http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


«Ламанан леча» Печать Email

Кусаев Iадиз

 

/Драматически поэмин дакъош - 1978; 2007ш./

Дешхьалхе

ХIара поэма 1972-1977-чу шерашкахь язйина а, хIеттахь зорбанера яьлла а яра. Амма цунна юкъа ца яхара оцу хенахь шайх лаьцна дийцар-м хьовха, шаьш хьахо а кхераме а, дихкина а болчу 1930-чу шерашкахь Нохчийн лаьмнашкахь хиллачу хиламех долу дакъош. Ткъа тахана, бакъдерг дийца вайна маршо хIоьттинчу хенахь, и дакъош юхаметта хIиттийна ас. Цундела поэмин чулацам хийца, шорба а дийзи сан. Ткъа муха нисделла иза? Мах хадор шуьгахь ду, лараме дешархой.

 

 

 

ДIадолор

 

I

Дукха ю лаьмнашца

Кегийра ярташ,

Туьнкалгаш чуьра цIен

Седарчий гIуьттуш.

Мархаша цIеношна

Доху кIайн барташ,

Диттех а тасалой,

Кхузахь дIахIуьттуш.

 

Елахь а кегийра

И лаьмнийн ярташ,

Дахаран синпха бу

ХIор тача, шовда

Ахь стиглан дари тIехь

Дохкур ду сарташ,

Юзур ю сийналлах

Кана – дIакховда!

 

Дуьненахь хуьлучийн

Ца кхочуш бала,

Моттало, Iийна уьш,

Пхьор лоьхуш халла.

Амма хир ду дукха

Кхолламах ала,

Волалахь хьо яртийн

Хиллариг талла.

 

Хийлачу адамийн

Орамаш кходуш,

Кхихкина къийсамаш–

Кешнаш ду люьста:

Дуьненахь хуьлучийн

Дакъа ца кхочуш,

Лаьттина яц ярташ

Дахарна юьстах!

 

Боламаш…

Бохамаш…

ДIаихна денош.

КIиллой бу бицбелларш,

Бехаш бу къийса

ГIевттинарш, бIешерийн

Харцонаш эшош,

Нохчмехкан маршоне

Майра гIулч тийса.

 

Сан эвла,

Сан ага,

Кхана – сан гIовла.

КIайн бошмаш,

Дайн цIенош,

Аьрзунийн баннаш…

Сан дагна хьоме ю

Хьан зевне гIовгIа,

Сан тешам, сан безам

Хьоьца бац ханна.

 

Сан эвла, йоккхаеш

Хьайн дахарх тахна,

Виц ма ве цхьа а –

ХIор а – хьан кхоллам.

Биц ма бе эгнариш

ГIазоте бахна,

ХIоттабе хIоранна

Хьакъ болу хIоллам.

 

Биц ма бе, Шоьна, ахь.

Маьрша тIам тоха

ГIевттинарш, яшийна

Шеконийн ачо,

Бенара дIадолош1

Советаш йохор.

Лууш шайн Нохчмахка

ПаргIато кхачо.

 

II

...Гу тIехь, хьожуш юьрте,

гонах,

Цуьнан хеззачохь гIара,

Кхура кIелахь жима къонах –

Эдди, сарахь Iаш вара.

Лахо басах летта яра

Жима, дагна хьоме юрт.

…Лаьтта хьаннаш гурах тера,

Юкъа лаьцна цуьнан сурт.

Хеза шайх и воьлла аьзнаш,

Цара синтем дагна ло.

Дийнахь адмех дуьзна аьрцанаш

Суьйренца дIатийна го.

Iоьхуш, цIехьа доьрзу бежнаш,

КIарраш кхийда стигла.

ДIо

Лаха йистехь, дашо шайнаш

Санна, кораш къагало.

Хьийзош еса кIудалш, ведарш,

Хи тIе сихло мехкарий.

Цигахь хир ду цхьаьнакхетарш,

Кхехкош къоначеран цIий.

Юьртан майда. Йицйой кIадо,

Гуллой, ховшу бакхий нах.

Къамелийн ца хеда татол –

Бехха Iа уьш пхьоьханахь.

 

Олхазарийн лагIло гIовгIа.

