http://www.nana-journal.ru

Мы в соц.сетях

ЧИТАТЬ ОНЛАЙН


МАРЧО Печать Email

Эльсанов Ислам

 

Уьш автобуса чохь бог1ура Cоьлжа-г1алара шайн жимчу гlaла, шайн г1ала аьлча а, Сайпи вара кху г1алара, ткъа xlapa, ши бутт хьалха кхуьнга маре еана, юлуш яра керлачу меттигах. Сайпина х1инца тамашийна а хета, иза, тохарлера йо1 йоцуш, шен зуда хилар. Х1окхунна чохь и еачахьана дуьйнна цхьаъ хийцаделла хир ду, цхьаъ хийцаделла а 1ийр дац... Шен ойланаш кхечарна гуш юй хьажа санна, меллаша автобуса чохь болчаьрга д1асахьаьжира Сайпи, нах парг1ата бог1ура, х1окухьнан бала а боцуш…

 

Хьалха Сайпи т1ехьовза г1оьртина йо1 а ю xIoкху автобуса чохь ц1айог1уш, хаза йо1. Горга к1айн юьхь, нийсачу меран к1езиг хьалакхетта буьхьиг, даккхий 1аьржа б1аьргаш, ц1оцкъамаш, месаш т1ехьа хьаькхна, нийса шера хьаж. Жимма севсина хета басар доцу ц1ен балдаш. Гиччошкара кегийчу лергашна т1ехьа хьокхучу 1аьржачу месаша к1айчу чкъуран ц1ена к1айлла гучайоху. Атта т1ехьа хьарчийначу куро хьалаойуш, лакхаоккхуш хетара иза.

Хьалха Сайпина, иза йолуш автобуса чохь мел вог1у а, ойла йича, оцу йоь1ан дерриг сибат жимма стамделла, горгделла  дуьхьалатосий, т1аьхьалонна а зуда хир ю аьлла хетара.

Дукха хьолахь цхьа духар духий лелара иза ша г1ала доьшучу. Кхуьнан хинйолчу зудчуьнца барт ийг1ина хан яра и. Автобуса чохь оцу йо1е забар еш дуьххьара вистхилча, цо ца магийра кхунна шена т1аьхьавалар, мичхьа доьшуш ю а, группа а йийцинехь а. Иза йоь1ан хила еза куралла юй хаьара Сайпина. Делахь а кхуьнга ла ца делира иза. Xlapa, кхиберш санна воцуш, боккъалла а лелаш ма вара, бегашна а доцуш.

Дуьххьара дуьйна х1унда оьшура и пурба, иза xlopa дийнахь автобуса чохь ц1а йогlyp хилча, гуттар санна х1оккху хенахь, – т1аьхьа кхийтира Сайпи, – ишттачохь дерриг ша-шех, к1ез-к1езиг ма хуьлу – т1ехьовзар, ялор а.

Шолг1ачу дийнахь йо1 автостанцехь автобус схьаяллац кхечуьнца лаьтташ гича, х1ара кхийтира, йо1 иштта к1ентий т1аьхьа лелон 1емина хиларх, цо шега аьлларг а иштта дашанна бен ца хиллий. Уьш сих-сиха хийцалора, наггахь автобус д1аяххалц соцуьйлехь латтар ца тоьаш, автобуса чохь и а бог1ура уьш цунна т1аьхьа. Цкъа, товш волуш, «блатнойниг» вара, хетарехь, буй 1оьттина д1аяьхначийн меттана хьалха ши «фикса»  йолуш. (И мотт эскарехь 1еминера Сайпина). Юха цхьа эхь доцу, кхахьпа юьхь йолу хенаро «к1ант». Ларамаза уьш Сайпина улло нисбелча, цо ша радиотелепхьар ву бохуш хезира кхунна. Йо1 а яра хаза, цунна т1аьхьабевлла к1ентий а хуьлура яххьашца товш. Сайпина ша адамийн юкъаметтигашкахь к1оргалла йоцуш хетахь а, кхин оцу йо1анна т1еховзаран кеп лела ца елира цуьнга, и йо1 шена товш хетачуьра ца яьллехь а.

