http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


Ахматова Раисин деган иллеш Печать Email

Бурчаев Хьаьлим

 

 

Нохчийн зударшна-яздархошна юкъахь массарел а г1араяьлла республикин а,

Россин а дозанел арахьа г1араяьлла евзаш ю поэтессин Ахматова Раисин ц1е.

Нохчийн дерриге а халкъан санна, хала а, чолхе а хилла цуьнан дахаран а, къинхьегаман а некъ. Ялхитта шо бен ца кхаьчнера хинйолчу поэтессин, «халкъан мостаг1»  ю аьлла, дийнна халкъаца цхьаьна иза шен Даймахках яьккхича. Шийлачу Казахстанан мецачу аренашкахь колхозехь д1аболийна Ахматова Раисас шен къинхьегаман некъ. Кхойтта шо д1адаьлча, шен дайн лаьтта т1е юхайирзира иза.

Махках яьккхинчул т1аьхьа дешар юкъахдита дийзира къоначу йоь1ан. Амма ц1а - йирзинчул т1аьхьа кхид1а а дийшира цо: Соьлжа-г1алара хьехархойн училищехь дешначул т1аьхьа цо чекхйоккху Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университет, лаккхара литературин курсаш чекхйоху Москвахь.

Ахматова Раисас белхаш бо школехь, газетан редакцехь, республикин культурин министран г1оьнчин даржехь а хилла. Ткъа шарахь сов куьйгалла до цо Нохч-Галг1айн яздархойн Союзан урхаллехь. РСФСР-н а, СССР-н а яздархойн Союзийн Урхаллин декъашхо а хилла гуттар а.

Юкъараллин балхахь а дукха къахьегна Ахматова Раисас: республикера комитетийн дакъойн председатель: советийн зударийн, машаран, Азин а, Африкин а пачхьалкхашца цхьабарт хиларан. Массара а герзаш д1адахарехьа а, машарехьа а йолчу дерриг дуьненан Конгрессехь дакъа а лаьцна. Цуьнан къинхьегаман жигаралла а, кхоллараллехь кхиамаш а билгалбаьхна оцу заманан 1едалан лаккхарчу совг1аташца: «Сийлаллин билгало», «Халкъийн доттаг1алла» орденшца а, мидалшца а. «Нохч-Г1алг1айчоьнан халкъан поэтесса лераме ц1е а елла цунна.

Оцу кеппара хилла оцу хьуьнаречу зудчун – Ахматова Раисин къинхьегаман некъ. Амма цуьнца цхьаьна цо кхиамца къахьегна кхоллараллехь а. Шен къинхьегаман некъ а, кхолларалла а, цхьаъ вукхуьнца язош, схьаеъна Ахматова Раиса. Цуьнах лаьцна нийса аьлла литература таллархочо Верольский Юрийс: «Дахаран баккхай т1е1аткъамаш, юкъараллин болх, кест-кеста ешархошца цхьаьнакхетарш, Нохчийчоьнан, Кавказан, пачхьалкхан дозанел арахьа яхар – оцу дерригено а хьалдолуш до цуьнан кхоллараллин басарш. Рог1ера гулар ара мосазза йолу, гуш ду поэтессин говзалла кхуьуш хилар. Стенна а т1е цо шен ойла ерзаярх, шен сица стеннах а 1оттаяларх, уьш дерриге а  цуьнца дуьсу, даим а цуьнан даг чухула чекхдаьккхина ду уьш цуьнан. Цундела яздо цо дерригенах а лаьцна. Поэтессас стеннах лаьцна яздеш, цуьнан стихашкахь гуш бу йинчу лаьтте, дайн кхерче, шен халкъе болчу безаман синхаамаш».

Школехь доьшуш йолуш дуьйна, шен дейтта шо кхаьчча йолаелла Ахматова Раиса стихотворенеш язъян. 1942 –г1а шарахь дуьххьара зорбатоьхна царна.

Даггара язйина, кхета атта, чолхе йоцуш хиларна, къоначу йоь1ан лирика дика т1е а ийцира поэзи езархоша. Оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь язйора цо х1етахь.

 

Лаьара хуьлийла

Сайх х1ордан тулг1е,

Амма тем хууш яц

Х1ордан тулг1енаш.

К1айн марха хилий сох?

Амма мархаш а

Даима хилац-кха

К1айн, х1инца санна.