Ца туьгуш бусаъ дIатен,

Декаш ца хезийца чIогIа

ЧIоб, я пхьид, я цаьпцалг бен.

 

III

КIант ойланех юкъахвоккхуш,

Тата долу. Хьаьжча дIа,

Дуга гира цунна вогIуш.

Дуга:

- Эдди, хьо вац? ХIун деш Iа?

Эдди:

- Суьйре дика хуьлда, Дуга!

Дуга:

- Диканца вехийла хьо.

Хаий Iехьа ирс хьан хуьлда...

Жимма охьа соъ лахло.

Эдди:

- Хьо генара вогIий, Дуга?

Дуга:

- Кхузахь, лулахь, вара со-м.

ХIинца лела хала ду-кха,

ЭхI, сан шераш!...

Эдди:

- Даха – тIом!

ХIора гIулч халонца къуьйсуш,

Нийсо хIоттош дахарехь

Лелла  шу, герз маракъуьйлуш,

Ларъеш къоман маршо, яхь.

Къаьсттина хьо –

хезна вуьйцуш,

Хилла бохуш – лом тIамехь,

Тешаме – ойла ца хуьйцуш,

Собаре хьайн къамелехь.

ХIетахь цIе Ламанан лечин

Хьуна тиллинера, бах...

Дуга:

- Стогалла сайчул а кхечийн

КIезиг яцара, бан мах.

ХIор вара и лело шеца

Хьакъ – хIоранан кийрахь цIе.

Хаац, хьан Ламанан леча

Тиллинера сайна цIе...

Амма и ца йожо дерриг

Деш, дахаран некъ бира...

Эдди:

- Наха дуьйцуш цунах к1езиг

Къайлах-къулах хезира...

Шун дахар ду турпалалла,

Нийсо къуьйсуш даим хьо

Хьалхарчийн

могIаршкахь хилла,

Къонахий – хьан нийсархой!

Дуга:

- ГIенах санна хета суна.

Эдди:

Дера ду и мерза гIан...

Дагалаций башха хан,

Дийцахьа ахь цунах тхуна...

Дуга:

Хьанна оьшу дийцар сан?

Эдди:

- ХIун ду

«хьанна оьшу?» бохург?!

Тхуна оьшу-кх!

Ирсан теш,

Тхо  шун новкъахула догIу,

Шун дахарх дозалла деш.

Тхуна берриг хаа беза

Хьалхарчеран сийлахь некъ,

Царах Iама, масал эца,

Кханене схьайоьллуш неI,

Шайн хьуьнарш,

шайн сатийсамаш

Тхоьга кховдо беза аш –

Оха дIахьур шун къийсамаш,

Чекхдохур шу гIуллакхаш!

.............................................

Корах хьоьжуш хIора цIа чу,

Буьйса къагош, гIаьтти бутт.

Цкъа а хьуно кхолозачу

Дагах иза тера бу...

 

Ткъепхийтта шо хьалха хиларг2

Дагатуьйсуш санна цо,

Карладоккхуш динарг, гинарг,

Дугас къамел доладо.

 

 

 

 

Дугин дийцар

 

IV

Чекхбаьлча бахбелла

Граждански тIом3,

Ярташка беара машар.

Пхийттара ваьлла бен вацара со,

Девзина-м вара со дахар.

Суьйренца гулбаларх

кегийра нах

Сакъера хаьржинчу метте,

Я яккха езачу йоIаца хан,

Хийистехь цхьаьна а кхетта,

Хьуьнйистехь доттагIий

гулбелча шайн

Самукъне лечкъаргех ловза,

Зевнечу аьзнашца бекабеш бай,

Летаршкахь-ловзаршкахь

къовса.

Цхьанххьа а дицлуш-м

дацара и,

Хилла шех лазаме дагар,

Эгаден хьацаран я бIаьргийн хи,

Хала лол биттина дахар.

Ламанца Iохкучу ярташкахь и

Дацара хIумма а атта.

Буц хьокхуш,

набарха докхура тхи,

Охура бIаьстенца латта.

ДогIанах,

лайх хилларг бен доцуш хи

Хьаглора, мажлора урдаш...

ХIетте а миска-м

тхо дацара кхин,

Ца дора, де доьхна, къурдаш.

Деша тхан дацара я хьал, я хан,

Гина а яцара школа.