 

Сайпи лор болх  беш волу масех шо бен дацахь а, яккхийчу больницашкий, поликлиникашкий д1авоьхуш вара, амма xlapa ца воьдуш Iapa, ден дерг ша миччахьа а дийр ду бохуш.

Цул т1аьхьа а кхечаьрца гора Сайпина и йо1. Бакъдерг дийцича, иза ша йог1уш хилча, юха а хьоьжура и цуьнга, цунна ца хоуьйтуш, къайлаха.

Тахана зудчуьнца вог1уш, цуьнга вистхуьлуш а, чухула б1аьрг кхарстош, оцу йо1е а хьожура иза, цуьнца шен зуда юстуш санна. Цхьаъ – зуда, важа – йича хила тарлург. Йича хила тарлург бохург бакъ хетара Сайпина.

Массо адам а ма ду кхечу адаманна деззал шеца цхьа х1ума долуш. И х1ума уьйр лелон воьлча ца гуш ма ца 1ай. Ца евза йо1 иштта лелашехь, иза ц1ена хиларх шеко яцара Сайпин. И тешара, муьлххачу а адаман ц1еналла гучаяккхалур хиларх, и дезаш хилча муххале а. Ша везаш верг адамна ца веза йиш ма яций.

Х1инца шен зудчун аьрру бесни т1ера ц1аза-п1елган м1арал хир долу минга товш ца хийтира Сайпина. Цунна зудчун минга ирча хетара, цо хьаькамашца ма къийса, къийсахь квартире дог дохийла хир дац, хьуна ваха ца хаьа бохуш, т1ехдиттича я 1уьйранна дуьйна юсаелла лелча. Сайпис гуттара сихха д1аэккхадора и цатар я ша-шега ма-аллара, зуда «к1ордор».

Х1окху шинга хьаьжча, йо1е болу озабезам хила безачул боккха болуш, автобус чуьра  охьавоьссира и зудчуьнца.

Цунна дагадог1у, зудчо маре ян хан йилличахьана, г1алахь я кхечахьа д1асаваьлча бала хила боьллера цунна боьха урамаш, маршрутийн автобусаш къаьсттина 1уьйранна, сарахь а са ца даккхадал йоьттина йолуш хуьлу хьем, дарделлачу адамийн к1оршамалла гуш, хинйолчу зудчунна хало хиларх кхерар. Х1окхеран хиндолу дахар кху адамех, автобусех а ма дозура, – цундела ша йина ц1ена ойланаш, аьшпаш санна, урамца-нахаца ца йог1уш хетара цунна. Массо х1уманах иза ларъян лаьара. Кхечу aгlopa и массо х1уманах ларйича а нийса ца хетара, и дахарх, массара хьега дезачух а д1ахеръеш, бакъдолчунах йоккхуш, 1ехош санна. Мацца цкъа, Сайпи тешара, шен керла клиника д1айиллича, г1алин транспортах, кхечу х1умнех ша ца возуш хирг хиларх, цундела оцу хене валлалц ишттачу халонех ида йиш йолуш а вацара иза. Зудчо машен маца оьцур ю аьлла забар йича, Дала мукъалахь, Йоккха преми елча оьцур ю, забар йора Сайпис а.

– Ткъа ца лахь?

– Ца лахь, оьцур а яц-кх.

 

Малх мархашна т1ехьа болуш, де декхна я кхоьлина а дацара. Де гуьйренан кхачабаларехьа бирзинчу басо кхолура х1инца а, дитташ т1ера можа-ц1ен г1аш оьгура.

