http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Дечиган тайнигаш Печать Email

Ахмадов Муса

Буьйсанна бетассин серло корах чукхетта карийра Денина, генахь доццуш даьллачу цхьана ирачу татано ша самаваьккхича, дехьачохь беран гIийла делхар а хезира. И хIун тата ду хиира, тийналла юха а герзан гIергIаро мерцича, ша маршабаьллачу махкахь вехаш хилар дагадеара, и бахьнехь ша ирс доцуш хила йиш йоцийла а. Бер юха дилхича, дехьа чу ваьлла «ошхIада» дийшира цо, аган тIера хIума дIа а тосуш: иза гIенах доьлхуш дара. Бер маликаша делхадо, хьан дай-наний делла хьуна бохуш, дагатесира цунна мацах цкъа нанас олуш хезнарг. Ма къиза бегаш бу-кх уьш, дай-наний бен, кхин хIума доцуш цхьанхьара, Азаллера хIокху шийлачу, Iаьржачу, кхерамечу лаьтта деанчу, цхьана а хIуманна охIла доцчу жимчу адамна. Я маликаша бийраш бегаш бац техьа? Цара и жима адам хIокху къизачу дахарна кечдеш ду техьа, хьалххехь цунна бохаман чам бовзуьйтуш?

Ша тайпа жоьжахати ю-кх Латта а, адамийн синош зен кхоьллина. Бер дуьненчу ма делли, дIадолало зер. Дахар – сингаттам, дахар – лазам, наггахь итт шарахь цкъа – самаьршадалар а. Самаяьлла нана бехкалайоьду:

– Набаран тар тесна хилла-кх суна.

Цуьнан куьйга кIелахь цхьаьнаэшшарехь дIасатехка доладеллачу агано, цацано ахьар санна, луьйсу беран делхар, дуьненчухула дIасакхуьйсуш даржадо, эххар а иза дов.

Сехьа чу а волий, стоьла хьалха охьахуу иза. Стоьла тIера кхуо дечигах даьхна суьрташ беттасин серлонехь, цхьана тамашийначу, адам тIе ца кхочучу хьуьнан кIоргехь дехачу садолчу хІумнийн гІаларташ хета.

Жима волуш дас ша ламчу жа дажо вигча, цигахь карадирзира цунна и гІуллакх – дечигех нехан суьрташ дахар. Дас ца тадира: пайда шех схьабер болуш хІума дац, тІе адамийн суьрташ дахкар бусулба дино магийна а дац. Амма уьрсаца дечигаш цестар цІийх доьллачу цо аьттехьа а ца йитира и ойла, ткъа шен «ІаьнтІехь ламанан юьртахь» боху кегийчу скульптурийн сурт – метр деха а, ах метр шуьйра а долчу уьн тІехь юьртахь хуьлу коьрта хиламаш а, гІишлош а гайтинера цо: сонехь лаьттара лекха бІов, маьІ-маьІІехь – цІенош, цхьанхьа гу тІера салазаш хохкуш бераш, вукхузхьа – пхьог1ана хІиттина нах; царна уллохула тІехваьлла, салазна ши сту а боьжна дечиге, я йол цІаян воьду воккха стаг; юьстахо долчу шовданан коьртехь лаьтта захало дуьйцуш кІант, йоІ, кегийрхой; хи мало а дигна, жа цІа далош вогІу жима кІант, цунна юххехь доккха месала жІаьла – хІаъ, и сурт Москвахь хиллачу гайтамехь тидаме эцча, цуьнан цхьа а шеко ца йисира, ша юьхьарлаьцна некъ нийса бац аьлла.

ТІаккха церан ерриге а хІусам яьккхира дечиган суьрташа, уьш алсам мел девли а, ден резавацар алсамдолура, «ткъе итт шо кхаьчча а тайнигех ловзуш ву сайниг, неханаш тоххарехь баха хевшина», – дов дора цо, ткъа цхьана ло диллинчу Іуьйранна, цІе лато гІерташ, и ца леташ йоккха стаг хьеелча, дас шен суьртех уггаре а доккханиг доха а дина, чІийш а даьхна, царах нанас латийнчу цІаре а хьоьжуш Іийра иза шен йогучу кхоллараллина дагчохь гІийла воьлхуш, вист а ца хуьлуш. Дена а ша динарг кІантана иштта халахетта гича, хорам хиллачух тера дара: «Хьо ма чІогІа оллавелла, вала ца везарг велла тезет хІоьттича санна, и тайнигаш-м шортта йохур яра ахь, эцца арахь ас деанчу ургІалех хьайна беззарг: безий – пхонан, безий – махан ургІал дІаэца, уьш чекхдевлча, хьуьнхахь а ду-кх хьуна». ХІара дуьхьал вист ца хилира, ша хІеттахь дена къинтІера ваьллашехь, вист ца хилира хІума кхоллуш Іаш цо цхьацца бегаш бича а (луъушехь, шайтІано ца витир-кха вистхила), юха и салазна говр а йоьжна, керла диллинчу лайлахула лар а юьтуш, хьуьна юккъерчу ирзу тІера йол цІаян ваха новкъа ваьлча а.

