http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Кегий дийцарш Печать Email

САРАЛИЕВА ТАБАРК

СУЬЛХЬАНАШ

 

Х1ара 20 шо ду шен дех дисна 1аьржа суьлхьанаш Зайнапехь долу. Цхьана шарахь х1етте а, дас ма-тассара маьнги г1овлех а тесна, кхазийра кхуо уьш. Д1а моссаза хьожу а, дас шех бехк боккху хетташехь. Вирд даккха т1елацар цхьа хала г1уллакх ду моьттуш 1ийра. Кхунна шера хаьара, цу массо а суьлхьана т1ехула дас эзар-эзарза бай п1елг хьаькхнийла. Уьш мелла а дуткъа делча санна а хеталора леррина хьаьжча, ткъа моллин к1уж бина тай-м тоххара басадаьлла, муьлхачу басахь хилла а ца къаьстара. Эххар а дан дезарг 1амийна, Дела хьахор шарделла х1ара ялале, т1екхийтира ненан суьлхьанаш а. Уьш чекх са гуш, к1ай дара. Цхьаьна кепе дерзош, к1айнчаьрца можа дерш ийдеш, моллин к1уж баьццарчу чиллан тайнах беш, кечдинера нанас шениш.

Зайнап 40 шарера яьлчи кхуьнга кхечнера дех-ненах дисина суьлхьанаш. Вуьшта уьш цкъа а вовшах хьакхделла а дацара.  Х1ора 1уьйранна г1утакхчуьра схьаоьций, цхьаьна минотана цаьрга леррина хьожий, т1аккха цхьанна т1ехь Дела хьахош, вуьш карахь латтош, цхьана низаме дирзина кхуьнан уьш. Наггахь, шиннах а бехк баккхар а нисло: «Сан х1ун бехк бара, шу вовше эг1арх, х1ун тоделлера шун а, х1ун дика болх бира аш суна а?» Х1уъа а аьлча а, дийцича а, т1улга т1ехула хи санна, д1адахна дахар а, д1абахна уьш а. Х1етте а, муха хуьлу теша, дас-нанас шайн доьзал цхьаьна стоьлана гондахьа гулбина буу кхача? – гуттар а хаа лиъна кхунна. Суьлхьа т1е суьлхьа кхеташ, цара меллаша доккху тата а новкъа хуьлу наггахь, б1аьргаш бийшина, церан дуьхье кхиа г1ерташ кхуо ечу ойланна. Цкъацкъа ший а суьлхьанаш охьа а дохкий, олу кхуо цаьрга: «Х1ан, х1инца цхьаьна ду-кх вай – да, нана, йо1». Бакъду, цу х1илланах ца йолу йовхо, ца до дог токх а, дахарехь кхунна лаьттина эшам а ца болу д1а. Суьлхьанаш санна, тайп-тайпана хилла кхеран дайн дахар а. Цхьанна гале олий, хьарчадой, г1утакх чу кхуьссу Зайнапа суьлхьанаш. «Далла бу хастам, сох уьш цхьа билгала дерш дуьсур доцуш, – ойла кхоллало кхуьнан, – сох дисинарш а сан ден-ненан хилларш хир ду-кх. Бакъду, хьанна дуьсур ду уьш, хьа хьовзийна мел лур бу суна?»

 

ЙОВХА  ПАЗАТАШ

 

– Сан нанас ечуьра евлачхьана йовха пазат ца хилла-кх сан, – боху воккхачу стага, х1усамнанас керла йинарш кога а юхуш.

Пазаташ ша тайпа к1айчу басахь ю, к1ажий, бертиггий можа бос бетталучу т1ерг1ах а йолуш. Церан юцар а цхьа ша тайпа бустамца ду: цкъа шуьйра лалам, т1аккха готтаниг боьдуш…

Леррина, т1ебаьлла морса чо куьйгаца бижош, хьалаоззош, цкъа аьтту, т1аккха аьрру когахь нисйо воккхачу стага пазаташ.