Х1ун дер ткъа, ишттаниг

Кхаьчна-кх дог суна –

Дуьнен чохь кхин синтем

Карор бац цунна.

 

Шен уггаре хьалхарчех цхьаъ йолчу х1окху йоццачу стихотворенехь Ахматова Раисас шен лирикин турпалхочун ойланашца гайтинарг ша ю, цхьа атта, парг1ат, тийна дуьне даа еана а йоцуш, шена гондахьа к1ежтуьйсуш долчу дахаран к1урк1аманехь шен ницкъаш зиэн, цхьа билггала дахаран 1алашо шена хьалха х1оттийна йолу. Иштта хуьлу-кх къоналла, бераллера жигаречу дахаре дуькхьарлера г1улч ша йоккхучу хенахь, дерриге а адамашка безамах юьзна, царна диканаш дан сатесна, цуьнца цхьаьна, цхьаъ хаьржина, ирсечу дахаре сатесна:

 

Юха а наб кхетац.

Чекхъели буьйса, со хьоьстуш,

Сан дог ду къахьегар дезаш,

Адамна вон дарах кхоьруш,

 

Маржа-я1, велар хьо хууш,

Ас хьуна сагатдар тховса! –

Хьо хила тарлора лууш

Сан деган ойланаш хьаста.

 

Дайн лаьтте, исбаьхьчу Нохчийчоьне болчу бовхачу безамах дуьзна дог досту Ахматова Раисин лирикин турпалхочо, и синхаамаш гойтуш керла дустарш, васташ кхолладелла цуьнга, масала, х1окху мог1ашкахь:

 

Ламанийн ирс – лекха баххьаш

Лакхахь го 1уьйкъенан бодехь,

Баркалла кхиэлана, ирсехь

Кхолларна дуьненан хьаьттахь,

 

Вайн кхузахь зовкхе д1анисло

Вайн дика хьомсара Даймохк,

Нур дашо маьлхан и хазалла,

Т1ех чехка чиллин и хьадар а.

 

Амма доьг1на ца хиллера къоначу поэтессина шен дахаран уггаре исбаьхьчу, самукъанечу муьрах дуьззина ирс иэца, шен Даймахкан лаьтта т1ехь къоналлин шовкъе иллеш яздан. Дийнна кхойтта шарна лекъа цуьнан поэзин хьоста. Нохчийн берриге а яздархойн оцу шерашкахь хилла кхоллам бу Ахматова Раисиниг а. Т1аккха вайн халкъ ц1адирзинчул т1аьхьа цо, шен стихотворенийн мог1анашкахь хьахор ду и шераш, хецна д1аала йиш ца хиларна, к1ез-к1езиг схьакъадош:

 

…Ткъа хьуна дагадог1у хир ду и шераш,

Луьра и орцанаш, ло идо дарцаш,

Сов гена д1адоьлху и даккхий некъаш,

Цу т1еман ц1ераша дагийна ялташ.

 

Синтеме доцчу 1ай, суьрташ а х1иттош,

Ойланаш йора вай, хьуьнарш а дебаш,

Дуткъийчу аннкашца раманаш кхолош,

И буьрса халонаш доьналца эшош…

«Халонаш эшор» ц1е йолчу оцу стихотворенехь автора, х1етахьлерчу идеологица цхьаьна дог1уш, хестайо пионери, комсомол, «езийра» парти. Иштта ала дезаш дара х1етахь, цензура само йолуш хиларна, амма ешархо дика кхетара цуьнан дуьззинчу маь1нах.

Ахматова Раисин лирикин турпалхо шен дог-ойланца а, лаамашца а, сатийсамашца а виллина шен Даймахкаца ву. Дахаран кхолламо цунна генаваьккхина, амма гуттар а шен дайн лаьтта баьргашна хьалха лаьттачу цуьнан ойланаш Нохчийчухьа д1айоьлхучу мархашца йозаелла цхьана стихотворенехь, фольклоран мукъамаш хеза оцу дешнашкахь:

 

Мархаша стиглахь до нека,

Иштта бу цу мархийн кхоллам –

Сих-сиха хийцалуш суьртехь,

Даима лела уьш кхерсташ.

