http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Ц1инлучу 1аламо марха т1екхуллуш Печать Email

Гацаев Саь1ид

*   *   *

Йилхира ц1ен б1аьсте, малх лечкъа баьлла,

Тоха са ца хилла, ша юьхьца кхулуш,

Ц1инлучу 1аламо марха т1екхуллуш, -

Йилхира ц1ен б1аьсте, малх лечкъа баьлла.

Дохк хьийза делира аьрцнашца дийнахь,

Мох ц1ийзаш лаьттара 1аннашкахь хецна,

Сийначу стиглано 1аьржа бос эцна, -

Самукъане дацара цхьана а дийнахь.

 

Ткъа кхано, цкъа сарахь, малх белакъежна

Чухьаьжча, хадийна и мархийн бода,

Йоьлура ц1ен б1аьсте, сингаттам бедда,

Стиглара, ша хьоьстуш, малх белакъежна.

 

*   *   *

Д1ахьажий, ладог1а, ладог1а х1инца –

Б1аьстенан к1ур г1уьтту ламанан 1инца,

И нуьре шовданаш шаьш дуьйладелла,

Бос хаза зезагаш шаьш деладелла.

 

Сан ойла хьаннашка йирзина х1инца,

Сан ойла хьаннашкахь йисина х1инца, -

Сийна г1а т1едолуш мел хаза хилла,

И аьзнаш самдуьйлуш мел таме хилла!

 

Ца тешаш лаьтта со, г1ан ду-те бохуш,

Вистхила ца х1утту, д1адевр-те, бохуш,

Дуьненан и суьрташ исбаьхьа хилла,

Стаг велла д1аваллалц к1ордош ца хилла.

 

Д1ахьажий, б1аьрг тоха б1аьстене т1аккха,

Гуттар дац вай иштта мерза хан яккха, -

И хаза суьйренаш лаьттар яц вайна,

И хаза 1уьйренаш йог1ур яц вайна.

 

*   *   *

Малх лахбелла боьду,

З1аьнарш ц1ийлуш ю,

Кестта боьр бу бода,

Д1аюажур ю юрт.

 

Мох бу г1ийла хьоькхуш,

Мох бу самукъне,

Цхьаьнхьахь-м эшарш лоькху

Дагна хьагаме.

 

Иштта шена атта

Ечу ойланехь

Хи т1ехь йо1 лаьтта

Маьлхан шортанехь.

 

Со, т1евахна цунна,

Хаза вистхир ву,

Б1аьргийн сенчу ц1ерахь

Зевне хьаьвзар ву.

 

Кхуьур ву со велха

Хене валале, -

Марзо оьцур маьлхан

И д1абузале.

 

*   *   *

Ахь эли, безамна безам бу, аьлла,

Ховхачу б1аьргашца нуьре ц1е кхарстош.

Собар де, хьайн делхьа, сан дог ма лела,

Цу дешан хазалло хьан ойла къастош.

 

Ахь боху, марзонна марзо ю шорта,

Б1аьстенан озах хьайн аз тардеш,

Собар де, хьайн делхьа, г1оза дош лардеш,

Шайоллу хьайн марзо сан кийра йотта.

 

Ахь ч1аг1дин, йовхонна йовхо ю, аьлла,

Суьйренан эшарха дегнашка лиэшаш.

Собар де, хьайн делхьа, кийра ц1е яьлла,

И яйа ца эшарх хьо хьуо ю тешаш.

 

Ахь теший, харцонна бекхам бу, аьлла,

Нахехьчул хьайгахь сов массо а ханна.

Собар де, хьайн делхьа, бекхам бай яла

Сан деган харцонна, хьо езаш гарна.

 

*   *   *

Со шун марзо эцна вели-теша?

Вай, ирс-я1, хаза мехкарий!

Цкъа бен доцуш,

х1ара дуьне хьешахь,

Шух ца волуш хила мегарий.

 

Халахета я ма хета хьайна,

Шен раж эцна зама д1аяхнехь,

Ойла йина, д1асахьаьжчахьана,

1ехалол хьо цхьаний х1уманах.

 

Г1елъели сан б1аьргийн

1аьржа серло,

Чо д1абуьйжи, хийзаш, коьртара, -

Деган йовхо даим къона елош.

Вайн жималла лаьтташ елара.

 

Кхин гур вац со хаза велавелла,

Эхь-бехк лоьцуш,

шуьга вистхуьлуш,

Вог1у-воьдуш,

юьхьца ц1ий а велла,

Ала дашна, хир ву ийзалуш.

 

Сан некъ хьаьдда йисте

боьдуш лаьтта,

Шун некъ шуна х1инца нисбелла, -

1арж ма лойла шун и ойла атта,

Х1окху тайпа кийра базбелла!

 

Со д1аг1ор,

сайн к1еззиг денош кхачо,

Там хуьлуш,

я ца хуьлуш а кхин.

Кху дуьненахь

шун марзонаш гинчо

Ойла йийр ю

хазчу г1иллакхийн.

 

Со шун марзо эцна вели-теша?

Вай, ирс-я1 шу, хаза мехкарий,

Цкъа бен доцуш,

х1ара дуьне хьешахь,

Шух ца волуш

хила-х мегарий…

 

*   *   *

Г1енах я самах ца къаьста,

Беттаса к1ажъоьху таме,

Малделла боллан г1а леста,

Къегина Нохчийчоь – Шеме.

Г1енах, я саамах ца къаьста.

 

Зов деш ю шовданийн г1ера,

Седарчий – хилла борц санна.