– Тхан нанас, Тахлас, йора-кх т1ерг1ан пазаташ хьовха, каранаш, б1ег1аган куйнаш, пхьошдоцург, чоа. Кхечу ярташкара а нах лаьттара тхоьгахь. Суна ешъерг х1уъа елахь а цхьа ша тайпана хуьлура. Ткъа пазаташ-ма сан когаш бохбина ца 1аш, сан са а дохдора. Бакъду, Казахстанехь Тахла кхелхинчул т1аьхьа-м ца хилла. Пазаташ-м дера хилла, х1орш а ма ю, амма сан нанас еш хилларш санна-м ца хилла.

Стоьлана гондахьа 1аш болу кхеран доьзал д1атоь. Церан бист ца хуьлуш, вовшашка хьаьжначу б1аьргаш чохь дешало: «Дадинарш шалха даь1начу эхангах йина ма ю, леккха бертигаш а йолуш! Бос а бу шекаран санна, дукха к1айн хиларна сийна а хеташ! Ткъа бертигаш, к1ажош налха басахь, хетарехь, шарахь ца хуьйцуш лелийча а нужур хьовр доцуш ша тайпана юьйцина. Т1аккха а пазаташ яц!? Ткъа тхайнаш, дадас лелийнарш схьа а яьстина, жимма карлаяьхна, басардина бамбин эханг тоьхна ю. Х1етте а мел аьхна ю…» Уьш цхьабарт бича санна, стоьла к1ел лаьттачу шайн когара пазаташка хьовсу. Чохь йогучу пешан г1овг1а бен яц. Чу дечиг туьллуш, схьайиллинчу не1арехула етталучу йовхонна а, серлонна а дуьхьала шен гуттара а т1арг1а лелийна шарделла, чекх са гун куьг а луьйцуш, схьайирзинчу х1усамнанас т1етадо:

– Деллахь, стаг, ма бакъ лоь хьо! – олий (стоьлана гонд1а 1ашберш вовшашка хьовсу), воккхачу стаге схьайоьрзу зуда.

И шиъ минотана вовшашка хьаьжна соцу, шимма а цхьаьнадаггара доккха са доккху. Цу шинна а цхьа къайле хуучух тера ду…

– Къааштон дечиг кхачийна вайгара, – олу зудчо, – Ц1е д1айоьлча-м йовхо дика хуьлура ножах, вуьшта, буха туьллачуьна цхьа мадар ца яхь ер яц…

 

 

СОМ

 

– Ткъа х1ара стенан х1у ду? Г1ад лекха долий кхуьнан? Йокъа хилахь хи тоха деза? Ца тоьхча дег1 ца доккху? Ткъа кху х1уца юхкуш х1ара кхиондерг яц?

Букъ берзийна дехьарчу стоьла т1ехь тайп-тайпанчу хасстоьмийн х1у духкуш йолчу Бакарбикига хеттарш деш долу аз ч1ог1а безам хийтира Совдатна. «Ванах, и мила вара-а? И аз маца хезнера суна?», – сацаелира х1ара. Ишттачохь нислуш ма-хиллара, ткъес тоьхча санна, дагадеара… «Х1аъ, дара дера, сан нанас хьелий узучохь биргадир хиллачу Сипин аз!»