Цу дийнахь и цІа ван хьевелча, салазан лорах ша виэхьа а виэхьаш, са бага а кхаьчна, дена тІаьхьавоьдуш цуьнан кийрахь кхоллабелла дагахьбаллам, шо-шаре мел дели, дагчохь базлуш, деган деттадалар денна а гІелдеш, гІелдеш, гІелдеш, боккха хуьлура, бакъду, хІетахь лайла дахна Іуьллучу ирзу юккъехь тІе йол а йоьттина лаьттачу салаза тІехь, гел хьовзо тасавеллачохь садалар хиллачу ден шелъеллачу юьхьа тІе мохо уллорчу бІаьллинган коьллаш тІера схьахьаькхна лайн хІур гича, и къиза дагахьбаллам, дог ангалин бІаьрг санна дакъошка а доькъуш, цуьнан кийрара арабаьлла, Іаьржачу Іаьршашка, кхечу адамийн сингаттамаш а, баланаш а кхерстачу шийлачу есалле дІабаха гІоьртира. Цуьнан кхетам цкъа реза а хилира иштачу жамІана, амма шен нанна а, жимах долчу йиша-вешина а хьалха долу декхар дагадаро сацийра, лалийна даш хилла цуьнан кийрара арагІерта и дагахьбаллам.

Шо шаре мел дели гІеллора цуьнан кийрахь жимчохь летта кхоллараллин цІе, амма цу некъах вуха ца волуш, дІагІертара иза, дийнахь а, буса а къахьоьгуш, наха: «ХІокху юьрта гонахара ерриге хьун хІаллакйина волуш лаьтта-кх хьо, кІант», – бохуш, бегаш а беш. Иштта дІаихира денош, денош, денош; цкъа Іа дулуш, юха бІаьсте йолуш, тІаккха – аьхке, юха – гуьйре, цул тІаьхьа дерриге юхадолалора, кегийнаш баккхий хуьлура, баккхийнаш къанлора, къенанаш Делан эхарта кхелхара, гІелделлачу бІаьргашца шайх дуьсучу маьлхан дуьнене а хьуьйсуш. Цхьа хІара вара хІоьттина лаьтташ, я воккха а ца хуьлуш, я хийца а ца луш, – мухха делахь а, цунна хаа-м ца лора и хийцам.

Хийцам цІаьххьана хилира, кхул иттех шо жима йиша хьажа-хІотта цІа еача, цуьнан йоІаций, кІантаций, йишел а ши шо жимах волчу вешин ши кІант ловза а волавелла, ловзу-уш, церан дов а даьлла, «хІусамдайх» цхьамма хьешех йоІ а елхийна, хІара царна маслаІат дан вахча. «Ванах, ас лелориг хІун ду техьа, нехан-м доьзалш а бу, церан цхьацца Іалашонаш а ю, цІенош дар, машен эцар, бераш деша дахийтар, царна тІеюху, когаюху, кхин, кхин, кхин, кхуьнан цхьа а дезар а дац иштта, кхуьнан гІуллакх – дечигех тайнигаш яхар, амма уьш мел чІогІа лерина кечъярх, цхьа а ела ца къежа, я йист а ца хуьлу, я елха а ца йоьлху, вешин я йишин бераш санна, – уьш шийла ю, и шело кхуьнан дагах чекхйолу, юха буьйсанна, болх ца балуш, куьйгаш охьа а хецна Іа иза, Іуьйкъе Іуьйренга ластталц, тІаккха екъачу паднара тІе, кхин гоь а ца яржош, дІатевжа, тІе юргІа а тосуш, амма наб ца кхета сатаса гергадаххалц.

Сама а ваьлла, бІаьргаш схьадиллича, аьхкенан маьлхан комаьрша серло яра корах чу Іенаш, уьйтІахь ловзуш лелара бераш, екара котамаш. ХІара хьалагІаьттина хаавелча, рагІу кІеларчу пеша хьалхахь цхьацца дезарш деш хьийзачу нанас кхайкхира цуьнга, хьайна хІума яа аьлла.

Лохачу горгачу стоьла тІехь хьокхамца тІо-берам бууш, тІе шекарца марздина чай а молуш, цIаьххьана ойла кхоллаелира: гІала дІаваха веза, цигахь мах хадор бу кхуьнан кхоллараллин, дерригенна а бехке юрт ю, гІалахь кхуьнан тидам бийр бу.

Юьртах тІаьххьара чам белира цуьнан, цхьана гуьйренан дохк долчу дийнахь эвла йистерчу Бекисат йолчу а яхна, хІокхо ма гІо боххушехь, цуьнан кІентан йоІаца захало хьахо, вукхо цхьа гІиллакх доцуш, вуо тІе а эцна, кху дуьнен тІехь мел болу сардам цунна буллуш, цІа еанчу нанас шен коьртара кортали схьа а даьккхина, кхоьссина паднара тІе дахийтича: «Бехк-м сан бара, нах боцчу нахана тІеяхначу», – олуш; нанна халахеттарг шена Бекисата дуьхьало яр а дацара, цо шен кІантана аьлла: «И тайнигийн мар ма вара хьуна тхуна кхачаза виснарг!», – боху дешнаш дара.

Уьш чІогІа Денина а Іаьткъира, ша сел лерина, бусалба стага ламаз санна, лелочу гІуллакхах стаг цавашар йоккха къизалла хийтира цунна, амма шена и цІе тиллинарг цхьа Бекисат йоцийла а хиира цунна, хІетахь дуьйна ирделлачу лерасица юьртахошка ладегІа ваьлча.