Сахьта т1е а хьаьжна, xIoкxo шаьш даха дезачу аг1ора йоьда автобусаш цкъачунна хир яц аьлча:

– Машен лацахьа, оццул гена яхалур яц со, эткийн к1ажаш лекха долуш, – элира зудчо. Ц1ен «Жигули» сацийра цо. Х1орш чуховшуш стага юкъахдаьккхина хабар дора хьалха хиъна 1ачу зудчуьнга; цкъа куьзган чухула лерино кхаьрга а хьаьжна:

– Х1инца юха язъеш ма бу уьш истори. Шаьш керла язийнарг хьалха йиллиина, боккъалла хилларг нахана дицдалийта. Нахах, шайн истори йицъелча, беккъа леш хуьлу, Сталина йина «винтикаш»...

Сайпис ойла йора, «медицинехь хилла а ца 1аш, ледара г1уллакх исторехь а долчух тера ду вайн». Цо, машен сацаяйтина, д1акховдийнчу соьме жерга хьаьжира «Жигулин» да, ца оьшу аьлла.

 

Г1алин xIoкxу йистехь кхузарчу заводашна дийг1ина дуккха дукхаэтажийн ц1енош, керла школа, берийн беш, Культуран ц1а а ду. ЗАГС Культуран ц1а чохь яра. Нийса, бехачу тротуара т1ехула дог1уш, зудчо забар йо:

– Хиндолчуьнга боьду некъ, – олий.

Культуран ц1ийнан хьалхара жима бассейн цкъа а чохь хи хиллачух тера яц. X1apa йина масех шо делахь а, лег1ана йистош йолу бассейн бетонан ор хилла йисна. Г1ишло гуттар а ма хуьлу шен проектал ирча.

Не1арш дукха хиларна, муьлхачу даха деза ца хиира Сайпина, уьш ерриш бохург санна д1акъевлина а яра. Чуг1уш волу нel аьрру aгlopa хиллера, амма цигахь йолчу зудчо-хехочо, ЗАГСера зуда д1аяхна, и д1акъевлина ю элира.

Зудчунна хала ца хилийта, иза арахь йитина, доьхначу дагца, х1ун хаьа, йиллина хилахь а аьлла, x1apa шолг1ачу этажа т1е хьалаваьлча, ЗАГС йиллина карийра.

Сайпи къежаш чувоьссича, иза а ладоьг1на елакъежира. Сихха хьалабевлира уьш. Таханлера де бер дина я стаг велла тоьшаллаш луш де дара, и дийшира Сайпис гура чуьрчу кехата т1ера. Зуда а хьажаелира оцу кехата т1е, делахь а цуьнан юьхьа т1ехь х1умма а ца хийцаделира. Белхахочо, кху дийнан тергам ца беш, г1уллакх дар дара коьртаниг. Сайпин-м дог дохон х1ума а дацара x1apa, зудчунна хала ма хетахьара, х1окху пайда боцчу х1уманан ладам а бина, хетара цунна. Кхечу дийнахь ша а, зудчо а, балхара хан яьккхина, юхадахка хала хир ду-кх бохуш, ойла а йора цо.

Регистраци сихха оьшура аьлча, йиш яц, бутт ца баьлча, журнала т1ехь хьалхарчу терахьца д1аяздойла яц элира дуькъо ц1оцкъамаш долчу белхахочо-зудчо. Сайпина дика хийтира цо иштта нийсо лелош.

Заявленин бланка т1ехь, дукха тидаме хила г1оьртина, фамили кхечухьа язйинера Сайпис.

– Шу кхузара мукъна дуй? - кхаршимма хаьрцинчу некъан халла  къаьста билгало шена хааелча санна хаьттира цо.

– Ду, аьлча а, со ву-кх, прописка Соьлжа-г1алахь елахь a, x1apa-м цигара ю.

– Шух цхьаннен прописка кхузахь яцахь, регистрации йойла дац.

– Х1унда… со-м кхузахь хьалакхиъна. Квартирана poгle х1отта, цигахь прописка хилар бен, 1аш кхузахь ду тхо.

– Йойла дац, прописка ца хилча, кхетийша.

