кхелхина! Кханалерчу Къематдийнахь бен г1оттур вац иза а. К1орга ду динан х1ума, туьйра дац иза, цуьнах туьйранаш дечу наха даржадо кхидерш, хабарш ду уьш, бац и нах дин даздеш – аьшнаш деш бу мелхо а. Беза бу пайхамарш, Дала адаме шен дош кхачо бахкийтина уьш – б1е эзар, ткъа эзар, виъ эзар ваийтина боху. Ц1ена бу эвлаяаш – Далла муьт1ахь бусулбанаш, Дела реза хилларш, дукха хилла уьш, тахана а бу, амма, цхьаъ ву Дела, цхьаннах а дагавала дезац Цуьнан. Кхоьллинарг – И ву! Хуушверг – И ву! Хьенан ду Цунна дала хьекъал?! Адаман ду?! Ма ве бах Цуо шена цхьаннах а накъост. Хабар хилла, Майратуьпан к1оштахь стиглара пайхамар вуссур ву, цига гулло бохург, иман доцу хабар. Изза хилла, хи т1е верта а тесна, ламаз дийр ду бохург а. Гулделла адам Майратуьпа, ца воьссина пайхамар… имам ву ша аьлла, хьалаг1еттина луларчу махкара веана Махьама… кхуо т1е чан ластийча, йоккхатоп яла йиш яц аьлла… яьлла йоккхатоп… дукха х1аллакъхилла нохчий. Атта теша вай, лиэ атта ло...

Х1ор а заманан мур, дистинчу хиэ ж1оламаш санна, шен хаттарийн коьллаш йохьуш бог1у, царна жоп доьху вайга, селхана хиллачун йина ойла мичахь ю шун, тахана х1уьттучу хаттаршна дала жоп дуй шун хотту, эшам бу къомана и цахилар – жоп дац цуьнан дала. Селханлерниг дицдича я цуьнах туьйра, илли дича, т1едеттаршца кечдина, т1аьхьабог1учаьрга делча, вай борз ехкинчу буса дина, аьрзунан бенахь кхиъна ду бахарх жоп ца хуьлу. Ойла ца йича-м, самукъане а хета и х1уманаш, цхьа дозалла а хета, синхаам а хьосту цара. Марзделла х1ума дита хала ду, ойла а ца йо цуьнан, иштта хилла а ду, хила а деза аьлла дижина иза даге. Амма дита дезарш дукха ду вайн. Хабарша кхиадац къам. Ца боху вай фольклор йицъе, хилларг сийсазде, диц х1умма а дан ца деза, амма, тахана дуьхьаллаьттарг царна т1ехьа теттар – ша левар ду. Т1аьхьало яц дайша к1енташна туьйранаш дийцар. Дог хьостуш хуьлу туьйранийн чам, къаьхьа хьуьлу бакъ, делахь а, и охьадилларх бен хир яц т1аьхьало. Х1ор а къоман ю фольклор, цхьаболчара борз ехкинчу буса дина аьлла ца 1аш, цуьнах декхаш кхиъна шаьш а баьхна шайн хенахь, амма, тахана цуьнах х1ун олу хаьа церан т1аьхьенашна, цундела дайн туьйранийн кетарш – берзалойн ц1оканаш – музейшка яьхьна цара, ткъа вай тахана а юхаийзадо оцу «духарша», хьенехг1арах иллеш бохуш, хьеделла вай. Вай оцу иллийн турпалхошна х1ума ала г1ертац, уьш шайн заманан нах а, къонахий а хилла, амма яхана динберийн зама. Самураеш олуш цхьа туьр текхаш къонохой хилла Японехь, ала мегар ду, шайн мехкан истори б1ешерашкахь туьраца язйина цара. Йолу-уш т1ехъяьлла церан зама, керла хоьттинчу хьоле хаьжжина, «переквалифицироваться» дан дезна церан. Тахана, вайна массарна а евзачу, «Сони», «Панасоник», «Тошиба», «Митцубиси», «Хонда», «Тойота» кхин хийла эзар! «отийна» а коьртехь болчех хилла «тур текхораш». Технологийн зама ю арахь – мел догдовха къонах а, къонах х1ун ду а ца хуучо, масийтта километр генахь кнопки т1е п1елг та1абой шелво... Д1о Теркан рег1ара схьаеттачу «градаш» т1е те1ош ду и п1елгаш. Селхана, майралла кхехкаш, «Стечкин» хаьнт1е тесна лелларг, тахана, орчу буькар а воьлла, «градех» ларвала г1ерта. Х1умма а дац цуьнан майралло «градана» дан. Уггар доккханиг дича, цхьаъ оьккхуьйтур ю цуо, ша а эккхаш – эзарнаш ю уьш заводашкахь йина, цуьнан метта д1ах1отто, яхьа меттиг а боцуш, уьш хедо сваркаш а ца тоьаш лаьтта танканаш. И ю тахане. Вай мила х1оттор ву иэккхинчу цуьнан метта? Ишттачун ойла ца йича схьайог1у и «градаш», вай: я оьрнаш чу, я подвалаш чу, я хьуьнах, я Г1алг1айчу, я и «градаш» схьаяьхккинчу довда дезаш хуьлу. Цундела оьшу ойла… вешан жайна…

Хала ву, ву ала, дешна а воцуш, к1еззиг дешарх хьакхавелла, ша дешна хетарг. Цунна дерриг а хаьа, къовсавала, дешан толамбаккха, кхечо дуьйцург аьшнашдан, цуьнан дош кагдан г1ерта. Цунна, динберийн зама д1аяхана, имамаш шайхаш ца хилла, т1ехуло т1е географи ледара хууш а хилла аьлча, шовкъ ч1ог1а йог1у, хьох къоман хиллачунна т1е нехаш кхуьйсург, цуьнан турпалхой, ц1еяхана къонахий сийсазбийриг, дайн г1иллакхаш хьоьшург, къомана дика болх хила цалуург, КГБ–н агент а во, нахала, махкала а воккху. Цуьнан бага ца ваха 1а хийла а, шуршурш а деш. И ц1ена нохчо хир ву, хьо – кхо т1е вилла а ца мегарг. Амма, селхана ша дийцинчунна тахана жоп дехар эрна ду цуьнга, дац цуьнан жоп, «суна и хир ду ца моьттара» аьлчахьана волу иза. Мел бара селхана «ораторш» хилла хьийзарш, хаьнт1е тапчанаш а тийсина, кепаш х1иттош, «ваше слово, товарищ маузер» бохуш, и тапчанаш вовшашна етташ… Хаттал тахана, и дагадог1ий шуна. Хаттийла а яц и цаьрга… мичахь бу тахана? Я цаьрга а дац х1ара къамел, царна эшац жайна, ма-дарра аьлча, вай а, церан къамелашка ладийг1инчаьрга ду х1ара – вайга, царна куьйгаш ийбинчаьрга, «тахана ц1а кхочу» бохуш, вовшашка кхаьънаш дохуш, сатасале г1уьттуш, майдан т1ехь даржийначу четарш к1ел лаьттинчаьрга...

Вешан маттахь дуьйцу вайн х1ара, ваьшна юкъахь дисийта, вукхаьрга ала дог1ург, тахана х1ара шоллаг1ниг санна, хьалхара т1ом боьдуш, церан маттахь яздина, охьа а диллина...

Кхечарга ала атта хуьлу вайна, ваьшка ала аьрха хета, к1елдахьа, т1аьхьашха шуршурш дой, дуьту, вайн цхьамма вукхуьнга бакъдерг алар васе долудела, амма, кар-кара а оьцуш, шена юкъахь деш къамел хила деза муьлххачу а юкъараллин, цуьнан интеллигенцин декхар ду и д1адахьар, ша дийриг коьртаца, хьекъалца, ойланца дечух олу интеллигенци. Шен къомана хьалха жоьпаллехь а, декхарлахь а воцчун къам дан а дац. Вай х1ор а цхьаъ нохчо а велахь, массо а вовшахтоьхча къам а делахь, цхьана ойлане, кхетаме кхача деза, ца кхачахь, дисинарш а сонтачара т1епаза дойур ду, «чечены» олуш-м кхин а цхьа хан йоккхур вай, амма, довр ду нохчий бохучун маь1на.

Мел дахлур ду, стенна т1ехь хедар ду а хаац х1ара къамел. Хиллачо а, т1едог1учо а ойла йойту. Цхьаъ хир вац тахана и ойла еш, хийла-хийланиг хир ву. Цара ечу ойланах, доккхачу хих жиманиг санна, д1акхетар кху къамелан ойла а, юьстах дуьсур цаьрца ца дог1ург.