Iедалан дош-м дара делла и ян,

Массо а беран дан дола.

Некъ бора ворданца,

говрахь я гIаш,

Синпхенех чекхбуьйлу юьртах...

ХIетте а яцара и цкъа а Iаш

Дуьненан дахарна юьстах.

Советийн Iедалах тешара нах,

Бохуриг бакъдора чIогIа:

Латта дIадоькъур ду,

ца боккхуш мах –

Массарна цхьа терра догIу.

Дин лелор доьхкур дац,

еш дуьхьало,

Кхуллур ду ирсана хьелаш,

Дайша сатийсина луш паргIато,

Бахамаш хилийта  хьекъаш.

ГIиллакхаш кхио а хьал

кхуллур ду,

Дайн, дедайн хIоттамца даха.

Божаршна, зударшна

нийсо лур ю,

ХIоранна кхане дог даха...

Масане гIаттира,

цIа дуьтуш шен,

Цу хазчу ваIданех тешнарш,

Дерриг а -

волчунна къинхьегамен!

Ма тара тхуна и дешнаш.

Масамма, ца вухуш

яхь-доьналлах,

Советаш чIагIйира цIийца...

Шариповн эскаре4 Шоьнара нах

Бахнера- болуш бу бийца.

Эдди:

Дешнаш-м сов дика ду, дахарехь

Кхочуш уьш дахь-м

муххале а ...

Дуга:

Бер санна, аьллачух

ду тешарехь

Къам, лаац шалхенаш леха.

Юхьанца дан а дира дерриг а и:

Советийн Iедало юьртахь

Школа йи,

маьждигаш ца доха ди,

Ца хьади дайн кешнаш,чарташ;

Ликпункташ5 кхоьллира,

баккхийчарна

Iамадан вайн йоза-дешар;

Латта а дийкъира,

доцуш цIарна,

Совдоккхуш комнистех тешар;

Къечара кхоьллира

шайн кхеташо;6

Бакъонаш ларъян деш тоба,

Кегийчу наха а чIагIбира го,

Кхоьллина нийсонан тоба.

Зударий божаршца дIанисбели,7

Iадаташ дити ца хуьйцуш.

Зударшна палтонаш

юьртахь ели8

Ненанойн кортали9 хуьйцуш.

Тешара,

дозалла деш, адмаш: цIий

Iенийна эрна ца хилла,

Дахарехь дуьххьара

нийсо карий...

Амма и хиллера х1илла...

 

 

V

Вицвелла,къамеле ваьлла,

ХIаршиъ Iаш, яьллера хан.

«Бехк ма билла, Дуга», аьлла

ТIевеара кIант-Султан

(Вара Эддин ваша и),

Цуьнца кхин а баьхки бай тIе.

Хевши куьце накъостий

Баьржинчу, куз санна, байтIе.

Султан:

Шуьшинна тIедан ца хIуьттуш,

Цец а даьхна хезначо,

Дерриг хаа ойла гIуьттуш,

Дехьо-о лаьтташ дара тхо.

Тхуна хаа луург чIогIа

Ду дуьйцуш дерг ахь, Дуга.

Бакъдерг цаьргахь лоьхуш, оха

Книгаш ешарх мел дукха,

Хилац цхьа-ши могIа бен.10

Уьш а хуьлу даим буьйцуш,

МостагIий бой кхерамен,

Белларш Советашца къуьйсуш.

Цхьаммо дийцац бакъдерг схьа:

Кхерийнарш цкъа-

Тахнаъ кхоьру.

Ахь мукъне а дийцахьа

Тхуна бакъдерг.

Дуга:

Нах ца лору

Ас уьш.

Ца кхийрина со-м

Я хIеттахь ца хилла воьхна,

ГIаттамехь беш айса тIом,

Набахтехь Iаш, хан а тоьхна.

Султан:

Дийцахь, хIун тIом бара и,

Советаш пхийттара йовлуш?

Дуга:

ТIаьхьуо дуй- те? Седарчий

ТIаьхь-тIахьа го серла довлуш...

Султан:

ТIаьхьа дац. Дукха хан яц

Буьсанан бода чIагIбелла

Тхо-м иштта а дуьйшуш дац –

Къаггалц ломан бохь,

цIийбелла.

