http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Дахаран сирла некъ... Печать Email

Эльмурзаева Розех лаьцна дуккха а хир дара дийца. К1езга хир бу вайн махкахь иза ца евзарш. Кхин а к1езга хир бу цуьна аз хазаза берш: 40 шо сов хан ю нохчийн радиохь дикторан иза болх беш йолу.

Ша радиохь болх бен еххачу хенахь г1иллакхах, оьздангаллех йоьхна яц Роза. Цунна тоьшал дуккха а ду дало. Д1аяхана совет-1едал зама къиза а, харц а яра. И ца евзанчунна кхета хала хир ду цунах. Тахана, цуьна 1аткъам бевзаш хилларг, дозаллица хьахо лууш верг волу, цу хенахь 1едалца баьллачу 1уотбаккхам бахьанехь шена хилла г1ело йийца. Амма Розех санна даладан  масал дерш к1езга бу.

 

Казахстанера вайнах ц1а бирзина а, ц1а боьрзу 1957-г1а шо дара иза. Телерадион диктор хоржуш конкурс яра кхайкхина цу шарахь. Конкурсехь чекхъелира къона йо1.

Хаза аз а, ц1ена буьйцу нохчийн мотт а бахьанехь г1араелира Розин ц1е. Телевидени балха а кхайкхира. Цига яха реза ца хилира: корт-1уьйра 1а езара халкъана хьалха. Оьздачу де-ненан йо1ера дала йишйоцург дара иза, йовлакх доцуш ша гайтар.

И цхьа хьуьнар дара. Кхин д1а Розас ша дуьйцу: «1960-чу шарахь марсабаьккхира 1едало бусалба динна дуьхьал беш болу болх. Республикан районашк ахь гуламаш беш емал бора ламаз-марха долу баккхий нах. Бусалба дин а, къоман г1иллакх а «ширчух буха дисина айпаш» лорура. Ишттачу гуламера кечйина передача радиочухула еша дуьхьало йира ас. «Политически доккха г1алат» даларна комсомолера а, балхара а д1аяьккхира… «Баккхийчийн дахаре» дуьххьара г1улч яьккхинчу «Ленинан некъ» газетехь масех баттахь болх бинчул т1аьхьа, динна дуьхьал йолу передачаш йоьшуьйтур яц аьлла, къайлах барт бина, юха йигира со, белхан хьашт хиларна. Цу хенахь сан 18 шо дара».

Хьен-хьенна а, х1етахь со-ас бохуш лелачу боьршачу стагера цо йолу стогалла яра иза. Цхьа г1улч а 1едалца ийг1ича ша кхин рицкъ доцуш, махкахь парг1ат лела бакъонах хаьдда моьтту мур бара х1етахь лаьттинарг. Иза, цкъадолчунна, дакъазалла а яцара. И саннарг хилла, гина, лайна дукха меттигаш бара. Дайшкара т1аьхьене кхаьчначу балано нах хьере бинера. Дукхах берш кхоьрура, шайн сих-дег1ахчулла а ч1ог1а шайн доьзалх х1ун хир ду ца хууш. Цуьна дахар муха нислур ду ца хууш хийла х1уманна къурд бой к1елсовцура.

«1еламнаха дуьйцуш хезна суна, – боху Розас, – Дала шена дукха дезачу къомана бен ца ло дуьненахь хало. Билггал бакъ долуш, нохчийн къомана сов доху Дала зераш. Эхартана пайденна, Шена дуьхьал вай ц1ена, къинош доцуш дахкийтархьама… Дала иштта хуьлитийла иза».

Цкъа пхийтта шо кхачаза а йолуш, цхьана Делан лаамца ша нисъеллачу белхан новкъахь хьанал къахьоьгуш кху дийне схьаеъна Роза.

«Со теша нохчийн халкъ, дуьненан къаьмнашна юкъахь а хаза масал хилла, ирсе дехарг хиларх. Цунна тоьшалла ду бусалба дине вай халкъан ларам а, безам а хилар. Бусалба динан бух т1ера нохчийн къоман г1иллакх а, ламаст а хилар», – аьлла Розас, шен цхьана къамелехь.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.