Вай даьлча санна, хьийза ойланаш, уьш цхьана кепе ерзо г1ертар а эрна дов – къарвой, эшавой, хьо хьуо охьавуьллу. Хьан керахь х1умма а дац, хьоьга хоьттуш а, ахь кхойкхуш а яг1ац и ойланаш, хьоьга ладуг1уш а яц, хьо ву цаьрга ладег1а дезаш, церан буйна вахана, цхьаъ вукхунна т1ехьерчаш, уьйриг хуьлуш, ясталой яьржаш, ма-ттов лелачу. Делахь а, цхьа аьтто а бу – хьайн ненан маттахь – хьайн къомаца дагарадийцар, цуьнах дагавалар. И дийр а ду ахь, Дала мукъалахь. Мел ду и, дависарг, шерашкахь гулделларг, чу цатарлург ала-дийца вайха хьеннан а. Дукха хиламаш бу оцу шерашна юкъахь, х1ораннах а хьакхабелла уьш, х1ор а лазийна цара. Валлалц вер вац цхьа а цара шена чудиллина да1, лазам, къахьо, вас, дегабаам, дагахьбаллам кийрара араэцна. Муха г1ур дара, туьханан язаллица, дуьрачу тулг1енаш т1е дуьра тулг1енаш етта х1орд санна, овнна т1е ов детташ кийрара г1ерта х1ара цхьана хоршах. Жима стаг вац х1ара дуьйцург. Амма хилла жима а, тилла а, хийла тахана шена 1овжам берг а даьлла. Воккха мел хуьлу дукха карадо хьайн дохко вала гулделларг, хьуо хьайна халха юьхь1аьржах1итториг…

Казахстане дохош, наноша карахь даьхьначу чкъурах ду тхо, тахана кхузткъа шераш дуза г1ертарш. Хийла вара цу дийнахь некхах а валале ненах хаьддарг – царах цхьаъ ву со а. Когаирах1оьттичхьана, Даймохк белхош, саготта хьийзачу баккхийчаьрга ладоьг1уш, шен къомах а, махках а хеназа ойла дагчу йоьжна ду тхан чкъор. Тхо хьекъална, кхетамна совдевлла ду ала дац иза, аганара эцна махках даьхна, Сибарен лайла кхийсар хир ду и ойла йойтург, сан хенарчаьрца хийланца ду иза. 90-чу шерашкахь, т1аьхьа т1екхиъначара, кест-кестта баха долийра майданашках: «И мацах Казахстане бохийнарш ч1ог1а кхоьруш бу». Тхо дан а дара кхоьруш – и хабарш дуьйцучара махкана а, шайна а, тхайна а х1ара деанарг дарна. Дан а деа цара. Тахана хьайн мохк мелчу ц1ела бетташ, велха, вага хьайна цхьанна бисина хета, хьайн голаш т1е охьадиллина хета кхуьнан чевнаша дерина дег1, цунна т1е охьате1на хьайн корта а…

Жайнаш дешна 1еламстаг вац со, жайнийн мотт хууш а, амма цу маттара гочдинчу вайн элчанан (1.с.в.)) цхьана хьадиса т1е 1оттавелла со мацах студент волуш, доьшшушехь дагчу а дижара иза. И вайн матте доккхуш галвалахь, Дала къина ма ларийла сан, маь1на х1ара ду цуьнан:

Шайна вониг (зулам) деш гахь, шайн куьйга сацаде иза, куьйгаца и ца далахь, дашца дуьхьало е цунна, маттаца и дан шайн аьтто бацахь, шайн дагца ма дезаде иза. И дар хир ду шун иманан цхьа жимо-о дакъа…

Вайн хьолах лаьцна айса оьрсийн маттахь язйинчу киншкин коьртте а яздина ас иза. Доккха х1ума ца динехь а, куьйга вон сацон карахь г1ирс цахиларе терра, махкахь вайна дагадог1у х1уманаш долийча, саготтеваьлла, церан хинйолчу т1аьхьенах кхеравелла, 1алелай баьхначех ву со, ма-дарра аьлча, кху г1али юкъа танкаш хьийзайойтур ю аш баьхна. Шайга ас и баьхначех цхьаболчара деша а мега х1ара йоза, дешча, тоьшалла дан а тарло цара, хийла бакъ дуьнена а вахана царах. Телевиденехула алар а нислора, «Даймохк» газет т1е а тухура цхьацца х1ума, цхьаболчаьрга шу къам бердах кхосса карзахдевлла а олуш. Оцу газетан х1етахь хиллачун редакторан шен кхардан дог а дац цунна. Яз-м шен хенахь Горбачевга а, Ельцине а яздира… шаьш долийнарг кху т1е дог1ург хилар а хьедеш…

Цхьа а шайхалла долуш ца баьхна и танкаш хьийзайойтур ю, шайхалла оьшуш х1ума а дацара иза, жимма а х1уманан хьесапдечунна, историга юхаб1аьрг тухучунна шеко яцара и хирг хилар. Шина а аг1орчарех, ойла ца ечу наха, вай тоьлуш ду а бохуш, чу а ялийра и танканаш… Т1екхачале ган деза зулам, ала г1ерта вай, г1ирс хила беза къоман и шена т1е, юкъа ца даийта, х1оранна гуттар а шеца хаалуш хила еза шен къоман истори…

Къоман сатийсам цуьнан дог-ойланехь орам тосий хуьлу, национальни идея олу ишттачух, цхьана чкъурера вукху чкъуро схьаоьцуш, ойланца, кхетамца токхъеш, заманца таръеш, нисъеш д1акхоьхьу иза. Цуьнга хьожжий, ша сатуьйсучу кханенан кеп, цуьнан сурт хуьлу къоман юкъараллин хьалха лаьтташ, дагахь а, коьртехь а хуьлу иза. И кеп д1ах1отто, вайн даго хьоьхург кхочуш дан воллу аьлла, цхьаъ хьалхаваьлча, 1едале веача, цу т1ера вала бакъо яц цуьнан, волуьйтур а вац иштта кеп шен дагахь йолчу юкъаралло. Дешначу, х1уманна т1аьхьакхуьучу, дуьне девзачу, къомана хьалхах1уьттучу хаттаршна дала жоп долуш, шайн деган 1алашо ц1ена йолчу наха д1акхоьхьу и къоман дог-ойла. Вайн ярий-те иштта ойланаш? Дарий-те, Россех а къаьстина, вешан пачхьалкх йилла бух кечбина? Мила вара и ойланаш д1акхоьхьуш? Къоман интеллигенци яра? Цуо кечйина охьайиллинера и «национальный проект»? Мила вара вайха и дог-ойла бахьанехь цхьа буьйса набахтехь яьккхина? Иштта хаттарш х1уьтту вайн хьолан ойлайича. Карабац и кечбина бух, идея, гуш-къайлах и д1акхоьхьуш цхьа а юкъараллин тоба. И кхайкхош стаг ца хезана суна а я шуна а, хьуьлла Москвахь болчеран, 1едал къуьйсуш, шайна юкъахь барт а боьхна, цхьаболу нах карзахбохуш, хабарш доладаллалц.

Данне а дихкина дац къомана шен лаам, шен национальни проект хила, сан х1ара а, х1ара а хила деза, сан цхьаьнцца а ч1ир а, дов-т1ом а бац, амма суна сайн пачхьалкх хила лаьа, и хилча, таханчул тоьлаш д1адахаре сатуьйсу сайн х1ума, ала йиш ю муьлххачу а къоман. Дихкина дерг а, сонталла а ю, юккъех чу а хьаьдда, цхьана тобано х1уманах кегар бар, беркат доцург ду иза. Мича кхачадо иштта х1оттийначу «проекто»? Ара ладоьг1ча хеза оцу хаттарна жоп. Цкъа а чакхдер дац тобано долина х1ума – хьекъал а баьрзе ду цуьнан, ницкъ а баьрзе бу…

Йолчийн яра шайн идеяш а, проекташ а. Дагахь а, коьртехь а уьш д1акхоьхьуш хиларна, СССРна юкъараяла некъ лецира х1етахь Прибалтикерчу республикаша, шовзткъалг1ачу шерашкахь Сталина, Гитлерца барт а бина, шаьш СССРо нуьцкъах д1алецна бохуш. Малхбузехьарчу ю аьлла аьллачу палчхьалкхаша т1елоцуш а дацара СССРо уьш шена чуерзор. Иштта сепаратистски политика йолийра Гуьржийн куьйгалле веанчу Гамсахурдиас а, 1802 шарахь гуьржийн паччахьо Ираклис Гуьржийчоь, шен лаамца, Россех д1атоьхна хиллашехь…

