http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Йиц ма елаш шайна генахь ерг... Печать Email

Раиса Ахматова

*   *   *

Генна цигахь,

лекхачу лаьмнел дехьахь,

Мархаш,

тулг1е етташ, керчачохь, –

Сан юрт йисна хьаннийн

1индаг1ашлахь…

Хьоме лаьмнаш,

шу ду сан даг чохь!

 

Маьлхан з1аьнарш,

керла 1уьйре йог1уш,

Яьржа хир ю цигахь,

хьостуш б1аьрг.

Мехкарий а – сарахь

шовда оьцуш…

Йиц ма елаш шайна генахь ерг!

 

Цигахь ду сан дерриг –

тхевнийн к1ур а,

Аьрзу екар, некъийн аьрха лар.

Дерриг цигахь –

ирс а, сан кхоллам а…

Даим даг чохь лаьтта

хьоме юрт!

 

Дуьнено ше не1 д1айилли суна;

Хийла г1ала, хийла юрт а го.

Амма дог сайн

дерриг иллеш – шуна,

Махкахой, ас, йоккхаеш, д1ало!

 

*   *   *

Шерийн лорах

со ца хьоьжу г1ийла, –

Х1ун ду даим

къона цахиларх?

Х1ан-х1а, нехан

къоналлех ас цкъа а

Сайн яхаран

шераш хуьйцур дац!

Лечъкъор дац ас

сайн юьхь т1ера хебарш,

Хаьа суна –

хуьлу чомехь 1аж,

Т1ехулара чкъор

цахиларх шера,

Ц1ен бос халарх –

бехка хуьлу чохь.

Ас сайн ирсан

денна сов бо хама,

Денна хала

кхочу иза соь.

Г1алатна сайн

ца гечдо ас х1инца,

Доттаг1ашна

ца биллахь а бехк…

Б1аьрмециг ца хилла

гергарлонна,

Я кхул т1аьхьа

цкъа а хир а яц.

Амма, даг чохь

оьг1азло сов кхиъна,

Харцоне ас

д1акхайкхийна дов

Хьоме халкъ, ас

хьуна до сайн мог1наш,

Цаьрца лаьмнийн

шовданийн аз ду.

Дикка зама

ю сох хилла нана,

Амма декхар –

хьан йо1 хилар ду!

 

*   *   *

Диц-м ца делла хьуна

винчу мехкан

Стиглахь кхозуш хилла

седарчий?

Жима хьалакховдахь,

бодашкара

Йоккхур ю ахь

юьзна хорха схьа…

 

Боданашкахь

аьрха и хиш декар,

Церан халчу некъийн

сихалла;

Ткъа вайн лаьмнаш –

шайна т1ехь ша лепаш,

Лаьтта, кура кортош

айбина!

 

Некъийн даккъаш

мархашлахь д1алечкъа –

Кхойкху цара

вайга локхалле!

Бацо буьйцу

мотт бу вайна кхеташ,

Буьйсанаш лер

тарло безамчух.

 

Хьоме Даймохк,

и хьан исбаьхьалла

Хьан кхоьллина,

стенца юстур и?

Х1ора стаг ву кхузахь

седа санна,

Йина латта,

деган безам сан.

 

*   *   *

Мархаша стиглахь до нека,

Ишта бу цу мархийн кхоллам –

Сих-сиха хийцалуш суьртехь.

Даима лела уьш кхерсташ.

 

Лаьмнашна т1ехула текхаш,

Хададо хийла дукъ цара.

1алур яц: дог т1емадаьлла,

Г1оттур ю, уьш санна, т1ома.

 

Беркате дог1анца латта

1абадан йоьлху шайн новкъа.

Хьоьжу уьш лакхара даим,

Б1аьрга гуш вайн хьоме латта.

 

Да висарг, яйн марха хилла,

Даймехкан арешка 1ана!

 

ДАГЦА КЪАМЕЛ

 

Ас хьуна ч1ог1а ницкъ бора,

Цаоьшу г1айг1а хьоь луш,

Хийла хьо ас хьийзадора,

Хьан декхарх ер а йоцуш.