 

И шиъ араделира, арахь лаьттачу зудчунна-хехочунна уллохула а долуш. Г1уллакх ца хиларан дагахьбалламо цунна шен балха т1ехь дерг а дагадаийтира. «Ахча ца делча, кхузахь министерствос со аспирантуре ца хьажаво. Х1инцале а новкъа ма ву кхарна, цомгушчунна дарба дарна я чувижорна ас ахча ца доккхуш, цунах дакъа лакха а ца кхочуьйтуш». Больницан заведующица х1инццалц масла1ат доцуш схьавеънера Сайпи. Жимма хьалха Сайпис цуьнан ца торручу стаганна ша заведующига ца даделла дарба а дина, цо цкъачунна доцурш ца лехьош, вуьтуш вара x1apa, кхин лоьраш шайн дагахь цецбуьйлуш, х1инц-х1инца хьала-охьа цо x1apa балхах вохон веза бохуш.

 

Аллеехь аьчкан б1ог1амаш тIepа милта йолчу фонаран кепара долу чиркхаш дохийнера. Ц1ан ца бечу асфальтан некъа т1е дехьа заводе кхаччалц долчу охана т1ера йочанехь адамийн когаша хатташ кхехьнера, дог1а ма деънехь и бакъабелла хатт аллеи т1ехь севсар болуш. Шен белхан г1уллакхаш а хийтира цунна иштта «йочана» хилча талха мегаш, т1аккха шен бакъо карон хала а хир ду. Дехьа аллеин йистехь г1антахь хевшина 1ачу шина йо1ана т1екхаьчча, церах йоца месаш йолуш, ц1ен коч юьйхинчу 1аьржачу аматерчуьнга вистхилира Сайпи, цуьнан г1уллакхаш хоттуш.

– И мила яра? – хаьттира зудчо, х1орш дехьабевлча.

– Дешичин йо1 ю-кх. Ца евза хьуна? Хьо ялийча еана хила ма еза иза.

– Цигахь, баьхкинарш дукха болуш, х1инца дуьхьалкхетча а ца бевза суна. Вайн гергара-м «француженка» а хилла, хьажахь, суна ца хаьара.

– Шен ирс дойучух тера ю, – элира Сайпис. – Ц1армата йоца коч йолу дела бохий ахь цунах «француженка»?

– Ма алахьа, массеран хуьлийла ирс.

Туькана хьалха цхьана йоккхочу стага юхкуш х1оан буьйра санна можа  хьайбанаш гича:

– Хочу айву , – г1еххьа качъелла элира зудчо, оцу йоккхачу стаганна а хозуьйтуш. Сайпина кхин дукха и тан а ца тайра, х1ума ца олуш, цо, ах сом делла, ши хьайба ийцира.

– Суна ц1а яха ца лаьа. Кхузахь цхьанхьа охьахаа меттиг хилча, садаь1ча дика хир дара, – юьхь хьалаайира цо майрчуьнга.

Ян а яра и Сайпина иштта хир ю ца моттал дог ца дог1уш. Ц1ахь несалла лелочу цуьнан массо хенахь юлаелла хиларх бала хуьлура Сайпина. Охьахаа г1ант белхалойн юкъара1ойлина хьалха бен дацара. Х1ара белхалойн г1ала йолу дела, охьахоийлаш к1еззиг ю. Кхуьнца меллаша вог1уш, наггахь вицлой,  вол-волуш, зудчунна  сиха хетачу болар т1е волий, зуда уллохь ца карайора Сайпина, т1аккха шега саца а сецна хьоьжуш лаьттачу зудчуьнга вухавоьрзура х1ара, иза т1екхиъалц. Х1ара сада1а 1емина вацара.

 

Пхоьазза т1ек1елйинчу юкъара1ойлин хьалха охьахиира и шиъ.