Хан-зама шайгахьа йолуш мур беача, Прибалтикин, гуьржийн политикийн ойла сецира, Россина, шена чохь проблемаш ян еза аьлла, шайна цуьнах д1акъаста аьтто балийта. Нохчийчоьнан дозанехь ю Гуьрже. И проблемаш Россина ян дика г1ирс хир бу нохчий аьлла, Гамсахурдиа вайн цхьаццаболчарна «политически гилгаш» даха вуьйлира, Гуьржийчу а кхуьйллуш, церан кортошка, компьютерчу файлаш санна, шайна оьшшу-оьшу ойланаш а йохкуш. Нохчийчоьнна дика болх лаха сак1амделла х1ума дацара долийнарг – тешнабехк бара. Х1инца а дагадог1у, х1етахь, буса хан йоцчу хенахь самаваьлла, наб ца кхеташ, радио латийча, «Свобода» радиостанци яра Гамсахурдиагера интервью оьцуш. «Я христианский форпост на Кавказе…» бохура цуо, ша аш къобал ца вахь, кхузара бусулбанаш сацон г1ирс хир бац шун боху къамел дара дийриг… (Хийланна дагадог1у хир ду кхано Гамсахурдиа шаьш коча воьллина лелор а, и кхелхича, цунна тезет х1оттор а, вайн махка д1аволлар а…). Россина хазийта деш дара цуьнан и къамел, Кремлехь болчеран лере кхачийта, и ца хазахь, ша «сонта чеченаш» меттахбохур бу шуна бохург дара иза. Росси яра х1етахь и къобал ца веш, Абхази Гуьржех д1акъастан иркарах1иттош, амма дуьненна хьалха цига эскар дахийта аьтто боцуш. Лаьхьана бага пхьид санна, цу «операци» юкъабахара нохчий, нехан политикан г1ирс, нехан пхьалг1ахь етта ж1ов хилла…

Цхьа тоба Тбилиси лелаш яра вайн цу хенахь, важа – Абхазе. Прибалтикехь болчара йозанца, лозунгашца кечбеш, Гамсахурдиас Нохчийчу герз кхачош, ловзо бехира нохчий, аьлча а, шайна цхьацца ц1ерш техкина араяьлла масех тоба. Цхьаболчарна дагайог1ур ю и хан, ца йог1учунна талла а хала бац и хиламаш, талла а безара историкаша, политологаша, и х1уманаш лелийначара а йийца езара шайн х1етахь хилла дог-ойла, тахана ерг а. Дохко ваьллачо, ваьлла ша аьлча а дика дара, къинт1ерадовла шена аьлча а, вай гуттар а олу «суна и хир ду ца моьттара» а. Ца олу. Хьехош а дезадац, Гуьржийчу, Абхазе шаьш д1акхехьнарг а, цигара шаьш беана дика болх а, шайга цхаъ хеттича а, оьг1азбоьлха. Вай кхузахь, уьш шайн къам ца дезаш, цунна х1уттаренна лелла ала г1ертац, амма, церан т1аьхьенан ойла ца еш леларх, эххер а, х1уттаре хили царна шайна а, вайна массарна а…

«Массо а адам къалатош хир ду, къалатийначарах уггар диканиг оцу къиношна дохковаьлларг ву», – боху вайн элчано (1.с.в.). Вай оьг1азъэха ца деза, вешан белхан ойлаян еза, кхин йолчу ханна вешан г1уллакх доцчу ца леста, ца г1ерта. «Хьуо хьесапе озавале, айхьа хьайн хьесап де», – боху элчанан (1.с.в.) вукху хьадисо. Айхьа лелийначух хьайга жоп дехале, цуьнан ойлаяй, дохко а валий нисвала хьажа бохург ду иза. Кхуззахь хьахо еза вайн цхьа дакъазалла. Махкахь а, къомана а юкъа даржадоьлла х1ума шен хеннахь ган а гина, цуьнан хила тарлучу т1аьхьенан хьесап охьадуьллуш вайн цхьа «бюро» цахилар хета и дакъазалла. Нехан ю и «бюрош», къоман интеллигенци хуьлу оцу «конторехь» болх беш. Ала лаац кхузахь вай кхеташ дац, амма, кхечу маттахь аьлча, «политически мышлени» вайга хьожучарна гомхо-о го вайн, вукху аг1ор аьлча, «абстрактни мышлени» олург ца тоьа таро ю вайна. Баккъал а долчу маь1нехь, политикаш олучу нехан къоьлла йолуш а, бан а бац, хилла а бац ала мегар долуш хьал а хета вайниг. «Къоман г1уллакх» ши дош таханлерчийн багара даьлча, муьлххачун а юьхь, чаьмза х1ума кхеллича санна, ч1еч1къа, цара оцу шина дешан кхетаман ц1е йожор ду иза. Малх дийнахь кхетаррий, беттаса буса кхетаррий санна, хууш хила деза вайна, селхана а, тахана а ваьшна х1иттина сингаттамаш ох1ла боцуш хьалхалилхинчу наха беана хилар. Бакъдерг – бакъ хила деза, оцу нахана ца дезахь а. Х1уманна ох1ла волуш, цуьнан хьесап, ойлаеш воллучунна хьалха эккхаза ца 1ало ох1ла воцург, цуьнан цамгар ю иза – вайн юьйцу сонталла олург ю цуьнан «диагноз»…

Майра бу а олу нохчий, т1ахъаьлла, х1айтъаьлла, доьналла долуш, вонна а, диканна а б1окъажор боцуш бу а олу, юьхьсибатца, дег1аца, куьцаца товш къам ду олуш а хезна вайна, амма, мел вай дукхадезачара а, аьлла, яздина гур дац вайна: шен хеннахь ойлаеш, х1уманна т1аьхьакхуьуш, политически хьесап долуш къам ду бохург. Ишттаниг ца гинехь а, дуккханхьа дешна вай, «т1аьхьенан ойлаеш бац» бохург. Вайн вешан кицано а тоьшалла до ишттачунна. «Мича ца хотту къонахчо – маца хотту». Оцу «мича» а ца хоттуш новкъадовларо дукха гонаш дахуьйту вайга – дагахь доццучу кхачадо. Кхин а ду вайн олуш: «т1аьхьене ладийг1инчух къонах ца хилла». Ган а гуш, харц, сонта «кица» ду иза а. Ша цхьаъ дале т1аьхьенан а, хьалхенан а йина ойла а, оьшучохь дан собар а дерг лерина къомо къонах, шаьлта а яьккхина чухьадира аьлла ца лерина. «Баккъал а, собаре болчарца ву ша», – боху Аллах1а (С.Т.) «Собар – елсаманен дог1а ду боху», – элчанан (1.с.в.) хьадисо. «Сихалло са диъна, собаро лам биъна», – боху вукха къоман кицано.

Хьаьдда доьду дуьман цастар т1е 1оттаделла, боху, цхьогал. «Тешнабехк белахь – ша гучабаьр, дума белахь – мича г1ур бу х1ара», – аьлла, дуьмех бат ца тухуш, юьста-ах охьахиъна экха. Иштта хьаьдда йог1у борз, дуьмах б1аьрг ма кхеттара, геннара кхоссаъелла… нийсса гура т1е хиъна… Гурах парг1ат баьллачу дуьман пхор а диъна: «Сихо дика яц» – элира, боху, цхьогало.

Хьекъалца доцуш ког баьккхинчунна т1е риджса («риджса» – боьхала ю 1арбийн маттахь) эгор ю ша боху Аллах1а (С. Т.). Дохковоккхур ву, юьхь1аьржах1оттор ву бохург ду иза…

«Ворда юьйхи – дечиг, сту бели – жижиг», «Ша дуткъделлачохь хедар ду», «Ша хирг – хир ду», «Сийна ц1е ялахьара кхунах»… Ойла ца еш ладоьг1ча, х1уъа хиларх шеквервоцчу къонахчун дешнаш тарло уьш, дан сонта къамелаш ду. Ворда докъар, дечиг дан, кхин хийла г1уллакхана оьшу бахамехь. И йоьхча, дукха х1ума галдолу: докъар ца хилча – даьхни дакъазадовлу, дечиг ца хилча – чоь шийла хир ю – йоьхна ворда тоьар яц дехачу 1анна яго. Сту балар а боккха бохам бу. Цхьана 1ай-м лахьа дуур и болчо, б1аьста охана дан х1ума хир яц, ца хилча – ялта хир дац, и ца хилар – мацалла… Олуш цхьа «крутой» дешнаш хетахь а, дахар зеделлачу хьекъалан кицанаш дац уьш, дахаран философи яц цаьрца, еккъа сонтачу нехан «лозунгаш» ю уьш. Уггар хьалха иштта «философи» юьйцучара олу, хилларг хилла даьлча, «суна и хир ду ца моьттура». Оцу шен «крутойчу векалша» йохийна ворда а, гота а, балийтина сту а, кхин денмершка мел дахийтинарг а, меттах1отто ц1ийлахь а, хьацарлахь а далла дезарг халкъ ду. Иштта схьа а дог1у вай. Юха а, яннеа, къоман фольклор яц и далийна масалш, къоманиг «Кхийринчун нана ца йилхина, ца кхийринчуьнниг йилхина» ду. Кхин а ду вайн: Диканиг х1ун ду шега хаьттича, «Ж1аьлина ша гале, ж1аьла гар ду», – жопделла лергаш дехачо. Хьайна хила цалуург, кхераме, зуламе дерг т1екхачале ган деза боху цуо, цуьнах хьалххе ларвала. Генара сингаттам цагинчо уллера сингаттам 1овшур бу, аьлла х1ума зеделлачо…

