http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Вайн халкъан стогалла хасто гIаьттинарг Печать Email

Бурчаев Хьаьлим

Дикаев Мохьмадан 70 шо

 

ТкъолгIачу бIешеран шовзткъе уьтталгIачу шерийн чаккхе. ХIетахь вайн халкъ, шен рогIера балахьегаран муьрах чеккх а даьлла,  хьомсара, ша хийла хьегна, дай баьхначу лаьтта юха доьрзуш дара, хийрачу мехкашкахь шайн дайн, нанойн, йижарийн, вежарийн, берийн кешнаш а дитина. Баккъалла, бала а, хало а хьегна ц1адоьрзу нохчийн халкъ кхойтта шарахь мел лайначо гIелдина, шен барамехь шозза иэшна, жимделла дара. ЦIадерза бакъо еллехь а, цунна тIера ца яьккхинера Iедало тиллина харц цIе, юха ца ерзийнера кхечу къаьмнийн йолу бакъонаш. Даймахкахь нохчийн хIусамийн дай хилла Iара кхин нах, дохийна дара кешнаш, ярташ. Меттигера Iедалан гIоьнца, нохчийн кхерч схьалецначара юьхьанца ондда дуьхьало йора нохчий шайн ков-керта юхаберзарна. Бехкбоцуш махках даьккхина лелийна халкъ юха а луьрачу хьоле хIоьттира. Халкъана хIинца гIо-орца оьшура, къонахчун дош – собаре, дуьззина, амма шен халкъан сатийсам денбан, цуьнан «со» бохург ца дожадойту, юха а когахIотто, цунах тешош олу дош.

ТIаккха хезир-кх политикан Гайрбеков Муслиман, поэтийн МамакаевгIеран  Мохьмадан а, Iаьрбин а, Айдамиров Абузаран а, иштта кхечеран а дош – къам ца деллийла, иза дехар дуйла а, даха хьакъ дуйла а берриге махкахь дIахоуьйту дош.

Дикаев Мохьмад лакхахь цIерш яьхначарех цхьаъ ву, цо ша ма-аллара, халкъан стогалла хасто гIаьттина, цо хьегна бала шен дагна Iаьткъина. Жима бер долуш дIа а вигна, юха цIа вирзина нохчийн кIант хийла тIом а, харцо а гинчу  лаьмнийн доьналло кураваьккхина:

 

Маршонан аз декош,

нохчийн къам лаьттина,

ПаргIато къийсарехь

йоккха цIе яьккхина;

Цхьана буйна хоъал бен

дац иза лаьтта тIехь,

Цуьнгара мохк, гIиллакх

цхьаммо ца даьккхина!

 

Дайн лаьмнийн стогалло дагчу йоссийна нохчийн халкъах а, махках а йолу куралла яр-кх Дикаевс шен поэзехула чекхяьккхинарг. Изза куралла йоссайора цо шен стихаш йоьшучийн а, царна тIехь даьхначу иллешка ладоьгIучийн деге а.

Нохчийн поэта Бисултанов Аптис Iаламат хаза а, нийса а аьлла Дикаев Мохьмадан поэзин хьостанах лаьцна: «Дикаев Мохьмад нохчийн халкъ цIа дерзочу, деллачуьра денлучу, юхаметтахIуттучу муьро цIе яьккхина поэт вара. Баккхий нах, зударий, бераш вокзалашкахь лаьттана барташ а дохуш, доьлхучу дийнахь, шайн хиллачу кхерчийн херцаршкахь нанойн ширачу аган кохкарш лоьхучу дийнахь, коьрта тIехь тхов бале хьалха дайша шайн беллачийн кешнийн баьрзнаш цIандечу дийнахь кхолладелла дара цуьнан а, цуьнан чкъуран а иллеш».

Дикаев Мохьмада шен дуьххьарлера стихашкахь Даймохк хестабора, Даймехкан аз хезна цIа догIучу шен декъазчу халкъана юха а, юха а цуьнан ирс кхузахь бен дац бохург д1а кхайкхош:

 

Нехан махкахь Iалур доцуш,

Ломан кийрахь сан дог ма ду:

ТIемаш доцу леча санна,

Даймохк боцург ма гIийла ву.

 

ХIун хир ду ткъа, нанас берахь дуьйна марзбинчу, ахь хьайн дагара дуьйцуш, гена ваьлча, даго лоькху зурма хилла, хьо гуттар а шена тIевоьхуш, шен кIанте кхойкхуш болчу Даймахкал мерза?

 

Сан дай баьхна латта,

Сан ирс долу Даймохк,

Хьох къаьстина,

Дог диллина

Iалур ца хиллера.

 

Цундела ду хала поэтан экамчу дагна шен Нохчийчоьнна, иза акха ю бохуш, цо къуьйсучу паргIатонна харц цIерш тахкар лан. Кхузахь а ма хьосту аганара бер, нохчийн дагехь ма бу, кхечеран санна, къинхетам, сина дикалла. Кавказан тIамехь шен паргIато къуьйсуш, шена хуьлучу гIелонна къайллаха, буьйсана къонахчун синош дохуш, ша доьналлех яккха гIерта муьлхха а ницкъ иэшош схьайогIу Нохчийчоь. Цкъа мацца вайн махкахь а чIагIлур бу безам, ирс а:

Хьан бартан, безаман

ЙогIу цIе суна го, –

Хьох, маьрша Нохчийсоь,

Сан даго дозалдо.