Цхьана дийнахь нанас кхоьаш йоьхкина вовшахтоьхна иттех туьма а эцна, са ма тесна йоьдучу автобусца новкъаваьлла, гІала вахна масех бутт баьлча, цунна ша юьртахьчул а чІогІа декъаза хийтира. ГІали йистехь лаьцначу цІа чохь шийла а, цхьалха а дара. Юьртахь-м, цкъа мацца а гІала а вахна, цигахь ша вовза а вовзийтина, гІуллакхаш талур ду шен бохучу ойлано вохвора, хІинца иза а дІадаьллера.

ХІетте а, хораме шело легашка мел гІерта, аз доцуш воьлхуш, дечигаш цоьстура цо. Тайнигаш хьалхачул дика хуьлуш санна а хетара: кхуьнан синІаткъам дечиге болура, цундела шийлачу дечигах даьхначу суьртийн бІаьргашкахь гуттаренна а сецнера кхуьнан гІайгІа а, кхуьнан сатийсам а.

Цо хІора шен дечган «бер» дуьненчу ма делли, дададой, хьой, художникийн туькана дІахІоттадора, амма мах кхин лакхара а боццушехь, кхин оьцуш стаг ца волура.

ХІара хІора дийнахь воьдура туькана, йохкархой къинхетаме белакъежара цунна хІоразза а:

– Мел хаза ду хьан суьрташ! Делахь а цхьамма а дІа-м ца оьцу...

Амма цхьана дийнахь, цхьа йоІ лаьттара кхуьнан «Іаьнан де юьртахь» бохучу суьрта хьалхахь. Ехха хьийжира иза, тІаккха касси тІе а яхна, мах дІа а белла, схьаийцира цо сурт. Ши йохкархо, вовшашка а хьаьжна, цхьа тамашийна елакъежира.

– Кхин цхьаъ стенна ца оьцу ахь? – хаьттира царах цхьамма, кора хьалха лаьттачу кхуьнга бІаьрг а таІош.

– ТIаккхахула оьцур ас... – элира йоІа.

Иза араяьлча, хІара цунна тІаьххье аравелира, букъа тІехьа шина йохкархочун елар а хезаш.

Масех де далале, туька дІацІанъелира кхуьнан суьртех: цхьадерш цу йоІа схьаийцира, цхьадерш кхуо цунна дІаделира. ТІаккха цу шимма цхьаьна тергалдира гІалин урамашкарчу дитташ тІера гІаш, мажлуш, цІийлуш, лаьтта иэгар. ТІаккха и гІаш санна, лайн чимаш дуьйладелира хІаваэхь хьийза. И шиъ а хьийзара, ши лайн чим санна, дахаран мохехь, безамо айина, чІагIлуш лаьтта шело а ца хаалуш. И денош, и суьйренаш, и буьйсанаш мерза а, тамашийна а яра, амма цхьа суьйре – ло а догІуш, мох а хьоькхуш хилларг къаьстира царах тера цахиларца. ХІара шиъ аьчган некъа йистехь динчу цхьана лекхачу чардакха бухахь лаьттара, мохо дІасалесточу цуьнан дечган коьчалийн цІийзар а хаалуш. Я Іаьнан шело сов а яьлла, и яшон кху шиннан кхолладеллачу гергарлонан йовхо ца тоьъна дарий а хаац, я кхуьнга кхолламо беш хаам барий хаац, стенна делахь а, кхунна шен дерриге а дахар – хІинццалц схьа хилларг а, кхул тІаьхьа хиндерг а – и дорцехь лаьтта чардакх хийтира. ХІан-хІа, ницкъ кхочур бац Маримин цу чардакхах цІа дан, кхуьнан акхадаьлла са чудерзо. Кхочур бац техьа? Цуьнан а ца кхаьчча, хьенан кхочур бу и? Кхунна лиира Іехавала: хІун хаьа йоІа ларвой а иза кхуьнан дегІах, цацанах хи санна, чекхбуьйлучу цхьаллин мохах.

ГІовгІа йоцуш тийна, масех машенахь (кхунна-м нехан тидам кІезиг мел хили а дика хетара, Маримина иштта хеташ ца хиллера, цо зевнечу эшарийн ловзаре сатийсинера – тІаьхьа, ах шо дІадаьлча бийцира цо шен дагахьбаллам), Іаьнан чилла чІагІъеллачу хенахь, кхуо Марима ша баттахь мах а луш лаьцначу хІусаме а ялийна, ваха хиъча, дийнера де мел дели декхарийн мохь базлуш, базлуш, базлуш, оцу йозаллина буха ца ваха гІерташ, Іуьйкъана самаваьлча а шен белхан стоьлана хьалха хууш, дечигаш цоьстуш, сахуьлунга волура; наггахь Маримас къада-м дора меллаша, цкъа хьалха мухха даьккхина а ахча а даьккхина, цхьа цІелиг а эцна, чохь-арахь оьшург а нисдина, тІаккха паргІат бийр бара кхоллараллин болх. И хьехамаш кхуо, говро корта лестош мозий санна, шех дІачехабора; цкъа цхьана буса накъосташца молуш, дууш Іийна, гІаьххьа хьийзаш корта а болуш, чувеъча, кхо мохь а хьийкхира: «Я великий художник!1 Со вешаш вац хьуна тІелхигаш юхкуш бахам гулбечех. Сан цІе гуттаренна ехар ю хьуна!.. Мила ву со саннарг? ХІахІ?»