 

VI

Дугин дийцар

Дерриг а хийцало

Советийн Iедал

ХIоьттича кога, ницкъ IаьIна.

Хьалха дош –

гIуллакхехь хиллехь а кIеда,

Iийнехь а юьхьанца таьIна,

Моьттуьйтуш,

шел тайнарг дуьненахь ца хилла

Дуьненахь къечара дуьйцуш.

Амма и дерриг а

хиллера хIилла,

ГIан гина дикне сатуьйсуш.

Дерриг а хийцало хIиттича кога

Керла дай,

шайн ницкъах тешна.

ГIиллакхаш долийра

аьшнаш дан боьха.

Уьш стенна оьшура лешна?

ТIаккха, уьш бевлира

дуьхьала динна,

И бехдан,

хIаллакдан кхоччуш:

Лийцира Iелам нах

Къена чкъор дийнна,11

ТIаьхьуо дIа

къона берш лоьцуш.

Дохийра маьждигаш -

БIешерийн теш,

ТIедоьлху некъаш дIахадош,

Ца дохош дисначех

Я клубаш еш,

Я книгийн цIенош, я складаш.

 

VII

Юхавалар – автор:

Сан деден ден Паша-

Хьаьжин хIусам

Яссийра – вара и

Маккахь гIаш хилла.

Цуьнцана Iелам стаг –

Денда КIуса

Лецира, кхиберш а

Юьртара хийла.

Гулбина хиллера

Берриш а уьш

Концлагерь йиллина12

Соьлжа-ГIалин йистехь.

Бехха уьш хьийзийра,

ТаIзаршца зуьйш,

Инквизицин13 къиза

Кепаш а йицъеш.

ТIаккха уьш цIеххьана

ТIепаза бай

Паша-хьаьжий, КIусий дIа

Вуьгуш шайцана,

Чурт хIотто каш доцуш,

И динан дай –

Шаьш лайнарг цкъа а

Дуьйцур дац цара.

КIусин гар ду аьлла,

МостагIчун-ден,

Сан дай, сан ден ваший

Лаца, айкхаваьлла,14

Кечбелла хиллера

Чекисташ, ткъей

ТкъесналгIачу шарахь,бехк

Боццушехь баьлла!

 

VIII

Дуга:

ТIакха тIедаздира

налогийн лолла,

ЙогIуш, ца йогIушший

нахана еттий.

Шен хеннахь дIа ца лахь,

Iедалан дола,

Йоккхура мегаш ерг –

Котам, сту, еттий.

Бен-башха дацара

къен хиларх доьзал,

Я зуда халла шен

кхобуш буо-бераш,

ДIахьора, уьш делхош,

йойура доьза

Хьалхара юург-мерг,

Къен сал-пал церан.

Масане белира,

мацалла хьоьгуш...

Ткъа хIума ца хилахь

схьаяккха, наха

Дехарш дарх эхь-бехк,

яхь йицйой, гор оьгуш,

Буьйлира хIусамех

мисканаш баха.

Жимма хьалдериг,

«Кулак ву» олуш,15

Я хьегар бахамах,

хьегар хьагI-хьуне доьрзуш,

Шуьста бен бацахь а,

бIаьстенца охуш,

Диканиг, хьекъалдерг,

кадениг хоьржуш,

Сихонца сацам бой,

юьртах а воккхий,

Доьзалца

Сибреха дIахьажавора.

Бен-башха дацара

жимий я воккхий,

Уьш бовра – кхин цкъа а

юьртахь ца гора.

Цхьанна-м цIа, беш хазлахь,

Хьолада вора,

Я бахам тайча,

я хаза йоI стеган кхуьий,

Катухий айкхаллин

кехат яздора,

Хьо вийна а,

шен ирс карадан луий.

Чекистийн лаамца

даьржира шуьйра,

ТIом балале16 хьалха

меттанаш деттар...

ХIетталц схьа деанчу

дахарх деш туьйра,

Нах бовра, ца вуьсуш

да даккха цIетта.

Комнистийн тобано

и къобал дора.17

ХIор юьртахь, кIотарахь,

кIоштахь я эвлахь

ЧК-с18 шен мотт бетта

айкхаш кечбора,

Муьлш бу уьш ца хууш,

Мичара бевлла.

