Для восстановления архива, сгоревшего в результате теракта 04.12.2014г., редакция выкупает номера журнала за последние годы.
http://www.nana-journal.ru

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН

Пресс-эстафета "ЧР - ДОМ ДРУЖБЫ"


Сох назма хуьлучу буса... Печать Email

Гайтукаева Бана

 

* * *

Со ца теша, со ца теша

Цу хьан б1аьргех кхин,

Д1ахаалахь, ас кхин цаьргахь

Безам лоьхур бац.

 

Х1инца кхийти со вайн дегнийн

Ас лехначу ц1арах,

Иза лезна кхачаделла, и хьуна-м ца ги.

Д1ахаалахь, ас кхин хьоьга безам боьхур бац.

Кхин сатуьйсуш со хьоьжур яц

Цу хьан кехате.

Лазам артбеш, сан белшаш т1е

Йижна шийла к1ац,

Хила а хилла со ахь айхьа кхоьллина,

Марша 1ойла! Сирла хуьлда

И лазам а хьан.

Кхин сатуьйсуш со ца хьоьжу

Цу хьан кехате.

 

 

* * *

«Хьо соьга хьежалахь – 1алашбеш безам,

Хьо йолчу верзаре ц1ехьа!»

Йистхуьлу раг1 яра йо1ехь, амма и

Хьаьжира дош доцуш к1анте.

Оьшуш а яцара к1ант тешо ч1аг1о,

Ц1еначу хьажарх и кхийти.

Поездо мохь туьйхи – некъ юьхьарлоцуш,

Йо1а дагчохь къуьйлуш

Берг санна,

Т1аьххьара ницкъ гулбеш делийна б1аьрхиш,

Цо эли: «Некъ дика хуьлда!»

 

* * *

Сох назма хуьлучу буса

Хьан г1оьвлехь соьцу сан ойла.

Сайн сица хьан г1енаш хьостий,

Ас малйо сайн деган г1овла.

Т1аккха со д1а новкъа йолу,

Хьан ц1ена ойланаш оьций,

Сан са а мукъаме долу.

Соз назма хуьлучу буса,

Хьайн г1оьвлехь йоьлху сан г1айг1а.

Хьан деган мукъамех дуций…

 

 

* * *

Ц1е яц хьо, ц1е яц хьо,

К1ур бу хьо, к1ур!

Ахь дагна йовхо ца ло,

Мелхо а сан б1аьргаш 1ийжадо,

Сан дагчохь мел даьгнарг кегадо,

Сан коьрте сингаттам хьийзабо.

К1ур бу хьо, к1ур!

Малх бац хьо, малх бац хьо,

Дохк ю хьо, дохк!

Ахь дагна серло ца ло.

Сайн лазам г1айг1анах иэбина,

Сан лераьхь хьайн шийла мохь бетта.

Дохк ю хьо, дохк!

 

 

* * *

К1илло!

Делан хьукма хуьлда хьуна.

Ахь ма бехийн сийсазяьккхи

И хьайх тешна йо1.

Хьуна-х бехке дара цуьнан б1аьра

Цхьа къийявелла хьажар,

Хьуна-х бехке дара цуьнан лорах

Хьарама ког ловза.

Нохчо варий хьо-м, нохчо!

Хьуна бехке яра хьуна

Хьайн махкара х1ора йо1.

Ночийн ойла, нохчийн безам…

Х1ан-х1а, ахь бехди и.

Хьуна хьакъ дац х1окху лаьттахь ваха.

Кошан упха хилла х1ора буса,

Шун тхов-сорпалша хьан синтем буийла,

Шун ц1ийнан тхов хьан сина уг1ийла!

 

 

* * *

Хьо вар-кха сан дагна сел везна,

Г1енахь со хийла хьистинарг,

Цкъа мацах сил ч1ог1а со тешна

Сайн лоьруш дагара дийцинарг.

Сатийсам ширалле бирзича,

Г1енаш а г1елделча со 1ехо,

Х1унда ахь сан синтем лачкъийра,

Х1уттуш сан не1аре шозлог1а?..

 

* * *

Баркалла хьуна,

Соьга ахь ца яздеш дисинчу кехатна, баркалла.

Сан лазам, цуьнан ц1е

Цкъа цкъа а 1емар яц,

Беза бу цуьнан мах,

Дахарца къоьвсина баьккхина.

Баркалла хьуна…

Цуьнан аьхь ц1ена ду –

Цундела ма бу и лазам.

Баркалла хьуна…

Хьан лазам цкъа а ма лазийла..

 

 

* * *

Х1ордан кийрахь д1адай вайн кехатан кема,

Ша т1аьхь йина г1ала санна, 1енош лаамаш,

Вайша 1ехаделла мацах кхоьллина туьйра,

Цо сан дагчохь тховса т1аьххьара садо1у.