 

Лаьмнашна т1ехула, даккъаш хедош, йоьлху уьш тергалъеш вайн турпалхо а ву, дог т1емадаьлла, айвелла цаьрца д1аваха лаам болуш, х1унда аьлча, иза тешна ву геннахь дисна шен хьоме латта шайн б1аьргашца мархашна гуш хиларх. Шен беркатечу дог1анца латта 1або новкъаевллачу цара шайх хьагаран синхаамаш меттахбоху цуьнан:

 

Да висарг, яйн марха хилла,

Даймехкан арешка 1ана.

 

Даймахке сатуьйсуш, гуттар а хьег1а шен ойланаш ша-шеца йоькъу Ахматова Раисин кхечу стихотворенин турпалхочо. Шен цхьаллехь висинчу цо иштта хаттар х1оттадо ша-шега:

 

Диц-м ца делла хьуна винчу мехкан

Стиглахь кхозуш хилла седарчий?..

 

Т1аккха шен хьомсарчу Нохчийчоьнан суьрташ даладо, цхьана а кепара басарш, дешнаш ца кхоош: бодашкара хьалакхевдича стиглара схьаэццал гергахь йолу седарчийн юьзна хорха, аьрхачу хийн декар, шайна т1ехь ша лепа кортош курра айбина лаьтта лаьмнаш, мархашка кхаччалц йолчу лакхалле вай д1акхойкху некъаш, бацо буьйцу вай кхета мотт а, безамчух тера болу буьйсанан мотт а. Т1аккха, урх хецна, дешнийн лаккхарчу айамехь алар а:

 

Хьоме Даймохк, и хьан исбаьхьалла

Хьан кхоьллина, стенца юстур ю?

Х1ора стаг ву кхузахь седа санна,

Йина латта, деган безам сан!

 

Ахматова Раисин муьлхха а произведени вай схьаэцча, гуш бу цуьнан дуьнен т1ера массо а адаме, шен Даймахке болу безам.

Г1ебарта-Балкхаройчоьн халкъан поэта Кулиев Кайсына аьллачу дешнаша а т1еч1аг1до и: «Ахматова Раиса – Кавказан тоьллачу поэтех цхьаъ хилла ца 1а. Шен синхаамех уггаре а лакхарниг лору цо дайн кхерче, хьомечу халкъе, дахаре а болу безам. Иза – шен Даймехкан илланча ю. Адамийн дахар а, къинхьегам а, церан ойланаш а, синхаамаш а, хазахетарш а, г1айг1анаш а, дезденош а, белхан хан а, долушдерг а, хиндерг а, чохь садолчу массо а х1умане безам, зудчун безам – иштта бу нохчийн поэтессин кхоллараллин чулацам. Мел генарчу геналлин а ницкъ бац дуьхьало ян цуьнан стихаша шен ешархойн дегнаш т1е бечу новкъахь, х1унда аьлча уьш церан синхаамашца цхьаьна йог1уш а, ала х1ума доцуш говза язйина а ю».

1958-г1а шарахь зорбанера араяьлла Ахматова Раисин дуьххьарлера гулар. «Суна дика дагайог1у сан республика» ц1е йолу жима киншка. Воккхаверца гочйора ас цу т1ера стихотворенеш, х1унда аьлча, уьш даггара язйина а, чолхаллаш йоцуш, кхета аттачу маттахь а хиларна» - бохуш яздо литература таллархочо, журналиста Кусаев 1адиза. Х1етталц оцу поэтессин книжка ара ца йолуш х1унда йисна бохучух вай дика кхеташ ду.

Дуьненан дуккха а мехкашна, хишна, меттигашна лерина язйина дукха стихотворенеш ю Ахматова Раисин: «Махачкала», «Каспий-х1орде», «Тиса», «Селенга», «Ереван»,  «Михайловскехь», иштта кхиерш а. Церан хазалла, токхалла мог1анашца ша хесточу хенахь, цуьнан лирикин турпалхочо дагалоьцу ша схьаваьлла мохк, дайн кхерч. Мел исбаьхьа, дагна аьхна мехкаш хиларх, цаьрца хийцалац шен Даймохк цуьнга.

 

Хьан махкахь со 1ийр а яра,

Амма нийса кхеталахь:

Сайн кхолламца ирсе ю со

Йинчу, хазчу Нохчийчохь! – боху цо Каспий-х1орде.

Тиса – хин йистехь, цуьнан нуьцкъаллах, хазаллах цецъюьйлуш лаьттачу турпалхочун лерехь ека Нохчийчуьра Органан г1ар, аренга сихделла, шен собар дайна, охьахьаьдда дог1у и хи шена гуш санна хетта.