Марима дуьхьал йист а ца хилира цу буса: иза уггаре а хала а дара. Кхунна моьттура ша мохь хьекха дІаволалуш, зудчо шена дуьхьал доккхур ду цІентІехь мел оьшург, дан дезарг, ткъа уьш пайдабоцуш хІумнаш хилар хоуьйтуш, кхуо шениг дуьйцур ду... Амма хІумма а дийца ца оьшуш, кхуо атта толам баьккхира, амма цо хазахетар ца деара, мелхо и атталла къаьхьа чам а хилла легашкахь лаьттара, масех стака хи мелча а дІаяла ца туьгуш, ткъа Іуьйранна бепигца деккъа чай молуш Іаш, цуьнан ойла хилира: «Великий художник-м вара со, велахь а миччара даьккхина а, ахча даккха-м деза».

ТІаккха и жима хьаша еара, шийла тІуьна бІаьсте йисте йолучу хенахь. Иза ши бутт кхочуш, шен дений, нанний бехкала а йоьдуш елакъажа Іемира. «Тхо кІанте хьоьжуш ма дара, цунна тилла цІе а кечйина, йоІ хила йиш йоцуш санна, хІара шега хьоьжуш цхьа а воццушехь еъна схьакхечи, цундела ша тхан сатийсам бохийна дела, бехкала яхна-кх», – ойла хилира ден. ТІаккха цунна и шен ойла Іеса а, берана кхераме а хийтира: цхьа а ца вогІу кху дуьненчу кхечунна хьалхара, хІора а шен-шен маьІна, шен-шен некъ бохьуш вогІу Делан лаамца, цундела дагадаийта а мегар дац, бегашийна а...

Декхарийн мохь кхин тІе а базбелира, иза хІинца дІо некъ буьллуш силамна тІе карчо горга йозалла санна бара. Оцу йозалло хІара шен кхоллараллица цхьаьна дIачIапвина, некъах дІаиэвира, амма силам а хадийна, малхе кхийда бецан хелиг санна, цхьа дегайовхо-м гІертара дахаре. И дегайовхо кхуо тІаьххьара доккхачу текха тІехь дечигах кхолла лерина сурт дара. И сурт кхунна кест-кеста гІенах гора.

Доккхачу текха гонаха хевшина, ахьаран хьолтІамашца дакъийна жижиг дууш Іа доьзал. Церан гІуллакхе хьожуш, тІехь лаьтта цу хІусаман нус. Йоккхачу стага кест-кеста олу цуьнга: «Охьахаахьа, Аянт, охьахаахьа. Жимма садаІа». «Хуур ю, нана», – олу несо дуьхьал, амма шен гІиллакх ца хуьйцу. Доьзалхочух ю иза, цундела сагатдо марнанас. Дагна токх кхача, хьанала хьегначу къина жоп луш лаьтто схьаделла Делан деза беркат. ДІадоьрзу пхьор. Несо дІалуьсту пхьегІаш, тІаккха дечиган доккха текх, тІера галнаш кеда а йохкуш, цІандина а яьлла, дІахІотто каралоццушехь, наьІарш а, кораш а кегдеш, кхеран хІусаме кхочу хийра мох. Оцу мохо тІегоргбеш, бертал бетташ, синош шелдеш, шайн хІусамашкара арабаьхна нах, лаьмнийн кІотарш яссош, Нашха гулбеш бу, цигара дІо гена, пана махка (мича? мича? мича? – кхойкху балано лаьцна яххьаш, амма цунна жоп луш цхьа а вац), къемата дийне, жоьжахате кхийса. Маржа нохчийн нана-Нашха яІ! Муха ловр бу техьа ахь, кху беркатечу Хьайбаха богІучу наха бохьу и беза баланаш? Латта датІа а даьттІа, дІа стенна ца доьду техьа? Оццул беза бу-кх иза – хІораннан сина тІе язъелла гІайгІанаш вовшах а кхетта хилла Боккха Бала.

Текх а дохьуш йогІу Аянт, Хьайбаха юьрта йисте кхочучу хенахь хьовзий лазарша. Зударша го бо цунна. Го шорло, го тІегоргло, стамло. Цу гонна юккъехь, кІайчу лайла тесначу Іаьржачу вертана тІехь Іуьллу Аянт, цергашца балда а лоьцуш, узар ца бан гІерташ, шена хуьлу ницкъ хІокху балано лаьцначу, шайгахь хилла куралла, майралла, къонахалла хьаьшначу адамана ца хаийта гІерта иза. «Аянт, хьайна ницкъ ма бе! Узарш а де, мохь а хьакха», – боху марнанас. Ткъа гонаха лаьттачу зударша цуьнан узарш Іора ца довлийта зикар доладо:

 

ЛаилахІа иллаллахІу,

ЛаилахІа иллаллахІ.

 

Сатаса гергадаххалц ца хеда зударийн зикар. Сатосуш, хІара дерриге а дуьне шелонца, къизаллица, баланца шена дуьхьал даьллашехь, лаьтта тІе догІу адам, шийлачу маьхьарца, шийлачу, дакъазбаьллачу Махка.

«ЙоІ ю! ЙоІ... Миска яІ! Ма зама яц-кха хьуна кхаьчнарг!.. ЙоІ иштта а ма яра декъаза, хІара кхин тІе а дакъаза ца яьллехь а... Дала декъал е хьо... Амин!..» – шабарш даьржа гонаха.

– Цуьнан цІе ПетIамат ю, Элчанан йоьІан цІе, – боху марнанас.