Я ЧК-с хьовсабой,

ярташка богIий,

Динан дай бу, олий,

адмаш ледора.

Цул тIаьхьа,

цIийнах а,

цIарах а бохий,

Буьгура нах –

уьш кхин юьртахь ца гора.

Цул тIаьхьа буьйлира,

питанаш туьйсуш,

Нах, йина дуьхьало,

гIовттийта цIарна,

ГIиллакхаш емал деш,

маьттаза дуьйцуш,

Зударшна  наггахь

тIекхийдара цIармат...

 

И дерриг, IаьIнариг

еххачу хенахь,

Иккхира,

дуьйсина тIех ахкарг санна:

ГIевттира Iедална дуьхьал

нах Бенахь,

Колхозаш йохкуш

ен харцо ца лайна.

 

IX

Дуга:

Хилира Бенахь а

Хуьлуш дерг махкахь,

Йолийча нуьцкъаша

Колхозаш яхкар.

Цхьаьна къахьегаран

МаьIна а хаздеш,

Лаахь-ца лаахь а

Колхозе язбеш.

Цул тIаьхьа оззабой

ДIабоккхуш бахам.

КIеззиг а хьал делахь

Совбоккхуш барам.

Дерриг дIахIуттура

Юкъара хилла,

Меттиг ца юьсура

Маьрша ког билла.

Довш дара Iадаташ,

Доьзалан хIоттам.

Дайн гIиллакх лардар-м

Хуьлура Iоттам.

Дуккха а хилира

Боцуриш реза,

Ца лууш колхозийн

Ялсмане еза.

Къаьсттина зударша

Дуьхьало йора.

Уьш ара бовлура,

Къамелаш дора.

Цкъа ара уьш бевлча,

Зударшца къуьйсуш,

Милцоша царна тIе

Кховдийра куьйгаш.

ГIо дакха баьхкина

Нах сийсазбора,

Куьг-коггий дIадоьхкий,

Лоций, дIахьора...

И сиха даьржира –

Маса бай мотта-м! –

Ша-шаха дIабола

Белира гIаттам!

Амма ца хаьара

Цхьаллиг а цхьанна,

ХIун дара дан дезарг, –

Урх тешо хьанах?

Цу тIе а – тоаме

Дацара герзаш,

Низам а ма дара

ДIахIотто дезаш.

Бацара тхьамдийн дукъ

Лаца берш реза.

Милцой а, салтий а

Бевллера ц1еран,

Ша-шаха даьллера

Iедал дIа цера.

Гулбелча гIаттамхой

Цкъа сильсоветехь,

Цхьабарте цхьа сацам

ЧIагIбира хIеттехь.

ГIаттамхо-къано:

Муьлххачу гIаттамна шен

Тхьамда ву везна

Шоьнахь ву стаг, йоккхуш цIе –

Шунаъ хир хезна.

Моца – и Iелам стаг ву.

Имаман дарже,

Тешахь ас бохучух шу,

Веза вай харжа.

Ву, боху, и холбатахь19...

Дехар дан деза

Цуьнга, шу суна т1етахь...

ГIаттамхой:

Массо ву реза!

 

X

Дуга:

Вайн лаьмнийн ярташкахь

Лоруш, цIе яхна,

Стаг вара Моца-имам.

Даим а нийсонан

Некъаш ша лехна,

Беш хIора адаман хам.

«Акхачу дивизехь20»

ТIом бина дела

Хаьара гIуллакх цунна.

Вара и, шен кийрахь

Толарна Дела,

Холбатехь цIанлуш уьнах.

Динан а, Делан а

Доцуриг дицдира,

Дахар а шен дозалан,

Харц дуьне, токхдахар

Цо оьрах хийцира

Вайн Далла гIуллакхаш дан.

Цхьа хи бен, кхин даар

Шеца ца оьцуш,

КъорIан бен – кхин тептараш,

Вара и Iелам стаг,

Делан нур лоьцуш,

Холбатан гаттонехь Iаш.

Мотта ца моьттура

Цкъа а цунна

Шена тIе нах богIур бу,

Мотта ца моьттура

Орчохь Iачунна

Нахана ша дагахь ву.

Амма цкъа аьхкенан

Кхоьлинчу дийнахь

Кхечира гIаттамхой схьа.