 

 

* * *

Со кхоьруш лелашехь хьан б1аьра хьажа,

Сан ирс, хьо лачкъий-кха кхечо,

Вайн некъах биси-кха беккъа цхьа лазам,

Со лоьхуш лелашехь гечо.

Д1аяхна сан сийна б1аьсте,

Ас мичхьа лаха хьо, мичхьа?

Х1умма а нислур дуй со кхайкхарх хьоьга,

Сан дагна хьехна 1уьйре?

Хьан б1аьра а хаьжна, даре дан кхоьруш,

Ас сайха къехкийна суьйре?

Ма ч1ог1а г1елъелла х1оьтти хьо

Тахна сан уьйт1а,

Хьайн къоьжа месаш а охкийна,

Стиглано схьагулъеш ойланаш сийначу куча,

Г1айг1ане б1аьргаш а кхохкийна,

Гуьйрено дагах п1елг бетта,

Схьахазош г1арг1улийн илли…

Ма ч1ог1а г1елъелла х1оьтти

Хьо тахна сан уьйт1а,

Хьан къоьжа месаш охкийна,

Стиглано схьагулйи ойланаш мокхачу куча,

Г1айг1ане б1аьргаш кхохкийна.

Ма ч1ог1а г1елъелла х1оьтти-кх

Хьо тахна сан уьйт1а,

Х1умма а нислур дуй…

 

Ма ч1ог1а г1елъелла х1оьтти-кх хьо

Тахна сан уьйт1а.

Хьайн къоьжа месаш а охкийна,

Стигла а ма ч1ог1а цецъялла хетта.

И хьоьжу б1аьргаш кхохкийна,

Ма ч1ог1а г1елъелла х1оьтти хьо тахна сан уьйт1а,

Сан дагна ирс хьехна 1уьйре,

Х1умма а нислур дуй со кхайкхарх хьоьга,

Хьан б1аьра а хьаьжна, даре дан кхоьруш,

Ас сайха къехкийна суьйре,

Ма ч1ог1а г1елъелла х1оьтти хьо тахна сан уьйт1а.

 

* * *

Теша со, хьо кхочур ву.

Сайн логехь совцийна б1аьрхиш,

Ас хьоьга д1ахьовсор ду

Къастаро делхийна б1аьрхиш.

Теша со, хьо кхочур ву.

Ирсо вайн къагор ду дегнаш,

Ас хьоьга туьдуьйтур ду

Сайн безам хьагбина г1енаш.

Теша со, хьо кхочур ву,

Дитина мел долу дезарш,

Ас хьуна д1айоьшур ю

Хьан ц1арца кхоьллина байташ.

Теша со, со хьоьжуш ю,

Дицдина мел хилла вонаш,

Хьан белшаш т1е дохкур ду

Хьо воцуш шелделла куьйгаш.

 

 

Зама

 

Х1ун до ахь, х1ун до ахь,

Дакъаза ма яларг,

Бус-буса сан корехь йоьлхуш?

Наноша наналла доьхкинчу дийнахь,

Мехкаршна ц1еналла оьшучу дийнахь,

Х1ун до ахь, х1ун до ахь,

Дакъаза ма яларг,

Бус-буса сан корехь йоьлхуш?

Къонахий шайн синойх лекъачу дийнахь,

Боьрша нах 1индаг1ех къехкачу дийнахь,

Х1ун до ахь, х1ун до ахь,

Дакъаза ма яларг,

Бус-буса сан корехь йоьлхуш?

Синошна лекхалла оьшучу дийнахь,

Г1иллакхаш соьмашкахь хуьйцучу дийнахь,

Сийлахьа тхан б1аьвнаш юхучу дийнахь,

И ца ловш лаьмнаш техкачу дийнахь,

Х1ун до ахь, х1ун до ахь,

Дакъаза ма яларг,

Бус-буса сан корехь йоьлхуш?

 

 

* * *

Ас хьоьх къонах эр дара,

Хьуна хьо бен цхьа а къонах хетахьара,

Я къонах вац эр дара

Дика-вуонехь ахь гІо ца лацахьара.

Ас хьох оьзда стаг эр дара,

Ахь мацвелча ненан мотт ца бицбахьара,

Ас хьох боьха стаг эр дара

Муьлххачу ворданан дена илли ала ца хаахьара.

Хийла йоьІан дагчохь ахь цІе латий,

Везий хиъча юьстах вала Іемаш,

Ас хІун алий яккха те хьан цІе,

Ас хІун алий,

Хьо кхелхича дахар лийр ду моьттург,

Ас хІун алий яккха-те хьан цІе?

 

 

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.