Буьйса ю тхиш 1а1ош т1ера,

Седарчий, хилла борц санна,

Хехкало буьйсанна т1ера.

 

Тог1еш ю 1адхьокху пондар,

Кхарзало цкъар дагош тийне,

Чуьрчу шен меттара веддарг

Кхочур ву хазчу кху сийне.

Тог1еш ю 1адхьокху пондар.

 

Накъост сан, хьежа хьо, вела!

1аббалц ирс мийла ахь хьайна!

Кхелинчу тхишлах д1алела.

Тховса сан мерза наб яйна.

Накъост сан,

1аббалц ирс мийла!

 

Г1енах, я самах ца къаьста.

Сирла ю бай т1ехь хьо ваггал.

Зевнашца стигла т1ехь леста,

Беттаса – ирс долчу даггал.

Г1енах, я самах ца къаьста.

 

 

*   *   *

Зезагаш, зезагаш тайна

Даьржина баьццарчу арахь, –

Хийлазза йог1у хьо яйна,

Дехи уьш маьрк1ажан хенахь.

 

Хилла д1адевли и денош,

Вайша и вовшаха дели.

Бацала зезагаш 1енош,

Юха а б1аьсте т1ехъели.

 

Х1инца хьо ехаш ю генахь,

Со а ахь вицвина хир ву,

Зезагийн куьрсаца буйнахь,

Кет1ахь кхин соьцуш

хьан хир ву.

 

Ирс долуш хилла хьан дахар,

Безам а – тешаме хьуна!

Езаре генара кхайкхар –

Эрна ду хета ткъа суна.

 

Зезагаш, зезагаш тайна

Даьржина баьццарчу арахь,

Безаме хеталахь хьайна,

Б1аьстенан ара хьо г1олахь.

 

Хир ду уьш кхиссалуш, ловзуш,

Бес-бесар йог1у к1еж туьйсуш,

Ховха хьан куьйгаш

схьалоьцуш,

Хьуна шаьш кхехьна

со вуьйцуш.

 

Зезагаш, зезагаш тайна

Даьржина баьццарчу арахь, –

Хийлаза йог1у хьо яйна,

Дехи уьш маьрк1ажан хенахь.

 

*   *   *

Лоькхур яц хазачу шен иллехь

Цхьама а бодане дохк.

Хьо бу-кха, цкъа а и хиллехь,

Нохчийчоь, зезагийн мохк.

 

Зезагаш баьццарчу арахь,

Зезагаш – ламанца д1а,

Зезагаш – эх1, мел я1! – ала,

И ц1ена дегнаш а хьан,

 

Зезагаш – хьан йохье к1ентий,

Зезагаш – мехкарий хьан,

Бацала сирла малх кхетий,

Зезагаш бал боккхуш 1а.

 

Лелла со, хьох къесташ, ваьлла,

Хийла сан б1аьргашна гин,

Уьш бара кхин а т1ахъаьлла –

Нехан нах ас ца магий.

 

Хьоьгахь ду бакъ,

ц1ена г1иллакх,

Доьналла, стогалла ю,

Оьзда ду ахь дина г1уллакх,

Хаза яхь собарца ю.

 

Зезагаш – хьан хаза эшарш,

Зезагаш – хьан хаза хиш,

П1елгех чекх маьлхаш а лешаш,

Кегадо бацалахь тхиш.

 

Лоькхур яц хазачу шен иллехь,

Цхьамма а бодане дохк.

Хьо бу-кха, цкъа а и хиллехь,

Нохчийчоь, зезагийн мохк!

 

*   *   *

Сан Нохчийчоь – хаза, мерза,

Сийна стигла, маьлхан де.

Сайн сил дукха хьо а езаш,

Стенга ваьр со, дан х1ун дер?

 

Ека, ека деган б1аьсте,

Заза даьлла марзонан,

Юьхьца сирла корта лестий,

Кеп ю х1уьттуш ловзаран.

 

Кху дуьнено йойту ойла –

Кхачор ярий и къахьо?

Некъ сан хьаьдда йисте г1ойла,

Со валийта – латта хьо!

 

Ас ирс лехнехь, лехна хьоьца,

Са а хьоьга тийсина.

Наггахь таь1на гена-эццахь,

Г1а-буц санна, листина.

 

И хьан марзо!..

Д1ахьор иза

Сайца гена некъашка,

Х1уъа х1оттарх талхаяза

Йовхо латто б1аьргашкахь.

 

Со лийр вара лаахь б1озза,

Суо а хьуна эшийта,

Со велча а хьо сайн хаза,

Маьлхе, сирла латтийта!

 

*   *   *

Дуьне, дуьне, сийна латта,

Хьо ца дезаш, хьо ца гуш

Цхьа а вуй те, ахь д1ахаттарх,

Терге акха хьежалуш?

 

Ас ладуьйг1у, ас б1аьрг бетта:

Оццул ц1ена эсала,

Сирла малх бу тхишлахь летта,

Нуьре кхехкаш бацалахь.

 

Аьзнаш  хеза! Аьзнаш хеза!

Эшарш яьржа хьагаме! –

Х1ан-х1а, х1ан-х1а, иштта хаза

Со ца хьежна хьоьга бен!

 

Сирла дуьсуш хьо ма лаьтта,

Стаг д1аволу, стаг д1авов.

Дац и, теша, цуьрриг атта,

Дац тхан хьоьца цхьа а дов.

 

Амма валлалц

шен де къуьйсуш, –

Хьажа хьайна т1аккха а! –

Лаьа сирла хьо а дуьсуш,

Ша д1авала новкъара.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.