http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


НОХЧО ВУ СО Печать Email

Дикаев Мохьмад

 

Нохчо ву со,

нохчий зудчо

борз ехкачу буса вина,

Ц1оькъа-лоьмо шен маьхьарца

вижанчуьра г1аттавина,

Нанас иллин накха белла,

илли ала векалвина,

Нохчийн маттах, нохчий махках

берахь дуьйна дозал дина.

 

 

Нохчо ву со,

Лермонтовна

т1еман к1уьрлахь хийла гина,

Топ кхетарна цунна кхоьруш,

сан Даймехкан сий лардина,

Сайн хьешана мерза кхача,

деган йовхо ца кхоийна,

Мостаг1чунна, бекхам боцуш,

цхьа а зулам ца дитина.

 

Нохчо ву со,

маршо къуьйсуш,

Даймахкаца тоба дина,

Цунна ямарт, осал хеттарг,

къа ца хеташ, сайх хервина,

Сайн ден дакъа, ц1е-к1ур доцуш,

ца дисийта, юкъ йихкина,

1азап хьоьгу лай хуьлучул,

летта вала реза хилла.

 

Нохчо ву со,

кху дуьненчохь

Са лаьттачу ирсе кхочуш,

Барттий, безам,

яххьий, тешам

Байна цкъа а вехар воцуш!

 

Нохчо ву со,

цхьаьна а къоман

Къонахчуьнца гамо йоцуш,

Махках ваьлла,

халкъах хаьдда,

Декъалхила амал доцуш!

 

 

 

 

 

ДОГ ЛОЗУ САН

 

Гуьйранна мажделла

Г1аш лаьтта оьгуш,

Хета, уьш акхтарган

Г1айг1анна оьгу.

 

Стиглара кхевсина

Дог1анаш оьхуш,

Хета уьш стигланийн

Балано кхоьхьу.

 

Ткъа Латта, мохк бегош,

Топ хилла лелхаш,

Хета и Даймехкан

Дог оьцуш доьлху.

 

Сингаттам боьссича

Готтачу кийра,

Хета и Ненан аз,

Узам беш г1ийла.

 

КАВКАЗАН 1УЬЙРЕ

 

Ламанан баххьашкахь дешица къега хьо,

Аьрцнашкахь пепнашца

бегаш беш лепа хьо,

Шийлачу шовдан чу

з1аьнаршца хьоьжу хьо,

Малхаца г1аьттина Кавказан 1уьйре.

 

Серлонца, машарца хьо йог1у яйча,

Кавказан ламанхойн сакъерало;

Олхазарш хьаннашкахь 1аламна делало,

Органан тулг1енийн дог айало.

 

Лечанан т1ам тесна хьо йолу аренга,

Юьртахойн ялташа хьан сирла бос оьцу.

Пет1амат зезаг ду шен ц1ечу дарица,

Ломара эсала хьоькху мох лоьцуш.

 

Беркате кхочу хьо белхалойн х1усаме,

Маршалла хоьтту ахь

барт болчу доьзале.

Декъала хила хьо къоначийн безамехь,

Кавказан, Даймехкан ирс долу 1уьйре.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.