Ишкол чекхъяьккхича, дуьххьара балха оцу заводе вахнера и. Дика дешнехь а, оцу хьалхарчу шарахь цхьанхьа а деша ца вахара Сайпи, ц1ерачара деша г1о боххушехь. Г1ойла дацара цуьнан оцу шарахь цхьанххьа а: шега цхьа дош аьлла а иза вистхилла воцу «кхуьнан» йо1 яра иттолг1ачу классехь доьшуш. Цхьанхьа вахана генаваьлча муха мегар вара и иза а йоцуш? 1алелай, пхеа шарахь вовшахдалар ма йоккха хан хетара цунна оцу хенахь! Ц1еххьана и цхьаьнга маре йодахь? Маре сихлур йоццушехь, иза ма ярий цкъа шена дагадеанарг, х1уъа дуьхьала хилча а, дийр долуш. Аьрхачу амалца, цуьнан ч1архъаьлла ц1ена сибаташ Сайпийн сих чекх даьллера. Цунна и гича а тоьара. Иза ишколе йоьдучу хенахь гур олий, церан ц1енна улле кхоччург воьдура и балха, ткъа т1аккха генара гича я дуьхьалкхетча, хазахетий, са легашка кхочий, хала сада1алора цуьнга, х1ара оцу хенахь вистхилалуш а вацара цуьнга.

Пхи-ялх шо даьлча Сайпи кхеттера, иза, юьхь-сибат йоь1аниг а долуш, цо ша-шена кхоьллина идеал-васт хиларх, цхьа х1уьрла1а . Тахана и д1адаьллехь а, оцу хенах дисна цхьаъ дара маь1не: оцу д1аяханчу хенахь дерриг гуш и йо1 лаьтташ санна хетара цунна шена уллохь. Массанхьа, массо хенахь а. Эскаре вахча, цигара ц1а веана, деша вахча а. Эхь хир долу ойла йойла дацара. Цхьаъ деш я ойла еш, цо х1ун эр дара, ас иштта дича, и сан ойла хиъча, цунна муха хетар дара бохуш хиллера иза. И йо1, Сайпел цхьа шо бен жима йоццушехь, тахана а маре яхаза яра.

Наггахь арабуьйлу дукха хьолахь жима зударий соьцура юкъара1ойлин не1арал ара г1ант даьккхина хиина 1ачу вахтехь йолчу зудчунна уллохь. Зударий дукха хьолахь берах я кегийчу берашца бара. Х1окху хьалха нисбелларш муьлш бу олий, баьццарчу г1анта т1ехь хиъна 1ачу кхаьрга леррина хьовсура уьш. Сайпин зудчо:

– Х1ажахь, им лишь бы было на кого смотреть, – элира.

– Х1умма дац, хьовсийтахьа.

– Ас эткаш д1айоху, когаш г1елбелла сан, – д1аяьхна эткаш охьа йишийна, церан бертигаш т1е когаш бехкира зудцо. Юккъе биллинчу т1оьрмига чуьра ши хьайба схьаийцира Сайпис, цхьаъ цуьнга а кховдош.

– XIoкxу нахана гуш, ма хаза хир ду вайша, нох  дохуш, – элира зудчо, делахь а кочо, цундела жима а цег туьйхира цо хьайбанах:

– Дийцахьа, ас сийсара хьайна со санна сан метта кхиниг хьоьгахь марехь хилча, и со санна езар ярий хьуна, хаьттича, жоп х1унда ца делира ахь? – корта aгlopa баьккхина, лахара хьала хьожуш.

Буьйсанна юккъехь Сайпи самаьваьккхина, цо и хаьттича, хьала айавелла, г1айбех гола г1ортош, куьйга корта лаьцна, Сайпис ойла еш элира:

– Х1унда хоьтту ахь и?

– Сан метта кхин хилча а, и а хьуна со санна езар яра аьлла хета дела.

– Милла хилча а?

– Х1аъ.

– Суна хьан метта хилча, кхиерг а иштта езча муха хетар дара хьуна?

– Вон хетар дара.

– Х1унда?