Юкъах а ваьккхина

Холбатахь тийнарг,

Дийцира деанарг дIа..

 

XI

ГIаттамхо-къано:

Даьхкина ду дехаре,

Моца, тхо, барт бина кхоччург.

ХIоттахьа тхан куьйгалле,

Имам вац тхуна хьо воцург.

Вай маьрша лелуьйтур дац –

Гур ду и ма-дарра кеста:

ТIедетта долор ду даш –

Ламчу схьа тоттур ду эскар.

Вай гIовттар лалур ма дац.

Iедална - къахьдийр ду дахар...

Цхьа а тIом бина вац –

Дина ву пхьола я ахар.

Моца:

ТIемало соъ ма вац –

Делан лай хилла сох тахна.

Дуьненца зIе а яц –

Далла тIе ойланаш яхна.

ГIаттамхо-къано:

Делахь а хьан цIаро тхан

МогIанаш шордийра ду – теша.

Лууш ду дешнаша хьан

ЧIагIдойла дегнаш а тхешан.

Моца:

Со хIутту, шу лерина

Нийсонан боламан коьрте.

Дала вай дала дина,

Луш дика гIулкхаш дан шорте.

Хаалаш, ас чIагIдийр ду

Низам шун уггар а хьалха.

Ярташ вай тIеозор ю,

Адмаш а  – ца хила цхьалха...

Дуга:

Дитина ор холбатан,

ХIоьттира гIаттаман коьрте

Моца, ша кхайкхош имам...

Къовсамехь цунна хIун гур-те?

Вахара и Бена дIа

Шоьнара нах шеца буьгуш.

Соъ цуьнца вахара, Iа

ЦIахь, нехан яхьо ца вуьтуш.

 

XII

ГIаттамхойн илли

(Моца-имама даьккхина)

Соьлж-ГIала схьайоккхур ю,

Совет-Iедал отур ду.

Хийла буьрса мостагIий

Нохчийн лаьмнашкахь эший.

Лоьмаш санна, майра

Вай Нохчмехкан кIентий ду!

 

Летта, маршо йоккхур ю,

Комнистийн кIус охьур бу.

Цкъа бен нанас дина дац,

Цхьаъ бен Iожалла хир яц.

Аьрзуш санна, маьрша

Вайн Нохчмехкан кIентий ду!

 

Дайн сий, яххьий ойур ю,

Цхьа Iалашо – маршо ю.

ГIовтта кIентий, цIе дедайн

Ларъер, нийсо къуйсуш вай.

ЦIоькълом санна, онда

Вай Нохчмехкан кIентий ду!

 

XIII

Дуга:

Iедал-м дацара гIаттамаш товш,

Шен бакъ цо чIогIа лардора.

Советаш яцара дуьхьало ловш –

Iемина ницкъ хIотто гуора.

ХIетте а, нийсонна синош дала,

Яьхкира гIаттамна гIоьнна

Энгана, Сесана, кхо ГIоьрдала,

Хьашта-мохк,

Iисин-юрт, Шоьна21...

Дукха хан ялале схьатеттира

Iедало эскарш шен тоьлларш.

Нуьцкъала пилмоьташ22

цаьргахь яра,

Доккха зен ден яккхий тоьпаш.

Кхаа агIор дара уьш

схьахьовсийна:

Нохчмехкан

массо а лам совсийна.

Шоьнара дIабан

некъ бацара гена:

ГIоьрдалан регIнашца – Бена.

Кхин а цхьаъ: Ножин-Юрт,

Ишхойн-Юрт23 – Бена

Тешамен, белахь а беха.

Лаьмнашка деара оьгIазе эскар

Уьш дагош, Ермоловс24 санна.

Декъий, цIерш, лелхарш,

мохк лестар –

И дерриг гина ву сайна.

Яцара нийсо а: харц Iедало

Эзарнаш салтий хьовсийра.

Эзар а вацара верг гIаттамхо –

Уьш халчу тIемаша зийра.

Ийгира цхьаберш,

дIалийцира вуьйш,

Набахтехь хан такха буьгуш.

Дукхах берш, кхел йина,

байира, уьш,

Важаберш Iазап лан буьтуш.

Со а ву къинхетам Дала бинарг,

Сибреха хьажийна, ваха витнарг.