 

Диц а дой хилар сов экам,

Детталун хьо ца кхоош,

Хьуна т1е беза мохь – экъа

Юьллура, ц1ий хьох 1енош.

 

Со йоьлуш – доьлура соьца,

Болх бора, к1адо ца еш.

Со йоьлхуш – доьлхура соьца,

Халонаш собарца ловш.

 

Гечдехьа, дог, хиллачунна,

Гечдехьа т1ехиндолчунна.

 

ЛАМАНАН ХИ

 

Алахьа, хьан белла

оццул ницкъ хьуна?

Мел идарх ца к1адлуш,

бер санна, ловзу,

Хин тулг1ийн шабаршца

сан лерехь дека,

Сан даг чохь лекхало

Даймехкан илли.

И ду сан бовр боцчу

безаман илли,

Мукъам бу и ненан –

хьоме бер хьоьстуш.

Ткъа хьуна-м хезаш яц

ас хьайн ен ойла,

Хьан тулг1еш т1ехула

полларчий ловзу.

Хьо стенга сихделла?

Мичара дог1у?

Я, берийн сур гина

хьо ловзадаьлла?

Я цхьаьнга кхаъ баккха

сихделла-техьа?

Я, орца доьхуш, хьо

хьаьдда-те ишта?..

Елар со, хьо санна,

кхин къанлур йоцуш –

Хийла некъ бийр бар-кха

къоналлин шовкъехь.

Да висарг, мел лайнарш,

дог1а а тоьхна,

Д1адаха, хи санна,

г1айг1анаш хьаъалц!

Гергара ду вайша –

кхоллам цхьаъ хилла,

Леткъаш яц хьоьга со,

амма, йиш хилча,

Лаьар-кха хьан т1адам

сайх хилла г1атта –

Хьогалло лаьцначун

кийра сайх 1або!

 

*   *   *

Доттаг1ий, я седа,

я малх гур боцуш,

Дуьнен чохь со шайца

йоцчу хенахь –

Декийта сан иллеш,

со карлайохуш,

Кхерстийта даима

вайн лаьтта т1ехь.

 

Безаман шабарш

иллешка дайта,

Лепийта, хилла шайх

1уьйренан тхи.

Адмашка даим хаза ойла яйта

Лууш ю, со цаьрца

цахиларх кхин.

 

Дахарехь дерриг дан

ницкъ сан ца кхаьчна,

Хийла ас, г1о эшна,

1ений б1аьрхиш…

Иллешка дайта сан дан

ницкъ цаккхаьчнарг,

Халкъана г1уллакх деш,

декийта уьш!

 

*   *   *

Сайн шераш д1аэхарх, кхерац,

Гиччош сайн къеждаларх,

елхац, –

Жималлехь сатуьйсуш лехнарг

Карийна. Харц хастам лехац.

 

Бес-бесар хилла сан денош…

Мел халчу новкъа со яларх,

Суо йина юрт йицйой лелаш

Хилла яц минотехь цкъа а.

 

Пепнаш го дийнна цхьа бода,

Хиш хеза эшаршца декаш,

Казбек лам, ло лепаш, д1огахь

Ойланехь к1адбелла хета.

 

Шена т1е кхоьллина г1овтал,

Кхузахь цкъа

1уьйренаш кхехьна

Пушкина. Сан махках башха

Поэмаш Лермонтовс яьхна.

 

Нохчийчоь!

Сан хьоме Даймохк,

Хьан уьйт1а кхаьчнарг

ю б1аьсте!

Со, кхоллам хьайчух д1аийна,

Къоналло шозлаг1а хьаьсти.

 

*   *   *

Ас бехк ца буьллу

Со йолчу цаварна,

Со оьг1аз ца яхна

Хьан кехат цадарна.

Х1уммаъ дац, хьомениг,

Суна там ца бича,

Хийцамаш ма хуьлу –

Со царна ю кийча.

 

Х1инца а хьалхара

Дац суна д1адолуш

Хьан б1аьргийн схьахьежар

Вайша цхьаьна долуш.

Ахь дина къамелаш

Сан лерехь лаьтташ ду,

Юьхьа т1ера ц1ена бос

Х1инца а лепаш бу.