– Хьо ткъе барх1 шарахь ц1ена лелла, безамах «хьаьгна», х1инца муьлххачуьнца а соьца санна хилча и безам бац. Хьо иштта… милла а езар йолуш... И ша иштта болу безам бу, соьга цхьаьнга бен боцу безам бац...

– Хьан метта кхин хилча, иза хьо санна езар яцара суна, кхечу тайпана езар яра… Д1айижахьа, кхана хьалххе хьалаг1атта езаш ма ю хьо, – 1уьйранна дуьйна цуьнан лелон деза несалла дагахь долуш. – И муха дагадеана хьуна?

– Хьо кхечуьнца а соьца санна хир вара аьлла хеташ.

– Со муха ву хьоьца?

– Дика...

– Иштта ца хилла, кхин муха хила везаш вара? Вон хилча а, вон ву бохуш 1ийр яра хьо, ахь ма-аллара, дика хилча а – реза яц хьо... Д1айижахьа, кхана къастор вайша.

 

– Сийсара хаьттинчунна жоп х1унда ца делира ахь? – юха а хьажира  и цуьнга. Уллохь ловзучу жимчу йо1е  хьаьжна,  тохура санна корта аг1ора баьккхина кхуьнга а хьоьжуш.

– Суна хаьа: со бакълуьй дела.

– Хьо соьга йог1уш, сан хьоьга йолу уьйр хьан соьгачул дукха йолуш еана...

– Х1аъ, хьо мегаш волу дела хаьржина... аьлча а, еана со.

– Ас ала а ма аьлла хьоьга, вайн масех бер хилахь а, ахь аьлчахьана, ас мукъа юьтур ю хьо.

– Дог дет1ара дацара хьан, со кхечуьнга маре яхча?

– Дацара... еза дела. Эмгаралла, безам а цхьаъ ма дац.

– Еза дела д1айохуьйтур яра ахь со?

– Х1аъ, хьуна лиъча. Хьо ца кхета. Езаш хилча, хьуна диканиг хила луур дуй суна? Хьо соьгахь со ца везаш 1аш хилча, хьуна вониг хуьлу, цундела маьрша юьтур яра.

– Хьо тамашийна ву, дагара доцуш, деккъа коьрта чуьра ду ахь дуьйцург.

– Х1ан-х1а, цкъа дуьххьара хета и. Ас дуккха а лехна цунна жоп, сайх кхета лууш, иштта хеттачул т1аьхьа бен ца деана  сан коьрта чу цунах кхетар, ала дош а.

– Делахь а хьуна сан меттана хьайца йолчу муьлххачу зудчунца а иштта хир вара аьлла хета суна.

– И иштта хилча, муха хетар дара хьуна?

– Ахь сийсара а хаьттира и. Суна халахетар дара. Хьо, цхьа а амал йоцуш, айхьа дукха «нийсо» еш хеташ ву. Безама т1ехь ялур яц массаьрца нийсо. Хьо ван а ма ву, нийсо, нийсо, бохуш, хьо ца 1аш, нах а ца буьтуш, – елаелира иза, ша т1аьххьара аьлларг дестийна аьллий хоуьйтуш. Хьалхалерчу хабар т1е йолуш:

– Дика хетар дацара хьо иштта массаьрца цхьатерра хилча. Иштта хир вара хьо?

– Вацара, кхечуьнца кхечу аг1ора хир вара, амма езаш-м хила мегара… – элира Сайпис. Цунна хаьара, иза юха а х1окху къамеле юхайог1ур юй.

– Хьажахьа, уьш ма хьоьжуш бу вайга! – бан а бара юкъара1ойлин чуволлучохь г1анта т1ехь 1ачу вахтерна уллохь лаьтта жима зударий кхаьрга хьоьжуш.

– Тергал ца беш битахьа, – велавелира Сайпи.