Генарчу Бурятера Селенга-хин тулг1енех цхьаъ ламанхойн к1удал чохь яьхьна, «сийначу Орган чу маршонна хеца» лаам бу турпалхочун, цу кеппара вайн шина мехкан вошалла ч1аг1дархьама. Изза лаам кхоллало цуьнан Сибирах лаьцна долчу лирикин мог1анашкахь:

 

Сибирь, ахь совг1атна хьайн б1аьргийн к1оргалла,

Парг1атчу хьайн деган комаьрша ло суна.

Генарчу Теркана хьан совг1ат хьур ду ас,

Гергарло ч1аг1делча, там хир бу сан дагна.

 

Вай лакхахь дийцинчунна т1едоьг1на, аьлла х1ара дешнаш Дагестанан халкъан поэта Гамзатов Расула: «Ахматова Раисин поэзин тоьлашха йолчу аг1онех цхьаъ ю – кхиберш санна, шен кхоллам болуш дуьнен т1е яьлла иза массарна а хьоме, гергара, дийнна халкъан йо1 хилар. Кавказан лаьмнийн когашкахь кхоллаелла йолу цуьнан стихаш тайп-тайпанчу пачхьалкашкара, континенташкара ешархойн дегнаша къобалъеш т1еоьцуш ю».

Ахматова Раисина угаре гергарчех цхьаъ ю Даймехкан тема. Октябрьски революцис «сирла нур делла, бодашкара парг1атъяьккхина», кхийолу республикаш санна, Нохчийчоь а бохуш, яра х1етахьлера 1едалан идеологи. Даггара дацахь а, и иштта ду бохуш, т1еч1аг1дан дезара массара а, яздархоша а. Цхьаболчара оцу д1акхайкхорех хьаьвда динера, уьш партин номенклатурин яздархой бара. Цабевлла, партис а, советийн 1едалан куьйгалхоша а д1ахьош болу «коммунизме боьду некъ» къобалбеш, царна хастамаш беш, яздан дезара вукху яздархойн. Амма цара шайн произведенешкахь къайлахчу маь1нехь я кхечу кепара схьаолура бакъдерг. Ахматова Раисин а ю партина, Ленинна, Октябрьски революцина лерина язйина стихотворенеш, уьш ца хилча цуьнан кхийолу стихотворенеш зорбатохуьйтур яцара, оццу хьолехь бара берриге а яздархой. Делахь а, поэтессина карабора оцу идеологин бехкамех-гурах яла некъ.

Масала, «Лаьмнаш го…» стихотворени. Цуьнан турпалхочунна го бакхьашкахь ша лепа лаьмнаш, царна хехь лаьтташ санна, гуттар а т1ехула хьийза аьрзунаш. Лаьмнийн собар, тийналла, ч1аг1о йийцинчул т1аьхьа, цо доцца олу нохчийн халкъан халачу кхолламах лаьцна.

Оцу мог1анашца ца го идеологин т1е1аткъам, кхузахь к1орггера г1айг1а го нохчийн д1адаханчух а, долчух а лаьцна. К1оргерчу маь1нехь, ойлайойтуш ду т1аьххьара дешнаш:

 

Х1ай лаьмнаш, шуначул хьанна

Аш лайнарг дикаха гур ду?!

 

Хаттарца цхьаьна церан чаккхене айдаран хьаьрк х1оттор ду х1окху стихотворенехь коьртачех цхьаъ. Ма-дарра дуьйцуш, олуьйтуш дацахь а, нохчийн шен историх лаьцна дийца а, ала а дуккха ду бохург дешало оцу стихотворенин маь1нехь. Ткъа и лаьмнаш, массо а нохчочунна санна, гуттар а шайна т1еийзаво сийлахь къилба ду Ахматова Раисин турпалхочунна:

 

Йина латта, дагна хьоме лаьмнаш,

Шу гар суна доккха совг1ат ду.

 

Ткъа кхечу стихотворенехь лаьмнийн мехкан йо1а иштта олу:

 

Замано худу вайн шераш,

Ткъа лаьмнаш – даима къона…

Ма хала ду цунах кхета!

Лаьмнашка суо мосаз яха,

Дуьххьар уьш гуш санна хета,

Лаьмнаш, шу даим ду-кх къона!