Талла долийча, и сонта «кицанаш» вайн а ца хуьлу, арахьара чудеана карадо, хетарехь, вайн цхьаболчара шайн амалца дог1уш хеташ чудеана уьш. Массо а къаьмнийн ду сонта кицанаш, «гарачу философих» дуьззина…

Юхадоьрзур вай лакхахь юкъахдаьккхинчу къамеле. Дог1у-уш х1оьттина хьал девза вайна: Абхазе Гуьржийчоьнах къаьстина, Россих д1акхета г1ерташ, Нохчийчохь Россих къаьстина пачхьалкх кхолла еза боху тоба вовшахкхеташ. Оцу тобанах уггар жигарнаш коьртехь а болуш, гуьржашна дуьхьал Абхазе т1омбан вахара цхьа б1е нохчо (я б1енал сов), шайна цхьацца ц1ераш а техкина. И ю вайн логика олург а, политика а! Абхази шен 1алашоне кхаьчна, Гуьржийчоьнах д1акъаьстина ала мегар ду, ткъа цу хиламехь уггар жигара хьийзинарш мича кхечи? Хьо тхан герой… тхан генерал… министр… бохуш, лела а бина, шайна оьшу пайдаэцначул т1аьхьа, «до свидани, чечены» эли… Вай мича кхечи?

Бахац вай, абхазашна я кхечарна вониг хуьлийла, амма уггар хьалха шен къоман ойлаян еза. Х1ара аьлла, юкъаметтиг, чу-каре хилла яц вайний, абхазашний юкъахь, г1онжаг1а а бац уьш вайна, доза а дац царний, вайний юкъахь, уьш – дехьа бу, вай – сехьа ду. Вайца доза а долуш, заманан к1оргера схьа вайца гергарло, уьйр, безам болуш, шайн фольклорехь, исторехь вай цхьана дех схьадевлла а олуш бу гуьржий, вай вешан иллешкахь оьзда а буьйцуш. Дикка нохчий а бу цигахь мацах дуьйна бехаш, цхьадолу гуьржийн тукхамаш цхьана хенахь этнически нохчий хилла а боху. Кхин цхьа х1ума а ду, вай дохийначу хенахь вайн махка сехьаваьлла ваха хиъна, вайх дисинчу рицкъанна т1е куьг даьхьна бац гуьржий. Вайца шайн дагца долу гергарло а, г1иллакх а ду цара лелийнарг. Миччахь а, стенна а т1ехь а нохчочунна чу са а дуьллий хуьлу гуьржий…

Цхьа а са йоцуш, политически ду ала, маь1на доцуш, къомана, зулам доцург, баркалла доцуш, шайн г1уллакх доцург а лелийна, гуьржийн къоманий, нохчийн къоманий юкъа вас йоьлли оцу наха. Тахана гуьржийн дозанехь, тхо чу дитахьара бохуш, лаьтта, боху, Нохчийчуьра арабоьвлларш, Абхазин дозанехь ца лаьтта, (цхьа а хаавеллий вайна тахана Абхазера ваьшна орцах веана?). Ишттаниг нисделча, «уьш» хуьлий ца доьрзу х1ума, вай дерриш а хуьлу «уьш» бохучех. Кхузахь «вай» бохург дезар дац цхьаболчарна, цхьана тобано лелориг массарна а т1е ца дог1у аьлла. Дог1у. Ишттачу масехо, цхьана тобано лелийнарг а, лелориг а доллучу къомана кхочуш схьайог1у вайн гушйолу истори. Вайга хоьттуш ца дуьллу и т1едуьллучара. Вай-м д1атоттур дара иза, кхечара ца тоттуьйту – «чечены» олу, «проклятые» т1е а тухуш, мацах Африкехь вийна Лумумба а вайна т1е а вуьллу, уьнана шарахь наха Гитлерна елла говр елларш а вай хуьлу...

Важа масал. Геннара схьайог1уш, ийг1ина юкъаметтиг ю азербайджанинний, эрмалойн. Хууш ма-хиллара, оццу шерашкахь т1ом белира царна юкъахь. Вайца доза долуш ши къам а дац и шиъ. Иттанаш белахь а, б1е велахь а, вайха, цхьаберш азербаджанийн аг1ор, вуьш эрмалойн аг1ор а бевлла, церан девнна юкъабахара…

Кхузахь а ца боху вай, уьш къомана х1уттаренна, цуьнан вон ц1е яккхийта баханера. Вайн къомана х1ара аьр дай, важа аьр дай бохучун-м цара ойла а ца йина, уьш дуьненан рицкъа лаха бахана. Х1ан, цхьаъ и рицкъа дохьуш веана цигара, вукхуьнан рицкъа барма т1ехь вар нисделла. Юха а, цхьа уьш хилла ца дирзи, царах а «вай» хили – изза «проклятые чечены», б1аьрга бан а ца беза шина а аг1онна… вай ду и ца дезарш. Оцу наха ойла йинехьара, г1ур бацара уьш цига… йоьккхуьйтур яцара вайн ц1е иштта…

Масалш хийла ду. Далийначара, далон долчара, ца дезадахь а, вай ваьшна доладан хууш цахилар гойту, лакхахь цхьанхьа-м вай хьахийна «бюро», къомана некъ гойтуш, «маршрут-путевка» язъеш йолу «диспетчерский пункт», шен исторически декхар кхочушдан ларош цахилар. Ишттачо, деллахьа, тхо х1инца а «когадахаза» ду-те бохург дохьу коьрте. Бакъдолчун, мацах Ельцинан ахчанан санна, мах боьжна, дефолт хилла зама елахь а, бакъ оьшу къомана, ша-шега ала оьшу уггар хьалха. Ала-м олу вай и деза а, оьшу а, амма, ваьшна тамехь доцург дезац, «И стенна хьехадо, стенна кегадо» олий, яппарш туху. «Сан бехк бу, со бехке ву» ала а хала хуьлу вайн дагна. Амма, цкъа хьалха ваьшка ала дог1ург аллалц, ваьшна доладан новкъадерг юстахтатталц, вешан жайна х1оттадаллац д1аг1ур дац вайн х1ума, тахана додахь а, кхана ваьш дохор ду. Х1ара яздийриг суо воллушехь, сайна а дегаза хета вайна новкъадог1ург ала, дуккха а хьайна дуьхьал луьйчу нехан, юьхьсибаташ а х1уьтту хьалха. Ишттачара, хьайн къомана луьйш ву олий, ц1е а кхуллу хьуна т1е, делахь а, ойлайича, хьайн къомана хьуо луьйш сайолуш хета, хьуна а, хьан къомана а нах луьйчул. «Когадаханчу» къоман цхьацца билгалонаш хуьлу, цунна шеца хаа а луш, царах коьртаниг – ша къам хиларан синхаам бу. Массаьргахь хаалац вайца и синхаам, къоманиггий, тайпанниггий галморзахдаьлча, къоманиг т1аьхьатоттур долуш ву вайха хийла а. Шен-шен тайпа-тукхумах мифологеш юьйцуш, керланаш йохуш самукъадолурш а бу газеташ, журналаш, интернет юьзна бохкуш. Исс тукхамах лаьтташ ду, боху, вай вешан къам, амма оцу иссанах масех шаьш «отдельни къам» хеташ ду, лечкъа а дац цара шайна хетарг, шайн историкаш а бу ишттачийн и хабарш даржош, мотт а шайниг бу шайн, къоман йоллу истори а шаьш йина ала г1ерта къамелаш а хеза цаьргара. Къам цхьаъ ца хилийта, цуьнан барт ца хилийта, и дохо беш болх бу иза, изза ду «ламарой», «аренхой», «хьаларнаш», «охьарнаш» бахар а. Цхьаболчара и болх бар шайна т1едилларна бо, вукхара – х1уманан ойла ца еш, кийрахь «тайпа-тукхаман патриотизм» кхехкаш бо. Х1оккхул тукхамаш ду тхан аьлла, дагар а дина, вайх къам хила ца луучарна ма деззара, охьадехкина вай ваьш. Хаьттича, иттаннах исс Нашхара схьабевлла шайн дай олуш ву вайха, амма, ала дашна, исс тукхамна юкъахь «нашхой» тукхам дан а дац… (!). И «тукхам» бохург хилла а дац вайн исторехь, и ца хууш дагардац и тукхамаш иштта «статистика» лелочара, кочатесна х1ума ду иза. Вай меттигийн, диалектийн башхаллаш йийцац, и кхин ду, къоман, массо а диалект «ахьа а аьхьна», х1оранна хаа а хууш, шен бу аьлла, т1еэцна а болуш, цхьа мотт хуьлу, оцу маттахь йоза а. Цу т1ехь а дикка хаттарш хир дара вайн вовшашка, вай уьш луш делахьара. Иза-м «естественни» дара аьлла хетар цхьаболчарна. Амма оцу «естественни» хилийтаро къоман хила беза юкъара мотт, массарна а цхьаъ кхиан, д1ах1отта битац, цу т1ера цхьа къам хиларан синхаам шайца цахаалурш бовлу. Вай вешан маттахь яздаран тидамбича а го, къоман меттан дошамца хьенан мел гергарло ду, цунна хьалха мел жоьпалла ду. Вайн мотт ларбеш бац, «да» волуш бац, аьлла хета, цундела, х1ор а редакцехь, зорбанан органехь шен-шен мотт болуш санна хьал го. Къоман меттан дошам олург а бац дошам хилла болуш, ткъа мотт, шен дошам х1оттийна а балале, де-дийнехь бовш бу. Кхин билгало ю къоман, ша мила ду а, стенна т1е кхача г1ерта а, х1ун лело деза а хууш, шен бух а, орам а ларбеш, т1ебеанчу я бог1учу исторически хиламна дала жоп а долуш, велча д1аволла, п1елгах туй тоьхна, ягарйина, охьайиллина воккхачу стеган сом–ком санна, политика хилар. Ишттаниг хилла вешан ала йиш а яц вайн, ма-дарра аьлча. Кхин билгало ю, доллучу къомах хьакхалуш т1едог1учу х1уманна дуьхьалх1итта дезачохь бартхилар, тобанашка цадаржар, х1оранна а кхана шен къоман хиндолчух шена т1ехь жоьпалла хаадалар. Жоьпалла долчу стага уггар хьалха ша-шен дов хотту, ша шега доьху жоп, ишттачо ша-шена дан та1зар мел луьрачу суьдо дечул а деза хир ду цунна. Нислой вайн иштта? Вай мел ду дан? Маса тоба яллал, хиллал? Дукха дац вай, ала г1ерта со. Даржо, дохо леий къам – тобанашка декъчахьана, йокъано лакъийна хи санна, ша довр ду, шун куьга кхачор ду цуо ша. Уггар къам лардеш х1ума ду, оцу къомах волчу х1оранна а шен дагца вукха ша санна волчунца долу гергарло – и ша хетаран, ша и хетаран синхаам. Юй тахана иштта дегайовхо вайн х1оранна кийрахь? Ч1ог1а ларлуш хила дезара вай, ваьшха х1ор цхьаъ а ларвеш. Боккха бу х1орд, дукха ч1ерий ду цу чохь – даккхийнаш а, кегийнаш а, шайн «политика» ю мел кегийрачийн а. Х1у довр дара церан, и ца хилча. Гина вайна, телевизорчухула х1етте а, нана-боккхачу ч1еран букъа т1е я хаьнт1е а летта боьду жима ч1ара. Оцу букъат1ера а боссий, шен дег1ал а яккхий цергаш йолчу, бетана дуьхьал балал – кхоллур бу. И хаа, шена болчу кхерамах ларбаллал кхетам белла оцу цуьргана а…