Б1аьрнег1ар тухучу юкъанна дагадаьхкира бераллин денош…

Делкъал т1аьхьа, геннара ворданан г1овг1а хеззашехь, кех йолий, хьелийозархой д1асакхуьйлуш волчу Мовлина дуьхьал йолура х1ара. Дог ца дог1уш, мозашна лестон ц1огарчий наггахь вовшах а кхеташ, цхьацца ког боккхуш йог1у говраш совцура кхунна хьалхха. «Ахь х1ун до, Месаш?», – шена шера хуъушехь, х1оразза а хоттура Мовлас. «Со Жовжан йолчу йог1у», – олий, кхин шен дешича тергал а ца веш, ворданан т1ехьарчу дукъарца меттана йиллинчу готточу аьчкан бирг1и т1ехь д1а а нислой, ворданан ц1ийнах куьг хьала а тосий, охьахуура йо1. «Х1ун сакъорура-те, цу боьхначу новкъахь д1асаетташ, сайн дешичан улло б1ег1агна т1е хиъна парг1ат ца йоьдуш? Бералла. Жималла», – елакъежа зуда. Эвлана генна йистехь, Соьлжан бердаца яра аьхка бежнаш узу меттиг. Пилаьги чу шура юттуш йоллучу шен ненах хьаьрчий, х1инцца харцъюьйлаелла кегийра к1айн цергаш гучу а йохуш. Меллаша ведар охьах1оттадой, когаш т1е охьалахлой хоттура нанас: «Бушта, хьо хьаьнга хаьттина еара?». «Нахера вашица еъча х1умма а ца олу дадас», – жоп лора йо1а. «Дала йоле дуьллийла хьуна, к1ант, хьан догдикалла», – олура нанас, кху тевнехь цкъа а ца хуьйцучу т1аьрскана эткех наггахь шад тухуш лаьттачу Мовлига. «Х1ума дац, х1ума дац», – олий, куьг ластадой схьа ца хьожуш т1ехволура иза. «Яло, Бушта, со яллалц «бытовки» чохь 1е», – д1ахьажайора нанас йо1.

«Бытовка» цхьа жимо ц1а дара, чохь дилина бертал лаьтташ муц1арш йолу ведарш а, цхьацца хьелиозарна оьшу сал-пал а болуш. Д1анехьо корехь 1аш цхьаъ яздеш Сипа а хуьлура. Йо1ана сиха к1ордадора х1умма а ца деш 1ен. Иза йолалора ведарийн аьзнаш талла, цкъа цхьанна т1ехь вота тухуш, т1аккха вукхунна. Эххар кхуьнга ладег1а к1ордийначу Сипас мохь туху: «Йо1, хьайна х1ун елча 1ад1ийр яра хьо?» Б1аьрнег1ар ца тухуш: «Сом делча», – жоп ло кхуо. Схьадоккхий цхьа тишделла сом ло Сипас: «Йо1, хьуо йоккха ма-хилла, схьалур ду ахь!», – олий…

Сихха шен бохчи чу хьаьжча и мацахлера Сипинаг санна а доцуш, ц1ена сом карадо Совдатна. «Х1а, д1аэца хьай сом, яла йоллу со декхар ца дезаш!» – олу. Х1инцца зарзар хилла хеттарш деш лаьттина воккха стаг соцу, цхьаъ дагалоцуш ойла йо, т1аккха доггах, б1аьргех хи долуш воьлу. Жимма соцунг1а а хилла: «Ва лергаш доцу вота еттарг, масса шо даьлла цул т1аьхьа?», – хотту. «Цхьа 40 шо», – жоп ло Совдата. Кхуо сом буьйнахь д1акховдийна куьг д1акъовлу воккхачу стага. «Дала беркат дойла, декхар схьалур долуш хиллера хьо, – жимма соцунг1а а хилла, дегочу озаца боху, – Дала гечдойла Жовжанна а, дера диканиг ма яра. Хьох яьлча лийр ю ша олура цо, делахь а, хан кхаччалц д1атекхо деза-кх х1ара…»

Воккха стаг д1аволало. Бераллехь хиллачул а лоха хета Совдатна Сипа. Наг-наггахь куьг ластош, шен цхьа ойланаш д1алоьхкуш воьдучу воккхачу стагна т1аьхьахьоьжучу Совдатан б1аьрхи доду хьацар тоьхначу беснеш т1ехула.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.