 

Лаьмнийн васт шен дуккха а стихотворенешкахь доладо Ахматова Раисас. Сира, к1айн баххьаш мархашка кховдийна, эзарнаш шерашкахь лаьтта уьш даима а къона го цунна. Церан васт  цуьнан шен вастах тера а ду. Ахматован муьлххачу а муьрехь язйина стихотворенеш ерриге а къоналлин шовкъехь, лаккхарчу син айамехь ека. Цуьнан шен лаам а бу шен хьомсарчу лаьмнашна хьакъдолу иллеш кхолла:

 

Сан лаьмнаш, аш бехк ма билла,

Сан иллеш баххьашка ца кхачахь,

Г1айг1анехь, халачу деношкахь

Сан кхиар лакхахь ца нислахь…

 

Ахматован лирикин турпалхо шен Даймехкан 1аламан хазаллин йийсархо ву. Кхузахь, цуьнан Нохчийчохь, «стиглано седарчийн йовлакх шен тесна, ламанан зезагаш дага доьлла», аренан зезагаш а ду шайна т1ехь 1уьйренан тхи лепаш. Дерриге а ду цунна гергара, хьоме – хиш, бердаш, ц1енош:

 

Кху лаьмнаш юккъехь сан безам а кхиъна,

Сан сирла ирс а ду ду кхузахь хилла.

Зезагаш ду боьллуш шайн сийна б1аьргаш,

Муьйлу ас, къурдаш деш, 1уйренан нур…

 

Г1алмакхойчоьнан халкъан поэта Кугультинов Давида иштта мах хадийна Ахматова Раисин кхоллараллин: «Суна хетарехь, Ахматова Раисин поэзи евзаш хиларан бахьана ду, адамашка д1аала дезарг шена чохь къийла ницкъбацаран бух т1ехь иза кхиъна хилар. Цуьнан кхоллараллин хаттарш ду – лазам а, къийсам а, ша-шена ницкъ бен ойланаш а, жоьпалла а, шеконаш а, лехамаш а, шен заманхочун – зудчун сатийсамаш а, синхаамаш а. Цо ша а сих-сиха ма олу, ша зударий-ламанхойн ц1арах дуьйцу».

Нохчийн зудчун б1ешерашкара дуьйна схьа хилла декъаза кхоллам буьйцу цо. Бакъду, х1етахьлера идеологица дог1уш, вайн зуда 1адатийн боданехь латтийна х1инццалц схьа, ткъа Октябран революцино йоккха маршо елла цунна, боху т1еч1аг1дарш ду Ахматован поэзехь, къаьсттина шен къоначу хенахь цо язйинчу стихотворенеш т1ехь. Нохчийн йо1е, коьртара йовлакх д1а а даккхий, дарцана-мохана дуьхьалъерза боху кхайкхамаш а бу. Нохчийн зудчун дахар, товханна хьалха хьийзаш, доьзал бузо г1ерташ, къахьоьгуш, кхин дуьне ган йиш йоцуш, д1адоьдуш хилла бохурш а ду. Ткъа уьш дерриш а партин политикина жоп луш, цуьнан т1едахкарш дара. Цу т1ехь Ахматова Раисин а, кхечу яздархойн а буьззина бехкбар нийса а дац. Вай лакхахь ма-аллара, иштта произведенеш язъеш ца хилча, яздархочунна кхоллараллин некъ боьхкура х1етахь.

Амма Ахматова Раисин кхин а ю произведенеш зуда-ламанхочун сатийсамех, синхаамех, лехамех, дахаран маь1нах лаьцна. Мел хаза, эсала, довха дешнаш ду, масала, цо нене яздина мог1анаш:

 

Цкъа сингаттам баьлча, хилча хазахетар,

Йог1ур ю хьо йолчу – ахь д1акхайкха со.

Со йоьлуш – хьо ела, елхахь – сан догъэца,

Ларъе къаьхьчу балех, хьехар суна деш…

 

Йина мохк, йина нана – уьш бен яц цунна шен дахарехь г1ортораш, т1етевжийлаш, хьехар деш, цуьнан дог хьаста ницкъ болуш. Т1аккха вай кхета-кх нохчийн зудчун-ц1енненан, х1усамненен – декхарех а: нохчийн юкъараллехь бераш кхетош-кхиоран тешам зудчунна белла хилла, къаьстина йо1 кхиорехь. Ткъа вайна хууш ма ду, нагахь муьлхха а къоман зударий дастамбовлахь, и къам дийнна х1аллакьхуьлуш хилар.