«Майра», «к1илло» ши дош х1ор дийнахь долу вайн багах, дог1уш а, ца дог1уш а. Кхераме долчух лар ца луш шена т1е зулам далорах, ша х1аллакъвайтарх – къонахалла а, майралла а, турпалла а ца хуьлу – сонталла хуьлу, олуш хазаза дац вай х1ума зеделлачара. Уггар йоккха къонахалла юьхь1аьржонах ларваларий, х1уманна сатохаррий ю олуш а хезна вайна. «Хин т1адамо т1улг огу» олуш а хезна. Нийса бина тидам бу иза, хьаъ а бинехь а. Сиха бац хин т1адам, лиэда-аш, шен болх бо цуо. Масех эзар хин т1адам цхьана ведарчу а боьттина, жашт-аьлла, т1е ластор вай т1улгана. Х1ун хир ду? Зарал а дийр дац т1улгана, хи, д1асадаьржина, лаьтто худур ду. «Сихделла хи х1ордах ца кхетта» олу вай, амма ду вайца и «х1ордах ца кхетадалар». Хийланна тешнабехк бина, ша сихвелча, шена хила луург сихха хир ду моттаро…

Цхьа масал далор вай. Масех эзар шо хьалха кхоллаелла пачхьалкх хилла жуьгаттийн. Цхьана хенахь йохийна и – дуьне ма-дду баьржина жуьгатий. Амма, шайн хилла пачхьалкх иэсехь латтош, и юхаметтах1отторан нигат дагара ца дожош, вай бийцинчу т1улга т1е беттало хин т1адам санна, беттабелла уьш и юхаметтах1отторна йолчу дуьхьалонашна т1е. Биц ца баларо, собаро, сатохаро, шайн жайна хиларо аьтто бина церан заманан яхаллехь оцу 1алашоне кхача. Уггар ондачу герзаца дина цара шайниг – хьекъалца, оццу герзаца тахана дуьне ловзош а бу... Кхузахь, шена иштта ца хета, уьш ишта-вуьшта бай ала тохалур цхьаъ, амма, вай безамаш бийцац, къоман шен рациональни политика хила еза ала г1ерта, шена х1ун оьшу хууш хила деза ала а, х1уманна сатохадалар а ю оцу политикан цхьа меже, вайна «результат» тахханехь еза, амма, наха санна, цунна бух кечбан сатохар ца тоьа…

Х1аъ, дукха дац вай. Амма шортта тобанаш йовллал хуьлу цхьана киртигехь, уьш евлча, царна «д1акхаллал» а. Дукха ду исторехь шайна юкъаяьржинчу тобанаша х1аллакдина къаьмнаш, пачхьалкхаш. Динна юкъахь яьржиний уьш – динах летта мекха ю уьш, къомана юкъаяьржиний – къомах кхетта мекха – цуьнга шена дола цададаларан билгало. Х1аллакхдийр ду цара и къам, лар йойур ю цуьнан. Доккха къам делахь – б1ешерашка дахлур ду и х1аллакдар, к1езиг делахь – иттаннаш шерашкахь кхиор ю уьш шайн беркат доцург чекхдаккха...

44-чу шарахь вешан махках дохуш Казахстане дохийна вай, яккхийн халонаш гина къомана, дукха йиша-ваша дисина вайн нехан лаьттан кийрахь. Делахь а, къам долчура ца духуш, ц1ера арадохуш хиллачу терахьал совдевлла дирзина вешан махка. Стен лардина вай х1у довчура? Х1етахь вайн дайшкахь, наношкахь хиллачу нохчолло лардина, х1ор а шена-шена цаваларо, цхьанна ши берцан буьртиг карабоьлча, цхьаъ вукхуьнга кховдоро. Стен иэшам беш дог1у тахана, даан а, мала а долчу, берцан мижарг баан ца дешачу дийнахь? Тобанашка даржаро бо и иэшам. Х1ун къуьйсу оцу тобанаша? Мотт мел говза, шалха лерах а, изза «берцан буьртиг» бу – цхьаъ вукхуьнан багара, вийна-ваьккхина а, баккха г1ертарг. Кхин х1ун къуьйсу? 1едал къуьйсу. И х1унда къуьйсу? И «берцан буьртиг» х1оранна а шега алсам кхача аьтто ло цуо бохуш къуьйсу. Ахча, деши, дети, лекха йоьттина г1ала елахь а, шен чулацамца «берцан буьртиг» бу иза, дуза мел дуьзи, ге ца1абар, и «буьртиг» сов мел бели, сутаралла цаюзар. Демар-дарц хилла аталуш хета къоман цхьаалла, херделла вай, хийла ву вовшашца юкъаметтиг йоьхна, духьалкхета йиш йоцуш, вовшех пебетташ. Ц1ераш яха лаац кхузахь, амма ма дукха нах боьвза вайна х1оранна, селхана уьйраш, гергарло, вовшийн безам, вовшийн багарайоккхуш кхоллуш хилларш тахана вовшийн ц1еъеккхича б1аьрга ц1ий хьоьвзаш, вовшийн тешнабехкаш бина, вовшийкарах бала киччанаш. Стенна т1ехуло, х1ун къоьвсина еана царна юкъе и херо а хууш ду вайна…