Ца каглуш, жоьжхатах

велира чекх,

Цул тIаьхьа, хьийзаварх,

ца буьтуш некъ.

 

Лецира Iедало Моца-имам –

Коьртаниг лерира иза.

Ростох25 дIавигира,

цуьрриг а хам

Ца беш, и хьийзийра къиза.

ТIаьххьара, ВМН26 кхел а йина,

ТIе хIотта каш доцуш и вайина.

 

XIV

Дуга:

Къиза дIабирзира

Советийн хенахь

Нохчийчохь хилла и

Хьалхара гIаттам.

Кегий нах, белахь а

И шуна генахь,

Шу церан тIаьхье ю –

Ларде вайн латта.

Шу шайн дайн тIаьхье ю –

Ларъелаш нийсо,

Шу кийча хилалаш

Цуьнгахьа къийса...

 

XV

Чекхдели дийцар Дугин,

Буьйсанан бода гIелбелча,

Бецашлахь Iуьйренан тхи,

ТогIица дохк хааделча,

Лаамза буьйхира дIа

Кегий нах, дош доцуш тийна...

Хезначун йийсарехь Iа –

ГIаттаман хьалхарчу дийнахь...

 

 

Билгалдахарш:

1. 1932-чу шарахь Нохчийчоь дуьххьара колхозаш кхолларна дуьхьала хилла гIаттам.

2. 1977-гIа шо. Бенара гIаттам болабелла ткъепхийтта шо хуьлу.

3. 1918–1920-чу шерашкахь (Нохчийчохь а!). ЦIечу а, кIайчу а эскаршна юкъахь хилла тIом.

4. 1918-чу шарахь гIараваьллачу нохчийн къоман турпалхочо Шерипов Асламбека кхоьллина Нохчийн цIен эскар.

5. Ликпункташ, ликбезаш – йоза-дешар ца хаар дIадаккха кхоьллина гIишлош. Цигахь яздан а, деша а Iамабора баккхийнаш (Пункты ликвидации безграмотности). Нохчийчохь, ерриге а Россехь санна шуьйра яьржина яра уьш 1920–1930-чуй шерашкахь.

6. Къечу бахархойн вовшийн гIо лацаран вовшахтохарш (комитеты бедноты). 1930-чу шерашкахь хIора юьртахь хилла уьш.

7. Советийн Iедало лерринчу декретаца (указца) 1920-чу шарахь дIакхайкхира зударийн бакъонаш а, маршонаш а. Божаршца бакъонашкахь дIанисбина бара зударий.

8. 1930-чу шерашкахь гIаьттира Советийн махкахь «Зуда-ламанхочунна-пальто» боху болам. Цуьнан коьртехь яра зударийн-гIуллакхийн а, дешаран а коьртачу урхаллин куьйгалхо Надежда Константиновна Крупская, В.И. Ленинан хIусамнана.

9. Кортали – доккха, тIергIахь а, бамбех а дина, довха йовлакх. Пальтонаш юкъайовллалц нохчийн зударийн Iаьнан коьрта духар хилла иза. Дагестанерчу къаьмнийн хIинца а ду кортали Iаьнан коьрта довха духар.

10. Масала, Бенара дIаболабеллачу гIаттамах нисса ши могIа бу НГIАССР-н исторехь язбина: «1932-чу шеран бIаьстенца кулакийн гIаттам хилира Ножин-Юьртан округехь (хIетахь – Сесанан район). Классови мостагIчун тIаьххьара боккха гIаттам бара и. Цигахь дакъалоцуш цхьацца болу ахархой бара» (НГIАССР-н историн очеркаш. Соьлжа-ГIала, 1972. 155-гIа агIо).

11. 1932-чу шерахь дIалецира Нохчийчуьра берриг Iелам нах-хьаьжой, молланаш, иштта кхин а. Соьлжа-ГIалин йистехь концлагерехь латтийна, тIепаза байра уьш.

12. Концлагерь – концентрационни лагерь – дуккха нах дIагулбен меттиг. Дуьххьара уьш ян йолийна 1918-чу шарахь, Россехь Граждански тIом болабелча, Iедална дуьхьал болу нах дIагулбан.