 

Хийла де д1адахна,

Хьоьга ас сатуьйсуш,

Хийла ас ларйина

Яхъелла буьйсанаш.

 

Ас бехк а ца буьллу

Хьан кехат цадарна,

Со оьг1аз ца яхна

Со йолчу цаварна.

 

Х1УН ХИЛЛА СУНА?

 

Хууш яц, х1ун хилла сайна:

Ницкъ кхачац йовза

хьан къайле,

Я сан дог к1адделла-техьа,

Я хьан дог шелделла-техьа?

 

Б1аьргаш чохь

гергарло кхайкхош,

Лийцира вай вовшийн куьйгаш.

Дегаза хилла-те довзар?

Я хилла хьо

харц дерг дуьйцуш?

 

Сайн х1усам шелъелла хета,

Декхна де хетало буьйса,

Хьо ца гуш, сагатло – кхета:

Безамо даг чохь к1еж туьйсу.

 

Дог парг1ат лелачу хьуна

Хаац со, сагатдеш, хьегар.

Хууш яц, х1ун хилла сайна,

Лаац-кха хьо сайца эг1ар.

 

*   *   *

Корталих-м хьаьрчар ю,

шеллуш, 1ай санна,

Амма дац сан белшех

кортали – к1ац ю.

Къийлало-кх, хьомениг,

хьо даиманна…

Х1унда ву хьо ишта,

хьуо везаш хилча?

 

Кхечунна дакъа а

цкъа а хир доцуш,

Хьан ц1е ю даима

сан деган эла…

Ткъа х1унда вац-те хьо

и дог сан хьостуш,

Х1унда ву хьо ишта,

хьуо везаш хилча?

 

1ай хьоькху мох санна,

шийлачу даг чохь

Безам а, я ц1е а

кхин йоцуш санна…

Эцахьа соьгара,

хьайна ца тоьъчахь, –

Д1алур ду дерриг а,

везарна сайна!

 

Х1унда ца лаьа-те

даггара хьуна,

Эсала вистхилла,

сох дагавала?

Хуъушехь оццул

хьуо везийла суна,

Хьо ишта х1унда ву,

хьомениг, ала?!

 

ВЕЗАЧУН Б1АЬРГАШ

 

Г1елвелла лаьтта хьо,

Дукха го ишта…

Б1аьргаш хьан к1адбелла

Генна д1ахьуьйсу.

Ас доьху генарчу

Хьайн б1аьргийн йовхо

Цхьак1еззиг суна а

Йохъяла кхачор.

Хьан б1аьргаш даима

Исбаьхьа лепа,

Лепа уьш диканехь,

Вонехь а лепа.

Лепа уьш, х1орд санна,

Аьхкенан делкъехь,

Амма уьш гена бу,

Седарчий санна.

Меллаша йог1у со

Урамийн шортехь,

Хьо лоьхуш, б1аьрг бетта

Бовзачу нахе.

Хьайчех тера б1аьргаш

Тергалло шортта,

Амма бац хьайнаш гуш –

Уьш бу ас лоьхурш.

Дицлац цкъа суо латтар

1аьржачу буса,

Х1етахь сан б1аьргеха

Ледда и хиш а.

Лаьара

Сайн коьрта т1ехула

Стигал йоькхийла, –

Схьагойтуш исбаьхьа

Хьан сийна б1аьргаш.

 

ТХОВСА А СУНА

НАБ КХЕТАЦ

 

Тховса а суна наб кхетац,

Вай къастар лалуш дац соьга.

Кхета со собар дан дезарх,

Амма дог кхойкхуш ду хьоьга.

 

Хьо варе мерза сатуьйсуш,

Тешахь а, цаварна кхоьруш,

Со 1ашшехь,

шуьйра г1улч туьйсуш,

Хан йоьду, даго хьо воьхуш.

 

Мел денош вайшинна юккъе

Беха некъ билларехь ихна?..

Тховса а сан наб ахь яьхьна,

Хьо ч1ог1а яхъелла, буьйса.

 

Мел денош вайшинна юккъе

Беха некъ билларехь ихна?..

Яхъелла, яхъелла буьйса.

Тховса а суна наб кхетац.