Гуо кхин тІе а горгло, кху шийлачу лайла деана экама адам дарцах, мохах, лайх, баланах лардан болчу лаамца, амма и го бина лаьттачу зударех хІоранна а кийрахь йолчу гIайгІано шело кхуллу, цу берана сел чогІа оьшу йовхо а ца кхуллуш. ХІетте а зударий тІегулло, шайн синошкахь мелла а йогучу цІарца, багара йолучу Іаьнарца и дахар лардан, цунна сел хьашт йолу йовхо яла гІерташ. Амма оцу гонна хІоз бина лаьтта кхин цхьа гуо – карахь герз долчу хийрачу адамийн гуо. Кхеран мохк дакъазбаккха, хІаллакбан даьхкинчу адамийн гуо. Царал а лакхахь го бина лаьмнаш лаьтта. Ткъа лаьмнел а лакхахь – дахкаро, мархаша бина го, цул лакхахь – стигланан, седарчийн, есаллин, шелонан, боданан гонаш...

И дерриге гонаш ловш, церан йозалла хаалуш даха деза-кх хІокху жимчу адаман. Ткъа царах кІелхьарвалар хир а дац валлалц, велча сино хадор ду гонаш, и баланийн, гІайгІанийн, декхарийн хІазарш.

Садаьржаш, хабар а даьржа, ша гІаш валур воцург, говрийн божли чу гІуо, кеманца тІаьхьавалор ву... Мича? Мича? Мича? Цунна жоп луш цхьа а вац.

«Шайна дIатовжа йол а хьуо божли чу воьдучо». Дукха кIеда-мерза уьш хиларо шек яькккхинчу Аянта шен марнене олу, ма сацийтахьа вайшиъ тІаьхьа, йоІана хІуъу хилахь а, вайн нахаца дІаяхийтахьа. Амма марнана реза ца хуьлу. Хьо а, йоІ а жимма метта а яийтина дІагІур... ХІара шиъ кІел сецча, кхарах къаста ца луш, дегахьара а, ненехьара а кхин ткъаессана стаг а воьду божли чу, шолгІачу дийнахь даккхийчу кхерех динчу, пурх дечигаш а тосуш, царна тІе шера тIулгийн экъанаш а йохкуш, царна тIе можа латта а духкуш бина тхов болчу божли чохь кIуьро садукъдеш, цІаро дууш, шайна жоьжахати хІуттур ю бохург дагахь а доцуш.

И хІоьттича, бІарзделла, сина дарделла адам, нуьцкъалчу тулгІенашца пенах дІасадеттадаларх уьш херца а ца делла, цІенкъахула лаьттан буха даха гІертарх гІуллакх а ца хилла, тхевнах Іуьрг а доккхуш стигал довла а ницкъ а ца кхаьчна (тІаьхьа догІмийн чархаш яьгна евлча, синош гІур ду  тхевнах чекх а девлла, Іаьржачу Іаьршашка дІа), наьІаршна тІедетталур ду, цара уьш кег а йийр ю, пхи-ялх стаг аравада а кхуьур ву, амма маьІарго ялале даьндаргаша вожор ву. ТІаккха арататтаделлачу адамех декъийн сал йийр ю наьІара бертехь, тІаккха кхин цу чуьра арадовла гечо ца карош, орцах вала стаг воцуш, даьгна девр ду ворхІ бІе гергга адам; ткъа церан синош дехха хьийзар ду Гих-хин тогІехь, шайн догІмех йисина яьгна даьІахкаш халкъах къаьстина лаьмнашкахула бевлла лелачу наха лаьттах дІахьулъяллалц.

Ма доккха хІума ду-кх кху жимчу адаме, ши дей ши буьйсий даккха дуьненчу деанчу адаме хIоьттинарг, кху маьлхан дуьненахь йоккхург оццул бен хан а ца хилча, цу хеначохь а сенчу цІарах йогу жоьжахати лан дезна-кх цуьнан. Дечигех гайталур дуй и къемате, дуьненчу даьлла ши де бен доцчу беран мохь, цо Деле кховдийна куьйгаш, цо Деле ден дешнаш доцу доІа... Цу дийнахь Хьайбахахь хилларг гайта мукъам а, дешнаш а, басарш а оьшу. Ткъа хІара охІла верг цхьа дечиг а, урс а ду, хІетте а хІара теша шен карахь дечиг мукъаме ериг хиларх, дешнаш ца алахь а, цо дуккха а нахана дуьйцург хиларх... Делахь а, ма дика хир дара кхуьнан тайнигаш йистхуьлуш а, мукъамбеш а хилча. Цул тІаьхьа ма дарра гайталур дара хІетахьлера ирча сурт.

Дени вехха лийлира цу къизачу суьртах хІун дакъа кхуллур ду ца хууш... Эххар а цуьнан ойла хилира, царна тІехІоьттина жоьжахати гайта стенна оьшу, иза йийцича а тоьаш ду: цулла а ша оцу зударша шийлачу, декъазчу суьйранна дуьненчу даьллачу адамана бина йовхонан, къинхетаман гуо гойтур бу. Цкъа хьалха кхуо тиэкх дийр ду, Аянтан цу дийнахь карахь хилла тиэкх. Ткъа цу тиэкха юккъехь Іаьржачу вертано ах хьулйина Іуьллу Аянт, юххехь шен бер а долуш. Ткъа зударийн дечиган аматаш, цу шинна го беш, тиэкхан йистаца лаьтта. И гуо – адамийн гуо, лаьмнийн гуо, дохк-мархо а, царал а лакхахь – седарчаша а бина гуо...

