http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Нохчийн меттан туркх Печать Email

Кадиев Руслан

 

 

 

Адамо бох ма бо адаман кийра,

Довхачу дешна д1айоккху хьаг1.

Халкъана, махкана вехарг ву сийлахь,

Ишттачо деш хуьлу гергарло ч1аг1.

Ш. Рашидов

 

Джамалханов Зайндис санна нохчийн маттана дуккаха дика дина стаг ву. Ша пхийттара ваьлчахьана дуьйна нохчийн мотт кхиорна, ларбарна  т1ехь г1уллакх деш схьавог1уш ву иза. Хене хьаьжна ца 1аш, тесна а бац цо и шен мехала болх. Шен къомана дуьхьа тахана  а, мало ца еш, къахьоьгуш ву и хьуьнаре, нохчийн меттан ираалла а, к1оргалла а евза, къано.

Джамалханов Зайнди вина  1922-чу  шеран  май беттан  9-чу  дийнахь Лаха-Неврехь. Винчу  юьртара ворх1 шеран ишкол чекхъяьккхинчул т1аьхьа, Нохч-Г1алг1айн меттан, историн 1илман-талламан институте кхойкху. Иза лаа дацара. 16 шо бен доцу жимчу стагехь нохчийн мотт хаарт1ехь доккха пох1ма гучудаьлла хиллера.

1939-1941-чу шерашкахь СССР-н 1илман академин СССР-н къаьмнийн йозанийн, меттан коьртачу институтан белхало, меттан 1илман, филологин 1илман доктор, професор Н.Ф.Яковлевца нохчийн литературни меттан морфологи а, синтаксис а х1оттош болх бо Зайндис. Х1етахь дуьйна цуьнан дахар нохчийн маттаца а, и талларца а ца хедаш схьадог1уш ду. Ала деза, къоначу 1илманчийн иштта кхиамца болабелла 1илман болх цхьана ханна юкъах белира, нохчийн къам махках а даьккхина.

1957-чу шарахь Даймахка ц1а ма вирзий карла боккху Зайндис нохчийн мотт талларехь беш хилла болу болх. Х1етахь дуьйна схьа цо язбина 250 сов 1илман болх (учебникаш, методикан пособеш, дешаран программаш, дошамаш, публицистически статьяш). Царна юкъахь коьртачех лара дог1у:

«Нохчийн меттан нийсаяздаран коьрта бакъонаш» (А.Мациевца цхьаьна). Соьлжа-Г1ала, 1958ш.; «Чечено-ингушско-русский словарь» (А.Мациевций, И.Оздоевций цхьаьна). Соьлжа-Г1ала, 1962ш.; «Нохчийн мотт» (хьехархойн училишин студенташна лерана. Фонетика. Орфографи. Морфологи. 1 дакъа. Синтаксис 11 дакъа. Соьлжа-Г1ала, 1985ш.); «Нохчийн мотт» (7-8-г1ий классашна); «Нохчийн меттан нийсаяздаран дошам» (Я.Эсхаджиевца цхьаьна). Соьлжа-Г1ала, 1985ш.; «Нохчийн меттан нийсаяздаран дошам» (И.Алироевца цхьаьна). Соьлжа-Г1ала, 1992ш.; «Юьхьанцарчу классашкахь нохчийн мотт хьехаран некъаш» (У.Эжаевций, Э.Солтахановций цхьаьна). Соьлжа-Г1ала, 1993ш., иштта кхин д1а а.

Дукха болх бина Зайндис нохчийн халкъан барта кхолларалла гулъеш. Фольклоран масех гулар ара а хецна. Халкъо гуттара а езаш  т1еоьцура нохчийн маттах, халкъан барта кхоллараллех  лаьцна   телерадио передачаш.

Гоьваьлла нохчийн меттан хьехархо-методист ву З. Джамалханов. 50 шарахь Соьлжа-Г1алара хьехархойн колледжехь нохчийн мотт хьехна цо. Студенташна г1иллакх-оьздангалла лелорца масал хилла лаьттина а ву.

Хьехаран белхан зеделларг, 1илманехь девзинарг къоначу хьехархошна д1адала лууш а, и шен декхар лоруш хилла Зайнди. И бахьана дара дуккха а шерашкахь хьехархойн говзалла лакхаяккхаран институтехь цо болх бар. Нохчийн мотт,  барта кхолларалла, литература хьехаран методиках боккха пайда а оьцура хьехархоша цуьнан лекцешкахь.

Ларамаза дац «Нохчийн республикан халкъан хьехархо» сийлахь ц1е тиллар а.

Иштта б1аьрла лар йитина Джамалханов Зайндис исбаьхьаллин литературезь а. «Сирла некъ» (1959), «Тешам» (1964), «Ирсан новкъа» (1980) стихийн гуларийн автор ву иза.

1илманехь а, хьехархойн хьаьрмахь а, литературехь а цуьнан хьаналчу къинхьегаман лакхара мах хадийна юкъаралло а, 1едало а. Нохчийн пачхьалкхан университетан а, Москвара Вайзаман Гуманитарни Университетан сийлахь профессор а, «Нохчийн Республикан сийлахь гражданин» еза ц1е лелош а ву Джамалханов Зайнди, шен къоман сийлахь во1.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.