 

*   *   *

Некъ бу сан сов беха.

К1ад а со ло,

Цецйолу, г1енаша 1еха а йой:

Цхьаммо-м сов генахь,

суна и го,

Исбаьхьа г1аланаш

д1ах1ийттайо.

 

Генара и г1ала – х1усам ю хьан,

Х1инца и беха некъ

бан деза сан,

Буьйсан чохь мохь бетташ,

кхойкху хьоь ас, -

Амма дац дуьхьал жоп,

хазац хьан аз…

 

Седарчий – соьга уьш

дагарлур дац,

Я сайн сингаттам а

бусталур бац.

Мокхазан берда т1ехь

ас дуьллур ду,

Т1улгаш а аьхкина,

хьан хаза сурт.

 

Яздеш цу шерачу

хин экъан т1ехь,

Дуьллур ду хьан сурт ас,

хи эт1адеш.

Мичахь ву-те х1инца,

хьомениг, хьо?

Алахьа, хьоьстуш,

ахь 1ехор юй со?

 

Маса дийнахь,

муьлха некъ бан деза-те,

Х1инца со д1акхача

сайн безаме?

Со йоьду, некъ хьулло

цкъа, дохк дуьжий,

Цкъа дуьхьал болу лам,

г1ап шех хуьлий.

 

Амма со д1аоьху, къар а ца луш,

Безамо юьгу со,

шен хьуьнар луш.

Цхьана а ницкъо а сацор яц со –

Иштта сов везаш ву

сан дагна хьо.

 

Мокхазан бердах а ас диллина

Хьан башха хаза сурт,

берд аьхкина.

Шерачу хин экъан

т1ехь а яздеш,

Диллина ас хьан сурт,

и хи хаздеш…

 

Гуьйренан новкъа

 

Йог1у со

гуьйренан хьуьнхахь…

И ерриг яшийна дог1но.

Попан г1а, хьан куьйгах терра,

Со хьостуш, белша т1е дужу.

 

Эрг1аде мох бу схьахьоькхуш,

Ножан цо лестадо генаш,

Беснешна барташ а дохуш,

Моттало, хьо ву и, мох бац.

 

Ц1еххьашха ц1е гучуйолу,

Д1айов и,

б1аьргаш чу хьаьвзий…

Моттало, хьо ву и вог1уш,

Хьан нур ду

б1аьргаш чу хьоьжуш.

 

Садайна. Наб кхетта хьуна.

Шах а дац г1ийла бен хезаш…

Х1етте а моттало суна:

Вог1уш, хьо не11аре кхаьчна.

 

*   *   *

Паччахь ю со х1инца.

Шорта ду хьал а,

Дуьненан хазалла –

ерриг сан ю.

Вола сан х1усаме –

ах паччахьалла,

Ахь дехахь, и хьуна ас

д1алур ду.

 

Ахь ехахь – д1алур ю а

ренаш, хьаннаш,

Х1аваэхь тохкур ду

ас хьуна т1еш.

Лелачу некъашка,

кузашка яржош,

Тосур ю стиглара

к1еда мархаш.

 

Ахь дехнарг дерриг а

д1алур ду хьуна,

Седарчийн хорханаш,

езахь, лур ю.

Сел боккха ницкъ болчу

ирсечу суна

Хьо а иштта ирс долуш

ган луур ду.

 

Дехахьа… Х1инца а

ца хаьа хьуна –

Хьан безам буьйла

и ницкъ белларг суна?!

 

*   *   *

Юха а г1аьтти де,

яржош шен серло.

Б1арлаг1аш санна, йов

мархаш д1а, еший.

Зама, со сих ма е

алазчу дашна, –

Атта яц хьан ирхе,

мохь беза хилча.

Елхьара йог1учу

заманна кхиъна,

Хаахьара юьхь1аьржа

суо лелар йоций, –

Ихначу шерашна

там беш, д1атесна

Ас дуьтур дара сайн

Сихаллин дешнаш.

 

Т1еоьцу кхолламо

кховдийнарг сайна.

Цо йина харц кхиэл а

лалур ю соьга.

Юха а г1аьтти де,

яржош шен серло.