Люра х1ума хилла нохчийн юкъараллехь вер-ваккхар, доккханиг хетац тахана иза а, ойла ца йо мел метта ца х1уттун зен ду, вай санначу, къомана шена юкъара цхьаъ иэшар а. Дицделла хийланна: «Адамо цхьа адам дер – доллу адам дер санна ду», – боху Делан дош. Къизалло гатбина тахана церан кийра, адамалла ягон алу йогу церан кийрахь, шаьш шайн къам жимдеш дагарш ду уьш. Адаман адаме йолу йовхо лахъелча, д1алоцу къизалло цуьнан кийрахь яссаелла меттиг. Цкъа а вайна юкъахь ца хилларг, цхьана заманахь дина хиллера аьлла ца хезана х1ума кхузахь, эццахь, д1огахь дина бохуш, дукха хеза тахана, дукха хеза бехк а, гунахь а доцуш вина–веккхина бохуш… Далла дезаш х1ума дац къизалла…

Далла дезаш х1ума дац дозалла а, элчанна а (1. с. в.) ца дезна, вайн къомо а осалла лерина, амма, тахана алсамбевлла и дезарш, шаьш ечу г1ишлонан лекхалла а дозаллина ю церан, хьовсал, гой шуна ала. «Г1аланаш ирх мел оьху, адам лахлуш хир ду», – боху Дела элчанан (1.с.в.) хьадисо а. Шеко кхоллало оцу нехан ийманах. Хьаьжац1а вахана вог1уш ша дарж дохьуш вог1уш тарло цхьаволчунна, дицло и декхар хилар. Далла хастам бу вайн диканаш болуш, церан ламаз–марха, маьждиге, хьаьжц1а бахар даггара долуш, церан кийрахь ийман долуш, амма воцург, ийман а, ламаз а, марха а ду шен, рузбанехь а ву, хьаьжо а ву боххушехь, шен амало, ша лелочо гучувоккху. Хабар – хабар ду, духар – духар ду, махках йолчу климате хьаьжжина, хьуьнехдинчохь дешна аьлла делла диплом – мужалт ю, стага дийриг ду цуьнан ийман, адамалла, бакъдолу сибат гойту куьзга… «Дела шун духаршкий, куьцашкий хьоьжуш вац, аш дечуьнга, шун дагчуьрча нигате хьожуш ву», – боху элчано (1.с. в.).

Ц1е ч1ог1а еза цхьаболчарна. И езар, ларъяр а, вониг дац, жимчохь дуьйна ларъе олуш а ду, вай хьалха лаьцнарг халкъо «шен ц1оганах яьлла а ц1е езар» олург ду – ша воцург хила г1ертар. Цхьаберш, политикаш бу бохуш лела и «ц1е» шайх юьллий… вуьш 1илманчаш… 1еламнах… яздархой… историкаш… философаш… журналисташ… правозащитникаш… бу шаьш бохуш лела… х1ораммо къоман дуьхьа лела ша а боху… Шайн-шайн партеш… центраш… фондаш… шайн программаш… уставаш ю ишттачийн… шайн цитаташ ю цхьаццанхьара юкъ-юккъера яьхна, шай-шай бакъ, шай-шай даггара ву боху. (Ишттачех аьлла хир ду Къор1ан т1ехь: х1ор а тоба шен долчух йоккхаъеш хир ю). Дика хила дезара оццул хьадалчаш болчу къоман хьал. Шийла мохь х1унда оьху цуьнан тахана, оццул дукха «говзанчаш» шен г1уллакх айдина, шена орцах арабевлла хилча?! Шаьш боцурш хила г1ертачех, хила г1ерташ аьлча а, моттийта г1ертачаьргара диканиг ца долу, олура баккхийчара. Бакълуьйш а хиллера, ишттачех дика даьлла дало масал дац вайн, карзахалла хьийзайо цара юкъараллехь, цкъа а чекхъялац цара х1оттийна, лакхахь цхьанхьа-м вай хьахийна, «национальни проект». Цхьаъ а ца яьлча, шоллаг1ниг… кхоалг1аниг… пхоьалг1аниг… итталг1аниг а ца яьлча, ойла х1унда ца йо оцу ца яларан? Ша х1ун боху цара хьере динчу къомо? Со дитахьара аш, тоьар дара аш суна т1ехь динарг, боху. Амма, дуьтур дац. Ша къам дуй а хиъна, ша ловза ца дайта, шена п1еалгаш ца 1иттийта 1аммалц дуьтур дац. Х1етталц, тобанийн карахь д1асалесто хьокха а хилла, д1а а схьа а мел ласторг шена а кхеташ когаметтах1отта ца дуьтуш ах1 деш хир ду…

Х1ораннан а нахе шен ц1е дика яккхийта лаам хилла вайн юкъараллехь. Амма тахана, шаьш шайна цхьацца ц1ераш а техкина вукхаьрга уьш т1елаца бохурш буьйцу вай. Син могушалла галъяьллачух тера хета церан, кортош хьийза таро ю, хьалха цхьацца б1арлаг1аш хуьттуш. Х1ор а шен декъашо къомана хьалха жоьпаллехь а, кхечарна хьалха шен къомах дала жоп долуш а воцу юкъаралла а хир ю шен декъашхойх кхетта ун кхетта. Т1аьххьара а меттиг ца тоьа оцу наха шаьш шайна техкинчу ц1ерашна, «сой-сой» олий, вовшашца девне йовлу уьш. 1арбийн ду, боху, олуш: «Междигах ц1е тассий а, хьайн ц1е яккхийта». Хуьлийла яц иштаниг къоман кица, сонтачу неханиг хир ду, беркат доцчеран, междигах ц1етассар – ша шех жоьжахатан ц1е тасар хиларан ойла ца ечеран, вай лакхахь «гара философи» аьлларг ду иза. Ишттачу «философица» шайн ц1еяккхийта г1ертачара яккха а йоккхуьйту иза, шайниг бехйина ца 1аш, къомана т1е а хатташ кхийсуьйту, юьхь1аьржо йохьу. Юьхь1аржонан мода хиэ, сабано д1аяккхац, цхьа а «стиральни порошок» яц цуьнан хьоькх ц1анъеш…

Лакхахь ма-аллара, цхьана эшшарехь додац х1ара къамел, дуккхазза нисло цхьаъ дуьйцуш лаьтташехь, кхечунна т1е довлар. Цхьадолчунна йоза дечун бехк а хир иза – д1асалелхачу ойланашна дола цададалар, кхин бахьанаш хила а тарло, уьш леха, къесто а оьший хьовха, коьртаниг х1ара вайна оьшуш хилар, мухха дахь а, дан дезарг ду олий дуьту.

Исторе кхевдина цхьа хилам карлабоккхур вай, вайн политически б1аьрсин хьажар мел к1орга хилла гойта тарло цуо. Вешан дахарца а, амалца а доьзна х1ума, дагадеъанчохь хьахор вай, цуьнан раг1 кхочур бохуш ца дуьтуш, суо х1уманна вицлуш хилар а ду сан кхузахь тидамехь. Истори юхайийцархьама хьехадац кхузахь х1умма а, ваьшца доьзнарг, цу хиламашкахь ваьш лелийнарг, лелийначо еанчу т1аьхьенан хьесапдан бохуш карладоху.

19-чу б1ешерийн чаккхенгехь а, 20-чун халхарчу шерашкахь а дукха тобанаш яьржина Россехь. Уьш яржаран бахьанаш дийца доьлча, дахлур ду х1ара, цундела уьш юьстах дуьту кхузахь. Росси дакъалоцуш а йолуш, боьдуш дуьненан хьалхара т1ом хилла. И болийначу а, дуккха а Россин мохк д1алаьцначу а Германис к1елдашха карзйохуш а хилла цхьайолу тобанаш, къаьсттина Ленин коьртехь верг хилла, боху, цуо иркарах1иттош, ахчанца г1о деш. Т1аьххьара а, революци йо аьлла, пачхьалкх т1ек1елтесна оцу тобанаша, шайга даккха ма-ллу алссам адам карзах а доккхуш. Нана-йоккха к1урк1амани хьаьвзина йоллучу имперехь. Долу-уш граждански т1аме даьлла и хьал – «ц1енашший», «к1айнашший» аьлла шайна ц1ераш а техкина – вовший х1аллакбан х1иттина эзарнаш, миллионаш. Кавказе а кхаьчна и х1ума. Вайн махка и кхочуш, «к1айнчашна» коьртерчу Деникина, Нохчийчийчохь ц1ейоккху нах т1е а кхайкхина, аьлла: тхо тхайн юкъаметтиг къастош ду, шу, нохчий, юкъа ма г1ерта. Нохчо инарла Ирисхан Алиев а хилла цуьнца...