«Эвлахь» ц1е йолчу стихотворенин турпалхо шен бералла д1адаханчу юьрта еъна. Кхузахь цунна карладуьйлу де нанас баьхна аганан илли, цо дийцина инзаре туьйранаш, цара кхоьллина дика ойланаш. Эвлахь яьккхинчу хенахь жимачу йоь1ан дагчу а, кхетаме а йийшийна сирла, ц1ена, догдика ойланаш гуттаренна а йисина цуьнца. Цундела ю-кх иза адамашка, 1аламе, дайн лаьтте безам болуш кхиъна:

 

Юха а геннара

Хеза, дог хьоьстуш,

Бераллин лийрдоцу

Аганан илли…

 

Нохчийн хьуьнаречу, къинхьегамна т1ерачу зудчун васт гайтар ю Ахматова Раисин кхоллараллин коьрта тема. Церан геланча, цара шайн сатийсамаш, лехамаш синхаамаш д1акхайкхо тешийнарг лору цо ша, цундела хир ду-кх цо шен йижарех – берриге нохчийн зударех мел аьлла дош довха,эсала, догдика, царах дозалла деш. Цу т1ехь шен жоьпалла а дика девза цунна:

1аламат хала ду

Соь кхаьчна дакъа:

Ламанхой-зударех

Дийца сан деза, - боху Ахматовас шен цхьана стихотворенехь. Зударшна-йижаршна хьалха долчу шен декхарх цкъа а ер яц ша боху цо, цара шайн деган ойланаш шех тешорна. Б1еннаш, эзарнаш зударийн кхолламаш, церан дог-ойла ша цхьана зудчо муха юьйцур, ницкъ кхочур буй-те шен и хала декхар кхочушдан, бохучунна жоп луш, цо хоьтту:

 

Цхьаъ яц ткъа стигал а

Массарна вайна?

Цхьаъ бац ткъа и малх а

Массарна боьлуш?

 

Х1ора а йоьлху вайх,

1аьткъича бала,

Х1ора а елало,

Хазахетар хилча…

 

Иштта аларца автора гойту ша нохчийн зударийн синхаамаш, дог-ойла сатийсамаш дика бевзаш хилар. Цхьана махкехь бехачу, аганан илли а цхьаъ долчу, буьйцу мотт а, лело г1иллакхаш а, лардо ламасташ а цхьаъ долчу нохчийн берриге зударийн синх1оттам цхьаъ хилар, и иштта гуттар а хилийтар лардан деза бохучу маь1нехь ю «Соь кхаьчна дакъа» ц1е йолу стихотворени:

 

Нагахь, ницкъ кхачийна,

Г1орасиз йисахь,

Йижаршка кхойкхур ю,

Г1о дийр ду цара.

Церан ницкъ – сан ницкъ бу,

Цундела теша –

Юьсур яц цхьалха со

Дахаран новкъахь.

 

Хууш ма-хиллара, къоман юьхь ларйийраш  зударий хилла бу нохчийн .юкъараллехь, цундела делла вайн халкъо царна «ц1еннана, «х1усамнана» боху сийлахь даржаш. Даймохк а хьосту вай, «Нана-Даймохк» олий, лерамечу яртийн ц1ерашна хьалха а даладо «нана» боху дош: Нана –Гихт1а, Нана-Г1ойт1а, Нана-1аьлара, и д1. кх. а.

Къинхьегамехь, доьзалехь, юкъараллехь цхьабарт болуш, шайн сийлахь декхарш девзаш, уьш лоьруш, оьзда доьзалш кхиош хила беза нохчийн зударий, боху кхайкхам бу авторан оцу произведенехь.

Ахматова Раисин безаман лирика къаьсттина дика т1еоьцу къоначара. Оцу сийлахьчу, ц1еначу синхаамах лаьцна дукха стихотворенеш ю цуьнан, царах к1езиг яц мехкарийн эшарийн мукъамашка йирзина, халкъан эшарш хилла д1ах1иттинарш. Нохчийн йоь1ан эвхьаза боцу, амма даггара а, к1оргера а болу безаман синхаамаш 1аламат говза гайтина Ахматован поэзехь. Диначу халахетарна къинт1ера яла кийча, ц1ийнан дукъ шена т1елацар сийлалла лоруш, доьзал къоман г1иллакхаш т1ехь оьзда 1амор шен декхар дуйла хууш, доьналла долуш гойту цо нохчийн йоь1ан-зудчун васт. Зударийн ц1арах иштта яздина цо:

 

Дуьненан сан некъ а шера ца хилла,

Халонаш эшийра, хьанал къахьоьгуш,

Атта ца хиллачу некъан теш хилла,

Ч1абанаш къежъелла, даге ца хьоьжуш.