Юха а заманна

т1аьхьа дог сихло.

 

Д1аваха…

 

Д1аваха,

Не1арш т1еч1ег1и,

Шийла х1уо х1усаме даьржи.

Дешнех хьо х1унда ву тешаш,

Хьуо хилча

ца гуш сан б1аьргаш?

 

1уьйренца вовшех а хьоьгуш,

Г1айг1а д1алалла ца кхеташ,

Ураман г1овг1анах кхоьруш,

Вайшиннан некъаш ду къесташ.

 

Маьрк1ажан бода бу боьлла,

Мох-дорцо шелйина юьхь сан.

Къастаро барт хилар лоьху,

Вай вовшийн

мел оьшу, дуьйцуш.

 

*   *   *

Стенна и делахь а,

даим а вайна

Заздаьлла б1аьсте го

безамна уллохь.

Ткъа суна-м йиц ца ло

кхоьлина 1уьйре,

Мокхачу мархаша

хьулйина стигла.

Олхазарш дацара

хезаш – д1адахна,

Суьйранна баттаса

ца гора стиглахь.

Х1ан-х1а, йиц ца елла,

и яра гуьйре,

Не1 тоьхна, со йолчу

беача безам

Кхечира безам, дог

йийсаре лоцуш.

Хебарш сан юьхьа т1ера

шардира чехка.

Тишъелла пальто т1ехь

со йолчу кхаьчна,

Кхолламо кховдийра

сирла ирс соьга.

Кхоьлинчу цу стиглан

сийналла яйна,

Аренаш еса ю –

ялташ чуэцна,

Ткъа суна-м даима

хьоме ю гуьйре –

Т1аьхьайисна сайн б1аьсте

гурахь кхачарна.

 

*   *   *

Хетара – д1аяхча,

вицлур ву сайна,

Тешара –

чим хир бу безамах вайн.

Х1инца вай генахь ду,

х1етта а суна

Вицлац хьо,

х1ун дер ас, со хууш яц.

 

Амма со 1емар ю

хьо вицван, теша,

Даг чуьра эккхор бу

Хьоь безам ас.

Б1аьргаш а сан хир бац

даим хьо лоьхуш,

Я, хьуна сагатдеш,

боьлхур бац уьш.

 

Лелар ву хьо т1аккха

ма-луъу хьайна,

Новкъарло йийр яц ас,

дехарш хьоь деш,

Амма синтем карор

буй-техьа суна?

Ас муха суо ларъян

еза-те хьох?

 

*   *   *

«Йолахьа соьга» –

дагахь а доцуш,

Х1етахь ахь дуьххьара

элира соьга.

Ткъа со ца тийшира.

Ахь йора ч1аг1о:

«Хало а, атто а

йоькъур ю хьоьца!»

 

Сан коьртехь ойлано

«х1ун хаьа?» – хоьтту.

Седарчий леш хуьлу,

хан яьлча, дешнаш

Дицлур ду, дахар вайн

чолхе ду иллел.

Ала, вуй хьо т1аккха

хийцамна кийча?

 

Соцунг1а хилла,

ойланехь дустуш,

Замано кховдо дерг –

кхолламан некъаш,

Меллаша элира ахь,

соьга а хьаьжна:

«Теша хьох…» Т1аккха

т1етуьйхира: «Сайх а».

 

*   *   *

Бехира: «Хуьйцур ду дуьне а

Башхачу вайн безамо!»

Цу дешнийн серлонехь язйора

Сайн стихаш даггара ас.

 

Хьо харц хиллера, 1индаг1а

Дижна сан мог1анаш т1е.

Де суна буьйсанал 1аьржа ду,

Йишхаьлла, дайна сан аз.

 

Хьан когийн тата а тийна д1а,

Ца оьшу ладег1а кхин.

Ткъа х1етахь ас язъян йолийна

Стих 1уьллу, чан тесна т1е.

 

*   *   *

Массо х1ума а, хетарехь,

Декхарех вала тарлуш ду.

Хилла цатам а, хербина,

Ойланехь бицбан тарлуш бу.