 

Нохчийчоьнан исбаьхьчу Iаламан говза сурт-васт кхоллархо а вара Дикаев. Мел хаза ду, ламанан баххьашкахь дешица лепаш, аьрцнашкахь соьцуш, пепнашца бегаш беш, тIаккха шийлачу шовдан чу, куьзгана санна, шен зIаьнаршца хьоьжуш, серлонца, машарца гIаьттина йогIучу Iуьйренан сурт.

Ткъа суьйре? Сийна йовлакх а тиллина, баттаца седарчийн суйнаш дагош, къоначийн безамна тешаме, беркате суьйре ю нохчийн лома юссург.

«БIаьстенан аматаш» цIе йолчу стихотворенехь мел исбаьхьа васташ кхоьллина поэта:

 

Маьлхан зIаьнарш, суйнаш туьйсущ,

Шайн цIерашца лаьтта кхийда;

КIийчу мархийн хIора кийсак,

Сийна стигал кхалош хьийза…

Хи йистера беркъа баьллаш,

Бедар лоьхуш, карзахъюьйлу…

Ког ма-боллу маса едда,

Винчу юьрта йогIу бIаьсте.

 

Иза даима а шен дог а, ойла а нахана схьайиллина вехара. Цо ша а ма боху, шен цхьана стихотворенехь, цхьацца волчо къайлах олург шен дагчохь шега ца хьулло. Цо ца лечкъабора шена хилла там я цатам. Цунна лаьара нехан бала шен белш тIе эца, жимчу беран догъэца. Дикаев Мохьмад синтем лоьхуш стаг вара, амма хууш ду синтем лоьхучунна и цкъа а карош боцийла. Карор бара цунна и, беккъа цIена шена я шен хIусамна цо лехнехьара, ткъа цо лоьхург хIора а адмана синтем бара, уьш массо а ирсе кхачийта.

Амма иза веха зама харцонан буха тIехь лаьттара. Массо а хенахь ойла цIена латточу, нехан ирс хиларе сатуьйсучера зама яцара иза. Дикаевс шен халкъан сатийсамаш буьйцура, дIадахначух дозалла дара, нохчийн оьздачу гIиллакхех дозалла дора.

Нохчо ву со, цхьана а къоман

къонахчуьнца гамо йоцуш,

Махках ваьлла, халкъах хаьдда,

декъалхила амал доцуш! – аьлла волу поэт цу дешнашкахь а бехке вара, «нохчо ву со» цо аларна, ткъа муьлххачу а къоман къонахий цунна сийлахь хетар – иэшшана а ца оьшура. Шена чудогIу бIеннаш къаьмнаш кога кIел сацийна, шен ницкъах тешна Iачу СССР-империно шен исторехь коьрта Iалашо къаьмнехь бовлу къонахий цакхиийтар, нагахь уьш царлахь бовлахь, уьш хIаллакбар яра. Дикаев Мохьмад а, и саннарш а харц политикина тIаьхьа а х1иттина, и къобалъечарех бацара.

Дикаев Мохьмадан лирикин могIанаш дукхахдерш иллийн мукъамашка дирзина, нийса аьлча, халкъан иллеш хилла дIахIиттина уьш цкъа а довр дац, уьш ца оьшуш а, кIордийна а зама цкъа а цогIур яц. «Сан Даймохк», «Со вогIу Даймехкан азе, хезна», «Кавказан Iуьйре». «Ламанан суьйре», кхин а ду уьш шен дагна хьомсарчех лаьцна цо яздина иллеш.

Къаьсттина ала догIу безамах лаьцна цо язйинчех лаьцна. Царах дукхахъерш вайн иллин говзанчаша Дагаев Валида, Магомедов Султана, иштта кхечара а мукъаме ерзийна, тахана халкъалахь ека: «Мел йогIу буьйса», «Сан безам», «Хьол хаза йоI суна ца гина», «Ас лоьхург мила ю», «Ма хала стаг ю хьо», кхин а, кхин а.

1972-чу шарахь цо, ша кеч а йина, оьрсийн маттахь араяьккхира вайнехан эшарийн книга а. Цунна дешхьалхехь цо билгалдоккху мел доккхачу маьIне хилла нохчашна иллеш: «Иллийн, эшарийн, похIма долчу нехан санна, тамашийна кхоллам а, шатайпа дахар а хуьлу... Вайнехан халкъ цкъа а ца къаьстина бакъдолчу иллех... Вайнехан иллеш къоман са ду, иза цIена аз ду, цкъа а ца лекъачу ламанан шовданах тера долу». И дешнаш Дикаев Мохьмадан шен дукхахйолчу говзарех а ала догIу.

Таханлерчу хьолехь долчу нохчийн къоман синлехамашна гена ца евлла цуьнан исбаьхьа байташ:

 

Нохчо ву со, кху дуьнен чохь

Са лаьттачу ирсе кхочуш,

Барттий, безам, яххьий, тешам

Байна, цкъа а вехар воцуш.... – цо алар, я стеган цIе хоржучохь, халкъе и тиллийтар, «цо дечу гIуллакхе  хьаьжжина».

Дикаев Мохьмад вуьззина поэт вара, шен замано вина а, шен халкъан сатийсам доллучу дуьнене д1акхайкхо векал вина а. Цунна луург деккъа цхьаъ дара: шен Даймехкан а, халкъан а ирс гар, шена ган ца доьгIнехь а, цкъа мацца а и хиларе сатийсар.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.