Вайн барт ца хилла. Цхьаболчара – 1адда 1е, муха доьрзу хууш х1ума дац х1ара бохуш, вукхара – х1ан х1а, большевикашна т1аьхьах1итта деза бохуш. Деникинцаша Соьлжа-г1ала яьккхича, хууш ма-хиллара, цигара большевикаш нохчийн ярташка бевдда, 1алелай, шу майра а, тешаме а, хьаша т1еоьцуш, ларвеш а дара, нохчий, тхо «к1айнчеран» та1зарах дахахьара аш аьлла. Вукхара, шайн г1иллакхе хаьжжина, уьш т1еэцна. Тхуна т1аьхьах1иттахь коммунизм олу дуьненан ялсамани хир ю шуна, шайна ма-ттов парг1ат, маьрша хир ду шу бохуш, большевикаша карзах а еккхина, А. Шериповс «ц1ен арми» а кхоьллина, вайн цхьа тоба большевикашна т1аьхьах1оьттина. Т1аьхьах1оьттина аьлча нийса а хир дац иза, вуьш-м шаьш ма хилла, деэшна, нохчашна т1ехьа левчкъина. Уьш цара Деникинна д1а а ца белла долу-уш т1аме даьлла г1уллакх, дукха нах а эгна цу т1амехь, дукха ярташ йохийна «к1айнчара» т1е яккхий тоьпаш етташ, шортта турпалхой а бу вайн цу т1амехь ц1еяьккхина.

Кхин цхьа тоба хилла вайн, Дег1астанара вайна имамалла дан веанчу 90 шаре ваханчу Узум-хьаьжина т1аьхьах1оьттина. Ала деза, Узум-хьаьжица большевикаша лелийнарш а мекарлонаш хилар, хьан хьайн пачхьалкх хир ю бохуш, Деникинна дуьхьал ваьккхина иза, цуьнан армин главнокомандующи а большевик хилла, Н. Гикало бохуш, тахана бомба кхетаза елахь, памятник а ю вайн цунна ларамца латтош… цуьнан ц1е а яра вай берашна туьллуш… кхано Узум-хаьжин деши а лачкъийна къайла ваьлла, цхьанхьа-м Юккъерачу Азе д1атилла бохуш а дуьйцу иза…

Большевикашкахьа ваьлла Деникинна дуьхьал т1ом беш хилла вайн эвлаяан к1ант Митаев 1ела а (т1аьхьо-о хуур ду вайна цуьнах хилларг). Кхузахь вай кхоьссина-а дуьйцу, башха хронологи олург а ца ларйо, – и хронологи хууш ю, – вайн 1алашо оцу историн денойн терахьаш х1иттор, и юхайийцар яц, цуьнгахула вешан амал, вешан йоцу политика, ваьшна ца тоьарг, вешан башхаллаш йовзар а, ишттачух ваьшна болу «пайда» дагабаийтар а ю. 21 шо кхаьчначу А. Шериповн оцу т1амехь кхалхар нисделла, иштта ца нисделлехь, т1аьхьо-о эцца Ростове д1а а кхайкхина большевикаша шаьш а вуьйр вара, цул т1аьхьа вийна, лакхахь хьахийна, х1айтъаьлла Деникинна дуьхьалойина Нохчийчоьнан ревкоман декъашхо Митаев 1ела санна – оьшучу хенахь айвина а лелийна, ца оьшучу даьлча д1аваьккхина – тоьпаш тоьхна, къонах, махкахь лоруш стаг хиларна тоьхна. Узум-хаьжа кхелхина, цуьнан эмират а, Деникинан кхерам шайна д1абаьлча, большевикаша «д1ач1аьг1на». Селхана-стомара г1алин юкъа ца х1оттайойтуш вайн музейн кертахь лаьтташ яра Шариповна йина памятник… Ермоловниг тоххарехь меттах1оттийнера…

Кхочу-уш стенна т1е кхаьчна оцу хиламийн т1аьхье? Деникинах къоман турпалхо вина тахана, канонизировать вина, воцуш цатериг хилла, кхана памятник х1оттор ю цунна а, х1инцале х1оттоза елахь, вайх бандиташ хилла, «враг народа» хилла, т1аьххьа а депортировать дина, кхин мел ду иза дагардан…

Кхузахь аьр цхьамма, дуккха бахьанаш хилла нохчийн паччахьан 1едална а, цул т1аьхьа Деникинна а дуьхьалбовла, большевикашна т1аьхьах1итта. Хилла, к1езга а ца хилла, амма, и бахьанаш листа а политика хила еза, барт хила беза, мера к1ел дерг ларарах тоац политикехь, гено-о хьожуш, оцу мера к1ел долчун кхана хин йолу т1аьхье хаалуш хила веза, шена т1е цхьа жоьпалла эцна хьалхаваьлларг. Бахьана хьан мел доккха, лаам мел даггара, хьуо мел х1айтъаьлла, т1ахъаьлла, доьналла, майралла, ницкъболуш хиларх, нийсса б1останехьа дирзина, чекхдер ду хьесап дина, массо а аг1ор дуьстина, лерина доцург…

Х1ан, и граждански т1ом д1абоьрзу. «К1айчарна» коьртехь хилларш махкара а арабовлу, царна т1аьхьах1иттина хилларш, дукхахберш, шайн погонаш охьа а йохкий, «ц1енчех» д1аоь. Центральни Россехь дукха гуш хир бу шаьш олий, цхьабола «к1айнаш» Кавказехьа г1оьрта. Шайна юкъахь алссам мотт-йоза хуурш хиларе терра, уьш цхьацца белхашка д1анисло, хийламмо шен ц1е, фамили хуьйцу. Амма, т1ехулара кхечу «басе» бевллехь а, дагахь шаьш хьалха хилларш бисина дукхахберш, т1ом боьдуш вайнаха, большевикашкахьа а бевлла, шайна динарг, х1умма а дицделла а боцуш. Кхузахь хьахо мегар ду х1етахь «казачья контрреволюция» олуш хилларш а. Махках уггар дика латта мацах ермоловг1ара шайна а делла, таро йолуш бохкуш хилла г1алг1азакхий. Цу революцин хиламашкахь т1етовжа, вайнах бен кхин ницкъ ца карийначу большевикаша, цхьадолу латта шайн хиллачарна юхадерзийна, и ца тайна вукхарна, хьалха хиллачул а хераяьлла цера вайнахаца юкъаметтиг. И вас д1акхоьхьуш, вайнах сийсазбеш, къахьоьгуш а хилла церан политика д1акхоьхьурш... 44-чу шарахь вай доххолц а, юха ц1адерзийча а бина и болх, тахана а даржаза ду оцу кхоларийн таммаг1анаш. Даша юккъехь, ала деза, и г1алг1азакхи а кхечу ницкъаша ловзош хилар. И нохчийн емал баран политика схьайохьу-уш, шайгахьа а бевлла, т1амехь жигара дакъалаьцначаьрга, х1инца шаьш «к1айнчарна» диттина герз охьадиллал, «чеченаш», олу оццу большевикаша. (Ала деза, нохчий, г1алг1ай х1етахь юьстах совцаеллехь, большевикаш Деникина эшо а, церан х1удайан а тарлуш хилар. Йоккха новкъарло йина цунна вайнаха. Оцу инарло шен мемуараш т1ехь а далхадо и х1ума. Нохчий, г1алг1ай Деникинна т1аьхьах1иттинехь-м, «к1арс нана пехаш чу» олург хир дара большевикашна – ч1ог1а дала тоьхна хьал х1уттур дара. Х1етахь и динехь, цхьана политиках тера а хир дара иза).

Х1умма а, к1еда-мерза къамел а ца хилла оццул шайна селхана накъостий хиллачаьрга дийриг, ультиматум олург хилла, х1ор сельсовете а х1оккхул герз охьадилла олий, план а яийтуш. Саб1арздина хьовзийна адам, хийла вийна, хийла Сибарех, набахте хьажийна, цигара юха ца воьрзуш вайна...

Кхузахь гуш хета, цхьа исторически хаттар х1оьттича, дала нийса жоп, и лаха политика йоцуш вай карош хилар. Иштта нисдалар къомо, ша-шена дола ца деш, шен х1ума тобанийн карадахийтина тесна дитар хета. Политикехь цхьа ког галбаккхар а боккха иэшам бу, бале долу чолхечу муьрехь схьадиэлла шен «къоман жайна» ца хилар. Хила деза иза къоман, ша къам делахь, кхана ша хила а лаахь, х1оранна коьртехь, ойланехь долуш, массо а цуьнан маь1на, 1алашо хууш, и шен 1алашо хеташ а волуш хила деза. Тобанашка ца кхачийтуш, ша еш хила деза къам шен истори, и ша ян оьшу цунна шен дерг а, хиндерг а лоруш «бухгалтери» – политика. Тахана, т1аьхьенан ойла ца еш, хирг хир дара кхунах-м бохуш, лелийначу х1умано кхана юьхь1аьржо йохьу, кхечарга, шайн истори ечаьрга, ша, берс анна, левайтар, ловзавайтар, охьата1авайтар хуьлу цунах…