Кхунна муьтІахь дац басарш, аьзнаш, беснаш, мукъам, кхунна муьтІахь цхьа дечиг а, урс а ду. Амма хІара теша: шен дечиган суьрташка хьоьжуш, нехан кхетамехь денлур ду цу хенахьлера суьрташ, беснаш, аьзнаш, мукъамаш, хьожанаш...

Дехьачохь юха а беран делхар хезча, кхунна дагадеара, цуьнан цергаш йовлуш хан хилар, цхьана лоьро оцу хенахь берана хуьлу хало гІеметта хІоьттинчу стаге лан а лур яцара алар. Иштта лазаме ю-кх дахаран юьхь, тІаккха...

Кхунна дагатесира бІаьстенан юьххьехь дитташна йовлу чІенигаш, уьш юсалой «тІохханехь» лелха, генаш тІехула охьаоьху диттийн бІаьрхиш, уьш доьлху кхоллалучу керлачу гІа-патарийн лазамах. Иштта беран доьлаш лоьлхуьйтуш, уьш хедош, гучудуьйлу кІайн буьртигаш-цергаш.

Дени хьала а гІаьттина, дехьачу йолучу наьІаран гура юккъехь лаьтта.Эсет, хьо ког а боккхуш, йоккха хилча, хьан дас хьо юьрта юьгур ю, хьайн денана йолчу. Цо хьуна дуьйцур ду, муха хилла хьан денана. Масийтта юьртахь шен оьздангаллица цІе йоккхуш хилла жима йолуш. Тіаккха, хьан денана хьан дас ялорах. Гуьйре чуерзийна а бевлла, кхаш а, керташ а наха нораш а хьокхуш, цІанйина хан хилла хьуна иза. Буьйса юккъе йоьдучу хенахь араяьлла хьан денана, хьан дедега ян. Новкъа йоккхучо: «Дала декъалйойла хьо а», – аьлла хьуна. Ловзар дІадирзича хьан дедейиша цІеста кІудал а, чилхьесан бухка а бохьуш еана хьуна хьан денана декъалъян. Хьан дедега еана кхо бутт балале кхе йиллинчохь кІайчу ахьарх йина мохь тоьхна сискал а юьсуш («Кхера схьаяккха стаг воцуш яьгначу цу сискалан къа сайна хиларна кхоьру-кх со», – олура цо кест-кеста), цІера яьккхина, хийрачу махка кхоьссина къизачу Мохо. Ткъа хьол исс бутт жима йолу Нашхара ПетІамат ца йитина хьуна цергаш йовллалц а...

ХІаъ, хьуна денана юьйцур ю хьан дас, хьо кога а яхчахьана, хьуна мотт а Іемичхьана... Шуьшиъ цкъа, наха, шайн керт охкуш, охуш ялта дІадуьйчу хенахь, хьаннашна, аьрцнашна юккъехь Іуьллучу юьрта доьдуш, хьан дас дуьйцур ду вейтта доьзалхо дуьненчу ваьккхинчу, царах нийсса ах лаьтте верзийнчу, Делан къинхетамца баха бисина вуьйш, хІумма а ца оьшуьйтуш, оьздангалла Іамош, хьан дедас а, денанас а хьалакхиорах лаьцна... ТIаккха цо хьуна дуьйцур ду кхойтта шо а даьккхина, юха цІа дирзича, хьан денанна хІетахь цІера дохучу Іуьйранна сискалца кхе йиллина экъа карор. ТІаккха хьан дененайиша генара, СоІди-КІотарара гІаш хьаннашкахула, Іаннашкахула боккха цІен етт а балош хьошалгІа яр а. Цу аттах даьхнийн хІу а долийна, яраш а евлла акхадаьлла лаьттачу кха тІе хьаьжкІаш а йийна, юха а, хІинца кхоалгІа яха хиира хьуна хьан денана... ХІаъ, хьан дадас дуккха а хІумнаш дуьйцур ду хьуна, Эсет, хьо йоккха хилчахьана.

НаьІара тІехь даьллачу татано кхерийна бер кхин а чІогІа делха доладелира. Дукха хан ялале цхьамма чІоггІа неІ туьйхира.

– Мила ву цигахь? – хаьттира Денис, наьІаре хьодуш.

НаьІара тІехь узар а, «хи, хи... лойша», – боху дешнаш а хезира. «Стаг лазийна, орцахвала веза», – неІ йиллира цо, йиллина валале дохко а волуш, амма тІаьхьа дара, оцу мІаьргонехь къизаллин бода хьаьдира цуьнан экамчу, вуонна дуьхьало ян ницкъ боцчу хІусаме.

Бодано, чоьхьа а баьлла, неІ дІачІегІира чухула – арара чу орца ца кхачийта. Чохь бода кхаа декъе бекъабелира: уьш кхоъ вара – мукадехкийн санна догуш бІаьргаш а долуш, цхьаьнгахь – автомат, вукхаьргахь – тапчанаш, хаьнтІе оьхкина даккхий арсаш а долуш, тІеюьйхина – Советан эскарх йисина тІелхигаш.

– Хьо мила ву? – мохь хьокху цхьамма.

– Шу муьлш ду?

– Тхо ца го хьуна?