13. Инквизици-юккъерчу (XV–XVI-чу) бIешерашкахь Испанехь хилла динан суд. Iаламат къиза ницкъаш бен гIирсаш хилла цуьнан, тутмакхаш хьийзош.

14. Айкх – моттбеттарг; айкхалла – моттабеттар.

15. Кулак – хьолада. 1930-чу шерашкахь дIахьош бара кулакийн класс юьззина хIаллакьярна тIехьажийна къовсам. Доьзалца цхьаьна юьртах бохий, Уралехь, Сибрехахь эрна ара хьовсабора уьш, карахь рицкъа а доцуш. Цигахь дукхаха берш бала а лера (НГIАССР-н историн очеркаш... 146–150-гIа агIонаш).

16. ТIом балале  – Сийлахь-боккха Даймехкан тIом (1941–1945-гIа шераш) болабалале хьалха.

17. 1921-чу шарахь хиллачу компартин Х-чу гуламехь, иза йохаран кхерам алсамбалар бахьнехь, леррина къайлах тIеэцна сацам бара «Партин цхьааллин хьокъехь». Цигахь чIагIдина дара хIора коммунисто хIора коммунистах Центральни Комитете хаамаш бан дезар. Чекисташ берриге а бахархошна юкъахь даржийра иза.

18. ЧК – черезвычайни комисси. Дуьххьара 1918-чу шарахь Ерригроссийски Чрезвычайни комисси (ВЧК) кхоьллира Ф.Э.Дзержинскийс, шпионашца, диверсанташца, Iедалан дуьхьал болчаьрца къийсам латто. Цуьнан санна, яккхий бакъонаш йолуш цхьа а орган яцара хIетахь. ТIаьхьа цунах хилира КГБ (Пачхьалкхан кхерамазаллин комитет).

19. Делан а, динан а гIуллакх дан чу стаг хуу меттиг. Дукха хьолахь я чохь, я уьйтIехь даьккхина ор хуьлура иза. Мел лахара а шовзткъа дийнахь-буса Iаш хилла стаг холбатахь, ара ца волуш.

20. Хьалхарчу дуьненан тIом болуш 1914-чу шарахь вовшахтоьхна хилла «Акха дивизи» («Дикая дизизия») Россехь паччхьан омрица Кавказан къаьмнийн векалех. Царах вовшахтоьхнера ялх дошлойн полк, шайн къаьмнийн духаршца а, герзашца а лела бакъо йолуш хилла дошлой. ТIамехь, массо а цецвоккхуш, стогалла а, доьналла а гайтира кавказахоша.

21. Бена, Сесана, Энгана,  ГIоьрдала, Iисин-юрт, Хьашта-мохк, Шоьна-хьалха Сесанан районна чуйогIуш хилла Нохчмехкан лаьмнийн ярташ (хIинца – Ножин-Юьртан район).

22. Пилмоьт – пулемет. ХIетахь Европин, Россин эскаршкахь гIараевлла «Максим» боху пулеметаш хилла. Максим – иза церан конструкторан цIе ю.

23. Ножин-Юрт, Ялхой-Мохк, Ишхой-Юрт – Нохчмехкан лаьмнийн ярташ.

24. Ермолов А.П. – инарла, 1818–1827-чу шерашкахь – Кавказерачу эскаран Коьртакомандуюши. Дадин-юьртан чалтач. Нохчашца бинчу тIемехь инзар йоккха къизалла гайтина цо.

25. Ростох – Дона-тIера-Ростов гIала. ХIетахь Къилбаседа Кавказан пачхье (коьрта шахьар) лоруш хилла иза. Уггаре а кхераме а, зуламе а лору тутмакхаш цигарчу набахте буьгуш хилла, лебан а, кхел ян а. Масала, гIараваьлла шайх Митаев Iела вигна цига. Цигахь таIзарш дина, кхел йини, тоьпаш тоьхна цунна, Моца-имамна санна.

26. ВМН – таIзар даран уггар а лакхара кеп (высшая мера наказания) – тоьпаш тохар. 1920-чу шарахь дуьйна 1953-гIа шо тIекхаччалц иштта кхел еш СССР-хь вийна ялх миллион сов стаг, шайна юкъахь кхойттара девлла бераш а долуш.

Соьлжа-ГIала, 1972–2007ш.ш.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.