 

Амма, алахьа ахь соьга,

Мича мехах доьхкира ахь

Сан хьоьца дог дика хилар,

Со хьайга тешамца хьежар?

 

Когаш к1ел латта-м лелхар дац,

Я хиш ирах а доьрзур дац,

Шен паччахьаллин локхаллехь

Массарна а къегар бу малх.

 

Дуьненчохь хийцамаш а

хир бац,

Хийланна ца вовза тарло, -

Амма кхералахь, кхералахь

Тешнабехк бевзинчу дагах.

 

*   *   *

Моьттура –

д1аяхча, дерриг д1адолу,

Хьан аз а лергашна

херадер ду.

Ткъа безам т1аьхьара

суна ца болу,

Горгали хилла,

и сан даг чохь бу.

 

Со дагахь хиллера

некъаш а дицдан,

Хьох дозуш мел хилларг –

тесна дуьтуш…

Лийлира со, - харц дерг

йиш яц-кха дийца, -

Хьан сибат даима

хьалхах1уьттуш.

 

Даим хьо соьца ву,

вацахь а юххехь.

Ехаш ю иштта со,

яц хин дерг гуш…

«Со х1ара ву!» - боху

хьан озо лерехь,

Сан даг чу вижна хьо,

сих чекхволуш.

 

*   *   *

Х1ай, сан дог, ма сихлуо,

Сатоха 1ама хьо.

И х1инца соьца вац,

Йицйина лелаш ву.

 

Дагара дийцина,

Хьаам бан мила ву?

Хабарш мел дийцарх а,

Г1оли юй цаьргара?

 

Мила ву хьо хьаста,

Цкъа довха дош аьлла?

Дош х1ун ю? Юкъ ю и –

Мохо а д1ахьур ю.

 

Сирла де кхоьлина,

Стиглара байна малх, -

Сан дагна везнариг

Сов генахь лелаш ву…

 

Къаьхьа ду х1ора де,

Зама сов яхъелла.

Х1ай, хьекъал, хьажахьа,

Сан дагна далой г1о!

 

Х1ай дог, хьо сих ма луо,

Хьулъе хьайн ойланаш.

Вац соьца х1инца и,

Лела, со йицйина…

 

*   *   *

Массо а х1уманан ю

шен-шен зама.

Шен-шен бу х1ора а

х1уманан мах.

Ткъа дийцал, ахь мичахь,

мел мах схьаэцна

Доьхкира хьайх тешна

нехан дог д1а?

 

Тешнабехк бина хьо

муха лов лаьтто?

Ткъес муха ца тоьхна?

Ца лекъна хиш?

Сийначу стиглара,

массарна санна,

Хьуна а къежа-те

нур сирла малх?!

 

Гечдийр ду хьуна-м!

ду вай цхьа адамаш.

Кхул т1аьхьа хьоьга и

ас хьахор дац.

Ткъа дагна … цунна-м                                и дицлур дац цкъа а –

Цунна ахь д1алур

бу буьззина мах.

 

*   *   *

Даима уьш дагахь

лаьтта суна,

Сан бераллин

б1аьргаш сирла бу.

Араяьлча –

лулахь хилла лаьмнаш

Х1инца а сайна гуш ду,

маттало.

Шераш оьху.

Х1ан-х1а, эшац суна

Я кхин кхоллам,

я кхин тайна ирс.

Лаьа суна йина

лаьмнаш талла,

Жа ган дежаш

лаьмнийн басешкахь.

Чахчареш чуоьгу,

еш шайн г1овг1а,

Де чекхдолуш

лаьмнийн некха т1ехь

Дохк д1адуьжу

лекхчу бердашца.

Шира б1аьвнаш –

лаьтта, деш шайн ха.

Туьйра санна,

хазло дерриг 1алам,

Лаьмнашкахь б1аьрг

боьллуш 1уьйрено.

Малхбалера стигал

ерриг ц1ийлуш,

Стиглахь сирла

седарчий д1адовш,

Лаьмнийн басех

йодий нийсса хьала,

Ас цхьа седа,

кхоллам санна сайн,

Схьаалоцура –

хила иштта сирла,

Хила, седа

санна, эсала…

Зама йоьду,

ткъа лаьмнаш

дац къанлуш,

Уьш мелхо а

шарна къонлуш ду.