– Го... Цундела хоьтту ас.

– Национальни гвардин бІаьхой!

– Хан йоцчу хенахь нехан чу гІерта хьан бакъо елла шуна?

– И хІун дара цо аьлларг? Бакъо? Хьуна хІун бакъо еза?

– Революцина дуьхьал волчух тера ду хІара.

– И цхьа хІума ду моьттуш, шу санначарна кхайкхамаш язбеш-м лийлира со хІетахь...

– ХІа-а... ХІара гІурт баржорна бехке хьо а ву-кх ткъа. Тхо оппозицера ду.

– Со-м сихха кхийтира.

– ХІа-а, кхетта хьо? Iедална дуьхьалвала а дагахь ву хьо?

– НаьІалт хуьлда шун Іедална!

– Хьажал! ХІинца гучувели. Тхо оппозицера дац!

– Шу миччара делахь а, яхийта кху чуьра! – мохь хьокху Денис, дукхах долчунна, дехьа чуьрчу зудчунна хазийта.

Масех кІира хьалха, нехан хІусамашна чубуьйлуш, нах бойуш, хІумнаш кхоьхьуш талорхой бу аьлла шена хезча, кхуо бегаш бечуха элира: «Нагахь и тайпа берзалой кху чу йовлахь, сов цІа чуьра кор а деллий, лулахошка хьадалахь, – Ахьмсолта оьзда къонах ву, цуьнан герз а ду, иза орцах вер ву».

Мохь тоьхна ваьлча, хІоьттинчу йоццачу тийналлехь кхунна хеза схьадоьллуш цIевзинчу коран тата.

Иза вукхарна ца хазийта, кхуо юха а мохь хьокху:

– Арайовла кху чуьра, боьха хІумнаш!

Амма кхуьнан тІаьххьара дош, легашкахь сацош, бІаьрга чу мІара а тосуш, кхуьнан бага дІаюкъу доккхачу куьйго, тІаккха оццу куьйго кхин мукъа ца волуьйтуш, ластавой, соне чутуху.

– Ахь стенна мохь хьоькху?! Хьо хІун ю хаьий хьуна тхуна? Хьо, хьо, хІумма а яц хьуна... – иза чухула дІасахьоьжу, хІара вуста пайдабоцу хІума лоьхуш, эххар стоьла тІе бІаьрг тухий:

– Хьо тхуна хьалха дечиган тайниг ю хьуна.

– Вай массо а ю Далла хьалха тайнигаш, ткъа шу – Дала наьІалт аьлларш ю.

– Хьо-м ю суна хьалха тайниг, – мохь хьокху мажйолчо, стоьла тІера кхуьнан ерриге тайнигаш, шаьш тІехь лаьттачу текхаца цхьаьна лаьтта охьа а кхуьйсуш.

ТІаккха царах цхьаъ – хІинцца Хьайбахахь, лай тІехь, зударша бинчу гонна юккъехь дуьненчу яьллачу ПетІаматан сурт – схьа а оьций:

– Тхайна лаахь оха, иштта, корта дІа а боккхур бу-кх хьан, – олуш, шен хаьнтІера урс схьа а доккхий, тайнигна хьокху – цуьнан корта кхоссалой чухула дІабоьду.

Стенна? Стенна? Цкъа дуьненчу яьлча, де-буйса а далале ягий, хІинца, шолгІа а, уьрсаца корта баьккхи... Шозза а. Стенна? ХІун къа хьаьрчина хилла цунах, мотт ца хуучу маликах, шоззе а и сел йоккха къизалла лан?

Оцу хаттарша кийрахь жоьжахатин цІе латийна, иза маж йолчун легашна тIекхийтира, билггала ша хІун леладо а ца хууш. Дуьненан дерриге а вуо цуьнгахь гина – жимчу беран корта баьккхинчуьнгахь ца хилла, хьаьнгахь хир ду иза? – иза хІаллакдан болчу лаамца. ХІара, Дени, шен Іалашоне кхача а тарлора, хІетталц цу чуьра хІумнаш тІекІелъетташ, кхеран доцу ахчий, деший лоьхуш, коьртах зударийн пазаташ йоьхкина шиъ ца хиллехьара. «Кхана-лама уьш охьа а яьхна, дика ши стаг хила дагахь хир ву хІара шиъ, мажйолчо ца лачкъийна шен юьхь-сибат, цунна бен а дац нахана шех хІуъу хетча а, я цуьнан маж а тІелатийна ю техьа? – хІаъ, нохчийн шалхалла, нохчийн дакъазалла, нохчийн садекъадалар: гуш – цхьаъ, къайлах – кхин; багахь – цхьаъ, дагахь – кхин», – ойла хилира Денин и шиъ шен шина пхьаьрсах тасавелча.

Амма цаьрга дІаса ца баккхабелира кхуьнан ши пхьарс.

Мажъерг бухахь а волуш, хІара шиъ цІенкъа вуьйжира – иштта дикахо а Іовдалора легаш.

– Кхунна хІун дийр дара? Вуьйш ма лаьтта кхуо иза?

– Суна хаьа хьуна кхунна хІун дан деза-м...

И аьлла а валале, кхунна шен лера уллохь цхьа шело хаало.

«Везандела...» – амма и ойла кхин дІа ян ца кхуьу иза. Дерриге а – кхетам а, бІаьрса а, лерса а – хеда цхьана юкъана.