 

Юкъара1ойлин не1арх араваьлла, оцу зударша кортош лестош, пластмассан к1айн миндар болу кхаачкъурган баьццара вилспет теттина, xlopa т1ег1ан т1ехь саца а соцуш, горгий беснеш йина, бумп1аз-к1ант велира уьйт1а. Вилспет хахккал вацара иза, цундела и тоьттуш лелайора цо. Т1ехь хеча яцахь а, эткаш-м юьйхинера к1анта.

Оццу минотехь юкъара1ойлин йистехь ловзу кхо-диъ шо хир долу ши йо1 т1ехьаьдира цунна, амма и к1ант, т1ехь хеча ца лелаяр эхь хилар ца хаахьа, шен берийн маттахь цаьршинна цхьа яппарш йина, ша к1ант волу дела цаьрца ца ловзуш, аьчкан ринжане волавелира, хьалхарчу чкъурга т1ера педалаш хьийза вилспет теттина. Эццехь хьалха фартук йихкина араяьллачу жимчу нанас, т1аьхьа а йолалуш, мохь туьйхира цуьнга:

– Бувайсар, ма г1олахь, схьавола нанина!

– Кхузахь-м ма буьйцу жимчу наноша шайн берашка нохчийн мотт, – Сайпис хьалха аьлларг дагадеара зудчунна.

– Соьлжа-г1ала яра ас мехкарша, жимчу зударша а нохчийн мотт ца буьйцу бохург. Пекъарш, цхьа а мотт боцуш бисна. Кхузахь 1аш берш дукха хьолахь ярташкара бу,   цундела царна хаьа шайн мотт.

 

Жимчу к1ентан доладан дагахь хилла ши йо1 х1окхарна улло еара. Х1окхара шайн тидам бан боьлча, цхьаъ эхь хетта д1аяхара, важа йисира. Юххе йог1уш, дехьа йолуш lapa т1ехь дукха диттарна дацделла ц1ен коччий, юбкий, хьалха дихкина к1айн йовлакх а долу йо1. Цуьнан хьажаро дог тоттуш санна хийтира Сайпина. Карара яа йолийначу хьайбане а хьаьжна:

– Цхьа х1ума лохьа оцу йо1ана, – элира цо зудчуьнга. Зудчо кхарна юккъехь болчу т1оьрмига чуьра схьаэцна, кхо-йиъ печени кховдийра куьйге хьоьжучу йо1ега. Эхь хеташ, бага п1елган буьхьиг боьллира йо1а.

– Схьаяло, д1аэца, – т1ейийхира и зудчо.

Кхеран тидам боцуш, кхоалг1ачу г1атта т1ера диллинчу корах чухьоьжуш хиллачу зудчо чу мохь туьйхира:

– Цо юур яц хьуна. Х1инцца яах1ума ма яийна ас цунна. – И хезча жимма дехьаелира йо1. Сайпис, йо1е а хьоьжуш, меллаша элира:

– Къа ду-кх цуьнан, ишколе яхча, бераша хьийзош, маре яхар а ца хуьлуш юьсур ю-кх и, г1унжаралла то ца дахь. Оцу зудчуьнга алий ас, и йо1 х1ун дича толур ю?

– Ала. Хьуна хаьа? Хьо б1аьргийн лор ма вац…

– Зуда, хьан юй x1apa йо1? – «Хьеннан хилча х1ун башха ду? Жима бер дац x1apa?» – шен хаттар ца дог1уш хийтира цунна.

– Яц, сан лулахочун йо1 ю. Да-нана балхахь ду цуьнан.

– Цхьа х1ума ала дезара сан хьоьгахула йоь1ан дега-нене, хьуна хала ца хетахьара, чуйоьссича...

И чуйосса корера яйча, шен зудчунна хьалха эхь хийтира Сайпина: иза маха тухуш я молханаш малош доцчу лоьраллех тешаш яцара.

Юкъара1ойлин кертал арахьа масех г1улч яьккхира цо, шена т1аьхьа шен зуда йолаялийта санна, ткъа и, цхьа ког баьккхина, сецира, чуюссу зуда араер йолчу не1аре, майрчуьнга а хьоьжуш.