Лакхахь йийцинчу хенахь: «Во, т1егулло, шоьтан дийнахь, Къозана 1ам т1е верта а тесна, ламаз дийр ду цхьана эвлаяо, ваза ма 1е цхьа а!» – кхайкха йоьлла цхьа тоба. Д1агулделла адам. 1ам т1е верта тесна, ламаз дар т1аьхьа а теттина: «Соьга Дала имам вала боху», – аьлла, къамел долийна Дег1астанарчу цхьана къонахчо, Нажмуддин-молла хилла иза, Гоцинский а олу цуьнах (цхьана муьрехь Узум-хаьжица а хилла иза, амма вукхо, цуьнан цхьацца х1ума ца тайна, шех д1ахервина хилла. Доцца аьлча, имамалла шена дезаделла таро ю цунна). Дуккха даьхни долуш а (итт эзар жа), ша зоьртала стаг а хилла бохуш, вуьйцу иза. Шелара Сух1айп-молла а хилла оцу «ламазе» хьажа вахана. Сух1айп-молла эвлаяъ а, Нохчийчохь, ша саннарг кхин воцуш, воккха 1елам а, шен къомана саготта а, и ч1ог1а лардан г1ерташ а къонах хилла, доккха доьналла долуш стаг а хилла, ала дашна, «дики дивизехь» вайнехан молла а хилла иза, цхьана куьйгахь К1ор1ан а, вукха куьйгахь тур а долуш, т1елатарна юкъа а воьдуш. Россехь революцин карзахаллаш йолаелча а хьедина цуо нохчашка: «Варийлаш, цу юкъа ма г1ерталаш, зулам дер ду вайна цуьнах, вай жима а, декъаза а къам ду, ишттачохь сема хила а, лардала а дезаш…»

Нажмуддин-моллас и къамел долийча, хьо дан г1ертарг сонта х1ума ду, хьаштдоцург ма дийца, хьох имам а хир вац, ахь, хи т1е верта тесна, ламаз а дийр дац, ЧК а кхуьйлуьйтуш нохчий х1аллакьбойтур бу, аьлла цуьнга Сух1айп-моллас. Х1ан-х1а, лаахь а, ца лаахь а, имам ву ша аьлла шенчунна т1ера цаваьлла важа. Долу-долу-уш дош дашера далар нисделла. «Ас дешначу Къур1анор, хьайн т1ингар дасса а делла, масийттазза и т1ек1елдуьллуш юкъйоьхкуш, ведда лелар ма ма ву хьо!» – эли, бохура, Нажмуддига Сух1айп-моллас, цуьнан гай т1е шен 1аса а 1уттуш. Цул т1аьхьа, схьавало ас аьлларг дийриг аьлла, ц1ехьа вирзина Сух1айп-молла. Дуккхахдолу адам цуьнца ц1а а дирзина, цхьа тоба керлачу имамана т1аьхьа а х1оьттина. Имам ву аьлла, х1ун ду Нажмуддис дина? Волалушшехь, ЧКас охьааьтта цуьнан «б1о», ша ведда ваьлла. Сух1айп-моллас ма-аллара, шен дег1ан олладелла чкъор масийттаза т1ек1елдуьллуш т1ехула доьхку а доьхкуш, ЧКах идда, т1аьххьара а ша ЧКана т1е вахана…

Багар бина а бац вайн и бахьанехь х1аллакбина нах, халкъана оцу х1уманах хилла эшам…

Хилла хир ву Нажмуддин 1елимстаг, хилла хир ду и дика адам, Делехь ю цуьнан кхел, амма тахана дуккха а хаттарш хуьтту цуьнга а… вайга а…

Х1ун тосало цу охьадагардинчу х1уманашца? Туьйранах бер санна, стеннах а, хьеннах а тешар, т1екхаьчначу хиламан чот тоха, анализ ян, вешан х1ума, ваьш лардан вайна цхьа х1ума ца тоар тосало. И «вертан т1ехь ламаз дар» ас кхоьллина дац, вайн историн факт ю, цу заманахь леккхара дешар дешна а волуш, махканаа вевзаш къонах а, вайн воккха яздархо а хиллачу Ошаев Халидан «Алунан шераш» бохучо романна т1ера схьаэцна дуьйцу ас иза. И Ошаев вай тахана хьахош а вац, амма виц ван везаш вацара иза, доккха пусар дан дезара цуьнан, обкомо лучу паеке са а ца туьйсуш, 18 шарахь Колымехь чохьваллийча а къар ца луш, шен къомана ваьхна къонах ву иза…

Юх-юха хьехор а дацара вай и ламаз дар, тхо х1инца кхин ду аьлла дуьтур дара, ишттаниг шаьш а дийр ду бохурш тахана а ца буьйлахьара...

Юха а, дукхахболчара ма доладе, зулам дийр ду аш а бохуш, тобано бертаза долийначух дика хилац, къоман барам – шениг, тобанан барам – шениг бу. И шайн барам хууш хила езара таханлера тобанаш а. Ц1е кхолла кийчча хуьлу цхьаберш, вайн сийлахь мел долчу х1уманна «ревизи» еш ю, г1арабевлла турпалхой емал бо, дешнанах аьшнаш бо, ва иза, ва важа аьлла. Вай луьйш дац, вай кхин къамел дан г1ерта – вешан дакъазалла йийца. Дан-м, вайн исторехь цхьадолу хабарш, йозанаш, тарделларш, моьттинарш, лелийна моттарг1анаш, боккъалла а, «ревизи» оьшуш а хир ду. Х1ор хилам теллина хила беза, шеко йоцчу тешаллийн бух т1ехь хила беза и таллам. Кхузахь ала г1ертарг-м чолхе а дац, х1ума дололе, къоман лаам хууш хила веза и долориг, къомана юкъахь барт хила беза и долош, цуьнан т1аьхье гуш хила еза, шайх ву ша бохучунна муххале а. Кхин а дукха «технически» х1уманаш ду х1ума долочарна хаа дезаш, к1оргера йина хила еза цуьнан т1аьхьенан ойла, юьстина хила еза х1уманан йоллу аг1о, 1айт-вайт аьлла б1аьрзе долийнарг декъаза дирзина масалш дукха ду вайн селханехь…

Дийца атта ду х1ума, х1етахь цхьа лаам кхайкхо халкъах дагаваьлла, болам г1атто хьелаш хилла хир дара аьлча теша хала ду, исторехь изза Разинан, Болотниковн, Пугачёвн боламаш кхин сов «народни» цахилла, амма уьш «народно-освободительное движение», «восстание», «крестьянская война» лерина исторически 1илмано, ала тарло цхьамма.

Ишттачу х1уманна халкъаца дагавала хьал ца хуьлийла а яц, амма, и дан цхьацца новкъарлонаш ялахь, долоннеа долон ца деза и х1ума. Кхузахь галдаьлларг кхин ду – тобано къоман ларам ца бар, цуьнан метта ша хетар, шена тарделлачух хьекъал а, дош а дой х1ума долор. Дола а далале эшам бу ишттаниг. Ма-дарра аьлча, «народно-освободительное движение» яц Пугачёвн болам а – ша хьуьнехдина Петр lll ву бохуш хабар а даржийна хьулла эрна арахь сонта нах вовшахь а тоьхна г1аьттана муьжге ву иза, ма-дарра аьлча, авантюра ю цуьнан болам, мел алсам елахь а, тоба ю цуо вовшахтоьхнарг, силанечу империйна б1аьрга дахана цхьа чемхелиг ду иза, х1оьттинчу исторически реалешкахь чекхдер долуш х1ума дац, къомана зуламмий, Суворовг1арна орденаш-седарчий бен х1ума дац цуьнах даьлла. Мила хир вара Пугачевх, масала, и тоьллехь? Изза Петр хир вара… Павел хир вара… Александр хир вара… Николай хир вара… Х1ун кхочур дара «народана»? Шен хилла «крепостное право» кхочур яра. Зеделла х1уманаш ду уьш. «Народ (боккъалла а) освободить» деш ерг ю «народно-освободительное движение», масала, Симон Боливара Латинский Америкехь йолийнарг а, чакхъеккхинарг а, Уралера Петербурге кхаччалц висилицаш а х1иттийна «народ» хьалаоллийтуш ерг – вониг ю… беркат доцург… бунт олу ишттачух, смута а… авантюра а. Изза тоба а, изза бунт-смута а, изза виселицаш а ю Разинниг а, Болотниковниг а. Бевдда лелий, бевлла лелий нах, вукха аг1ор «босякаш» олурш, бу оцу боламийн коьрта «движущая сила». Марксистски идеологис, шен хьежамашца нисбеш, бестийна боламаш бу уьш, хила «удалые разбойники» олу компанеш хиллах – юха а ала – как раз тобанаш. Делахь а, луучо лекха шена «…Выплывают расписные Стеньки Разина челны. На переднем Стенька Разин, обнявшись, сидит с княжной…»

Оцу эшарехь къомо ша гойту Разин мила хилла а, мила цуо «освобождать» вина а. И мах бу къомо оцу х1уманна х1оттийнарг, кхидерш хабарш ду…

 

/Т1аьхье хир ю/

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.