ТІаккха, цхьа хан яьлча, цунна хеза тайп-тайпанчу олхазарийн эшарш цхьаьнаийна мукъам. И ма хеззи, цуьнан синхьехам хуьлу: хІан-хІа, бац иза кхунна девзинчу дуьненчуьра мукъам; делахь, вийна-кх со цо... ХІун хили техьа цу берах а, зудчух а?..

Эххар а цуьнан бІаьрса юха догІу. КІайчу, кегийчу, уьрсо хедийча санна нийса сенаш долчу лаьмнашна юккъехь стигал басахь Іаьмнаш Іохку. Царна юккъехула а баьлла, цхьанхьа кІайчу серлонехь Іуьллучу анайисте боьду сирла-баьццара некъ.

– И хьан некъ бу. ХІинца дуьйна дІа цу новкъа гІур ву хьо. Лаьттара некъ хьан чекхбаьлла, – аз хеза цунна.

«ХІун хили техьа цу шиннах?» – ойла хуьлу цуьнан.

– Охьахьажа, гур ду хьуна...

Охьахьаьжча, цунна го Марима йоІаца Эсетца АхьмсолтагІеран неІарх етталуш, тІаккха Ахьмсолта а, цуьнан виъ кІант а герзашца шайн керта хьовдуш а, цара талорхой бихкина охьабохкуш а; тІаккха кхунна шайн юрт а, цигахь шена хІоттийна тезет а го, нана а, вежарий а, йижарий а, шен дакъа дІадуллуш а – дуьххьара малх кхетачу хазчу меттехь нисло кхуьнан каш.

– ХІинца вало... – хеза цунна аз, лаьтта тІера суьрташ дІадовлу, хІара генаволу лаьттана. Цигара седарчашна юккъера охьахьаьжча, цунна го буькъачу бодано дІалаьцна Латта. Цу боданехь юкъ-юккъехь серлонаш а хаало, гІийлла етталуш.

– Нагахь и серлонаш бодано къайлаяхахь, Латта хан-зама, буьйса-де доцчу, «лекха-лоха», «еха-йоца», «жима-йоккха», «къона-къена» боху бустам боцчу, бух боцчу Іаьржачу Іинчу дужур ду; цунах хІумма а дуьсур дац, цхьа дагалецам а.

«Уьш хІун серлонаш ю? Оццул кІезга стенна ю?»

– Уьш Далла дог цІена Іамал ечу нехан серлонаш ю... Хьайн серло ган лаьий хьуна. ДІогахь дечигах латийнчу цІарах тера ерг гой хьуна?.. Иза ю... ХІаъ, хІаъ... Хаьа суна хьан дагахь дерг а... Хьуо Іамал ян ца кхиъна боху ахь... Ахь дечигех деш хилла суьрташ а дара Деле ден доІанаш... Хьан дог дикалла, адамех – генарчех, гергарчех болу къинхетам а бара хьан тайнигашца...

Дени юха а хьожу, мацах кегий бераш долчу хенахь зудабераша чІешалг тІекІел а юьллий еш хиллачу тайнигна гонаха хьерчийна кІадин цуьргаш санна, боданан асанаша масех гуо беш юкъахьарчийнчу Лаьтте. Евза цунна и бода мелла а зарзбеш летта серлонаш. Цхьаъ – цхьанхьа а цІа-цІе а доцуш, ваьлла лела илланча; важа – Іаламах лаьцна дог дика байташ язйийриг; кхоалгІаниг – хІара дерриге а дуьне Деле доьхуш, ламазашна тІехь доІанаш деш, юьртахь еха цхьалха йоккха стаг; йоьалгІаниг...

Сирла-баьццарчу новкъа а ваьлла, уьрсо хедийча санна нийса сенаш долчу кІайчу лаьмнашна юккъехула, стигал басахьчу Іаьмнаш йистехь сеца а соьцуш, церан хих къурдаш а деш, дІаэха волало хІара. Лаахь, оцу кІайчу лаьмнех адамийн, дийнатийн суьрташ а хедор ду... Уьш лаьттахь кхуо дечигех хедийна тайнигаш санна йоцуш, шайн аз а, бос а, болар а долуш а хир ду. ХІетте а, кхунна ца лаьа иза – лаьтта тІехь айхьа лелийнарг, кхузахь иштта мехала а ца хета. Кхунна иштта дІаэха лаьа кІайчу лаьмнашна юккъехула серлонехь Іуьллучу анайисте, цигахь, лаьттахь, бисинчу гергарчу нахана са а гатдеш, уьш Деле а боьхуш...

Мичахь бу-техьа кхул хьалха кхуза схьабаьхкина кхуьнан сина гергара нах? И ойла кхоллаяларца цхьаьна кхунна хьалха хІутту цхьа къона йоІ. Ерриге а цІеналлех кхоьллина ю иза, цундела – Башламан ша санна, кІайн, месаш – бурула можа. И шена цхьанхьа гича санна хета кхунна. «ХІаъ, хІаъ, со ю иза, ахь дечигах сурт дина, Хьайбахахь ягийна ПетІамат». – «Хьан масех де бен ма дацара. Кхузахь хьо йоккха ю!..» – «ХІаъ, кхузахь гуттар а цхьа хан хуьлу синойн...» – «Ткъа вуьйш? Сан да, вежарий, йижарий?» – «Цу новкъа дІагІо хьо», – къайлайолу йоІ.

Иза сирла-баьццарчу новкъа волу...

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.