Ц1ен юьхь йолу ерстино зуда т1ееара.

– Х1окху жимчу йо1ана б1аьргийн лоьрашкара г1o хир доцу дела боху ас… Со-суо а ву лор... – Ц1ен юьхь йолу зуда лерина ладуг1уш яра. – Коьрта юккъехула, – шен коьрта т1ехь хьажон п1елгаца гойтуш, – лергера лерга т1е кхаччалц, хьаж доькъуш, к1есар-к1ога юккъе кхаччалц а, корта уьрсаца д1абаьшна, ши шу баккха беза.

Т1аккха ж1ара яьллачу коьрта юккъе дешин ч1уг хьаькхча, г1оли хир ю, б1аьргаш меттедог1ур ду. И алахьа ахь цуьнан дега-ненега. Цунах г1оли ца хилахь, кхин дарба а ду лелон... Кхузахь 1аш Султан ву, цуьнан зудчун ц1е Селимат ю…

– Евза, евза суна, – элира ц1ен юьхь йолчу зудчо.

– Цаьрга Сайпи-лор хаьттичхьана, цара эр ду, суна т1е муха кхачавеза, – сацавелира Сайпи, оцу зудчунга хьожуш. – Хьан лакхара давлени ю моьтта суна...

– Ю… –  цецъяьлла сецира и, юьхь кхин т1е а ц1ийлуш. И зуда цецъяларна, цунна д1аала дезарг дико дагахь лаьттар ду, дагадеара Сайпина.

 

Цхьа ц1еххьана дицделлачу я дага ца дог1учу х1умано хьийзавора иза. Тоххура дицделлачо я х1инцца дицделлачо? Корта лазабаллал ч1ог1а буьйлича а дага ца деара, т1аккха малвелира иза.

 

Х1а-а, дуьнен чохь xlopa стеган хуьлучу уггаре даккхийчу х1уманех – дуьнен чу валарх, зуда ялорах, валарх а суна х1инца цхьаъ бен ца дисна – валар, – х1унда ду ца хууш, ц1еххьана (оцу хенахь цара цхьаьна даьккхинарг масех де бен доццушехь) шаьшшиъ лахьте д1адерза кийча долу сурт х1оьттира цунна.

 

Т1аккха стенах дохковелира и? – К1езгаллех, цкъа х1инца а зудчунна дукха гучаяла ца кхиинчу к1езгаллех. Керла дахар а ц1ена хилийта санна, зуда ялийча, цуьнан чухула духу тиша духар д1адаьккхина, ц1ена к1айн духар диллинера йижарша церан шифоньера чу. И духар шайна марчонна хийтира цунна. Дикане ладоьг1на еанчу цуьнца, кхечаьрца санна, ц1ена хилча, марчо а ц1ена дуьсур ду...

Хир варий и кхечуьнца а иштта?

Хир вара. Т1ехьаьвзича цунна дика мехкарий бен ца бевзина.

 

Делахь кхин цхьаъ дара: нахана вон хеттарг а цо дика йийр ма яра.

Цуьнан гучу а, ца гучу диканна а дуьхьало ялур ма яц цхьаьнга а.

И парг1ат верг, парг1ат вуьтург и ма ду. Хетарехь, xlyма атта мел ду, цунах хала кхета адам.

 

– Цаьрга больнице а кхайкхина и аьлча, дика хир дацара? – хаьттира зудчо.

– Дан дезарг иштта а кхеташ ма дай. Т1ебехна аьлча, шайна гергахь йоь1ан дена-нанна шаьш суна декхаре хетар бара. Х1инца, со ца вевзаш, уьш иштта декхаре хир бу, массарна декхаре, массарна баркалле...

 

Добавить комментарий


Защитный код
Обновить

©НАНА: литературно-художественный, социально-культурологический женский журнал. Все права на материалы, находящиеся на сайте, охраняются в соответствии с законодательством РФ. При использовании материалов сайта гиперссылка на сайт журнала «Нана» обязательна.