 

Со дукха йилхина. Г1ело а лайна.

Со адам ма дуй ткъа: дела я делха, -

Амма ас дарцашца къийсина майра,

Дахкарах чеккхюьйлуш, кхийда со малхе.

 

Шайн кепаца, яздаран говзаллица, аттачу маттаца язйина йолу Ахматова Раисин стихотворенеш хаза екаш а, мукъаме а ю, адамийн уггаре экама синхаамашца йог1уш а ю уьш. Цундела дара царна композиторша мукъамаш бахар а: Бексултанов 1умара, Шахбулатов 1аднана, А. Халебскийс, Димаевг1ар: 1елас а, Саь1ида а, Чергизбиев Зайндис а, иштта кхечара а. Айдамирова Маръяман, Дагаев Валидан, Магомедов Султанан, Чакараева Маьлха-Аьзни, Дадашева Тамарин, Буркаев Мовладан, кхечеран а репертуарехь а яра уьш. Ткъа цо тоьшалла до халкъо Ахматова Раисин пох1ма къобалдеш хиларна.

Адамийн дахаран маь1нах лаьцна ойланаш гойтуш дуккха стихотворенеш ю цуьнан. Цо шен т1аьххьарчех йолчу цхьана стихотворенехь юха а т1еч1аг1до адамо дахар эрна д1адахьа дезаш ца хилар:

 

Т1аьххьара юхахьаьжча

дахаран некъе,

Гур суна кхиамаш,

лайна халонаш,

Ас сайна гулдинарг,

гулдаза диснарг…

Дуьнен чохь ас бинчу

некъан мах хадо,

Т1аьххьара б1аьрг тухуш,

со юхахьаьжча,

Ца гахь ас бехк боцуш

хьийзийнарг б1аьрга,

Ас доттаг1 лийринарг

мостаг1 ца хиллехь,

Харцо ца ч1аг1йинехь,

оьг1азло тоьлла, -

Кхолламан жам1ашна

хилла сов реза,

Эр ду ас:

«Лаьтта т1ехь со башха яьхна».

 

Ахматова Раисин кхолларалла евзара ерриге Россехь, Украинехь, Белоруссехь, Прибалтикехь, Европера литературин периодикехь а. Цуьнан поэзин гуларш арайийлина Англехь, Францехь, Индехь а. Испанхойн, хинди, урду, венгрийн, иштта кхечу меттанашка гоч а йина уьш. Ткъа нохчийн литературехь цо йитинарг йоккха лар ю, цо санна эвсараллица язъеш, къахьоьгуш зуда-яздархо хилла яц Нохчийчохь.

Ахматова Раисех – оцу башхачу зудчух – поэтессех лаьцна дукха яздина нохчийн литература таллархоша: Сулаев Мохьмада, Айдаев Юша1а, Туркаев Хьасана, Гайтукаев Казбека, кхечара. Цара хьакъболлу дика мах хадийна цуьнан кхоллараллин. Нохчийн халкъан яздархочо Бексултанов Мусас «Зуда-ламанхо» ц1е йолчу шен эссе т1ехь ма-дарра долу психологически сурт а диллина цуьнан.

Х1ара статья ерзош, дало лаьа оьрсийн поэтан Михалков Сергейн дешнаш: «Цкъа а йицйийр яц Ахматова Раисин стихотворенийн исбаьхьа киншкаш. Суна хетарехь, - ерриге а Кавказан литературехь шатайпа башха хилам а бу уьш.

Вай заманан пох1ме яздархойн мог1аршкахь хьакъболу меттиг д1алоцуш ю иза, поэзин пох1манчийн седачийн кочарехь уггаре сирла седа санна. Кхеташдерг цхьаъ ду: кхоллараллин кхиарехь, яздаран говзаллехь а уггаре лакхарчу т1ег1ане кхаьчна иза. Адамашка ала х1ума ду цуьнан. Цунах лаьцна шен киншкаш т1ехь дуьйцу цо, ткъа и киншкаш х1ор а – Кавказан дерриге халкъийн дозалла ду».

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.