Йог1у кхуза,

церан аз а хезий,

Со кест-кеста,

тоха цаьрга б1аьрг.

Йина латта,

дагна хьоме лаьмнаш,

Шу гар суна

доккха совг1ат ду.

 

*   *   *

Шовдане боьдучу

новкъа а яьлла,

Гонаха б1аьрг бетташ,

ч1ог1а г1елъелла,

Со лаьтташ гинера,

нагахь хьоь алахь, -

Варийлахь, бакъ хетий,

цунах ма тешалахь,

Хьо гаре сатуьйсуш

ца лела хьуна.

 

Накхаран мозано

зезагаш санна,

Керлачу стихашна

дешнаш а лоьхуш,

Хьуьн чохь со цхьа лелаш

гинера, алахь, -

Варийлахь, бакъ хетий,

цунах ма тешалахь,

Хаалахь, хьан дуьхьа

ца лела хьуна.

 

Суьйранна, малх буьзна,

1аржлучу хенахь,

Йог1учу буьйсан чу

доггах мохь бетташ,

Со кхайкхахь,

везачу стеган ц1е йохуш, -

И хьайн ц1е ю алий,

варий ма тешалахь,

Сан даго кхойкхуш верг –

и хьо вац хьуна!

 

СЕДАРЧИЙ ТАЧА, БЕРАЛЛА

 

Бералла, бералла,

Муьлхачу хьаннашкахь,

Мухачу некъашкахь

Хьо тилла лиэлла!

Мичахь ю хьан дашо

Нур долу серло,

Хьан сийлахь, лаккхара

Къинхетам, адамалла!

Ламанан хица хьо

Тулг1енца кхиэрста,

Я лиэла даккхийчу,

Кегийчу бердашца!

Генарчу, гергарчу

Некъашка хьо ахьа,

1аламан хазалле

Дагалацам хьо ахьа,

Бералла, бералла

Хьо мичхьа ду техьа!

Хьалхара и хьан юьхь,

Схьадолу и корта?

Хазачу 1аламан

Акхтарге, попа к1ел

Иллешца хьалхара

Мог1анаш девлла,

Хьомечу сан халкъан

Маршаллин оьзда аз,

Беркате дог1а хилла,

Оьздаллехь дека.

Бералла, бералла,

Муьлхачу есаллехь,

Геналлехь дайна хьо?

Дуьхьалъаз санна, хьо

Товш хезаш дека.

Схьагарехь, лаьтто схьа

Ло вайна дег1ана

Аьхна и з1аьнарш,

Йовхо ло цара,

1аламехь синтем беш,

Лаьтто ло з1аьнарш –

Седарчийн тачанах

Тарделла бералла.

 

*   *   *

Сан ойла ца хии,

ца хии хьуна,

Цундела нацкъара

соьцу хьо суна,

Аренца мел дукха

кенаш ду вайна!

Цхьабакъду х1ора кан

кхин бу сан дагна.

 

Хьоьца со барт хила 1амац,

Даима хьо вицван тарлац,

Г1а-бацо маьлхан тов худу,

Цо цунна шен дахар дуду.

 

Кхоьлина, хьасене –

бен а дац суна,

Я серло, я кореуллучун бода,

Ткъа иштта къар ца лун

ч1ег1ардиг доду,

К1орнешна кхачанца

т1екхача бенна.

 

Хьо ваха лууш вуй –

схьаэца чамда,

Безамца хьо новкъа

воккхур ву ас,

Зуьйр вац ас: сан дог ду

и к1еда бамба,

Ца олуш соцур ю

ца еш со вас.

 

Вайн ирс ас тоьгур ду

мехаца нийса,

Йочанехь вайн

и ирс галдала хьаьхна,

Ткъа нагахь телхинарг

д1ах1оттахь, къийса

Кийча ю, къахьега,

некъ билла аьхна.

 

Х1умма а сан ойла

ца хии хьуна,

Цундела нацкъара

сеци хьо суна,

Ца евзи хьуна со,

ца еа дага,

Цхьаьна вай хиларх

а балхаца, дагца.

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.